я

Ма хьаг1 я гамо яц хьан дагца,
Синхьаъме ойланех к1айн,
Тиллина 1аламан сарташца,
Хьайн дагчу ахь маьрша т1ай...

Ца 1ебаш дежа цу хазаллехь,
Сан б1аьргаш деш некъаш шайн....
Шен ирсах лепар ду - кх, хьан синехь,
Адмашна луш серло шех..

Ларамца,
Аздамиров Алин синхьежамна.....

Де хорцуш т1е еъча буьйса,
Д1атийна адамийн хьиер...
Беттаса го хи чохь луьйчуш,
Йорт етташ х1орда техь шен.

Хинсица самукъа  даьлла,
Беттаса тулг1еш т1ехь техка...
Цу суьртах сакъераделла,
Сан б1аьрса ойланех хьерча...
Р.А.А.


11)
Схьагуллол шу, х1ай мехкарий,
Безамах ас дийца шуна...
Дийца аса цу марзонах,
Цу къайленех кхолламан...

Маьлхан - беттан нуьрах лепаш,
Кхуьуш яра лулахь йо1...
Цуьнца ирс шен кхоллар дезаш,
Схьа х1уьттура дехьара к1ант...





Гуьйренца г1а доьжна дакх санна,
Йитарх а кхолламо цхьалха...
Доьналлехь яьлла некъ талла,
Дахар ас ца дити кхалха...

1аьнчилла са ийзош деган,
Т1е летарх ц1ийзаеш г1ура,
Безаман ницкъ кхечи сирла,
Заз достуш б1аьстенах кхала.
*****
Х1унда бели те сан седа къайла,
Юьтуш буьйса  б1арзъян ойла сан...?
Х1унда дайи ахь сан деган 1ойла,
Хьайха хьарчош сан безаман къа?
*****

Сан дагчу - м веар хьо,
Волахьа дахаре сан...
Ойланехь кхоьллина ирс дендеш,
Дахар хаздан....
Хилахьа САЛАМБЕК, сан деган лаамашца,
Даггарчу безамца, хьастахьа ХЬУО ВЕЗА СА!
Р.А.А.

Сан б1аьрхиш хьанна ду новкъа?
Мила ву къахета сох?
Д1абаьлча къинхетам ненан,
Цхьанна ца оьшу сан мохь?





Резванова Айза

(Амаева Раки1атна лерина)
Турпала нана

Хам ца бина - м, ца йаг1а хьо д1а, турпала Нана!
Хьо ца йезаш ца буьйларий доьзалаш а гена...
Ахь кхиийна йахь - доьналла, сица майрра г1уьттуш,
Дора некъаш, къонахаллийн, Даймохк ларбан лоьруш...

Доьху хьоьга, хьо къинт1ера йалалахь доьзална,
Вай хилла - кха, Дала  Ша зен кхоьллинчеран декъахь!
Хастам бу - кха, везчу Далла, къинхетам вайх барна!
Ша вицвеш, йа, вовшен дицдеш ца баларна бала!

Хьо декъала йойла Нана, вай кхоьллинчу Дала!
Йалсаманийн х1усам къагош, хьан юьхь нуьре гойла!
Хьан доьзалаш, хьан юьхь ларйан доьналлехь буьтийла,
Аллах1а вай, Ша лийринчу тобанах тухийла!
2019

Аллах1а декъала йойла хьо, турпала нана, Раки1ат!
Аллах1а шен къинхетам бойла хьох а, массо бусулба нанойх а!!!



Хоийла ша ирсе вуйла,
Кхаьчнариг Пет1амат зезаг...
Декъалчех декъала хила,
Язбелла шен кхоллам буйла...

Ма доккха беркат ду кхаьчнарг,
Пет1амат хьийзачу керта...
Ирс доьг1на кхилла - кха лаьцнарг,
Цу ц1енчу малико дог д1а....

Ехийла декъала хилла,
Пет1амат тхан хьоме зезаг!
Дахаре йирзинчу кхерчах,
Ирс бухах дуьйлу хьост хилла!

Тхан хьоме йиша, Алдамова Пет1амат декъала йеш....
Поэт Р.Ф. Резванова Айза



Цкъа ахьа йаздинарг
Ас дагчохь лардина...
Х1ора элп а хеташ,
Сайн сина меха...
Ахь дагчохь хьулдинарг,
Суна ма дазделла,
Вац те хьо тохара санна сох тешаш?

Нагахь хьуо ойланца хервеш цхьа бахьна,
Х1оьттинехь баллал сох тешам хьайн техка...
Сан дехар ду хьоьга, ца юьтуш мекха,
Алалахь д1аьвше дош, са даллал къаьхьа...




Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....

Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш кхин сурт схьадаста....



Х1ун ду те кхолламо къуьйлург,
Хьох маьрша ца доккхуш дог?
Цу маьлхан з1аьнарех юцуш,
Баттана т1е кхоллар коч?


Йа йелла бац нохчий,
Сиркхуо хьакхаелла...
Цунна а карор ду дарбане молха...
Дайн оьзда г1иллакхаш,
1адаташ долчче,
Цкъа юха боьрзар бу,
Йахь йолу нохчий...

Даима нохчашна т1ехь
Латтийна 1азап,
Юха а деара йиллинчу хенахь...
Юха а шех теша 1емина
Жима къам,
1азапе лецира
йоккхачу пачхьалкхо...

Ц1еххьана чу хьаьдда
Дистина хи санна,
1аьржа б1о беара
Нохчийчоь сийсош...
Нана - бер, жима, я,
Воккха ца лоьруш,
Цхьа боьсса д1а эедан
Лаьттах вайн къам...

