Денойн хьесап
Иштта дика к1ант кхуьийла лууш.Иза доккха беркат ду.Абузаран безамна техкинн ц1ераш дуккха а нохчийн доьзалшкахьа ю.
Абузар,халкъан яздархо,Советан заманахь а,и Советийн мур керчинчул т1аьхьа а къомо даггара къобалвина,т1елаьцначех вара.
Цуьнан трилоги "Еха буьйсанаш","Лаьмнашкахь ткъес","Дарц"-цуьнан дахаран коьрта идея,ойла хилла сецира.
Абузаран кхолларалла талла ма-еззара талла езаш ю,к1орггера.Таханлера Замий,цуо трилоги язйина Замий- шина оьмаран ши дакъа,тайп-тайпана яра...
Литературни критик волчу Казбек Байсалович Гайтукаевс лаккхара мах хадийна А.Айдамировн кхоллараллийн шен "В пламени слова"("Дешан алунехь") ц1е йолчу
публицистическин статьяйн гуларехь.Цунна т1е а тевжаш,дуьххьара Абузаран "Еха буьйсанаш" книгех дош ала х1оьттира со,студентка йолуш,амма доккха пох1ма а ,1илма а дезара къоман бакъволчу яздархочун йозанаш даста.Уьш историн хронологи хиларан шеко яц,ткъа церан уггаре а коьрта кхиам а бу уьш кхин д1а евр йоцу историн аг1онаш хилла йисар,истори-м лиъча хуьйцу,ткъа Лев Толстойн "Т1оммий,машаррий" санна,Дуьненахь йиса,йовза еана хилла "Еха буьйсанаш" роман...
"Дарц"-обарг Зеламхин дахар. Романан мехалалла оццул луьрчу 1есачу муьрехь динах лаьцна пайлдехьдерг. Масала, Ясин доьшу романехь сих-сиха,ламазан хенаш хьехайо,до1анаш до.Амма цхьа х1ума билгалдели суна:иман ледара хилар ,я роман т1ехь г1алат." Ламаз хан юкъал т1ехтилира,1елий ,Зеламхий 1аш". И масалш сих-сиха.Юха ойла:иман ледара хиларна хилла те вайн къоманна т1ехь цхьацца та1зарш.
!994-1995 шерашкахь "Мила ву т1амна бехке?" -хаттар кхолладелира вайн хаамийн г1ирсашкахь.1илман нахе а,кхоллараллин адамащка а дара и хаттар уггаре хьалха.
"Мила ву кху т1амна бехке" аьлла цхьа яйчу кепехь байташца жоп делира аса а. Т1амна бехке адам ду -Да вериг Адам,нана ерг Хьава,адам ду массо а зуламна бехке.
Даим хетта муьлха а хало адам зуьйш доуьйту-кх аьлла,х1ета аса цхьана а тайпана жайнеш ца дешнера,амма Абузар вешнера.Цуьнан романашкахь а яра Бакъо харцонех хьаьрчина даим къийссамехь.Гиххойн Со1дулла,Кундухан Муса...иштта кхин д1а а турпалхой кийча бара шен дуьхьа мохк бохка..."Еха буьйсанашкахь" ма-дарра гайтина иза.Иман г1ийла хетаран бахьана-х1ета яздан йиш яцара динах лаьцна,1едална товчу аг1ор гайтина а нохчийн къоман истори йовзийтар а яра йоккхачех цхьа 1алашо.
Хьекъал,кхетам цхьаьна ца ийча толур дац нохчийн г1уллакх.Къахьегар а,дош а цхьаьна ца ийча а.
Вайн г1алаташ довзийта,д1а1охьа цалааро гуттар т1аьхьа тоьтту вайн къам кхиарна. Вайн ур-атталла критика а яц ларт1ехь кхуьуш:вовшашна дош ала йиш яц,г1иллакхехь дац,бохуш.
Оцу бахьанашна дуьхьал язйина яра аьлла хета Абузар шен дахаран жам1а деш,вайн буха йитина публицистика "Вайн амалш".
Дуккха а кхачамбацарш дилийтина вай вешах,т1аккха бохамаш лаьтта.
2006-2007 шераш
Свидетельство о публикации №219032501031