Шляпа

          Нохчий Сибрехара ц1а баьхкина дукха хан яцара. Адамаш кога ира х1итта г1ерташ, дахара хьелаш тодан г1ерташ бохкура шай ма хуьлла.  Кест-кестта дехьа-сехьа юьртахь белхий хуьлара ц1енош деш волчунна г1о деш. Иштта т1едог1учу к1ирандийнахь Чечанахь цхьана гергарчу нахехь белхи хирболуш бу аьлла хезина, цига даг1а дагахь барт  бинера  Соьлжа-г1алара кегийчу наха Зайндиссий, цуьна нена йиши к1анта Догалсий. Нана Чечана ц1е яххана юрт яра,  шайгара г1иллакх-г1уллакх докхуьйтур доцуш, лела хууш,  зудабераш хиларца. Ткъа белхолгахь кегийчера самукъа доккхаш, уьш ир-кара х1иттош, жигаралла совйоккхуш локхаш пондар а, тухаш вотта а хуьлаш яра. Волаш верг хелха вала а, зудберех б1аьрг тоха а, цаьрца сакъера  а йиш хуьлара.
          Уьш цига баг1а вовшах бетталуш буйла тосаделира Зайндий, Догалий кхечу нена йиши к1антана Сайпудин. Уьш кхоьи а нийсархой бу ала мегар долуш цхьана хеннара кегий нах бара, воккхах вверг Зайнди а волуш.  Царех х1ора  а доьзал кхолла безаш а вара.  Зайндий, Догаллий, мацах цхьамма баьхчунни дайна, едда а зуда йохур йолуш  куц долуш, тайна жима ши стаг вара.  Ткъа Сайпуди лог1ачу дег1ехь, оза,  некха у т1е даьлла а волуш, букар-стаг вара. Дуьнена пекъар вара-кх, доцца аьлча. Делахь а ша заь1апхуо ву аьлла ца 1аш, дегала а волуш, кхечу кегийрхошна луъург лууш а вара Сайпуди, царна деззарг дезаш а вара.
          - Со а вигалиш к1ирандийнахь шаьш Чечана белхолга доьлхуш, - элира Сайпудис шен шина шичига х1орш цхьана  вовшах кхетча ши-кхо де хьалха.
          - Хьо х1ун да вог1уш ву цига? - реза воцуш кхуьнга дуьхьал вистхилира Зайнди.
          - Аш дийриг дийра ду-кх ас а!
          - Цигахь-м болх бан  ма деза, накъост! – эккхитира Зайндис, шен дагахь: «Хьажахь, цкъа кхуьнга – окхло-л бен воцушехь ша, х1етти а ца1 дийца г1ерта».
          - Бийра бу-кх болх а, бан дезахь, - ца  къарлора  Сайпуди.
          Кхера къамеле ладоьг1уш 1аш волчу Догал-с, Зайндига къайлах б1аьрг а та1ина, элира:
          - Г1ура ду-кх цхьане, Дала мукълахь.  Дукха ма дийци вай х1ара.
          К1иранде  т1е ма кхеччинехь, Зайндий, Догалий шаьшшинца кхи цхьа накъост а волуш, Чечана ваг1а дагахь новкъа  велира, Сайпудига х1ума а ца олуш. Шича велахь а, ишттачу метте воьдуш, кхушинна ца везара иза шайна уллехь. Ма дарра аьлча, Сайпудин дег1 а, куц а делхьара, везара вара.  Ша а витина уьш д1абахний а хиина, ч1ог1а вас  хилира  Сайпудин. «Ас  дийра  ду хьуна шуна дан деззарг», – аьлла дага деара кхунна. Дукха хье цалуш Сайпуди Минуткера автостанцера д1айоьдучу автобус т1е а хиъна,  царна т1аьхьа вахара. 
          Жигарабаьлла д1абоьдучу поппара белхолга кхечира Сайпуди.  Кхунна хьалхахь х1оьттина сурт иштта дара... Хечийн когаш хьала а карчийна т1етаь11ина болх беш бохкуш куогашберзина кегийнах.  Иштта куогашберзина  кадие хьийзаш мехкарий.  Шаверг а, вовше биегаш беш, велавелла-векхавелла, самукъне. Саца а ца беш локхуш пондар. Ах-сахьт моссаза долу гуо а бой боккхуш хелхар бал. Кест-кеста гуо юккъе а волуш  Сайпудин шина шичас  а дора хелхар. Кхунах б1аьрг а кхетта, т1е веара и шиъ Сайпудина:
