Куси Дауд

          Куси Дауд эвлахь а ц1е яххана забаре, самукъне стаг вара. Х1ора шара б1аьсте т1е моссаза йог1у, юьртхошца  Сибреха  шабашке  балха  воьдура  Дауд  «деха»  сом  даккха. Ехачу аьхка цигахь белхаш а бой, гуьйре т1е ма-кхеччинехь, хьалхий-т1аьхьий ц1а эха буьйлалора  юьртара нах. Иштта цигара ц1а вог1уш, Соьлж-г1ала а кхаьчна, колхоз базархула  «Южная» олучу автостанце схьаг1ерташ вара Дауд, шен жима чамда а буйнахь. Т1еюьйхина яйн пальто яра Даудна, коьрта тиллина 1аьржа шляпа а яра. Базара д1аса а хьоьжуш, вог1уш волчу кхунна, д1о цхьана к1ажахь цхьаъ юхкуш лаьтташ шен нана Куса яйра,  г1опастана т1ехьа лаьтташ.
          Куса кхузткъе итт шаре г1оьртина йоккха стаг яра, дукха жима йолуш дуьйна йисина 1ийна. Дауд цхьаъ бен воцу во1 вара Кусин, цундела цул хьоме х1ума а дацара цуьнан кху доккхачу дуьненахь. Жима волуш дуьйна «х1ун оьшу хьуна, х1ун еза хьуна, х1ун кхоллур яра ахь» бохуш,  хала лелийна а вара.
          «Х1ун деш ю те х1ара кхузахь?», - аьлла, шен дагахь Куса йолчу аг1ор д1авирзира базара юккъехула схьавог1у Дауд. Д1ахьаьжча банканашна чохь хьаьмцаш бухкуш лаьтташ яра  Куса.
          «Дера еза ша иза хьовзо», - ойла кхоллаелира  кхуьнан.  Шен пальто т1ехьара кач ира а х1оттийна, коьртара шляпа ма-хуьллу  хьаж къайла а доккхуш,  б1аьргашна т1е охьа а теттина, Кусина хьалха д1ах1оьттира Дауд. Хийцинчу озаца хаттар дира цуо оьрсийн маттахь:
          - Почем шишки?!
          - Дувацат капек банка…
          - А ведро?
          - Пят рубил…
          - Много! Давай за три рубля!
          - Нет, - корта ластийра  Кусас.
          - Ну, что за  бабка?!  Ну, давай, - кхаа соьма кехат д1акховдийра Дауда.
          - Нет! Моя далЕко ходил есть, пулатьи порвал есть, к1охцал пошел издес,  – мохь туххуш элира йоккхачу стага,  ша лазийна меттиг гайта варе  т1ехьа п1елг а буьллуш.
          - Не дашь? – къар ца лора Дауд.
          - Нет, - юха а корта ластийра къаръйала дагахь йоцчу Кусас а.
          Т1аккха,  шен пальтон кач охьа а биллина, шляпа хьаж т1ера хьала а теттина, хьаьмцаш т1аьхь лаьтташ йола стоьла т1ехула Кусина улле а г1оьртина, Дауда элира:
          - Ва, Куса, хьо евзаш хиларна, х1ара пхи сом дели-кх ас хьуна! Схьалохьа и хьаьмцаш!  Ахь оццул хала гулдина долу х1орш ма ч1ог1а деза суна…
          Куса дукха цец а яьлла, юха хилира цкъа. Т1аккха Дауд велавелча, и вовза а вевзина,  цунна маракхийтира Куса, яша а ешна:
          - Вай, хьайн  нана яла  хьан,  Дауд,  хьайн нана… Шаберш баалахь, Дауд, шаберш…
          Даудана т1е куьг хьоькхура  Кусас,  шен  хебаршка  яхана  йолчу  юьхь т1ехула б1аьрхиш а 1енош:
          - Баалахь,  Дауд,  шаберш  баалахь… шаберш…  шаберш… 
          И дешнаш кица а хила д1адахара цул т1аьхьа оцу эвлахь. Наноша тахана а шай доьзалхочунна  хьалха  кхалла  х1ума  х1оттош  олуш  хеза наггахь:
          - Нана яла хьа,хьенех… Кусини дайна, яалахь... шаерг а яалахь…



Опубликовано в журнале "Орга", № 4 за 2019 год.



Отзывы к публикации на моей странице в Фейсбуке от 29.12.2018 года:
Ахмет Байбатыров:
Иштта доца дийцарш йоза 1аморна пайда алсам болуш хила декхар ду аьлла хета суна.

Тамара Юнусова:
И Мать, и Сын такие красивые, светлые, и юмор у них утонченно- философский, несмотря что житейский, в общем, истинно чеченский!

Айза Резванова:
Хаваж, Дела реза хуьлда хьуна!
Ма хаза дийцар ду и, сина парг1ато луш...

Аднан Ахматов:
Хаза дийцар ду. Дела реза хуьлда хьуна, Хаваж. Мерза кхачанаш кху чохь гойтачул иштта пайде дийцарш йаздича бакъахьа дара. Вайн мотт кхиор а хира дара, ойланаш хаза а хира йара. Кхетош кхиорана дика а дара.

Луиза Исраилова:
Ч1ог1а аьхна ду х1ара дийцар.... Баркалла, Хаваж...

Musa Muhammad:
Х1ара дийцар-м, суна хетарехь, вукхарел а ("Шляпа", "Мотт бастийтар") а дика ду, - йозанан бакъенашкахула а.
...Доцачу, ВАЙН маттахь долчу дийцарийн жанр - хьакъ йоллу "говр" хета суна, вайн меттан "ворда" бицбаран боданера хьалаозан.
Дела реза хуьлда хьуна, Хаваж, и болх бечарна массарна а.

Ramzan Ibragimov:
Ма хаз дийцар ду, Хаваж Цинцаев, ма хаза дийци . Сан де цхьа сирла, дай ди х1окх дийцаро, ойла самукъне яьккхи. Баркал!

Луиза Боки:
Язйделахь иштта дийцараш тхуна, Хаважи. Язделахь.)
Дела реза хуьлийла, Хаважи. Суна мел хазхета ер тайпа дийцараш. Ас къоман дийцараш олу кхарех

Камета Эльмурзаева:
Со-м елхий кху дийцарш

Ibrahim Yakhyayev:
Ма хаз дийцар ду из дагах кхеташ дог каддеш бергех хи докщ


Рецензии