Ненан мотт-аганан илли
Школан дахар шен рожехь д1адоьдуш дара, берийн хазахетарш, халахетарш шеца а долуш.
Дешаран шеран т1аьххьара чийрик йоца хиларна, дешархой ма-хуьллу шайн хаарийн мах хьехархошка лакхара хадабайта г1ерташ, дешарна т1ебирзинера. Шайн къастийна урокаш-математика, русский язык, обществознание – яра церан…
Нохчийн меттан урок къастийнарг наггахь бен вацара. Царна хетарехь, нохчийн мотт башха оьшуш бац, оьшур а бац, даржехь лакхавала , юкъараллехь шен «ас-со» ч1аг1дан а. Школан урокийн расписанехь а бара нохчийн мотт т1аьххьара д1аязбина.
Берашна гуш яра цунна елла меттиг: иштта меттиг пекъарна кхочуьйту. Коьрттехь, баьрччехь а йоцуш, не1саг1ехь яра х1окху школехь нохчийн маттанна билгалйина меттиг. Еа-пхеа урокехь к1адбелла, физкультура урокехь х1иттина дешархой, цхьа а лаам боцуш чубог1ура т1аьххьарчу уроке. Тахана а иштта дог-ойла йолуш класса чу баьхкинчу дешархойн. Де дика а дина, шен к1еда-мерза къамел д1адолийра куьцехьчу хьехархочо.
- Бераш, таханлера урок,кхечарах тера йоцуш,башха урок ю. Хууш ма-хиллара, НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Р.А. Кадыровс шен Буьйраца апрель беттан 25-г1а де « Нохчийн меттан Де» ду аьлла , д1акхайкхина. Вайн меттан сий-ларам хьалабаккха, иза бийцар шардан, цуьнан оьмар яхъян, цуьнга шовкъ-безам ч1аг1бан 1алашо йолуш д1акхайкхина и Де.
Х1окху дуьненахь шен мохк боцуш адам,халкъ,къам хила йиш елахь, шен мотт боцуш хила йиш яц. Нагахь буьйцуш мотт белахь, оцу маттахь ойла еш, иллеш, эшарш локхуш , цаьрга ладуг1уш , уьш шайна ца хезча, сагатлуш, сахьийзаш, цаьрга юх-юха а ладог1а лууш хуьлу халкъан нах. Вайх х1ораннах а иштта к1ант, йо1 а кхиахь, вайх кхана а нохчийн халкъ хир ду…
Дег1ера к1адо д1аяьлла, хьехархочо мел олу дош сутара схьалоьцура дешархоша. Царалахь а къаьсттина лерина ладуг1уш яра Аминат. Нохчийн мотт гуттар бара цуьнан синехь, иллийн, эшарийн , назманийн а мукъамехь. Цунна шен синехь юх-юха хезара шен ненан меттан 1аь,аганан иллин мукъам,бераллера туьйранаш. Цуьнан синан к1оргенехь дара, цунна хаза кхаъ бохьуш дог1ург, амма дацара лерсинехь.
Хьехархочо дуьйцург хезаш яцара Аминат, халла цхьадолу дешнаш бен. Ялх шо хьалха, х1ара пхоьалг1ачу классехь доьшуш йолуш, зуламхоша кхеран ц1а эккхийтира. Кхунна ч1ог1а дукхавеза да велира, нана ехха больницехь 1иллира, чевнаш д1а ца йоьрзуш. Ша больницехь йолуш, шен хьал-де хаа баьхкинчу гергарчаьрга шен дена, нанна а х1ун хилла, уьш мичхьа бу хаа лууш, ша йистхила йоьлча, ша йистцахилаелча, хиънера йо1ана шена хилларг. Оцу хенахь дуьйна моттцахууш,наггахь долу дош бен ца хезаш, къора а яра Аминат, шена г1ийла, хезачу дашца синна боккха кхаъ кхочуш. Нохчийн меттан урокехь иштта лерина ладоьг1уш шена цкъа а ца гинчу берашка, цецъялла, хьоьжура йо1. Цуьнан цецъялар шашаха д1аделира, хьехархочо классан уьн т1е: «Нохчийн меттан Денна» - лерина сочиненеш язъе аьлла, юкъара тема д1аязйича. Х1инццалц Нохчийн мотт шайн оьшур бац баьхнарш и ойла хилларш, дахаран масех некъ д1асабоьдучу шаьш д1ах1иттича санна,ойланехь бара. Массо а, т1ебирззина, нохчийн маттах нохчийн маттахь язъеш бара, шайна дукхадезачу дех-ненах, йиша-вешех шайна язъяр т1едиллича санна. Корехула чукхеттачу малхан з1аьнарша хазахетарна екхаелла дешархойн яьххьаш серлаяьхнера. Цкъа а ца хиллачу т1ег1ане баьккхинчу нохчийн маттах ц1ена, хаза, сийлахь дош яздан г1ертара уьш, шайн баккхийбер лечкъа а ца деш.