          - Хьо вог1ур вац аьлла схьадаьхкира хьуна тхо-м.
          - Со шайна ца оьша дела даьхкнера шу-м.
          - Ма ала иштта. Хьай самукъа даккха. Цхьане ц1аг1ур ду вай, белхи чеккх баьлча.
          - Шуьца схьа а ца веана, шуьца д1а а г1ур вац. Шай г1айг1а бе аш, - шен коьртара шляпа  хьажо  п1елгаци  хьажат1ера  хьалатеттира  Сайпудис.
Де  суьренгахь  лестира. Белхи а чекхбелира. Т1аьххьара Чечанара г1ала йоьда автобус а д1аяхнера. Цундела вай кегийнах новкъа боьвлира, кхетахь машен кхетар ю вайна, ца кхетахь г1аш г1ура ду вай аьлла. Сайпуди сих-сиха шен пхьаьрсах дихкинчу сахьт  т1е  хьожара. Цхьацца луьш-олуш юьрта йисте кхечира х1орш. Ша кхи д1а ца вог1а аьлла сацавелира Сайпуди.
          - Хьайна машен кхетахь, тхо схьаэцитлахь новкъахь, - аьлла д1абахара кхуьнца хилларш.
          Сайпуди веха латта ца дийзира новкъахь. Г1алара хьала хьалхи-т1аьхьи а х1оьттина йог1уш йола ГАЗ-21 ши такси, кхунна т1е ма кхеччинехь, саца а сецна юхайирзира. Шолг1ачу машен т1ехьара аьнгалин улле шляпа вахьа а биллина, хьалхарчу машенчу хиира Сайпуди ша, таксистан улле. И ши такси г1алахь, ша Чечана вог1уш, цхьа хан билгала а йина, барт а бина ялийна яра цуо мехах. Гена довлале  Сайпудин  гергарчу нахана т1аьхьакхиира ши такси.
          - Сацайелахь цхьана минотана. Чу стаг ца хааво хьуна вайшимма - элира Сайпудис таксисте.
          Кор вахьа а даг1итна, машенаш  шайна сацийна моьттуш г1адбахан т1ебоьвдачу Зайндиг1аьрга  вистхилира, дукха дег1ана жима хиларна  машен чохь цхьа к1еззиг бен гуш  воцу,  Сайпуди:
          - Вай цхьане даьхкина хиллехь, цхьане ц1а а г1урдара. Ткъа х1инца, хаьттинчуьнга со Шина Суьйра  Юккъера дукъал т1ехьа велира эра ду-кх аш. 
          Ши машен д1аиккхира, чена к1ур а боккхуш. Цхьана машен т1аьхь Сайпуди вара хьалхахь, корта а берзина 1аш. Вукхунна т1аьхь, вахьхуийла т1ехьа - куьзгана улле, арара схьахьаьжча ган а гуш, Сайпуди коьртара шляпа бара. Багош а г1аттина цу машено д1ахьош бола шляпега а хьоьжуш латта бисира Зайндиг1ара. 


*Шина Суьйра Юккъе  - с. Пригородное  в  Грозненском  районе 


Опубликовано в журнале "Орга", № 4 за 2019 год.


Отзывы на публикацию на моей странице в Фейсбуке от 25.03.2019:

Musa Muhammad:
Х1ара тайпа "муттане" дийцарш ч1ог1а мехала хета суна - вайн мотт, и "дахаро" т1ехьатуьттучу хенахь, хьалхабаккхаран хьесапехь.
Доца хилар а дика аг1о ю цу дийцарийн - таханлерачу меттан г1ийлачу хьолехь.
Дела реза хуьлда авторна!

Инга Хаяури:
Браво, Цинцаев. Респект!

Лом-Али Мисирбиев:
Хаза забаре дийцар ду!

P.S. Под публикацией также много комментариев, одобряющих поступок героя рассказа Сайпудина.


Рецензии