Мехала мог1анаш

 Кхолларалин суьйренехь
Нохчийн литература кху т1аьхьарчу ткъех шарахь цкъан ца хиллачу барамехь кхуьуш , шорлуш ю. Вайн къоман дахарехь хиллачу иэшамаша а, нохчаша лайначу баланаша а, халонаша а ойланаш юткъйина, синош карзахдаьхна, шайна гинарг, хиетарг  йозане дерзош, нахана и довзийта лууш  бу дукхахберш. Суна яздешберш дукха мел хили а дика хиета. И дукхалла мацца а цкъа дикалле йоьрзур ю. Б1еннах цхьаъ ваьлла а бакъволу яздархо гучувер ву.
2003-09 шерашкахь «Орга» журналан поэзин декъан редактор вара со.Къона а, г1еметтах1оьттина а болу поэташ а, яздархой а хила ойла йолу, нах бог1ура цига, шайн говзарш а йохьуш. Х1оранца къамелаш хуьлура. Далуш долу г1о-накъосталла дан а хьожура со.
Иштачарех яра, 2004-чу шарахь редакце еъна йолу, Абубакарова Пет1амат а. Цуьнан байташ дагах хьакхалуш, шатайпа хат1 долуш яра. Догц1ена ойланаш ара царна чохь хаалуш. Поэзи яра и. Пет1аматан масех байт зорбане елира.
Къаьсттина хазахийтира суна, и йо1 Котар-Юьртачу сан ширачу хьешан Абубакоров Зайндин а, цуьнан х1усамненан Бирлантан  а  доьзалера юьйла хиъча. Оцу бертахьчу, ийманехьчу доьзалехь кхиъначу йо1ах дика а йолуш, пох1ма долу поэт а, берийн яздархо а кхиина тахана.  Къаьсттина дика хуьлу цуьнан берашна лерина йолу говзарш. Дика гочдархо а ю П1ет1амат.
Цунна тоьшалла деш яра  май беттан 17-чу дийнахь А.Айдамировн ц1арахчу къоман библиотекехь д1аяьхьна йолу Абубакарова Пет1аматан Кхолларалин суьйре. И де цуьна йина де а хиллера. Массара а даггара декъалйира яздархо. Суна боккха кхаъ и хилира , цуьнан колларала  шуьйра евзаш а, ешархошна йиезаш хилар гучудаьлча. Соьлжа-Г1аларчу масех гимназера а, ярташкарчу ишколашкара а дешархой дукха бара цу  суьйренехь дакъалоцуш. Цара дика йоьшура Пет1аман байташ. Довха дешнаш элира цунах а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна.
Со воккхаве вайн литературехь тахана  къахьоьгуш иштта говза къона яздархой болуш. Вайн литетура кхуьур ю. И суьйре д1ахьош яра  иштта пох1ма долу поэт Халикова Асет а. Цунах а, кхечу вайн къоначу поэтех а, яздархойх а дегайовхо ю сан.Кхиамаш хуьлда шун массеран а.

                Исмаилов Абу,халкъан яздархо,поэт,прозаик,журналист.


Рецензии