Урок чекъяьллий хоуьйтуш,горгали бийкира. Шайн сочинени хьехархочуьнга д1аяла сихвелла цхьа а вацара. Хьехархо а яцара уьш сихбеш. Цхьацца т1е а вог1уш, дешархоша шайн сочиненеш хьехархочун стоьл т1е охьаехкира. Цкъа а ца хиллачу тайпана белабелла-бекхабелла, хьехархочуьн 1одика а еш, класса чуьра арабуьйлира дешархой. Классан уьн т1ехь д1аяздина: «Нохчийн меттан Денна» -йоза а дуьтуш,класс чуьра араелира хьехархо а.
Гуттара а санна, буьйсанна хан яьллачу хенахь, шен дешархойн сочиненеш еша, йолаелира хьехархо. Г1алаташ дукха делахь а , чулацам дика берш схьакъастош, лерина йоьшура цо уьш, цхьадерг шен тетрада т1е д1аяздеш. Дика язйинчарна юккъера, къаста а йина, ша охьайиллира хьехархочо Аминатан сочинени. К1ирандийнахь садаь1на, оршотан дийнахь школе баьхкина дешархой цецбевллера, урокийн расписанехь, х1инццалц «Родной язык» аьлла,д1аязйина урок «Чеченский язык» аьлла, хийцина а , т1аьххьара а йоцуш, лакхахь д1аязйина а. Расписанина уллехь хаам бара: «Тахана, апрель беттан 25-чу дийнахь,школехь даздаран хьолехь билгалдоккхур ду «Нохчийн меттан де» ,яздархоша,журналисташа дакъалоцуш. Марша дог1ийла шу!»
И ши х1ума – расписанехь хийцам, нохчийн маттахь хаам а-керла хиларна , хаза кхаъ хилла,т1еийцира хьехархоша,дешархоша а.
Урокаш д1аюьйлаеллий хоуьйтуш, зевне бийкира школан горгали.Шайн-шайн класс чу бахара хьехархой,дешархой а. Дуьххьара а, т1аьххьара а школехь нохчийн маттахь нохчийн маттах сочинени язйина цхьайтталг1ачу классан дешархой синтеме бацара,шайн сочиненийн хьехархочо хадийна мах муха бу ца хууш. Классехь х1оьттина тийналла йохош,меллаша,к1еда – мерзачу,аьхначу маттахь йистхиллачу хьехархочо элира:
- Хьомсара дешархой! Еххачу заманахь цкъа а «Нохчийн меттан Де»къастийна а, д1акхайкхина а, даздина а дацара. Сайн а,шун а ц1арах даггара баркалла ала лаьа суна Ахьмад-Хьажин Рамзанна, иштта нохчийн меттан сий-ларам барна. Дела реза хуьлийла цунна!