Ницкъ боккха хиларна,
Хиларна герз шорта...
Ойланца кура уьш
Тешнера шайх...
Лермантовн, Толстойн, я,
Пушкина, дийцарш,
Дешнехьа бовза а
Мегара шайн некъ...

Машаре сатуьйсуш,
Ойланца маьрша,
Нохчийн къам соьцура
Ца безаш т1ом...
Вайн дайшна шаьш бина
Тешнабехк лоьруш,
Баьхкина зуламхой
Бацара сатуьйш...

Маьхьарий девлира
Дезачу герзийн...
Г1алийчохь т1е етташ,
Х1аллак беш нах...
Нохчийн къам г1аьттира
Дуьхьло йан царна,
Г1евттира йахь йолу
Даймехкан дай...

Керахь, куьйгахь доцуш
Дуьхьло йан герзаш,
Чу хьевдда къонахийн
Майралла гуш...
Дуьтуш схьатеттина,
Шайн деза герзаш,
К1иллойн б1о уьдура,
Бовда некъ лоьхуш...

Катоьхна схьаэцна
Мостаг1ийн герзаш,
Буьрса т1е летира
Вайн к1ентий царна...
Къинхетамах бевлла,
Къоман сий хьаша,
Баьхкинарш этира,
Шаьш деъначу герзаша...

Нохчийчохь х1оьттинчу
Хьолах дерг хезна,
Оьг1азе хьевзира
Цу Российн баьчча...
Цо омра динера,
Муьлххачу ницкъаца,
Д1ашаръе нохчийчоь,
Дуьтуш цхьа латта...

Т1емаш бан болийра,
Къемат де х1оттош...
Г1евттира кеманаш,
Х1...


Резванова Айза

Сан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??

Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??

Р.А.

Резванова Айза

Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош..... 

Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...

Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...

Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...

Р.А.

Ас кадам бо махкахошка,
Мехкан йо1 д1акхалхарца...
Сайн мохь - ц1ог1а кийрахь сецош,
Собар доьхуш даггара...

Суна - м биси дагахь баллам,
Дукха диси дийцаза...
Ахь санна тхан сина те'м бан,
Хирий те кхин, хьо хийца?

Аллах1 Дала декъал йинчу,
Тобанах хьо тухийла!
Хьоме Лула, ялсаманийн,
Даржехь хьан ял кхуьийла!

Дала ялсамане лойла хьуна, тхан хьоме йиша, Лула!
28.04.2019.

Нана - Лулина лерина...

До1а

Я Аллах1 доьху ас кийрахь дог доьлхуш,
Доьху ас я Аллах1, ойлано хьоьхуш!!
Я Аллах1 соьцу дог кхоэ ладоьг1уш,
Хьоьгарчу къинхетамах дог ца дуьллуш!!

Я Аллах1, стигланийн, латтанийн дуьхьа,
Схьабийца мотт боцчу хьайбанийн дуьхьа!!
Арарчу динатийн, акхаройн дуьхьа,
До1ийна жоп луш, тхан, дегнаш хьастахьа!

Дех - ненах хьоьгучу буо берийн дуьхьа,
Хьайн диканах тоам бен зурият дуьхьа,
Айхьа сов леринчу Иманан дуьхьа,
Я Аллах1, тхан йишех къинхетам бехьа!

Я Аллах1 до1ийца йоьхург ю Йиша,
Нана ю, Зуда ю, Йо1 ю Даймехкан!
Я Аллах1 тхан дегнаш ца дуьтуш делха,
Яккхалахь тхан Лула, цу балех хьалха!

Я Аллах1, Я Аллах1, Я Аллах1 Дела,
Тхан йишех къахеташ къинхетам бехьа!
15.04.2019

Резванова Айза...

Хьайбаха

Хьо - м лаьтташ ю Хьайбаха!
Ца беш хам цу мостаг1ийн...
Кхуьуш, хазлуш, хьайн шуьне,
Боьхуш, мерза доттаг1ий...

Айхьа лайна баланаш,
Яйна аьрчо, къизалла,
Ахь лечкъорах замано,
Деш бакъ долу тоьшалла...

Доьзалех а к1ожам беш,
Мостаг1аша багийнчу...
Харц тоьшалла даржадеш,
Хьан сий дайъа г1иртинчу...

Уьш - м г1овттар бац хьо санна,
Денбелла кхин, Хьайбаха...
Я юьхь хир яц эхартахь,
Нуьре хьанчух къегина...

Кхин ма гойла Хьайбаха,
Цкъа а хьуна и бала!
Хьан ирс хуьлда заманца,
Маьрша, машарца яха!

28.04.2019.

Иорданерчу нохчийн б1евнах...

Дог доьлхуш хьоьжу со,
Белахь а сов хаза ларам.
Сан дагчохь тийжа - кха,
Йижарех бисина лазам...
1ийжа сан ойланехь,
Дайн дегнаш диъна сингаттам,
Цу б1евно денбо сан,
Юху а, вежарех тешам...
Р.А.
Дала сий дойла хьан сий
динчу халкъан а, сан Нохчийн Къам!

Хоршах хаьдда шовда

Боккхачу х1орда чохь, ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира, гергара, езаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане эегаш?

Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь, вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу цу х1орда чохь, хебаш?
И тулг1еш керча, хьан хазаллех хьоьгуш.

Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хета хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?

Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1ено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш, х1орда чу хецца...

- "Доккхачу хих кхетар, дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цо шеца дадийна, Терках д1ахьаьрчаш,
Цу чу ша хийцира, цунах ша г1ерг1аш...

Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьсси цо, ша цунах  даьржаш.

Иштта ша къаьстина, Даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь, сатийсарх ловза,
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр ду ша доьнза.

Цхьа дехар дара шен, - т1аккха цо эли,
Доьнза ша ца дайта, хьох накъост хилча...
- Цхьа тулг1е схьа эеций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1а тохар, шех дерг д1аалий.

И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь, эеца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели,
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.

-"Хьаннашкахь олхазарш, шакаршца декаш,
Б1аьстенца аренгахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Ма ирсе хиллера - кх, Даймехкан кхерчахь".

2009

Хаза баьлла сийна бай,
Мачаш йахка охьа шайн...
Кхоам бу и хьеша х1ай,
И - м цхьа Делан дарба дай!

Р.А.

Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
*********
Ахь мадетта буржалш сан боларна,
Со хьан некъа т1ехь кхин соьцур йац...
Г1уй цаоьшу, ринжа дита диллина,
Сан хьан деган кевнехь  г1уллакх дац...

Диц маделахь ахь со хилар нохчийн,
Са сирлачара, дог болатчара йо1...
Нагахь эешна орца дехахь цхьамма,
Сайн са далар хир бу суна-м кхаъ...

Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05

Р.А.

Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.

Со йилхи, б1аьрхиш сайн цакхоош,
Йилхи со, дог эккхал дог лозуш...
Вайн Дала сан йелхар къобал дахь,
Нохчийн къам маьршачех хир долуш...

Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
До1ийца  вай къоман барт боьхуш...
Вайн Дала сан до1а къобал дахь,
Дахар вайн беркате хирдолуш...

Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
Нохчийн къоман ненан даггара...
Аллах1а со нана къобал йахь,
Къинхетам вайн къомах хирболуш...

Йа Аллах1, хьайн безачийн дуьхьа,
Сан къоман некъ декъалчех бехьа!
Йа Аллах1, (С.1.С) Мохьуммад
Пайхамар къобалвинчех тхо а дехьа!!!
Р.А.

Резванлва Айза

Ахь стенан ойла йо,
Бос - хаза Олхазар!?
Генарчу паналле
Хецна са д1а...
Х1ун ойла ю те хьан
Кхехкориг сингаттам,
Суна - м хьо, сайн
Къоман йо1ах ма го!?

Ду те хьо кхаьчначех
Хийрачу махка,
Хьо дина, кхиъна мохк
Сов безарна?
Я сил а х1отторна
Къоман сий лаккха,
Кхаьчна те
Мух1ажаралла хьоьга!?

Хьо шек мадалалахь,
Олхазар тайна,
Дог тешош са маьрша
Даккхалахь хьайн...
Кхочур ю г1айг1анех
Хьо къастош зама,
Г1а - бецо цаюьту
Ч1ир эцанза...

Р.А.

Б1аьрг - м цахили хьуна 1уьйре?
Х1унда хийци ахьа юьхь?
Марха таь1и, малхана улле,
Самадоккхуш цуьнан эхь...

Цхьа б1аьрг къайллаха соьга хьежош,
Малх бу  ала г1ерташ цхьаъ...
Шеко йоццуш, ю цхьа къайле,
Кхийдош соьга  сирла кхаъ...

Р.А.

Генахь дац...

Генахь дац и аьзнаш, дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненчохь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий, шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу... Цхьа парду... 1ожалла бен чекх ца йолуш...

Къинт1ера яьлла со, даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а, массо а сига.
Лелла яц дахарехь сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь, массо а сица.

1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-меллий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш..

Р.А.

Со ца1еми адамех цатеша,
Я хьаг1 - гамо лело цхьанцца а...
И сан дагна даим хилла хера,
Дити ас и, ша долчуьнца лела...
Р.А.

Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, къовлуш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Доцуш мелана кховдо х1ума шех.

Д1о стиглара нуьре седа къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.

Самйели нохчичохь 1уьйре,
Массарца доькъуш шен са...
Боданах къаьсти х1ара дуьне,
Рицкъ хили вайн тахне ган...

Р.А.

Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.

Резванова Айза

Г1атталахь тхан Даймохк...

Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!

Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Д1а ц1анъеш нохчичоь амалех лайн!!

Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!

Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
Р.А.

Резванова Айза
Кхиалаш нохчех

Шу муьлш дара,
Шух муьлш хили,
Нохчийн, берзан к1езий!?
Ма хийцалаш,
Барзах джаьлеш кхарддал,
Амал нохчийн!

Акхаройх схьа
Шаьш къастийна,
Лелорах сов хьоьстуш,
Берзан к1езий,
Барзах кхуьу,
Дагах дага дуьйлуш...

Д1о лекха лам
Боьлхуш 1аннал,
Баланаш т1е делхарх,
Нохчийн к1ентий
Майрра лелла,
Ца къесташ дайн амалх...

Шу ду, нохчийн
Нанойн дегнаш,
Орамаш Даймехкан...
Мичча меттехь,
Нохчех кхиълаш,
Сий долу тхан, Нохчий!

Далан пурбанца!
2019

Резванова Айза

Нохчалла

Юьхь йоцчу къизалло,
сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура,
дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла
даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура,
сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара
б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура,
хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш, со Далла
суждане яхача,
Иманца хьостура,
сан дог ахь, нохчалла.

Сан къоман дозалла,
ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган
ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь,
толаме кхочу со
Ахь тешам баларна,
Сий долу, нохчалла!!!
2018

Резванова Айза
Йаздехьа цхьа сурт...

