Дала декъала йойла хьо, тхан Лула!
Юха а т1акьхьайиси со, ма т1аьхьа хии,ма т1аьхьа а хии...
Лула! Бакъдуьнене д1айирзи хьо,сан Йиша!Аллах1-Дала декъала йойла хьо, хьол хьалха д1а мел ихнарш а,т1едог1у долу тхо а. Доккха халахетаран дакъа ду-кх,ма дагах а кхийти суна ц1еххьана хьо д1аяхар...
Майра а йолуш,бакъдош дезаш а йолуш,къоманна оьшучохь са а,дег1 а кхоор доцуш,хьайн синна дукха т1ех эхь-бехке а йолуш яра хьо ,Лула.
Дала декъала йойла хьо!
Хийла къоначу литераторшна г1о ахь дира,хийла дог доьхначуьн ахь дог оьцура,ткъа хьайх лаьцна дийцахь,аьлча ,ма дуьхьала а йолура.Ма т1ех эхь-бехке адам дара хьо...
Лулина ша йийца бехк хетара,цуо шех лаьцна атта дош а ца олура.Ша йовзахьара,ша хазахьара бохучу адамийн мог1аршкахьа а яцара иза,шегахь мел доккха пох1ма хиларх,цунах байракх йина лелачех а яцара...Бакъдолчу дешан да яра,Къонаха яра!
Дика нана а,оьзда х1усамнана а,г1о эшна т1еваханчу дика накъост а яра. шен сица,шен дашца ,ойланца - Нохчийчоьнан хила ма-еззара йо1 яра иза.Шо-шаре мел дели иза хуур а ду вайн къоманна,къам а хилла иза кху лаьттахь дисахь.
Лулех лаьцна х1уммаъ дийца а ца оьшу,цуьнан кхолларалла-цуьнан дахаран куьзга.
Республикехь цхьаъ бен доцу журнал»Нана» -цуо экама хьаъгна къа,ховха дагалецам...
Ша Барзахе дехьа яьлла Лула,амма цуо нохчийн къоманна йитина шен к1орггерачу,чулацамечу,исбаьхьачу ойланашца йуьйцина байташ,статьяш,дийцарш...
Дала пайдехь дойла уьш вайн къоманна..
Дала Ялсамане Хьаша йойла хьо,ЛУЛА!.
Свидетельство о публикации №219043001037
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 07.05.2019 11:52 Заявить о нарушении
Лерамца,
Петимат Абубакарова 26.12.2019 15:42 Заявить о нарушении