Азманиюипапка
Хьан леларо хуьйцу амал сан...
Ахь дуьйлинчу сахьтаца деш болар,
Сан саде1ар цхьамза лелаш бу...
Хьоьца йоккхуч ханна ю со ехаш,
Леш ю хьоьца йоцчу хенахь со...
Сан Саламбек, ца сацош хьайн болар,
Сан са дендеш ирсе ваха хьо!
Безамца...
Хьан самукъа, сан сина ю серло,
Хьан леларо хуьйцу амал сан...
Ахь дуьйлинчу сахьтаца деш болар,
Сан саде1ар цхьамза лелаш бу...
Хьоьца йоккхуч ханна ю со ехаш,
Леш ю хьоьца йоцчу хенахь со...
Сан Саламбек, ца сацош хьайн болар,
Сан са дендеш ирсе ваха хьо!
Безамца...
Дукха хилла те вай кхача массанхьа?
Я хилла те вай буо дисна, велла да?
Ма йиш яцара даржа хьо сан, Нохчийн къам,
Хьуна боьлхуш, бешаш лаьтта вайн Башлам!
Ас эрна ца дина некъаш,
Дахарехь ирсан лар толлуш...
Ца ихна деса сан шераш,
Сий долу Нохчийн къам лоруш....
Генна д1а некъах - некъ хуьттуш,
Ели со ворх1 ломал дехьа...
Со ирсан оьмар т1е йоьхуш
Вехаш ву Къонаха Т1ерло!
Малхаца, баттаца г1уьттуш,
Де - буьйса марзонца хуьттуш,
Дехар ду зама д1алуьстуш,
Вайн Далла хастам бан х1уьттуш!
Саламбек...
СО АХЬ ЦКЪА ЧОВХИЙНА, И ТОЬЪНА СУНА,
САН ДАГЧОХЬ ХЬЕХАМЦА СЕЦНА И ЧОВ...
ЛААМИЙН ОЙЛАНАШ ЦУ ЮХХЕХЬ СОЬЦА,
САТУЙСУШ КХАЧАРЕ ХЬОЬГАРА КОСТ...
АХХЬА - М КОВ ДАЬСТИНА, БЕЗАМНА МАЬРША,
ЦУ ЧОЙННА ДАРБА ДАН,
ЛУШ ПАРГ1АТО...
АММА САН ЛАРАМ ЦУ ЧЕВНАХ ДАГА БУЬЙЛУ,
ХЬАН ДЕГАН ЛААМЕ САТУЬЙСУ АС...
Р1езванова Айза
Сан дахар дац х1ара, сан некъа даьлларг,
Кхолламо кховда - м до, дагахь доцург...
Ткъа х1инца йоли со, цу некъа ца яхча?
Я цуьнца ца мегна х1ун дийр ду ас?
****
Д1а г1ур ю - кх, болар деш, замане хьаьжна,
Зама а яц кхин сиха, йоккхаеш я...
Сайн синабарам, заманца нисбеш,
Хьожар ю - кх, кхолламах эелла, яха...
2019
[09.09, 19:08] Айза: Ас хьуна сагатло аьлча, ахь иза пайдехь ду олу,
Къамеле со хьайца яьлча,
Къамел дар къилахь ахь лору...
Безамца со хьайга хьаьжча,
Малх хьежар хьуна сов долу,
Дийцахьа, сайн безам хьоьга,
Д1абийца муьлха кеп йог1у?
;;;
[11.09, 9:01] Айза: Сан сайна дог эт1а,
Хьо везар сан дагчохь
дебарна...
Цуьрриг къа - ъ ца хета,
Дог хьуна сагатдеш делхарх а...
Ма леха хьоьхь доцург,
Ма хила безамна сутара,
К1еззига д1ахеца,
И хьох ен ойланаш, сан къина....
Маршо ю коьртаниг, безаман дозанаш т1е ч1аг1дан,
Моз дуьту ца дууш, хиларх и т1ех 1енаш, ца къахьдан....
Р.А.А.
Дог1анаш гуьйренца доьлху,
Уьш дакъош бохлац кхин малх а...
Сан коьрте ойланаш хьелха,
Уьш ахь а ма йити, цхьалха...
Ткъа малх бу - кх, дуьненан серло,
Иза бу - кх, даима цхьалха...
Х1унда йо ас сайна г1ело,
Ас йе - те ойла, цу маьлхан??
2019
Дуьне а т1е дазло, шех бала хуьлий,
Иманан нур дитахь ахь дагчохь кхуола...
Цара са дожадо 1ожаллийн шуьне,
Ницкъ кхачош, синсерло къовлуш шен буйна...
Амма ахь хьайн дагчохь и даккхахь карла,
Г1айг1анех, баланех са доккхуш хьалха
Иманан нур долу малхал а серла,
Хьо хуьлу, даима, заманал тоьлла....
Р.А.А.
Хир буй те соьца малх,
Хьан кхуоларш кхалхо...
Тоьар юй те серло,
Хьан дуьне къаго?
Я юьсур те со а,
Четар тхов хилла,
Вуьтуш хьо г1айг1ане,
1индаг1ехь 1илла?
Х1ан - х1а, со реза ю,
Ч1урам а хилла,
Яга хьо хьайн некъах ца вуьтуш тила...
Серло луш даима дахарехь хьуна,
Т1аьххьара са д1алуш,
Яца хьан сина...
Р.А.А.
Хьан сина серлонга полланах идар,
Дуй - те, со, хьан деган йовхонах тешар?
Дехар ду сан хьоьга,
Ца вилар серла,
Хир йелахь и серло,
Ирсана хийра....
Р.А.А
Маршалла ду хьоьга, яхь йолу нохчийн йо1, АЙЗА! Сегодня открыл для себя еще одну Личность! Дала сий дойла хьан! Цец волуш хазахетарца йевзи, хьан фб-аг1о! К1орггера кхетам, хаза ойла, кьома васт-сибат, деша говзалла... иштта кхин д1а..а башхаллаш - гена мел вели а, керош, воьдура со... Амма Юсупана т1ех ца вала вели со тахана... Вехха хьийжи цуьнга, ойланашка ваг1ана... Дала г1азотехь войла иза! Даггара ала лаьакха - Аллах1 Дала Юсуп санна К1онахий а, Айза санна мехкарий а, ма эша бойла Нохчий Кьомана! АМИН!
Делера Салам - Моршалла хуьлда хьуна а, массо бусулбанна а, тхан ваша, Рамзан!
Аллах1 реза хуьлда хьуна!
Делахь а ахь суо дукху лакха х1оттийна хета суна...
Дала г1азот къобал дойла цуьнан а, вайн д1акхелхинчу массо бусулба йиш - вешин а!
Сийлахьчу Юсупан ц1арца сайн ц1е ахь яккхар суна ч1ог1а деза ду, амма цуьнан мог1аре со кхочарий те?
Иза ма веза, воккха ву - кх суна а, Нохчийн къомана а....
Аллах1 реза хуьлда хьуна юху а, ма доккха декхар т1е дилли ахь суна!
Аллах1а Ша реза винчу тобанах дойла вай!
Айза Резванова Юха а дийши аса сай дешнаш... Амма совнаха х1умма а ца карий... Хьо бехкала яг1арх кхета со, иштта ду вай дегнаш. Хьо санна болчу вай йижарий сий деш вахана Юсуп эхарта д1а, цунна хаза хетар дара, хьуна дазделларг. Делахь а цхьа дош хуьйцу аса, хьуна син-парг1атонна - "хьо" меттана "АЙЗА".
Амин Аллах1! Хаза а, нийса а элира аша шимма а, Рамзан, Айза! Дала сий дойла шу! Оьздачу нохчи неха мот ма хаза бу-кха, Аллах1-Дела!