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Исбаьхьчу Даймахках дагайала хиъча,
Бохь лекха ламанаш г1иллакхе девлла,
Г1ар - тата сацийна, ладоьг1уш дайча,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха, и башха, сий-ларам гойтуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Даймехкан лаьттат1ехь, синкхача боькъуш,
Дас-нанас хьехначу, г1иллакхех тоьгуш,
Безаман марзонца, ирсе некъ буьллуш,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, безамах дуьйцуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Са сирла 1уьйре Даймахках хьаьрчаш,
1аламан хазаллехь, са маьрша даьлча,
Маршоне кхийдинчу синойх эхь хетта,
Сан баьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, маршонах дуьйцуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Даймахке безам синмеха къагош....

2018



Омар Хайсултанов
Гапура яздина мог1анаш хазделла язйинера ас и цунна дуьхьал, забарна....

Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...

1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
;;;


Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула схьакъедда...

Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...

Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
;;;

Вай дуьххьара кхузахь д1ач1аг1дала ца дуьтуш а хьийзина цу керстанаша...
Иза пачхьалкха куьйгалхойн таллам бу..
Къомах доллург толлуш, къам зуьйш ..
Вай вешан амал хилла, даима а, ца къарлуш.
Цундела вай къам стомдалар шена кхераме лерина Российно...
И бахьна долуш даима вайна т1ехь та1зар латтийна, латтор а ду, вай ваьш цара схьа а къастийна охьа цаховшийтахь...
Дала, иман, собар, кхетам, ницкъ лойла вайна!
Дала барт цхьаъ бойла вайн нохчийн!


Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....

Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те хьо къага, 1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле, дагна хьомечу сица,
Хьан ойланийн буьйса зарз еш, седарчешка хьестийта...

Р.А.

Резванова Айза

Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…

Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…

Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
Р.А.



Хир бац хьуна тешна бехк,тхан Даймохк,
Хьайн доьзалаш хаьдда некъех дайн!
Бац уьш лелаш йоцуш хьоьца марзо,
Лорах тилла, эцна амалш лайн!


Юха а сан сирла са 1ехош,
Декар ду аз хьан...
Хьан аз кхин ца хаззал сан тешам,
Хир бу къалбелла...


Ца лаьа суна, хьан аз хаза а,
И дацахь хьан лаам толош...
Хьо ган а ца лаьа, вог1уш, я, воьдуш,
Хьан дагна и дацахь томехь...
Ца лаьа къага, б1аьстенан малхах,
Хьан даг чохь зазз дастар дацахь,
Лаъъане ца лаьа, хьо волчахь яха,
Хьо воцхьахь хир дац сан дахар..

Дериг а д1а дер ду,
Д1а дер ду, иза а...
Буьйсанан 1аьржаллехь,
Довш долу де санна...
Адамаш дуьсур дац,
Дуьненах ца 1абарх....
Жима а, воккха а,
Вовшашка дог дахарх...
Амма цхьа безамаш дуьсур ду хан яларх,
Дехар ду, ял йоцуш
Лелла дерш дог дагош..


Везний те хьо суна санна цхьанне,
Х1ора доь1у са а дузош хьох...
Сан дагна - м ца хилла хьоме цхьа а,
Хьан озуо до дахар ирсе сан...
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте

Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...

Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йоху хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...

Хьо марша йохийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша юьсийла,
Дегнаш чохь нохчийн!!!

2019

Воккхастаг, хьо лаа -
тара вуй теша хьо?
Ма г1ийла г1елвелла
Ваьлла хета хьо цу гу т1ехь?
Х1ун ду те, б1аьргийн нур
1инах чу туьйсург хьан?
Х1ун бала базбелла,
Ойлане воьжна хьо?

Дуьненан кийрахь ахь,
Эшац сов ойла ян,
Аллах1 ву луш верг а,
Къинхетам шорта берг!!.
Хьоьгарчу балийна,
Г1о хир ду Цуьнгара!
Ма гайталахь г1ийла,
Юьхь - сибат хьайн сирла!

Аданига ларамца...



Дош ду стеган терза лелош,
Хиларх деха я доца,
Дешин мехха дазло иза,
Леринехь ша аьллачо...
Махо даххьал дайло делахь,
Шен схьадалар есаллера...


3Хьо эшар, я везар дац сан ойланца,
Сингаттам хьан некъан сан дагца бу...
Лаарна дахаран некъ ган хьан маьрша,
Ас Деле до1ийца хьо воьхур ву...


Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам а,
Ца веши хьо- м, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача,
Лаьар - кха хьан некъ, цу ирсан тача...

Цул т1аьхьа сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьца долу гергарло д1ахадо...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша ваха,
Дуьтуш хьуна, сайн са хьегна дакъа...

Лерамца...



Дешар

Бераш,  бераш,  киншкаш  ешар,
Дахаран  цхьа  маь1на  ду.
Ткъа  дешарах  кхеташ  хилар,
Иза  коьрта  толам  бу.

1илма  довзар, 1алам  дезар,
Дахаре  хьан  безам  бу.
Барт, безам, ирс  ларда  оьшург,
1илман  корта - собар  ду.

Ийман, Ислам  довза  деза,
И лоруш  верг  сийлахь  ву.
Оьзда  г1иллакх, хаза  г1уллакх,
И  дешарца  дозуш  ду.

Еша, яздан  1амош  верг,
Вайн  дахарах  кхеташ  ву.
Ткъа  ца  доьшуш  лелаш  верг,
Шен  дахарах  леташ  ву.


