43 Дахарехь зеделларш
422) Наха вовшашна мел доьху сардамаш Дала кхочуш деш хилллехь лаьтта т1ехь адам дисна а хир дацара.
423) Цаваьлла динарг цаваьлла даре терра хуьлу.
424) Валарна кхоьруш валаволлуш хуьлучул валар г1оле ду.
425) Тешаме воцучух тешаро тешнабехк бан аьтто боккху.
426) Вуониг ца хьехарх а 1ема.
427) Динна дахаран мах цхьана б1аьрг нег1ар тухучу заманахь билгалдолу.
428) Берана ша д1ахьоьхуш дерг шен т1амарх доьлла хила деза.
429) Хьалаволуш верг нахаца к1еда хила веза, восса дезар дагахь.
430) Пайда боцург дукха дийцаро, пайдехь дерг ала раг1 ца юьту.
Свидетельство о публикации №219031701940