Не могу понять когда палач, обсуждает другого палача что он обошолся с другим народом так жестоко как и он с своим собственным народом?
Мы Россияни, а когда то был и Советским народом и защитниками Советского Союза как и все 1941 по 1944 - годы пока нас не обвинили и не выслали...
Наши отцы и деды воевали защищая СССР, когда по приказу Сталина, руководство Советского союза выслал весь Чечено - Ингушский нород...
В то время не какое общество народов не сделали митенги и не заявили недовольствие о том что так не должно быть...
И после пятидесяти лет после этой трагедии, сново 1994 - го по 2005, напала на Чеченский народ великая Россия, на своих же Россиян...
На маленький чеченский народ...
Это была не война а мясорубка...
Собственный президент России, приказал пропустить через мясорубку Народ России, Чеченский народ...
Почему?
Потомушто мы Российские народы никто... Роботы натуральные...
Мы приносим апладисменты и убийцам и жертвам оденаково...
И проглатываем то что твориться вместе...
Мы не защищаем друг друга....
Мы нечего не делаем чтобы не допустить бойню....
Разве это справедливо???.....
Дети могут удевляться, смеяться и плакать....
А взрослые люди должны думать о будущем народе... тоест о наших детях...
Какой народ из них получиться если нет сплочённости? Если сегодя дети, (будущий народ России) не имеют право признать свою Родину, они же завтро не захотят признать такую страну своей родной.....
Уже сколько лет Россияни живут вроле детей???
С уважением народам....
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш кхин сурт схьадаста....
Со кура йаккхахьа
Сагатло хьайн суна алий,
Дозалла дайтахьа,
Забрийна гучу а валий...
Хетийта к1енташна,
Къевсина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна моттийта,
Ирсан да сох хилйа йоллу...
Х1ун хуьлу хьуна со къагарах са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах бегаш беш со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца, суна - м хьо сил дукху веза....
Рейзванова Айза
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш кхин сурт схьадаста....
Джалвади Малаев
Беной цкъа а ледара ца хилла...
Тидам хилар дай иза - м, х1орда чохь маьлха куьзганаш лохуш, х1орда чу луьттарг а хьоькхуш,
Х1урдан нана лаьцна бах цу Мартан т1ера беночо - м...
"Д1ахецахьара ша, маьлха куьзганаш дахьаш йог1ар йара ша схьа, - аьлла йахана, йанза ю...
Ждёмс...;;;
Йахь йелла бац нохчий,
Сиркхуо хьакхаелла...
Цунна а карор ду дарбане молха...
Дайн оьзда г1иллакхаш,
1адаташ долчче,
Цкъа юха боьрзар бу,
Йахь йолу нохчий...
Муьлххачу бахьнийца Х1аллак бан нохчий,
Юха а кхечира рог1ера хан...
Юха а ирсах шайн адамаш тешначахь
1азапе лецира
Вайн жима къам...
Ц1еххьана чу хьаьдда
Дистина хи санна,
1аьржа б1о беара
Нохчийчоь сийсош...
Нана - бер, жима, я,
Воккха ца лоьруш,
Цхьа боьсса д1а эедан
Лаьттах вайн къам...
Герз шорта хиларна
Шайн ницкъах тешна,
Ойланца кура уьш
Баьхкара вайн махка...
Машаре сатуьйсуш,
Ойланца маьрша,
Нохчийн къам соьцура
Ца безаш т1ом...
Вайн дайшна шаьш бина
Тешнабехк лоьруш,
Зуламхой хьийзара
Боцуш синтем...
Маьхьарий девлира
Дезачу герзийн...
1анадеш маьршачу Адамийн ц1ий...
Нохчийн къам г1аьттара
Дуьхьло йан царна,
Г1евттира йахь йолу
Даймехкан дай...
Дуьхьло йан герз доцуш,
Керахь я куьйгахь,
Чу хьевддач къонахийн
Оьг1азло йайна.
Дуьтуш схьатеттина,
Шайн деза герзаш,
К1иллойн б1о белира
Бовда некъ леха..
Катоьхна схьаэцна
Мостаг1ийн герзаш,
Буьрса т1е летира
Вайн к1ентий царна...
Къинхетамах бевлла,
Къоман сий хьаша,
Баьхкинарш этира,
Шаьш деъначу герзаца...
Нохчийчохь х1оьттинчу
Хьолах дерг хезна,
Оьг1азе хьевзира
Мостаг1ийн баьчча...
Цо омра динера, -
"Муьлххачу ницкъаца,
Д1ашаръе нохчийчоь,
Дуьтуш цхьа латта...,,
Г1евттира кеманаш,
Бомбанаш йетташ...
Ракеташ лелхара,
Латта бух дохуш...
Йогура лазарнеш,
Ишколаш, ц1енош...
Къинхетам бацара
Дегнаш чохь церан...
Танканаш чу хоьхкуш,
Т1е детташ герзаш,
Охьа отуш заводаш,
Йагош г1ишлош...
Цхьа Аллах1 воцуриг
Кхин орца доцуш,
Ца 1ебаш хьуьйш бара,
Нах къизалло...
Нохчий а бацара
Юху бовла лерина...
Уьш дуьхьал уьдура,
Делан ц1е йохуш....
Кхалхарах баккхийбеш
Г1азотан т1амехь,
Майрра т1е летара
Турпала лоьмаш...
Кхаа сохьте ца довлуш,
Къам гуора х1отто,
Леринарш цец баха кхиира нохчий....
Зуламан дай боцу,
Комаьрша нохчий,
Оьг1азе летара отуш мостаг1ий...
Хоршах хаьдда шовда
Боккхачу х1орда чохь, ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара, самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира, гергара, езаш:
-Х1ун ду те, хьан сецар, г1айг1ане эегаш?
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзучохь, вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу цу х1орда чохь, хебаш?
И тулг1еш керча, хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд, хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хета хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира, сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра, тулг1ено зийзаш.
Ойлане ели со, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш, х1орда чу хецца...
- "Доккхачу хих кхетар, дозалла хеташ,
Органан хорша ша дирзира, керчаш.
Цо шеца дадийна, Терках д1ахьаьрчаш,
Цу чу ша хийцира, цунах ша г1ерг1аш...
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда ша кхоьсси цо, ша цунах даьржаш.
Иштта ша къаьстина, Даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь, сатийсарх ловза,
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр ду ша доьнза.
Цхьа дехар дара шен, - т1аккха цо эли,
Доьнза ша ца дайта, хьох накъост хилча...
- Цхьа тулг1е схьа эеций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1а тохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь, эеца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхосса бели,
Т1аьххьара шен дешнаш, тулг1ено эли.
-"Хьаннашкахь олхазарш, шакаршца декаш,
Б1аьстенца аренгахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Ма ирсе хиллера - кх, Даймехкан кхерчахь".
2009
Хаза баьлла сийна бай,
Мачаш йахка охьа шайн...
Кхоам бу и хьеша х1ай,
И - м цхьа Делан дарба дай!
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
*********
Ахь мадетта буржалш сан боларна,
Со хьан некъа т1ехь кхин соьцур йац...
Г1уй цаоьшу, ринжа дита диллина,
Сан хьан деган кевнехь г1уллакх дац...
Диц маделахь ахь со хилар нохчийн,
Са сирлачара, дог болатчара йо1...
Нагахь эешна орца дехахь цхьамма,
Сайн са далар хир бу суна-м кхаъ...
Хьо хьоьжу лаьмнашка
Хийрачу мехкан,
Ткъа даго йоьху схьа,
Марзо Даймехкан...
Хоьрцу ахь ойланаш,
Лазамаш луьттуш,
Мерза а, къаьхьа а,
Вовшеха хуьттуш...