2)
Ешаран мах…

Дуккха а зама ю, доккхачу ц1а чохь,
Айзана кинишкашна дола до.
Жима а, йоккха а, цо сий деш, ларъеш,
Берашна масал шен леларца ло.

Дуьххьара веана тахана Сурхо,
Т1елаца, кинишкаш ешаран болх.
Цец ваьлла кинишкийн дуккхалех жимхо,
Б1аьрг бетташ ву ц1а чохь, кхин бахам ган.

Т1аккха шен нене цо, хаттар деш эли;
-Кинишкел сов бахам, мичахь бу кхин?
Йижа мотт, сискал, я, мала хи доцуш,
Х1унда  1а  кинишкийн ц1а лардеш и?

И х1унда йоьлху те, кинишка йоьшуш?
Я хьаьсти те цхьаммо, и-м йоьлуш ю…? 
Стенна йо церан чотт, хьанна уьш оьшу,
Яьхьчий а, царах дан, х1ун дезар ду?


-Кху бахамах кхета,  хьо жима хета,
Делахь а, жоп дала хьожур ю со:
Йист хилира Айзан, лууш к1ант кхета,
Лерина, ладоьг1уш, к1ант сецна ву.

-Ладог1а ахь соьга, ойла еш жимха…
Дахаран некъ къаго, оьшург ирс ду.
Кинишкаш ешарца хилахь хьо говза,
Даимна хьуна и нур къегар ду.

Дешил а, детил а, механа деза,
Хьекъалаш кху ц1а чохь дитина шайн.
Бехаш бу, д1абахна, дахараш хаьддарш,
Дуьненан, эхартан, декъала дай...
 
Амма уьш ца бахна, дуьне д1атесна,
Т1аьхьене х1орамма деш весет ду:
-«Кортош чохь синкхетам ца буьтуш бесса,
Хьекъалаш дерзолаш, т1алам беш чу».

Айзан йистхилира, кхайкхам беш:
- Бераш!
И весет кхочуш дан, вайн декхар ду…
Хьажалаш, йозанан 1алашо йовза,
Кинишкаш  ешаран мах беза бу!!!


3)
Нохчичоь…

Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза сунна нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.

Т1аьхьара  алар;

Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, безам.

Бераллийн г1ан…

Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Дог кийрара ловза дели,
Луьйчуш бераш дайча.

Малх баьржина бац цу стиглахь,
Хоз чу и гулбелла.
Марта – хи чохь,  бераш юккъехь,
Суна со таръелла.

Д1о лоха берд, тхан бераллехь,
Лекхчу ломах бустуш.
Тхан бералла коьрте йохуш,
Хилла цо тхо хьоьстуш.

Т1улгаш 1оьхку,  кегий даккхий,
Сан бераллехь санна.
Со самукъне идош лелла,
Бераллийн г1ан дайна.

***
Дашо месаш озийна,
Малх ас сама баьккхина.
Цундела ду тахана,
Дуьне сирла къегина.


5)
Палла аьлла и…

Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.

Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Хьаьжи соьга, эсала.

Басар, подар шена хьаькхна,
Цу зезагийн беснех ийна.
«Палл-ла», - аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхар дан.

Ткъа со лаьтта цец - акъ яьлла,
Зезагаш а девлли серла.
Полла хьийзаш самукне,
Со а ели, хелхаре.

Малх а бели тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.

6)
Мархийн ч1ара

Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьапп», - аьлла д1а кxaьлли ах...
 
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош  малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.

7)
Сама довла зезагаш ….

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай.
Олхазарша  шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вайн Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду,  самукъне.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

8)
Баиева Сацита

Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

9)
Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш, 
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш. 
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.

10)
Йинчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, гора!
Йинчу денца ас хьо декъал йо.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!


11)
Ас нанина….

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
-Хьо ду зезаг сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла сунна эли,
Барт а боккхуш, лерина.

Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш, мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.


12)
Схьагулло…

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Зевне  аьзнаш  декадеш.
Лоькхур  ю  вай  нохчийн  эшарш,
Вайн  даймехкан  сий  айдеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Б1аьргаш  суйнех  къегадеш.
Гойтур  ду  вай  нохчийн  хелхарш,
Нанойн  дегнаш  деладеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Оьздачу дайн  лерам  беш.
Вовшен  деза,  ирсах  теша,
Вай  1аморна  хастам  беш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Ирсе  некъ  аш  лаца  схьа.
Кхане  еъча  диц  ма  лолаш,
Т1аьхьенга и кховдо  д1а.

13)
Со малх г1оттуш…

Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.

Пису бун чу доьллина,
Бедаш яжа лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.

-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллакхех мукъа яьккхина!

Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду генна д1а,
Ж1ала лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана.

Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьху котама,
Хино к1орнеш идадеш.

Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.

14)
Писуй, к1езий

Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лиъча шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.

Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжуш  чу,
К1еза гонах уьдуш ду.

Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1алийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.

Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, - мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
 

15)
Дашо  месаш

Вижа  жима  Сурхо  д1а,
1аьржа  баьргаш  къовла  т1е.
1уьйре  еъча  борг1ало,
Кхойкхуш  сама  воккхур  ву.

Малх  г1аттале  г1отту  и,
Кхайкхадо  цо  сирла  де.
Нагахь  даг1ахь  йочане,
Аз  хуьйцу  цо  шен  зевне.

Массо  х1уман  хаам  бо,
Дашо  месаш, йолчу  цо.
Хьаша  вог1уш  и  хир  ю,
Кхаьънаш  дог1уш  йоьрзий  чу.

