42 Дахарехь зеделларш

411) Хьарам даьхни гулдича дуьненахь ц1е хир ю, ткъа эхартахь ц1е хир ю.

412) Вуон цадарал совнаха, вуон цалаар а ю дикалла.

413) Шина лергах пайда алсам бу, маттахчул.

414) Хьарам даьхни гулдича дуьненахь "къегар" ву, ткъа эхартахь вогур ву.

415) Кхечо аьлларг юха ала г1ертахь, цуочул дика ала хууш хила веза.

416) Х1ора а вовшашна паррг1ато лохуш хилча дахар аьхна хир дара.

417) Алаза дисначу дашца пайда алсам хуьлу.

418) Кечам хилла баллалц 1ийча г1уллакх данза дуьсур ду.

419) Жима делахь а, доккха делахь динадаьлларг бен кхочуш ца хуьлу.

420) Г1уллах дийр ду бахарх пайденна ца хуьлу дичий бен.


Рецензии