Схьалуьсту баланаш,
Заманца лайнарш,
Нохчийн къам бехке деш
Дагна цатайнарш...
Схьахуьтту г1аланаш,
Йагийна - аьттарш,
Хьайн къоман доьналлех
Мостаг1ий хьаьгнарш...
Б1аргаша ца дицдо,
Къизаллийн сарташ,
Даймехкан сийлардеш,
Турпалхой эгнарш..
Цундела лаьтта хьо,
Деш даге хаьттарш...
Ткъа деган ду цхьа жоп,
Маршоне г1ертар!!!
2018.02.05
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Со йилхи, б1аьрхиш сайн цакхоош,
Йилхи со, дог эккхал дог лозуш...
Вайн Дала сан йелхар къобал дахь,
Нохчийн къам маьршачех хир долуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
До1ийца вай къоман барт боьхуш...
Вайн Дала сан до1а къобал дахь,
Дахар вайн беркате хирдолуш...
Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
Нохчийн къоман ненан даггара...
Аллах1а со нана къобал йахь,
Къинхетам вайн къомах хирболуш...
Йа Аллах1, хьайн безачийн дуьхьа,
Сан къоман некъ декъалчех бехьа!
Йа Аллах1, (С.1.С) Мохьуммад
Пайхамар къобалвинчех тхо а дехьа!!!
Р.А.
Резванлва Айза
Ахь стенан ойла йо,
Бос - хаза Олхазар!?
Генарчу паналле
Хецна са д1а...
Х1ун ойла ю те хьан
Кхехкориг сингаттам,
Суна - м хьо, сайн
Къоман йо1ах ма го!?
Ду те хьо кхаьчначех
Хийрачу махка,
Хьо дина, кхиъна мохк
Сов безарна?
Я сил а х1отторна
Къоман сий лаккха,
Кхаьчна те
Мух1ажаралла хьоьга!?
Хьо шек мадалалахь,
Олхазар тайна,
Дог тешош са маьрша
Даккхалахь хьайн...
Кхочур ю г1айг1анех
Хьо къастош зама,
Г1а - бецо цаюьту
Ч1ир эцанза...
Р.А.
Б1аьрг - м цахили хьуна 1уьйре?
Х1унда хийци ахьа юьхь?
Марха таь1и, малхана улле,
Самадоккхуш цуьнан эхь...
Цхьа б1аьрг къайллаха соьга хьежош,
Малх бу ала г1ерташ цхьаъ...
Шеко йоццуш, ю цхьа къайле,
Кхийдош соьга сирла кхаъ...
Р.А.
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш, дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненчохь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий, шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу... Цхьа парду... 1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со, даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а, массо а сига.
Лелла яц дахарехь сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-меллий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш..
Р.А.
Со ца1еми адамех цатеша,
Я хьаг1 - гамо лело цхьанцца а...
И сан дагна даим хилла хера,
Дити ас и, ша долчуьнца лела...
Р.А.
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, къовлуш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Доцуш мелана кховдо х1ума шех.
Д1о стиглара нуьре седа къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
Самйели нохчичохь 1уьйре,
Массарца доькъуш шен са...
Боданах къаьсти х1ара дуьне,
Рицкъ хили вайн тахне ган...
Р.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шеен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо боххург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо зезагна…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.
Малх бу хьо 1уьйренца
Сан дагчохь г1отту,
Къажъеш сан ойланийн,
Са маьрша доккху.
Хьо са ду сан б1аьргийн,
Нур серла дохуш.
Дахаран аьхначу,
Некъа со йохуш…
Хьо 1уьйре юха а
Сан г1енаш къовлуш
Мерзачу 1аьнарца,
Маршалла хоьттуш.
Хьо ду – кх сан дуьне,
Сада1ар доцуш,
Ас тегнарг дахарехь,
Ирсе дог дохуш....
Г1енаха г1еначу
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...
Юху а самаха, цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь г1аттар, наб яйна...
2018
Кхардахьа
Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?
Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа, са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...
Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са даьлла сан,
Хир дацара те декъал вайший....
Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий,
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк кхолламан ларий....
2018
Йаздехьа цхьа сурт...
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Исбаьхьчу Даймахках дагайала хиъча,
Бохь лекха ламанаш г1иллакхе девлла,
Г1ар - тата сацийна, ладоьг1уш дайча,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха, и башха, сий-ларам гойтуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Даймехкан лаьттат1ехь, синкхача боькъуш,
Дас-нанас хьехначу, г1иллакхех тоьгуш,
Безаман марзонца, ирсе некъ буьллуш,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, безамах дуьйцуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Са сирла 1уьйре Даймахках хьаьрчаш,
1аламан хазаллехь, са маьрша даьлча,
Маршоне кхийдинчу синойх эхь хетта,
Сан баьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, маршонах дуьйцуш!
Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Даймахке безам синмеха къагош....
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло,
сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура,
дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла
даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура,
сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара
б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура,
хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш, со Далла
суждане яхача,
Иманца хьостура,
сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла,
ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган
ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь,
толаме кхочу со
Ахь тешам баларна,
Сий долу, нохчалла!!!
2018
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хиарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар хьайн,
Некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер ду соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Цхьа бахьна
Хьан ойланаш ю - те г1ийла,
Ирсах маьрша висина...
Сингаттаме ву - те, тийна,
Цунах дог цадаллина?
Д1о седанал генарч суна,
Х1унда къеги - те хьан са?
1а д1адолуш йисина г1ура,
Д1айов, еший, т1адмаза...
Суна - м хетта даима хьо,
Седана уллер беттаса...
Кхоллаеллий - те хьан ойла,
Хьайна улле со таръян?
Иштта делахь, и сан ирс ду,
Хьо сан дагчохь къагар а...
Цхьа бахьна ду, ас хьан амат,
Берахь дуьйна кхабар а...
Хьоьга ду цхьа...
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха,
Заманца кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькхана,
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Махех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо иешар....
Сан салам
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь толаме кхочу со
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла!!!
Стихи.руАвторы Произведения Рецензии Поиск О портале Ваша страница Кабинет автора 3 сообщения
***
Айза Резванова
1)
Омар Хайсултанов
Гапура яздина мог1анаш хазделла язйинера ас и цунна дуьхьал, забарна....
Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
;;;
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула схьакъедда...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
;;;
Вай дуьххьара кхузахь д1ач1аг1дала ца дуьтуш а хьийзина цу керстанаша...
Иза пачхьалкха куьйгалхойн таллам бу..
Къомах доллург толлуш, къам зуьйш ..
Вай вешан амал хилла, даима а, ца къарлуш.
Цундела вай къам стомдалар шена кхераме лерина Российно...
И бахьна долуш даима вайна т1ехь та1зар латтийна, латтор а ду, вай ваьш цара схьа а къастийна охьа цаховшийтахь...
Дала, иман, собар, кхетам, ницкъ лойла вайна!
Дала барт цхьаъ бойла вайн нохчийн!
Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....
Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те хьо къага, 1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле, дагна хьомечу сица,
Хьан ойланийн буьйса зарз еш, седарчешка хьестийта...
Р.А.
Резванова Айза
Х1аа - х1а, цакарийна,
Хьуна хьайн дахаран аг1о…
Даьтта хих цаэело,
Лалорах, даторах хено.
Ахь дог мА дилалахь,
Х1инца а мегий и-м каро,
Цхьана муьргана мА йелахь,
Ирсана т1екхача мало…
Х1аа – х1а, хьо ца лелла,
Дахарехь хьайн некъах тилла.
Х1инца а вог1у хьо,
Керарчу заманах ийна.
