Мотт бастийтар

          Г1алахь 1аш-ехаш йолчу Хьамзатан дейиши к1анта Сайпудис зуда ялайинера. Иза юьртахь йоссина йолчура ц1а а ялийна, бал д1абирзина цхьа к1ира а даьллера. Нускале мотт бастийта дагахь, шен гергарчу нахе веара Хьамзат. Киснахь кхо сом ахча а дара кхуьнгахь. Ахча ахча долу зама яра иза. Масала, баьпкан булкана мах 16 кепек бен бацара цу хенахь. Х1инцца кхиина ваьлла вог1уш жима стаг вара Хьамзат, университетехь хьалхарчу курсехь доьшуш а волуш. Юьртахь хьалакхиина хиларе терра, г1иллакх-г1уллакх а, лело дезарг а хуъш, яхь д1ацаяла т1ох - аьлла эккхар а волуш  вара иза.
          Шегара ахча мотт бастийта к1езга хеташ вогуш вара Хьамзат. Амма стипенди схьадаллалц 1ийча, г1уллакх гена долура. «Цхьа а хийра стаг ма хилхьара децаьргахь», - бохуш ойла а еш схьавеана волу кхунна тешнабехк хиллера. Селхана-стомара Сибреха «шабашке» баханчура, дика сом-ком а яхьаш, ц1а баьхкина бола Сайпудин дехойх шича-маьхчлара кхо-виъ стаг карийра Хьамзатана бухахь 1аш. Шай гергарчу стега нускале мотт а бостуьйтуш, декъала а еш иза, схьанехьа боьвлера уьш. Хьамзатана хаара  мотт бостуьйтуш уггар к1езга ахча теснарг ша хир вуйла. Шегахь кхи а делхьара-м, чохь болчарелла эша ца эша, т1аьххьара сом а д1алурдолуш  вара  иза.
          «Ма дош дацара хьо да-м! Кху балхана  х1у дийра  дара?», - хьера ваьлча санна, челакха ойла йора к1анта.
          Т1аккха, ц1еххьана цхьа х1ума дага а деана, хьеший болчура ара а тасавелла, пхьарс  лаьцна такхина шен дейиша юьстах яьккхира Хьамзата.
          - Деца, оцу вай несо мотт бостуьтуш шена делла ахча хьоьга д1алой? – хаьттира цуо.
          - И бохург х1у ду? Ло дера-кх! – ц1оцкъамиш ирх дахара дейиши.
          - Делахь, соьга цхьа туьма луохь мотт бостуьтуш несана дала. Х1ети-вети а хьан кера д1акхочур ма ду иза. Хьуна зие хир дац, ткъа суна юьхьк1ам хир бу. Суна юьхьк1ам хилча – хьуна а хир бу…
          - ?!
          - Цулла совнаха, хьуна пайда хуьлча аг1ор х1ара кхо сом а ду хьуна, ас несана дала кечдина деана, - ахча д1акховдира велакъежаш волчу к1анта шен дейишига.
Юьхьенца Хьамзата лелош дерг х1у ду ца хуъш цецъяьлла хилла йолу дейиша т1аьххьара   кхета а кхетта елаелира:          
          - Астаг1фируЛлах1… Цунна дага ца дог1уш х1ун ду, алахь?  Х1умма а ледара-м вац сан веши к1ант.
          - Деца, хьа марзхойла эша ма ца лаьа сунна.
          - Са-м хьаха ю цаьрца хаза неха санна яхь, - т1етуьйхира Хьамзата аьлчунна дейишас, ц1арула ц1е туьман кехат кхуьнга схьа а кховдош. – Х1а, х1ара хьай кхо сом а д1аэца!  Ас хьуна делла ларахь иза.               

                *         *        *

          Керахь варкъ диллина шун  а долуш, цу т1е х1оттина хих юьзна куршка а йолуш чоьхьа елира хьешаша мотт бастийта чу кхайкхина нус. Ишттачу меттехь йеш йолу забарш а, бегаш бинчул т1аьхьа, халла хезаш-ца хезаш «мала» делира нускалан багахула. Хин куршки чура цхьа ши къурд а бина, кисана велира хьешашна юккъехь воккхах вверг.
          - Хи мелла дезачунна йоьзийла хьо, Дала барт ца1 бойла кху х1усамехь, Дала т1аьхье  беркате йойла, - аьлла, ц1ена пхеа соьма кехат шун т1е диллира цуо.
Цуьнца бола накъосташа а цуо аьлларг а олуш, цуо санна цхьатерра пхеа  соьмий кехаташ тесира. Раг1 Хьамзате кхечира. Ала дог1аш долу ши-кхо дош а аьлла, хьарча а дина вовшах тоьхна дола туьма схьа а даржийна, шун т1е меллиша вахь диллира Хьамзата. Цецбоьвла вовшашка д1асахьоьвсира х1инцца мотт бастийтанарш.
          Нускал чу далош еана, цхьа а шена дагахь кхи х1ума доцуш йолу, Сайпуди воккхах волчу вешин зудчо шен марвежаршка д1а а хьаьжна эккхитира:
          - Ватта, Сибреха поппарш кего доьлхачулла, х1ара мами веши к1ант санна, институте деша даг1а дезаш ма хиллера шу!



Опубликовано в журнале "Орга", № 4 за 2019 год.


Рецензии