Ши калуо

 
         
          Шен воккхахволу накъост Дога волчу веънера цхьана суьйрана Хьамзат, луьйшолуш, самукъа а доккхуш, кIеззиг хан яйа дагахь. УьйтIахь цхьацца дезарш деш дIасауьдуш лелаш Догин кхиъна яьлла йиша ТIаус яра. РагIу кIелахь лаьтташ болу паднар тIехь когаш тIе хIума а тесна, суьлхьа хьовзош хиъна Iаш кхеран нана Балука а яра. Хьамзата цуьнан хьал-де хоттушехь, цIийна учи тIе кхунна дуьхьалваьлла, Догас хIара ша Iаш волчу цIа чу вигира. Дикка Iийра хIара шиъ, хилларшлелларш дуьйцуш. ТIаьххьара а, Дога меттахвелира, шаьшшинна ТIаусига чай даийта дагахь. Амма иза юха чу ван хье а велча, арахь цхьа гIовгIа а яьлча, хIун ду-теша аьлла, Хьамзат а аравелира.
          Кхунна хьалха хIоьттина сурт иштта дара: рагIу кIелахь, Балукина резавоцуш, бартбетташ Дога вара. Лулара кхеран гергара цхьа йоI яра шен ненаца, бехкала а яхана, лаьтташ.
          – Хьуна ца хууш ма ца яхана иза, – бохура Догас шен нене. – Стенга яхана иза? Хьаьнга яхана? Схьадийца! – бохуш дов дора цуо.
          – ДIавалахьа, кIант! Ахь соьга хIун де боху?! Соьга хаьттина яхана иза кхин?! Цхьа хIума ца хаьа суна! Сан дог ма этIадехьа, – Догина дуьхьал яппарш йора Балукас.
          Юьхьанца цара дуьйцучух ца кхеташ хилла волчу Хьамзатана тIаьххьара а хиира, ТIаус лечкъина араяьллий, ткъа вуьшта аьлча – маре яхний. 70-80 – шерашкахь а, цул хьалха а, дукха хьолахь, йоI, лечкъина, шен децIера ара а йолий, маре йоьдуш ламаст дара нохчийн. ТIаус а яхнера иштта, шайн гергарчу йоIе ша ара а яккхийтина. Ша кхаьрга ян хIотта а ца хIоьттина, шен нана а ялош еанера и йоI, ТIаус лулара юьртарчу нахе маре яханий хаийта.
          Догина хаьара, шен йиша ша ара а яьлла яхана хилча, шен дан хIума доций а, хилларг хилла даьллий а. Балукига а кхин ала хIума а дацара. Дога дов деш волчуьра сецча, паднар тIе охьа а лахъелла, тийжа йолайелира Балука, ТIаусна сардамаш а доьхуш.
          – Ма елха Балука, ма елха… Дуьненан хIумнаш ду хIорш… Йоьдуш а хуьлу, йогIуш а хуьлу. Тахана хьан цхьа йоI дIаяхарх, кхана хьан кхо-виъ кIант а ма ву, кхо-йиъ нехан йоI схьаяло дезаш. Ма елха, – бохуш, хIара меттайало гIертара лулара зуда.
          – Эссай! И  маре  яхнера  аьлла-м  дера  ца  йоьлхара  со…
          – Вай!  Хьо хIунда  йоьлха  тIаккха? – цецъйелира  лулара  зуда.
          – Хьала ма саттарг хIара, хIара ма сатта хьала… ГIам ша ма дарра! Селхана ас ЧIишка-базарара кхоъ сом а делла, эцна сан цIена ши кало а такхийна ма йахана елира х1ара, йеха ма йахарг! - коьрта тиллинчу йовлакхан т1емашца шен б1аьрхиш д1адохар Балукас.









Опубликовано в журнале "Орга", № 4 за 2019 год.


Рецензии