Кхети хьо маттах?

Сан х1усмехь шерашкахь ч1ег1ардигаш дека,
Олхазарийн мотт суна г1ерта уьш хьеха,
Самукъне шабаршца дацдо де деха,
Уьш х1усмехь доцариг, вахаъ ца веха.

Ахь соьга хаттар до:"Кхети хьо маттах?"
Дийцахьа,Диканиг,хуттучу суртах,
Со токхе хиларна,йоккхаеш дахарх,
Ас хьуна жоп дели,дезарна хьо лара.

Дерриг а дуьненан хазалла схьаелча,
1оврашкахь охь оьху шовданаш делча,
Ма хуьйцур яцар ас х1ар зевне кийсак,
Аллах ву ялсмане дакъа сун делларг.

Дуьйцу сан ч1ег1ардигаш шабаршца денна
Туьйранаш,йохуш сан ойланаш генна,
Дикачу Деле сун могшалла йоьхуш,
Барт,цуьнца беркат а кху х1усме доьхуш.

Дуьненан йиъ маь11е со д1асса яьлча,
Ерриг а г1аланаш сан дола яьхча,
Ас хуьйцур дацар-кха дуьне сайн х1усмах,
Тешаме доцучу дуьненан мукъамах.

Сан зевне,сан маьрша,сан сирла дахар!
Со ехачу кертахь бу дуьненан бахам,
Сан доьзал,сина маьршо,ч1ег1ардигин ловзар,
Ас хецна дитна хьо,Дуьненан довзар!

08.06.2019год


Рецензии