Со а яц дахаран терзанахь
Барам бай хилла…
Хьегна яц со цкъа а,
Сайн доцчу мозчу 1айг билла…
Х1аа – х1а дера, ца висна,
Хьо синтем хьайн леха т1аьхьа,
Шеен хеннахь духьуна,
Сингаттам хьа - х хуьлу, къаьхьа…
Базбеллачу букъ - т1е,
Дахаран мохь бисча шенна,
Воккхалла – м хьаха ю,
Адаман мах хадо зама…
Р.А.
Хир бац хьуна тешна бехк,тхан Даймохк,
Хьайн доьзалаш хаьдда некъех дайн!
Бац уьш лелаш йоцуш хьоьца марзо,
Лорах тилла, эцна амалш лайн!
Юха а сан сирла са 1ехош,
Декар ду аз хьан...
Хьан аз кхин ца хаззал сан тешам,
Хир бу къалбелла...
Ца лаьа суна, хьан аз хаза а,
И дацахь хьан лаам толош...
Хьо ган а ца лаьа, вог1уш, я, воьдуш,
Хьан дагна и дацахь томехь...
Ца лаьа къага, б1аьстенан малхах,
Хьан даг чохь зазз дастар дацахь,
Лаъъане ца лаьа, хьо волчахь яха,
Хьо воцхьахь хир дац сан дахар..
Дериг а д1а дер ду,
Д1а дер ду, иза а...
Буьйсанан 1аьржаллехь,
Довш долу де санна...
Адамаш дуьсур дац,
Дуьненах ца 1абарх....
Жима а, воккха а,
Вовшашка дог дахарх...
Амма цхьа безамаш дуьсур ду хан яларх,
Дехар ду, ял йоцуш
Лелла дерш дог дагош..
Везний те хьо суна санна цхьанне,
Х1ора доь1у са а дузош хьох...
Сан дагна - м ца хилла хьоме цхьа а,
Хьан озуо до дахар ирсе сан...
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йоху хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йохийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша юьсийла,
Дегнаш чохь нохчийн!!!
2019
Воккхастаг, хьо лаа -
тара вуй теша хьо?
Ма г1ийла г1елвелла
Ваьлла хета хьо цу гу т1ехь?
Х1ун ду те, б1аьргийн нур
1инах чу туьйсург хьан?
Х1ун бала базбелла,
Ойлане воьжна хьо?
Дуьненан кийрахь ахь,
Эшац сов ойла ян,
Аллах1 ву луш верг а,
Къинхетам шорта берг!!.
Хьоьгарчу балийна,
Г1о хир ду Цуьнгара!
Ма гайталахь г1ийла,
Юьхь - сибат хьайн сирла!
Аданига ларамца...
Дош ду стеган терза лелош,
Хиларх деха я доца,
Дешин мехха дазло иза,
Леринехь ша аьллачо...
Махо даххьал дайло делахь,
Шен схьадалар есаллера...
3Хьо эшар, я везар дац сан ойланца,
Сингаттам хьан некъан сан дагца бу...
Лаарна дахаран некъ ган хьан маьрша,
Ас Деле до1ийца хьо воьхур ву...
Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам а,
Ца веши хьо- м, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача,
Лаьар - кха хьан некъ, цу ирсан тача...
Цул т1аьхьа сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьца долу гергарло д1ахадо...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша ваха,
Дуьтуш хьуна, сайн са хьегна дакъа...
Лерамца...
Дешар
Бераш, бераш, киншкаш ешар,
Дахаран цхьа маь1на ду.
Ткъа дешарах кхеташ хилар,
Иза коьрта толам бу.
1илма довзар, 1алам дезар,
Дахаре хьан безам бу.
Барт, безам, ирс ларда оьшург,
1илман корта - собар ду.
Ийман, Ислам довза деза,
И лоруш верг сийлахь ву.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
И дешарца дозуш ду.
Еша, яздан 1амош верг,
Вайн дахарах кхеташ ву.
Ткъа ца доьшуш лелаш верг,
Шен дахарах леташ ву.
2)
Ешаран мах…
Дуккха а зама ю, доккхачу ц1а чохь,
Айзана кинишкашна дола до.
Жима а, йоккха а, цо сий деш, ларъеш,
Берашна масал шен леларца ло.
Дуьххьара веана тахана Сурхо,
Т1елаца, кинишкаш ешаран болх.
Цец ваьлла кинишкийн дуккхалех жимхо,
Б1аьрг бетташ ву ц1а чохь, кхин бахам ган.
Т1аккха шен нене цо, хаттар деш эли;
-Кинишкел сов бахам, мичахь бу кхин?
Йижа мотт, сискал, я, мала хи доцуш,
Х1унда 1а кинишкийн ц1а лардеш и?
И х1унда йоьлху те, кинишка йоьшуш?
Я хьаьсти те цхьаммо, и-м йоьлуш ю…?
Стенна йо церан чотт, хьанна уьш оьшу,
Яьхьчий а, царах дан, х1ун дезар ду?
-Кху бахамах кхета, хьо жима хета,
Делахь а, жоп дала хьожур ю со:
Йист хилира Айзан, лууш к1ант кхета,
Лерина, ладоьг1уш, к1ант сецна ву.
-Ладог1а ахь соьга, ойла еш жимха…
Дахаран некъ къаго, оьшург ирс ду.
Кинишкаш ешарца хилахь хьо говза,
Даимна хьуна и нур къегар ду.
Дешил а, детил а, механа деза,
Хьекъалаш кху ц1а чохь дитина шайн.
Бехаш бу, д1абахна, дахараш хаьддарш,
Дуьненан, эхартан, декъала дай...
Амма уьш ца бахна, дуьне д1атесна,
Т1аьхьене х1орамма деш весет ду:
-«Кортош чохь синкхетам ца буьтуш бесса,
Хьекъалаш дерзолаш, т1алам беш чу».
Айзан йистхилира, кхайкхам беш:
- Бераш!
И весет кхочуш дан, вайн декхар ду…
Хьажалаш, йозанан 1алашо йовза,
Кинишкаш ешаран мах беза бу!!!
3)
Нохчичоь…
Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.
Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза сунна нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.
Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.
Т1аьхьара алар;
Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, безам.
Бераллийн г1ан…
Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Дог кийрара ловза дели,
Луьйчуш бераш дайча.
Малх баьржина бац цу стиглахь,
Хоз чу и гулбелла.
Марта – хи чохь, бераш юккъехь,
Суна со таръелла.
Д1о лоха берд, тхан бераллехь,
Лекхчу ломах бустуш.
Тхан бералла коьрте йохуш,
Хилла цо тхо хьоьстуш.
Т1улгаш 1оьхку, кегий даккхий,
Сан бераллехь санна.
Со самукъне идош лелла,
Бераллийн г1ан дайна.
***
Дашо месаш озийна,
Малх ас сама баьккхина.
Цундела ду тахана,
Дуьне сирла къегина.
5)
Палла аьлла и…
Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.
Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Хьаьжи соьга, эсала.
Басар, подар шена хьаькхна,
Цу зезагийн беснех ийна.
«Палл-ла», - аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхар дан.
Ткъа со лаьтта цец - акъ яьлла,
Зезагаш а девлли серла.
Полла хьийзаш самукне,
Со а ели, хелхаре.
Малх а бели тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.
6)
Мархийн ч1ара
Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьапп», - аьлла д1а кxaьлли ах...
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.
7)
Сама довла зезагаш ….
Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.
Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай.
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.
Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вайн Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду, самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.
8)
Баиева Сацита
Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.
Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.
9)
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.
Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.
10)
Йинчу денца….
Б1аьсте еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.
Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, гора!
Йинчу денца ас хьо декъал йо.
Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!
11)
Ас нанина….
Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
-Хьо ду зезаг сан хаза.
Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла сунна эли,
Барт а боккхуш, лерина.
Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш, мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.
12)
Схьагулло…
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Зевне аьзнаш декадеш.
Лоькхур ю вай нохчийн эшарш,
Вайн даймехкан сий айдеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Б1аьргаш суйнех къегадеш.
Гойтур ду вай нохчийн хелхарш,
Нанойн дегнаш деладеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Оьздачу дайн лерам беш.
Вовшен деза, ирсах теша,
Вай 1аморна хастам беш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Ирсе некъ аш лаца схьа.
Кхане еъча диц ма лолаш,
Т1аьхьенга и кховдо д1а.
13)
Со малх г1оттуш…
Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.
Пису бун чу доьллина,
Бедаш яжа лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.
-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллакхех мукъа яьккхина!
Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду генна д1а,
Ж1ала лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана.
Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьху котама,
Хино к1орнеш идадеш.
Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.
14)
Писуй, к1езий
Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лиъча шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.
Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжуш чу,
К1еза гонах уьдуш ду.
Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1алийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.
Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, - мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
15)
Дашо месаш
Вижа жима Сурхо д1а,
1аьржа баьргаш къовла т1е.
1уьйре еъча борг1ало,
Кхойкхуш сама воккхур ву.
Малх г1аттале г1отту и,
Кхайкхадо цо сирла де.
Нагахь даг1ахь йочане,
Аз хуьйцу цо шен зевне.
Массо х1уман хаам бо,
Дашо месаш, йолчу цо.
Хьаша вог1уш и хир ю,
Кхаьънаш дог1уш йоьрзий чу.
Шен х1усам а ца йицйо,
Котамашна дола до.
Ву и кертахь дика 1у,
Цунах теша мегар ду.
16)
Керла шо…
1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду, к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта, нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.
Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура - дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.
Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.
Марша да хьо керла шо!
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду, сан ирсан дакъа.
17
Жимниг
Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура.
Царах цхьа наьнан - к1орне, кест - кеста н1аьнах кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,- «1уь1 -1уууьй1, 1уь1 -1уууьй1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, ша лаьттачохь, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна - к1орне, делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Еъъана, делкъа хан кхайкхо схьа х1оьттира, котаман Борг1ал.
Цо н1аьнан – к1орнега а хьаьжна, хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со, со кхойкхуш ю-кх,- жоп делира, н1аьнан-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. ? Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош ерг ? - Хаьттира Борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орне.
Цу балхах кхеттачу Борг1ало, хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
- Сунна-м ца хаа, - жоп делира н1анан – к1орнено:
- Цхьаммо ц1е ца йоккху хьан.
-Ца хаа. Суна-м ца хезна, - элира н1аьнан к1орнено.
-Х1ета делахь, хьох таханадуьйна Жимниг эр ду-кх вай. Реза юй хьо?
- Жимни-иг, - олуш, Борг1але д1а хьаьжира, наьнан-к1орне.
-Х1аъ…. Жимниг…- элира, Борг1ало.
- Реза ю, - аьлла, жоп делира н1аьнан – к1орнено.
-Жимниг, т1аккха, цкъа а хенаш кхайкхиний ахь ?
- Тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхайкхина,- жоп делира, Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш хаьлла.
Цхьаммо а ца хьехна хьуна, муха, я, маца кхайкха еза.
-Ца хьехна, - олуш, корта ластийра, Жимнига.
-И х1ун ду, ца хьехна бохург? Хьо санна хьекъал долуш ерг, хьеха а хьоьхуш, сихха новкъа яьккхича, дика накъост мА хуьлу уллехь.
Тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна. Ткъа ахь, дика ла а дуг1уш схьалаца деза хьехнарг. Барт хиллий вайшинна?
-Хилла. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна самукъа даьлла кхоссаелира, Жимниг.
Юха а шен маттахь - «1уь1-1уь1»,- аьлла, кхайкхира.
Борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца, ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а. Мегар дуй? - элира, Борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, лерина тидам беш, ладог1а х1оьттира Жимниг, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Борг1ал кхоссаелла, керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххьехь, - «ах1а – ах1а», - аьлла, шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкхира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1ууьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнан зевнечу озах цец яьлла, цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш тоьхна, дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелла лаьтта йоьссира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг, реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхур ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза я муьлхачу хенахь кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхур ду.
Наьнан-к1орни лерина ладоьг1уш лаьтташ яра.
Борг1ало элира:
-Х1инца, ахь ла дог1ал соьга, дикка.
Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха, таханалера де - буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьт даьлча.
Шолг1а, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча.
Кхозлг1а, 1уьйранна ялх сахьат даьлча .
Доьазлаг1а , де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлча.
Пхоьазлаг1а, делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча.
Ялхазлаг1а, делкъал т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча.
Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа.
Уьссалг1а, буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, шийтта сахьт даьлчи. Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо. Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна.
Х1инца хьаша вог1уш кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха, дика борг1ал ехачу кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн кертарчу котамашна дола дан а, керта хьийза а йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а, йог1ий, кертахь олалла дан а х1уттий, тухий к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман дас сиха яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло н1аьна хилахь, со яйчу тасийта а, реза ю, - аьлла, жоп делира, Жимнига.
Борг1алан сакъераделлера цунах.
Цо т1аккха элира:
- Жимниг, Жимниг! Жима – Йоккханиг!!!
18)
1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шан куьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош,
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1уора ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан Даймохк! Хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсина-м ахь а хилла.
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн.
19)
1а ду шийла…
1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.
Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.
Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.
Т1аьхьара алар:
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.
20)
Цец даьлла пису
1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне уьдуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш.
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Доллушехь уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цундела цец даьлла.
И кхераделла.
21)
Керла шо
Рог1е деъна шийла 1а,
Хиш д1алоьцуш бина ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».
Лайн куз тесна арахь д1а,
Хьаша веъна кхечи схьа.
К1айн к1урз буьллуш корашка,
Хуьтту хьаша массо ган.
Кхаьънаш дохуш вовшашка,
Дуьхьал уьду бераша.
Лайн куз сиха къарз бина,
Мара хьерчаш хьешана.
Марша да хьо керла шо!
Хьо ду деза хьаша тхан.
Оха хьуна кечдина,
Совг1аташ ду эшаран.
23)
Х1етал – метал
Жима а воккха а шена т1ехь
Хохку, к1айн говр.
(ло)
24)
Лайн чимаш
Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.
Ц1еххьана къегина, седарчех ийна,
Дато нур стиглара 1енаш а дайна.
Самукъне аз дели, ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.
Лайн йо1 а ялаеш и Г1ура –дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Бераш ду самукъне, ловзаршка девлла,
Базалган б1аьргаш а дехира серла.
Керла шо, керла шо, дог1ийла марша!-
Мохь бетташ бераш ду, сакъераделла.
Беркате ирсе ахь дойла тхан дахар,
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха.
25)
Сахьтан цхьамза
Хьалха баларх къуьйсуш уьду,
Сахьтан цхьамза заманца.
Зама гена яьлла йоьду,
Меллаша шен боларца.
Цхьамза уьдуш де д1адели,
Кхечи 1аьржа буьйса т1е.
Замано болар ца хуьйцуш,
Кхана деа сирла де.
Эх1-х1ар а, г1елбелла кхоччуш,
Цхьамза сеци гойтуш шийтта.
Замано к1айн духар духуш,
1аламан а хийци сурт а.
26
Шу мА хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзинчу.
Даккхий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Кегий йоьхьаш хьерчош чу.
27
Минкаил
Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.
К1арс - к1ирс, бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ аьчка 1айг.
Нана, лохьа худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.
28
Сурхона
Сом хьан доьхьа велало,
Лууш хьо самукъне ган.