Шен  х1усам  а  ца  йицйо,
Котамашна  дола  до.
Ву  и  кертахь  дика  1у,
Цунах  теша  мегар  ду.

16)
Керла шо…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду,  к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта,  нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура - дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо керла шо!
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду, сан ирсан дакъа.

17
Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура.
Царах цхьа наьнан - к1орне,  кест - кеста н1аьнах кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь1 -1уууьй1, 1уь1 -1уууьй1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, ша лаьттачохь, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна - к1орне,  делкъенга яьллера кхайкха 1емаш.  Еъъана,  делкъа  хан кхайкхо схьа х1оьттира,  котаман Борг1ал.
Цо н1аьнан – к1орнега а хьаьжна, хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со, со кхойкхуш ю-кх,- жоп делира, н1аьнан-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. ? Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ? - Хаьттира Борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орне.
Цу балхах кхеттачу Борг1ало,  хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
- Сунна-м ца хаа, - жоп делира н1анан – к1орнено:
- Цхьаммо ц1е ца йоккху хьан.
-Ца хаа. Суна-м ца хезна, - элира н1аьнан к1орнено.
-Х1ета делахь, хьох таханадуьйна Жимниг эр ду-кх вай. Реза юй хьо?
- Жимни-иг, - олуш, Борг1але д1а хьаьжира, наьнан-к1орне.
-Х1аъ…. Жимниг…- элира, Борг1ало.
- Реза ю, - аьлла, жоп делира н1аьнан – к1орнено.
-Жимниг, т1аккха, цкъа а  хенаш кхайкхиний ахь ?
- Тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхайкхина,- жоп делира,  Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла.
Цхьаммо а ца хьехна хьуна,  муха, я, маца кхайкха еза.
-Ца хьехна, - олуш, корта ластийра, Жимнига.
-И х1ун ду, ца хьехна бохург?  Хьо санна хьекъал долуш ерг, хьеха а хьоьхуш, сихха новкъа яьккхича, дика накъост мА хуьлу уллехь.
Тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна. Ткъа ахь,  дика ла а дуг1уш схьалаца деза хьехнарг.  Барт хиллий вайшинна?
-Хилла. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна самукъа даьлла кхоссаелира, Жимниг. 
Юха а шен маттахь - «1уь1-1уь1»,- аьлла, кхайкхира.
Борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца,  ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а. Мегар дуй? -  элира, Борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, лерина тидам беш, ладог1а х1оьттира Жимниг, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Борг1ал  кхоссаелла, керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххьехь, - «ах1а – ах1а», - аьлла,  шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкхира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1ууьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнан зевнечу озах цец яьлла, цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.


Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелла лаьтта йоьссира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю.  Дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхур ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза я муьлхачу хенахь кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхур ду.
Наьнан-к1орни лерина ладоьг1уш лаьтташ яра.
Борг1ало элира:
-Х1инца, ахь ла дог1ал  соьга, дикка.
Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха,  таханалера  де - буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьт даьлча.
Шолг1а, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча.
Кхозлг1а, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча .
Доьазлаг1а , де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлча.
Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча.
Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча.
Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа. 
Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо. Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна.

Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн кертарчу котамашна дола дан а,  керта хьийза а йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а,  йог1ий,  кертахь олалла дан а х1уттий, тухий к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман дас сиха яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло н1аьна хилахь, со яйчу тасийта а, реза ю, - аьлла, жоп делира, Жимнига.   
Борг1алан сакъераделлера цунах.
Цо т1аккха элира:
- Жимниг, Жимниг! Жима – Йоккханиг!!!


18)
1аьнан 1уьйре

Дашо  з1аьнарш  лай  т1е  1енош,
Малхо  шен  кеп  х1иттайо.
Шан  куьзганах  тулг1еш  къегош,
Хиш  карзахе  ловзуш  го.

Дато  мархех  к1ажарш  юцуш,
Ц1аста  санна  ц1ийелла.
1аламе  шен  къайле  юьйцуш,
1аьнан  1уьйре  хазъелла.

Баххьаш  т1ехь  лайн  к1ужалш  хьийзош,
Ламанаш  го  самукъне.
Генаш  ийзош,  г1уора  ц1ийзош,
Хьаннаш  хьоьжу  цу  суьрте.

Сан  Даймохк!  Хьох  хьоьгуш  г1ийла,
Ас  геналлехь  яьккхи  хан.
Сатийсина-м  ахь  а  хилла.
Совг1ат   дели,  1уьйре  хьайн.

19)
1а ду шийла…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Т1аьхьара алар:
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.

20)
Цец  даьлла  пису
1аьнан  к1ур  хьийза  беш,
К1айн  ло  ду  дуьллуш.
Бераш  ду  даккхийдеш,
Самукъне  уьдуш.
Пису  ду  цец  даьлла,
Корехул  хьоьжуш.
Тарделла  полларчех,
Цунна  лайн  чимаш.
«Кегий  уьш  делахь а,
Ду  уьш  сов  шорта.
Царам  со  дуур  ду,
Доллушехь  уьйт1а.
Цхьаннах  а  цакхоьруш,
Сел  майра  долу.
Ж1ала  а  лечкъина,
Шен  бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо  ойланаш,
Писуно  жима.
Б1аьстенан   юккъерчу,
Баттахь  и  дина.
Писуна  гина  дац,
1аьнан  к1айн  туьйра.
Цундела  цец  даьлла.
И  кхераделла.

21)
Керла  шо

Рог1е  деъна  шийла 1а,
Хиш  д1алоьцуш  бина  ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».