Оцу Денна лерина сочиненеш язйира аш шоьтан дийнахь вайн хиллачу урокехь. Со реза ю аш язйинчу сочиненешна. Шайн маттаца, халкъаца, махкаца йолчу уьйрах дика дош аьлла аш, йозанехь г1алаташ делахь а. Дикачарна юккъехь а дика сочинени Дикаева Амината язйинарг ю…
Дешархоша, хьала а г1евттина, Аминат декъалъеш, массара а цхьаьна т1араш туьйхира. Т1аккха кхийтира йо1 къамел шех лаьцна хиларх. Куьйгаэшара шен маттахь масех дош аьлла,шена хьалха 1уьллучу шина кехат т1е «Баркалла шуна!»-аьлла, даккхийчу элпашца яздина ,ша яздинарг массарна а гайтира цо. Хьехархочунна ша яздинарг д1агойтуш, б1аьрхиш охьахьаьлхира йоь1ан. «Баркалла Хьуна!»- дашна т1е хьаьжначохь т1унделла хьехархочуьн б1аьргаш , Аминатан б1аьрхиш а гича, гучудевлла шайн б1аьрхиш лечкъа ца дора дешархоша. Шен сочинени дикачарна юккъехь къасторна аьлла «Баркалла хьуна!» хилла ца 1ара иза,хьехархочо нанас санна,шен динчу 1уналлина, тергонна,масех шо хьалха шех тешарна, цуьнан шега хиллачу,болучу безамна «Баркалла Хьуна!»-олуш яра иза, ша а,шен нанас а цунна дукхазза а аьлла долу. Ялх шо хьалха, Аминат больницера араяьлча, лерринчу школе д1а ца лахь, дешарна, кхетамна а т1аьхьаюьсур ю элира лоьраша. Нанна ца лаьара йо1 уьйрех хадо. Аш школехь хьехначул т1аьхьа, ша а ц1ахь 1амор яра, школехь деша йитахьара бохуш, дехар динера нанас. Аминатан ненан дехар дагах кхеттарг, йо1 шена т1елаьцнарг а яра тахана кхуьнца цхьаьна б1аьрхиш охьаоьху хьехархо-Медни Нурдиевна.
Медни Нурдиевнас, шен б1аьрхиш меллаша д1адохуш,школехь д1адахьа леринчу даздаршкахь сочинени еша бакъо йийхира Аминате.Йо1а корта та1ийра,ша реза юй а хоуьйтуш.
Дукха адам дара школан зала чохь: хьехархой,дешархой,дай-наной,яздархой,журналисташ.
Нохчийн маттах къамелаш дира школан директоро,яздархоша,журналисташа, стихаш йийшира ,эшарш лекхира дешархоша Нохчийн меттан Де дазадарехь. Шен рог1ехь йистхиллачу Медни Нурдиевнас,Нохчийн меттан Денца зала чохь берш декъалбина , ша дош дехаран бахьана довзийтира:
- Ткъе итт шо сов зама ю ас нохчийн мотт,литература а хьоьху. Оцу ткъе итт шарахь ас шега сатийсинарг кхочушхилла Де ду х1ара. Шу дерриге а х1окху сийлахь-дезачу Денца декъалдеш , сайн дешархочо Дикаева Амината шен сочиненина юкъадалийначу дийцарца дерзо лаьа суна сайн къамел:
«Мацах цхьана заманахь цхьана пачхьалкхан доккха эскар кхечу пачхьалкхана т1е а летта,1аламат дукха адам дийна, и мохк х1аллакбеш. Веддарг бен к1елхьара ца волуш, х1аллакдина цу махкара адамаш. Куьйгех г1оьмаш а тоьхна, дуккха адам д1адигна толамхоша шайн махка ,лай а дина, дацо. Царна юкъехь хилла зударий,бераш. Дукха генарчу махкара баьхкинчу мостаг1аша д1ахадийна оцу йийсарийн шайн махкаца а, халкъаца а йолу з1е. Д1абигнарш д1аийна оцу пачхьалкхерчу адамех, шайн мотт, г1иллакхаш,1адаташ а дицделла. Ткъа шо хьалха, и къиза мостаг1 т1елеттачу хенахь, кхо шо долу йо1 д1айигна, шайн г1айг1анца, сангаттамца цхьа-а дисина дай,наний хилла балано охьата1ийна ,хеназа къанделла зама токхуш.1уьйранна а,суьйранна а , шеран массо а заманахь, шен йо1 дагара ца йолуш,тийжаш-йоьлхуш нана хилла. Яйначу йо1анна гатдечу сино а, йо1анна йоьлхучу ненах хетачу къино а к1елвуьтуш да а хилла.