Ахь со хьостий 1ехавой,
Туьллу суна йовлакх хьайн.
Нана, йовлакх хьоьгахь тов,
Лаац лело хьоьца дов.
Тиллахь суна дадин куй,
Хаийтахь со къонах вуй.
29
Сингаттаман цамгар
Цомгаш хилла воьжна паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.
Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лерина.
Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.
Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.
Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига х1онц томана.
Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера безамна.
Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхеттера.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.
Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.
Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1на,
Хешка паччахь хаьттира.
И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.
Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.
-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.
К1ант д1а - м тешна ца вахара,
И г1айг1ане вуьйжира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта а вуьйлира.
Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхузахь х1оьттина?
Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?
К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.
Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.
Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.
К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.
Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.
Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.
Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.
К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.
Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.
К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.
Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.
Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.
30
Еха ма яхарг….
Бабас, бераш а гулдой белхи бо, хасстоьмаш а, стоьмаш а, чу берзо.
Бераш тасалой болх беш хуьлу. Царех цхьаъ, дика д1анисвелла, дитта д1ахадийна йисинчу юьхк т1ехь, хиина 1аш хуьлу. Д1ахьаьжначу бабас, иза шена гича олу:
Баба:
- Ва к1ант, хьо г1улкхана т1ег1уртуш ма вац? Хьо х1ун деш 1аш ву цигахь, Дика д1а нисвелла охьахиина? Х1умма лозуш, са гатдеш - м вац хьо?- хотту бабас:
Т1аккха к1еззига вела а къежаш, к1анта жоп ло:
Беслан:
- Эх1 - х1ай, Баба, х1умма лозуш - м вацара со, тахана ч1ог1а некъ ца нисбелла - кха сан.
Баба:
- Дийцал, х1ун хилла хьуна? Х1ун ду хьан юххьа даьлларг? Куьйгаш цахь дисна хьан, я болх д1абахана хьо т1аьхьа ца кхуьуш?
Беслан:
-Кхин х1ума - м ца хиллера суна, тахана схьавог1уш некъаца дуьхьал вайн лулара Табарик кхеттера суна. Цундела некъ ца нисбелла - кх сан.
Баба:
-Ткъа х1ун ду хьуна хилларг, х1ун юххьа даьлла хьан, и бахьана долуш?
Стигал ирх а вирзина, 1ачу Беслана, олу;
Беслан:
- Болх бан масть яц - кх сан.
Баба:
-Ткъа Табарк мисканна х1ун бехк бу, хьан болх бан маска ца хилча?
Беслан:
-Иза дуьхьал кхаьтча некъ ца нисло олу, массара а. Суна тахана новкъа воллушехь иза кхийтира дуьхьал. Цундела ву - кх со болх бан карх ца долуш.
Баба:
- Иза - м хьаха яц, цхьанна а х1уманна бехке. Наха а ахь санна къамел до-кха. Бисмалла а аьлла, болх Далла т1е а биллина, шайн г1уллакх ца деш, шайт1а ги а хаадой, куьйгашца иза охьа цадожийта д1а а лоций, шу дуьйлало, т1аккха бехке Табарик миска йо. Хабар а ца дуьйцуш хьала г1атта. Х1окху дохкучу берех эхь ца хета хьуна, хьох кхарна а масалл гойтуш хила везаш ву,-олу бабас:
Иштта к1ант яхье ваккха г1ертарх, кхин г1уллакх ца хуьлуш, суьйре т1ейог1у. Буьйса д1аяьлча, йоккхастаг а, бераш а дисина г1уллакх кхочуш дан д1ах1уьтту. Сихха делкъа хан хуьлу. Бериш а х1ума яа, бабин жимачу стоьла йисте гулло. Беслан, балхат1ера схьа цаволуш воллу. Бабас олу:
Баба:
- К1ант хьо тахана мА т1е т1аь1на цу балхана? Схьавола, оха мерзаниг д1а а йиина вуьсур ву хьо.
Беслан, шен куьйгаш а дилина, стоьла йисте охьахуу. Т1аккха, г1арг1улийн г1овг1а хезий, стигала хьала хьожу.
Цец волий, цо стигал п1елг хьажош, олу:
Беслан:
- Хьажахьа, Баба, селхана со хиина 1ачу хенахь, и г1арг1улеш иштта, малх бузехьа д1айоьлхуш яра. Тахана юхайог1уш ю-кх уьш. И х1ун ду теша?
Елалуш баба хьаьжт1е куьг а дуьллий, стигал хьала йоьрзу,т1аккха олу:
Баба:
- Селхана, и еха ма яхарг, Табарк дуьхьал кхетта хир ю-кх царна а, некъ юххьа баьлла, юха йирзина хир ю-кх, уьш а.
Бераш дуьйлуш суьйренга доьлху.
Резванова Айза
31
Болх бича луш ду ахча?
Моллин не1 туху, жимчу зудчо:
- Мила ву? Схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачура метах а ца волуш. Не1 йоьллий, чу йоху жима зуда.
-Де дика дойла хьан,- олу цо:
-Далла езийла. Схьадийцал, х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна? – Хотту моллас:
-Со, сайна аьттонна жайна даккхийта еанера,-олу зудчо:
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбойн йоза яздина долу кехаташ схьа а оьций, царна т1е хьожу молла. Шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, хотту, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а?-олу моллас:
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-олу зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбойн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
Т1аккха олу:
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда.
-Дела реза хуьлда хьуна,- олий, жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча, цуьнан стоьла т1е охьа а дуьллий, ара йолий, ц1а йоьду зуда.
Шен жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелачу, пхи шо долчу к1ентан. Цо шеен нене хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна, дуккха а ахча дог1у кисана.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна кисана, дуккха а ахча дог1ур ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча ца хаало. Цхьана суьйранна балхара чу веанчу шен дега хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьачу ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу к1анта, мелла а сиха дена ахча даийта.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Юха а хотту дега, к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла,-олу дас:
Цул т1аьхьа, цхьа – ши де даьлча, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха. Денвашас олу к1анте:
- Эе-ей, мел воккха хилла Ваши к1ант. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи ло, ден вешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадо:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е, - олуш.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а боий, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха девешига, хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре а доккхуш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш дац ахча. Ас х1окхо санна болх ма ца бина.
Шен дас бохучуьнан дика ойла а йой, воддий воьдий, шен ден киснара жайна схьа а дохьий, нене д1акховдадо к1анта.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна хьайна деллачу моллига д1аала, жайна кисанахь лелийча хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо дуьйцучух кхаьтта волу да а, деваша а г1аддвоьдий велало, схьадоккхий цу шимма а кхин т1е ахча ло к1антана. Т1аккха олу девашас:
- Э - х1ей, Дала дог дика де хьан дела1, хьан коьрто оццул дика болх барна, хьуна-м дуккха а дог1ура и ахча,- болхуш, воьлуш, д1а вахара и.
Резванова Айза
Х1ун дича хуьлуш ду ахча?
Моллин не1 туху жимчу зудчо:
- Мила ву, схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачигара метах а ца волуш.
Чоьхьа йолу жима зуда.
- Х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна?-хотту моллас:
-Со, аьттонна жайна даккхийта еана.
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбийн йоза яздина долу кехаташ схьа а оьций, уьш кегадой, шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, олу, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а.
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-жоп ло зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбийн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда,-олуш:
Зудчо жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча цуьнан стол т1е охьа а дуьллий, олу:
-Дела реза хуьлда хьуна,- т1аккха, ара йолий, ц1а йоьду.
Шена аьттонна аьлла ша даккхийтина жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелаш волчу, пхи шо долчу к1ентан.