Лайн  куз  тесна  арахь  д1а,
Хьаша  веъна  кхечи  схьа.
К1айн  к1урз  буьллуш  корашка,
Хуьтту  хьаша  массо  ган.

Кхаьънаш  дохуш  вовшашка,
Дуьхьал  уьду  бераша.
Лайн  куз  сиха  къарз  бина,
Мара  хьерчаш  хьешана.

Марша  да  хьо  керла  шо!
Хьо  ду  деза  хьаша  тхан.
Оха  хьуна  кечдина,
Совг1аташ  ду  эшаран.

23)
 Х1етал – метал
Жима а воккха а шена т1ехь
Хохку,  к1айн говр.
(ло)

24)
Лайн чимаш

Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш  гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.

Ц1еххьана къегина, седарчех ийна,
Дато нур стиглара 1енаш а дайна.
Самукъне аз дели, ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.

Лайн йо1 а ялаеш и Г1ура –дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Бераш ду самукъне, ловзаршка девлла,
Базалган б1аьргаш а дехира серла.

Керла шо, керла шо, дог1ийла марша!-
Мохь бетташ бераш ду, сакъераделла.
Беркате ирсе ахь дойла тхан дахар,
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха.
25)               
Сахьтан цхьамза    

Хьалха  баларх  къуьйсуш  уьду,
Сахьтан  цхьамза  заманца.
Зама  гена  яьлла  йоьду,
Меллаша  шен  боларца.

Цхьамза  уьдуш  де  д1адели,
Кхечи  1аьржа  буьйса  т1е.
Замано  болар  ца  хуьйцуш,
Кхана  деа  сирла  де.

Эх1-х1ар  а,  г1елбелла  кхоччуш,
Цхьамза  сеци  гойтуш  шийтта.
Замано  к1айн  духар  духуш,
1аламан  а  хийци  сурт а.


 26
Шу мА хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзинчу.
Даккхий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Кегий йоьхьаш хьерчош чу.

27
Минкаил

Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.

К1арс - к1ирс, бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ аьчка 1айг.
Нана, лохьа  худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.

28
Сурхона

Сом хьан доьхьа велало,
Лууш хьо самукъне ган.

Ахь со хьостий 1ехавой,
Туьллу суна йовлакх хьайн.

Нана, йовлакх хьоьгахь тов,
Лаац лело хьоьца дов.

Тиллахь суна дадин куй,
Хаийтахь со къонах вуй.

29
Сингаттаман цамгар

Цомгаш хилла воьжна паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лерина.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхеттера.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1на,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
И г1айг1ане вуьйжира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта а вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхузахь х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.



30
Еха ма яхарг….

Бабас, бераш а гулдой белхи бо, хасстоьмаш а, стоьмаш а, чу берзо.
Бераш  тасалой болх беш хуьлу. Царех цхьаъ, дика д1анисвелла, дитта д1ахадийна йисинчу юьхк т1ехь, хиина 1аш хуьлу. Д1ахьаьжначу бабас, иза шена гича олу:

Баба:
- Ва к1ант, хьо г1улкхана т1ег1уртуш ма вац? Хьо х1ун деш 1аш ву цигахь, Дика д1а нисвелла охьахиина?  Х1умма  лозуш, са гатдеш - м вац хьо?- хотту бабас:

Т1аккха к1еззига вела а къежаш, к1анта жоп ло:
Беслан:
- Эх1 - х1ай, Баба, х1умма  лозуш - м вацара со, тахана ч1ог1а некъ ца нисбелла - кха сан.

Баба:
- Дийцал, х1ун хилла хьуна? Х1ун ду хьан юххьа даьлларг? Куьйгаш цахь дисна хьан, я болх д1абахана хьо т1аьхьа ца кхуьуш?

Беслан:
-Кхин х1ума - м  ца хиллера суна, тахана схьавог1уш некъаца дуьхьал  вайн лулара Табарик кхеттера суна. Цундела некъ ца нисбелла - кх сан.

Баба:
-Ткъа х1ун ду хьуна хилларг,  х1ун юххьа даьлла хьан, и бахьана долуш?

Стигал ирх а вирзина, 1ачу Беслана, олу;      

Беслан:
- Болх бан масть яц - кх сан.

Баба:
-Ткъа  Табарк мисканна х1ун бехк бу, хьан болх бан маска ца хилча?

Беслан:
-Иза дуьхьал кхаьтча некъ ца нисло олу, массара а. Суна тахана новкъа воллушехь иза кхийтира дуьхьал. Цундела ву - кх со болх бан карх ца долуш.

Баба:
- Иза - м хьаха яц, цхьанна а х1уманна бехке. Наха а ахь санна къамел до-кха. Бисмалла а аьлла,  болх Далла т1е а биллина, шайн г1уллакх ца деш, шайт1а  ги а хаадой, куьйгашца иза охьа цадожийта д1а а лоций, шу дуьйлало, т1аккха бехке Табарик миска йо. Хабар а ца дуьйцуш хьала  г1атта. Х1окху дохкучу берех эхь ца хета хьуна, хьох кхарна а масалл  гойтуш хила везаш ву,-олу бабас:

Иштта к1ант яхье ваккха г1ертарх,  кхин г1уллакх ца хуьлуш, суьйре т1ейог1у. Буьйса д1аяьлча, йоккхастаг а, бераш а дисина г1уллакх кхочуш дан д1ах1уьтту. Сихха делкъа хан хуьлу.  Бериш а х1ума яа, бабин жимачу стоьла йисте гулло. Беслан, балхат1ера схьа цаволуш воллу. Бабас олу:

Баба:
- К1ант хьо тахана мА т1е т1аь1на цу балхана? Схьавола, оха мерзаниг д1а а йиина вуьсур ву хьо.