Иштта зама токхучу денна хабар хезна ,шайн йо1 эцна эла, и шайн йолуш санна, луларчу пачхьалкхехь вехаш 1аш ву аьлла. Шен хезнарг х1усамнене дийцина ,цуьнах дагаваьлла, бакъ ду-дац хьажа,кхечу махка ваха араваьлла да. Бехха некъ бинчул т1аьхьа ,шена буьйцуш бен ца хезначу махка кхаьчна йоь1ан да. Хехошкара бакъо а яьккхина,элан ков-керта а х1оьттина,дехар а деш, дийцина дас:
Лераме эла! Хьан керта со варахьама ца веана,цаваьлла веана генарчу махкара.Ткъа шо хьалха бертахь, ирсе доьзал бара сан, шун луларчу пачхьалхера къиза эскар тхан махка даллалц. Оцу эскаро, жима-воккха,стаг-зуда ца къестош,х1аллакдира тхо. Дуккха а адам д1адигира. Д1абигначаьрца цхьаьна сан кхо шо кхачанза йо1 а йигира. И мичхьа ю ца хууш, цунна дукха сагатдина ас. Сингаттамо хуьйдина.к1елъюьссуш ю йоь1ан нана. И тхан йо1, ахь эцна ялийна, кхийна бохучу хаамо кхачийна со хьан керта. Лераме эла! Сингаттамо хуьйдина оцу йоь1ан ненах къахетий, цо ша набаро 1ехаяллалц Деле дехаршца дечу до1анашка ладог1ий,хьайн дог к1аддалийтий,тхан йо1 тхоьх схьакхетийтахьара ахь.
Цецваларан кеп а х1оттийна , вела а велла, жоп делла эло:
- И х1ун къамел ду ахь дийриг, сан керта а веана?! Сан йо1 хьан муха хуьлу?!
Со-эла,ткъа хьо-цхьа миска…
Д1аг1о,аравала сан кертара,ас хьо чуволлале!
Цара дуьйцург хезна ,араяьллачу йо1а хаьттина шен дега-эле:
-Х1ун боху цо,дада?Х1ара мила ву? – аьлла.
-Хьо шен йо1 ю , д1айигийта шега боху,-аьлла ,жоп делла эло.
-Со муха ю хьан йо1,мила ву а ца хууш,хьенан ву ца хууш волчу? Со хьуна хьалха лаьттачу элан, цхьаъ бен йоцу,хьоме йо1 ю,-аьлла йо1а.
Оцу дешнаша кийра мерцина,дог а доьхна, корта охьабахийтина, боккхачу сингаттамца, ша йоь1ан нанна д1акхачо безачу шийлачу кхоаца шайн махка,шайн ц1а боьду некъ юьхьарлаьцна , д1аволавелла кхайкхаза веана хьаша. Бехха некъ бинчул т1аьхьа, шайн махка,юьрта,ц1а кхаьчначу йоь1ан дас дерриг а ма-дарра дийцина йоь1ан нене. Дуккха а йилхинчул т1аьхьа ,шен ц1ийнадега дехарца йистхилла йоь1ан нана:
-Ма дика ду-кх,вайн йо1 хьуна дийна карийна,мичхьа,хьаьнгахь ю хиъна! И дийна ю аьлла хезначахьана,серладаьлла сан баьрсинна,х1инццалц бодане хилла х1ара маьлхан дуьне. Даго хьоьху суна: вай вовшахкхетар ду, вайн йо1 соьца ц1а йог1ур ю. Со цкъа ган,сан меттан 1аь, и аганахь йолуш ас цунна хийлазза лекхна йиш хаза еза цунна. Меттан а, эшаран а мукъам-цуьнан синехь денлур бу, еххачу хан - замано набарехь, белча санна ,латтийна болу.
Беха некъ бан кечам а бина,шайн йо1 ц1а яло нигат а дина, арадаьлла дай,наний. Дукхе дукха беха некъ а бинчул т1аьхьа,эла вехачу махка,юьрта,цуьнан ков-керта кхаьчна х1ара щиъ. Юха а шен керта веанарг вевзинчу эло, мохь тоьхна, шен хехошка омра дина:
-Схьалеца,д1абехка,чубохка и харцлоь нах! - аьлла.
