Сократан хьехам

Перевод на чеченский язык миниатюры "Три сита Сократа". Источник: Проза ру, Наталия Богомолова 2.

 Цхьаммо хаьттина хилла Сократе:

- Хьан доттагIчо соьга хьох лаьцна хIун элира хаьий хьуна? - аьлла.

- Собарде, — сацийна иза Сократа. – Цкъа айхьа соьга схьаалале, кхаа цецах чекхдаккха иза.

- Кхаа цецах?

- ХIаъ, ша цхьа хIума алале, кхузза литта деза иза. Уггар хьалха бакъдолчун цецах чекхдаккха деза. Иза бакъ ду аьлла, тешна вуй хьо?

- Вац дера, суна хезна-кх иза.

- ХIета, хьуна ца хаьа-кх, иза бакъ ду йа дац. Делахь - дикаллин цецах чекхдоккху вай иза. Айхьа олучуьнца диканиг ала лууш вуй хьо?

- ХIан-хIа, мелхо а …

- ХIета, - аьлла Сократа, - олург бакъ ду аьлла, тешна а воцуш, вониг ала лууш ву-кх хьо. Цуьнца пайда бу йа бац хьожуш, кхоалгIачу цецах чекхдоккхур ду вай иза. Суна эша а оьший-те хьо дийца воллург?

- ХIан-хIа, оьшуш хIума дац иза.

- Гой хьуна, - къамел дерзийна Сократа, - хьо дийца воллург – бакъ ду йа дац а ца хаьа, цуьнца диканиг а дац, пайда а бац. Дийцина а хIун до цуьнан тIаккха?!


Рецензии
Уггар хьалха, суна-сайна оьшуш бу-кх хIара аьлла, нохчийн матте гочбинера ас желтойн Iилманчин хьехам.

Асламбек Гайтукаев   26.06.2024 07:35     Заявить о нарушении