Беслан, шен куьйгаш а дилина, стоьла йисте охьахуу. Т1аккха, г1арг1улийн г1овг1а хезий, стигала хьала хьожу.
Цец  волий,  цо стигал п1елг хьажош, олу:

Беслан:
- Хьажахьа, Баба, селхана  со хиина 1ачу хенахь, и г1арг1улеш иштта, малх бузехьа д1айоьлхуш яра. Тахана юхайог1уш  ю-кх уьш. И х1ун ду теша?

Елалуш  баба хьаьжт1е куьг а дуьллий, стигал хьала йоьрзу,т1аккха олу:
Баба:
- Селхана, и еха ма яхарг, Табарк дуьхьал кхетта хир ю-кх царна а, некъ юххьа баьлла,  юха йирзина хир ю-кх, уьш а. 

Бераш дуьйлуш суьйренга доьлху.            





Резванова Айза

31
Болх бича луш ду ахча?

Моллин не1 туху, жимчу зудчо:
- Мила ву? Схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачура метах а ца волуш. Не1 йоьллий, чу йоху жима зуда.
-Де дика дойла хьан,- олу цо:
-Далла езийла. Схьадийцал, х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна? – Хотту моллас:
-Со, сайна аьттонна жайна даккхийта еанера,-олу зудчо:
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбойн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, царна т1е  хьожу молла. Шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, хотту, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а?-олу моллас:
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-олу зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбойн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
Т1аккха олу:
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда.
-Дела реза хуьлда хьуна,- олий, жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча, цуьнан стоьла т1е охьа а дуьллий, ара йолий, ц1а йоьду зуда.
Шен жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелачу, пхи шо долчу к1ентан. Цо шеен нене хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна, дуккха а ахча дог1у кисана.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна кисана, дуккха а ахча дог1ур ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма,  цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало. Цхьана суьйранна балхара чу веанчу шен дега хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьачу ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха дена ахча даийта.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Юха а хотту дега, к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла,-олу дас:
Цул т1аьхьа, цхьа – ши де даьлча, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха. Денвашас олу к1анте:
- Эе-ей, мел воккха хилла Ваши к1ант. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи ло, ден вешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадо:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е, - олуш.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а боий, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха девешига, хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре а доккхуш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  дац ахча. Ас х1окхо санна болх ма ца бина.
Шен дас бохучуьнан  дика ойла а йой, воддий воьдий, шен ден киснара жайна схьа а дохьий, нене д1акховдадо  к1анта.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна хьайна деллачу моллига д1аала, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо дуьйцучух кхаьтта волу да а, деваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин т1е ахча ло к1антана. Т1аккха олу девашас:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1,  хьан коьрто оццул дика болх барна, хьуна-м дуккха а дог1ура и ахча,-  болхуш, воьлуш, д1а вахара и.











Резванова Айза



Х1ун дича хуьлуш ду ахча?

Моллин не1 туху жимчу зудчо:
- Мила ву, схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачигара метах а ца волуш.
Чоьхьа йолу жима зуда.
- Х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна?-хотту моллас:
-Со, аьттонна жайна даккхийта еана.
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбийн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, уьш кегадой, шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, олу, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а.
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-жоп ло зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбийн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда,-олуш:
Зудчо жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча цуьнан стол т1е охьа а дуьллий, олу:
-Дела реза хуьлда хьуна,-  т1аккха, ара йолий, ц1а йоьду.
Шена аьттонна аьлла ша даккхийтина жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелаш волчу, пхи шо долчу к1ентан.
Цо хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна т1е, дуккха а ахча дог1у.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна дуккха а ахча хир ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало.Т1аккха цец а волий ша шега къамел до к1анта:
-Ва-х1ай, х1ара х1ун ду даъ. Нанас х1ара жайна шеца лелийча дуккха а ахча дог1у мА бохура, суна т1е дог1уш ахча а мА дац. К1ант цец ваьлла лелаш,
К1ентан да чу вог1у. Т1аккха,дега хотту хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьа ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха, дена ахча даийта. Т1аккха цо шена а лур ду бохург дагахь.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Т1аккха а, цец волий, дега хотту к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний, х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла.
К1антана жайна кисанахь доллушехь, ахча кера ца дог1уш д1аоьху хан тамашийна хета. Иштта ойлане ваьлла к1ант а лелаш, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха.
Денвашас олу:
- Эе-ей, мел воккха хилла и. Ваши бож. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи а ло, цул т1аьхьа девешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадой олу:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а бууш, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре вела а къежаш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  мА дац ахча. Ас х1окхо санна болх мА ца бина.
Шен дас а, девашас а бохучуьнан  дика ойла йой, д1ахьоду к1ант, шен ден кисна ша диллина  жайна схьа а дохьий, нене дакховдадо  цо.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна д1аэца. Х1ара хьайна деллачу моллига д1аалалахь, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо лелочух кхетий, да а, денваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин а, т1е ахча ло к1антана. Т1аккха денвашас воккхаверца шен вешин к1ант хьостуш, олу:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1!  Хьан коьрто оццул дика болх барна, кхин а т1е дог1ура хьуна ахча, дуккха а.
Иза самукъне дийцар а хуьлий лела нахана юккъехь. «Болх бича луш ду ахча»,- бохуш.





Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара


Рецензии