Цо хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна т1е, дуккха а ахча дог1у.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна дуккха а ахча хир ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча ца хаало.Т1аккха цец а волий ша шега къамел до к1анта:
-Ва-х1ай, х1ара х1ун ду даъ. Нанас х1ара жайна шеца лелийча дуккха а ахча дог1у мА бохура, суна т1е дог1уш ахча а мА дац. К1ант цец ваьлла лелаш,
К1ентан да чу вог1у. Т1аккха,дега хотту хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьа ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу к1анта, мелла а сиха, дена ахча даийта. Т1аккха цо шена а лур ду бохург дагахь.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Т1аккха а, цец волий, дега хотту к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний, х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла.
К1антана жайна кисанахь доллушехь, ахча кера ца дог1уш д1аоьху хан тамашийна хета. Иштта ойлане ваьлла к1ант а лелаш, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха.
Денвашас олу:
- Эе-ей, мел воккха хилла и. Ваши бож. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи а ло, цул т1аьхьа девешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадой олу:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а бууш, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре вела а къежаш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш мА дац ахча. Ас х1окхо санна болх мА ца бина.
Шен дас а, девашас а бохучуьнан дика ойла йой, д1ахьоду к1ант, шен ден кисна ша диллина жайна схьа а дохьий, нене дакховдадо цо.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна д1аэца. Х1ара хьайна деллачу моллига д1аалалахь, жайна кисанахь лелийча хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо лелочух кхетий, да а, денваша а г1аддвоьдий велало, схьадоккхий цу шимма а кхин а, т1е ахча ло к1антана. Т1аккха денвашас воккхаверца шен вешин к1ант хьостуш, олу:
- Э - х1ей, Дала дог дика де хьан дела1! Хьан коьрто оццул дика болх барна, кхин а т1е дог1ура хьуна ахча, дуккха а.
Иза самукъне дийцар а хуьлий лела нахана юккъехь. «Болх бича луш ду ахча»,- бохуш.
Жимниг
Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара. Жимнаг кест кеста н1аьнех кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,- «1уь -1уь1, 1уь -1уь -1уь1, 1уь -1уь1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна- к1орни делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Т1аккха еъъана схьа х1оьттира, делкъа хан кхайкхо еана борг1ал.
Цо хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со кхойкхуш ю,- жоп делира, н1аьна-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош ерг ?- хаьттира борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орни.
Цу балхах кхеттачу борг1ало, юха а хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Жимниг, ю.
-Жимниг, т1аккха цкъа а, хенаш кхайкхиний ахь ?
-Со тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхойкхуш ю,- жоп делира Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна муха, я маца кхайкха еза.
-Ца хьехна.
-И х1ун ду ткъа, ца хьехна бохург? Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна, муха, я маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш схьалаца деза. Барт хиллий вайшинна?
-Хила. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна кхайкха г1оьртина, юха а 1уь1-1уь1,- аьлла, кхосса елира Жимниг.
Юха а, борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а,- элира борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира к1орни, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссаелла керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххье а яьлла, «ах1а – ах1а», аьлла шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкха х1оьттира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш тоьхна, дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг, реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Хьан йиш елахь дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дог1а соьга лерина. Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха: Таханалера де-буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьат даьлча. Шолг1а кхойкху хьо, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча. Кхозлг1а кхойкху, 1уьйранна ялх сахьат даьлча . Доьазлаг1а кхойкху, де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлчи. Пхоьазлаг1а, делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча. Ялхазлаг1а, делкъал т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча. Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа. Уьссалг1а, буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, буьйсанна шийтта сахьт даьлчи. Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо.
Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна. Х1инца хьаша вог1уш кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха, дика борг1ал ехачу кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а кертахь йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман да сиза яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло хилахь, со яйчу тасийта а,- аьлла, жоп делира, Жимачо.
Ас юху а сагатдо хьуна,
Вацарна дагна хьо хийра...
Сингаттамо ойла кхула,
Дог1анан марханах тера...
Дегабаам легашка бог1ий,
Ша шена дог делха дуьйлу...
Х1унда ву хьо суна хьоме?-
Жоп доцчу хеттаршка долу...
Хьуна - м сан лазам бу хийра,
Ахь дог а кхечунна делла...
Х1етте а ойланаш хьийза,
Ца туьгуш хьоьха дог дилла...
28.01.2019
04-46
Резванова Айза
Къонахчух
Хьан са ас чакхдоху сайн сих,
Т1аккха со хьан сине йолу...
Ас некъаш хьан хуьтту сайчех,
Хьан некъ ас сийлахьчех лору...
Къонахчух хуур дац лела,
И 1емаш 1илма а дац...
Кхуьуш ду и дагчохь шеца,
Волчуьнан цу даржехь хьакъ...
Къонахчун цкъа а ца еъна,
Бахамо са 1ехош хан...
Цо шен са синошца декъна,
Комаьрша, ца къийзош хьал...
Къонахий даима хилла,
Сийлаллехь къагош шен къам...
Тоьшалла замано дина,
Эзарнаш д1аэхарх хан....
Р.А.
Кхи мичхьа лоьхур ву ас хьо,
Къонахийн некъа т1ехь лелларг?
Кхин стенгахь хьехор ву ас хьо,
Къонахашца декъахь хилларг?
Кхин хьанна дуьйцур ду ас хьох,
Къонахчух кхетачунна бен?
Кхин хьанах дер ас дозалла,
Къонахех бен дан ца хилча?
Къонахий, тхан кегий вежарий,
Даймехкан сий долу к1ентий!
Шу Дала декъала дойла!
Шун сий деш, къам кхиадойла!
Х1унду ду : до 30 - 40 гг , чеченцы использовали арабский алфавит . Использовали со времён имамата .
А в арабском алфавите отсутствуют буквы Ю и Я , но есть ЙУ и ЙА .
Сегодняшний алфавит , был составлен для чеченского народа неким Яковлевым Н.Ф в 1938 году . Тоесть это был руский алфавит с добавлением некоторых букв , был сделан первый шаг по началу русификации чеченцев .
Рез1ванова Айза
Суна елха лаьа тахна,
Лаьа елха, даггара,
Х1ун ца тайна аш ма хетта,
Кхоьру со шу кхардарна...
Кху дуьненахь х1ун диснера,
Т1е х1оттанза, ланза вай??
Я кхул т1аьхьа, хьанна хаа,
Х1ун къайле ю кхолламан...
Амма тахна суна лаьа,
Елха 1енош б1аьрхиш сайн...
Цу б1аьрхишца доьху аса,
Аллах1, гуохьа ойла сан!
Амин!
2019.
Шу муха дийцдийр ду,
Тхан къоман турпалхой,
Йицлур юй и т1еман хан?
Мостаг1ийн къизалла
ца туолош лаьттинарш,
Шу дицдан бакъо яц тхан!
Шу юха доьрзийла,
Маьршачу дахаре,
Ирс эца Даймахках вайн!!!
Яхь йолчу къонахийн,
Ц1ераш яц йицъелла,
Шу бахьнехь ирсе ду къам!
Шу санна къонахий,
Ца хилла сий дайна,
Аш дина Даймехкан сий!
Заманан йохалла,
Шу ду тхан дозалла,
Яхь йолу, Нохчийн К1ентий!!!
2019
Р.А.
******
Шу муха дийцдийр ду,
Тхан къоман турпалхой,
Йицлур юй и т1еман хан?
Мостаг1ийн къизалла
ца туолош лаьттинарш,
Шу дицдан тхан бакъо яц!
Шу юха доьрзийла,
Маьршачу дахаре,
Ирс эца Даймахках вайн!!!
Яхь йолчу къонахийн,
Ц1ераш яц йицъелла,
Уьш бахьнехь дехаш ду къам!
