40 Дахарехь зеделларш

391) 1овдалчун ойла багахь хуьлу, ткъа хьекъалечун ойла дагахь хуьлу.

392) Дика йинчу забаро мел вуон дов а дайдо.

393) Кхетаме верг там лоьхуш ца хуьлу, тамбоцчух ларлуш хуьлу.

394) Шеца нехан хьаг1 хилар а г1оле ду, де эшна г1ийла хуьлучул.

395) 1илманал хьалха г1иллакх хьоьхуш воцчу хьехархочо хьоьгуш дерг эрна къа ду.

396) Яхь йоцчу стагна наха х1уъу дийцича а бен дац.

397) Лоьраний, хьехархочуний шайн декхар ца довзахь т1аьхье яйна ю.

398) Бахам боцуш хилар тоьлу, хьекъал доцуш хуьлучул.

399) 1овдалчух масал оьцуш верг - 1овдал вац.

400) Бахам - шен эла хиллачун бахам бу, шен лай хиллачун бохам бу.


Рецензии