Выпускникашка дош

 Де дика хуьйла шун массера а!

 Лераме хьеший, Дай-Наной, шу массо марша дог1ийла!!!
Х1ара керла школа схьайоьллуш, дуьххьара хьалхарчу классе даьхкина бераш дара аса  1амо долийнарш.

Сан хьоме бераш!

 Тахана чекх долуш ду вай цхьана бертахь, деша лаам болуш, къахьоьгуш хаза даьккхина 4 шо.
    Шу суна хьалха даккхий хили.  Шу хенарчу дешархошна  программица дог1урш дерг  1амо г1ерташ аса сайн ма- хуьллу къа а хьийги.
Кхи д1а шу кхин хьехархой, кхин а дуккхаъ тайп- тайпана  предметаш хир ю.
   
 Шуна чу са диллина, дийнахь-буса са а гатдеш, шу кхиамашна г1ад оьхуш, шуна керла х1ума 1аьмча шух йоккха а еш даьккхи аса х1ара 4 шо.
 Сан дагна боккха кхаъ бу тахана кху классера х1ора бер дешарт1ехь кхиамаш болуш, цхьаъа вукхулл т1аьхьависар а доцуш, айса арахоьцуш хилар.
 
 Кху сан классера берех х1ора дешархо шен-шен корматалла а йолуш, шен-шен лаам болуш ду. Цхьаболчарна вуно дика сурт дилла хаьа, цхьаверг  эшар,я илли аларан говзалла йолуш ву. Г1иллакхца, оьздангаллица, дика лела хууш бу!
 
 Делан къинхетамца х1окху классерчу  берийн дай-наной /родительш/ нисбели кхетам болуш, х1ара дешар шайна а, шайн берашна а мел оьшу а хууш.
 
 Дукхахболу дай-наной сискал яккха г1ерташ,  дийнахь сарралц хьаьвдда- бевдда лела дезаш боллушехь, кху берийн терго еш,сох тешна ца 1аш, шайн дагт1ера сингаттам суна цхьанна т1ебиллина  ца 1аш, цхьаъ санна суна накъостий хила кху дийне схьадаьхкина  шу!
   
  Школьни программо т1едожийнарг соьга сайга тоъал, оьшучу барамехь  кхочуш далур дацара  шуьгара г1о-накъосталла хуьлуш ца хиллехьара.
 
 Ц1ахь бечу балхаца а, аьлларг дайтарца а, г1иллакх, оьздангалла лелорца шух дика г1ортор хилла сунна.

Аллах1 - Дела реза хуьлийла шуна! Тахана шуна даггара баркалла олу аса.
   
 Кхи д1а а  леррина тидам  т1е а бохуьйтуш, х1окху бераша х1у леладо а хьожуш, х1орш тесна а ца буьтуш  шу хилахь, кхарех, Дала мукълахь,  дика адамаш кхуьур ду, кхарех шуна дика накъостий хир бу.
 
 Вайн къоман, вайн мекан кхане х1окху кхуьуш долчу берийн карахь ма ю.
Вай къанлур ду, х1орш кхана  1илманчаш, лоьраш, хьехархой, предпринимательш, говза къинхьегамхой хилла д1ах1уьттур бу, Дала мукълахь!
 Кхин х1уммаъ дацахь а дика дай- наной хир ду кхарех.
 
 Дала Ийманчохь, оьзда, г1иллакхе, бусулба дегнаш долуш, даймахкана, вай къомана пайде а  болуш, дог дуьззина Нохчалла а долуш, Дений-Нанний  муьт1ахь болуш хьалакхуийла х1орш.

 Оьшучохь собар долуш, т1ех1оттина вуо-дика а ловш доьналлехь кхуьийла х1орш!
    
  Х1ара школа яйтинчу вай мехкан дена Кадыров Рамзанна Дела реза хуьлда,
Образовани министерствехь г1о деш мел болчарна а Дела реза хуьлда,
  Вайн школан куьйгалхо йолчу __ф.и.о._____  Дела реза хуьлда х1ара бераш кхио аьтто барна!
 
ДАЛА Т1АЬХЬЕ БЕРКАТЕ ЙОЙЛА ВАЙН !!!


Рецензии