Шу санна къонахий,
Ца хилла сий дайна,
Аш дина Даймехкан сий!
Заманан йохалла,
Шу ду тхан дозалла,
Яхь йолу, Нохчийн К1ентий!!!
2019
Р.А.
Суна елха лаьа тахна,
Лаьа елха, даггара,
Х1ун ца тайна аш ма хетта,
Яц и дийца со ох1ла...
1)Р.А.
АЛЛАХ1 ВОЦЧАХЬ ЦХЬА А ВАЦ,
БЕКХАМ БОЦУШ ДУЬСУР ДАЦ...
КХУ ДУЬНЕНАН ДА ВУ ЦХЬАЪ,
ЦУНАХ ДОВЛА МЕТТИГ ЯЦ...
АДАМ ХЬИСПЕХЬ ШАЙТАНАШ,
ДУ ГО БИНА ЛАЬТТАШ ДЕРШ...
АДАМАЛЛА ЭШОР ШАЬШ,
БОХУШ ИРЪЕШ ОЙЛАНАШ...
АЛЛАХ1 - ДЕЛА ЦХЬАЪ ВЕШ БЕРШ,
КХОЬРУШ БАЦ ЦУ КЪИЗАЛЛЕХ...
ЦУ Г1АЗОТАН ДЕКЪАХЬ ШАЬШ,
ХИРГ ХИЛАРАХ БАККХИЙБЕШ...
ЦУ ИБЛИЙСАН - ЛАЙН КХЕТАМ,
БАЦ И ХАА ХЬЕКЪАЛЧОХЬ...
СА БИЙЛАРНА ВАЙХ ХЬЕГАМ,
ХАЬДДА БУ УЬШ АДАМАЛЛЕХ...
ДУЬНЕНО А НУЬЦКЪАЛЛА,
ЛОРУШ ХИЛЛАЧ РОССИЙНО...
ДУЬНЕ А ШЕХ КХАРДАДЕШ,
ЙОВЗИЙТА ШЕН К1ЕЗГАЛЛА...
НОХЧИЙН КЪАМ ЦА КАГДЕЛЛА,
ЦЕРАН ДЕГНАШ Ч1АГ1ДЕЛЛА...
АЛЛАХ1 - ДЕЛА ЦХЬАЪ ВЕШ КЪАМ,
КХУЬУР ДУ ШЕН БЕКХАМ БАН!!!
Р.А.
Аллах1 Дала 1алаш бойла и к1ентий балаза белахь!
Д1а кхелхинехь Аллах1а г1азотехь хьоьстийла церан синош!
Дала собар а, ницкъ а, иман а лойла вайн нохчийн къомана!
Ин Ша Аллах1!
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
2)
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
3)
Цхьа бахьна
Хьан ойланаш ю - те г1ийла,
Ирсах маьрша висина...
Сингаттаме ву - те, тийна,
Цунах дог цадалларна?
Д1о седанал генар - ч суна,
Х1унда къеги - те хьан са?
1а д1адолуш йисина г1ура,
Д1айов, еший, т1адмаза...
Суна - м хетта даима хьо,
Седана уллер беттаса...
Кхоллаеллий - те хьан ойла,
Хьайна улле со таръян?
Иштта делахь, и сан ирс ду,
Хьо сан дагчохь къагар а...
Цхьа бахьна ду, ас хьан амат,
Берахь дуьйна кхабар а...
4
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш, я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха, хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
5
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
6
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, цкъа тайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те са цига, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахарехь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела....
7
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
Са парг1ат ца долуш,
Со йиси бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
8
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийсса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханах
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех,
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
9
Меле ца хиллехь
Хьайн дагчу некъ боьхкуш,
Дош ахьа алахь...
Сацор бу ас сайгахь,
Сайн деган бала...
Цкъа мацах ирсана
Йоьттина г1ала,
Юьтур ас бодашкахь
Чиркх латош, сайнна...
Цкъа наггахь са хецча
Иесе ас дажа,
Марзонан х1ол а хир
Цунна т1е товжа...
Меле сан ца хиллехь
Хьан дагчу кхачар,
Суна ма биталахь,
Ахь дагахьбаллам...
Саьхьара ца хилла,
Ойла сан цкъа а,
Ца темаш томехьа
Литтина - кх, сица...
10
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хаарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар а,
Хьайн некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер дара соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь...
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
11
Ас ма дукха далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас, дог а делхийна....
Хьох хили сан, ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх, суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со, кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со, дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
12
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур - з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна, хуур ду хьуна....
13
Ткъа суна - м хьо веза,
Мохь бетташ безамна елххал...
Веза хьан ойла еш, хьекъалах безамна талххал...
Хьоьца бу дуьненахь ирсечу дахаре хьежам,
Хьо воцчахь тешалахь, сан некъ бу, боцуш шех хьегам....
Ахь бехк ма биллалахь,
Дуьйцахь ас, доцу хьал хьоьгахь,
Хьо тешо ца г1ерта, дуьххьал д1а,
лаьа хьо кхета....
Безаман ницкъ хилла - кх, гач дан а, б1е шерийн некъаш,
Ницкъ хилла - кх безаман, хьал - бахам бицбеш хьо веза.....
14
Генара хьо х1унда ву те сан дагна сел уллера,
Х1унда са уьду те, хьан даг чох меттиг шена еха??
И хила йиш юй те, ца лазош кхечуьнан синхьаса,
Я ю те со ойла ца еш кхин, боьхуш сайн синкхача...
И иштта делахь ас доьху хьо, къинт1ера валалахь,
Сирлачу хьан деган серлонга полланах идарах....
Даима вара хьо, сан деган туьйранийн ойланехь,
Ткъа тахна хили хьох, сан деган бакъ волу паччахьа...
15
Ма веъа велар хьо сан дагчу,
Ткъа х1инца, ма хьиехьа дог...
Валанза ца 1иехь хьо дагчуьра,
Ца лазош бехьа хьайн некъ...
Сан дагчохь етта хьох ойланаш,
Кхин дуьне, дахар дицдеш...
Хьо лела геналлехь некъаш деш,
Хьо вац ас ен ойла еш...
Х1ун дер ас кху деган г1елонна,
Безамо г1елдина хьал...
Бен доцуш хьо велахь сох кхетар,
Йита ахь, кхин ца беш хам.....
Ма веъа велар хьо сан дагчу,
Ткъа х1инца, ма хьиехьа дог...
Валанза ца 1иехь хьо дагчуьра,
Ца лазош бехьа хьайн некъ...
16
Со х1уьттур яц, хьан некъа т1е,
Йоьхуш серло сина сайн....
Я лелар яц хьо вицвина,
Яций со - м, хьох безам байна...
Ехар ю со сайн ойланца,
Ца беш хьуна бала сайх...
Хьан а хила тарло дагчохь,
Со йоцург кхин дагна тайна...
Зама денна юьйлу гена,
Цо ца лахдо болар шен...
Со х1унда ю, сов дог к1еда,
Сайн дог кхардош айса сайх?
Безамо - м хьа - х воккху шеха,
Дамара - дурц деш амалах...
Амма йиш яц сан кхин сеца,
Сайн лааман йийсарехь....
17
Бен йоцуш со хьуна хилча,
Хьо х1унда кхечи сан дагчу,
Дог дагош сан ц1е ца хилча,
Сан даго хьо стенна хаьржи??
Бакъо ю хьан херехь сеца,
Хазахета ца йоккхуш ц1е а....
Амма яц бакъо со леян,
Дуьтуш дог шеконаш херца....
Боккъал а, ас доьху хьоьга,
Алахьа цхьа бакъ дерг сох
Свидетельство о публикации №219042200820