Шен къа-бала,сингаттам,г1айг1а ялхо йолаелла нана юкъахйоккхуш,йистхилла шен керта баьхкинарш хаабелла,уьйт1а яьлла элан йо1:
-Хьажахьа,зуда,сайн дай,наний а долуш,х1окху ц1а чохь, х1окху кертахь хьалакхиъна а,х1окху юьртарчу сайн нийсархошца уьйр-марзо йолуш яьхна а йолу со шун,хьан йо1 муха хуьлу?!Ишттаниг хуьлийла а ма дац! Хьо, сингаттамо галъяьккхина,кхаьчна тхан керта. Кхечанхьа лаха хьайн йо1, араялахьа , д1аг1охьа х1окху кертара!
Х1окху дуьненахь ша т1аьххьара йоьлхуш санна,доггаха йилхира нана,элана а,йо1анна а хьалха голаш т1е а х1оьттина.Шен дехарна цара жоп ца делча ,меллаша хьала а г1аьттина ,цергахьа букъ ца берзош,б1аьранег1ар тухучу м1аьргонехь а шен йо1 шена гучураяларна кхоьруш,кевл араелира нана, шен сатийсамца,къинхетаме дог оцу кертахь дуьтуш. Сингаттамо г1ора а эшийна, генадоццуш охьадог1учу хин йисте охьалахъелира нана. Цунна гора эсала хьажар,1аьржа ши б1аьрг, ша жима йолуш хьистинчу а,х1инцца шена гинчу а шина йоь1ан,х1ан-х1а,цхьана йоь1ан ши б1аьрг. И ши б1аьрг нанна бицбала йиш яцара. Муха бицлур бара,хан яьллачу хенахь,набаро 1ехийначу хенахь, йоь1ан елхаро ша самаяьккхича,цо шен хаза ши б1аьрг д1ахьаббалц,г1енаша и 1ехаяллалц, ша цунна аганан йиш лекхна хилча?! И сан йо1 ю! И сайниг ю! Хийлазза ас, и теян г1ерташ,хьоьстуш, шега мотт бийцина,аганан йиш лоькхуш,г1енашка 1ехаяйтина сан йо1 ю иза. Ц1еххьана,б1аьрхийх а ийна,меллаша ненан аганан иллин мукъам белира,легашка х1оьттина хораме шад бостуш,богучу кийрара.Ненан богучу кийрара схьабаьлла мукъам аренца баьржина,эла вехачу юьрта,цуьнан ков-керта кхечира. Мукъамехь аз а хезна, йоь1ан са карзахделира,дог тохаделира. Х1инццалц,дуккха а шерашкахь,шена х1ун ду а ца хууш, шен деган а , синан а к1оргенехь,наггахь лерсине а кхочуш,бекна,лекхабелла,цуьнан сагатдина,сахьаьстина мукъам бара хин йистера схьахезаш.Цуьнан лерсинна хьоме,дагна аьхна дешнаш а,мукъам а бара даго а, сино а д1ахудуш.Ша садо1уш 1ачу четар к1елахь хьалаг1аьттина, ладоьйг1ура йо1а…Синна аьхначу мукъамо шена т1екхойкхура иза.Меллаша кевл араяьлла,лерина ладоьг1ура йо1а кхечарех а тера хила йишйоцучу шен бераллерачу, шен хьомсарчу ненан мукъаме. Доггаха шен нене а кхойкхуш,мукъаме ненан мотт шена схьахезачу аг1ор едира йо1, и ду-кх сан ненан аз,х1инццалц хьенан,х1ун аз ду а ца хууш , ас сайн деган къайленехь кхаьбна,къийлина,лардина аьлла.Хин берда йистехь долчу диттан 1индаг1ехь охьахиъна,ша ага техкош йолуш санна, куьг хьалха а туьйсуш , охьаоьхуш баьрхиш а долуш, йиш лоькхучу шен нанна т1екхаьчча,йоь1ан мохь белира: «Нана! Сан хьоме,сан хьомсара Нана!»-аьлла.Ша сочинени ешна яьлча,меллаша куьг хьаькхна,шен б1аьрхиш д1адаьхна,шен нанна уллехь хиъна 1ачу Аминатана т1е а яхана, Медни Нурдиевнас элира :«Схьайола цкъа, и хьайн хьекъале хаза корта мараболлийтахьа соьга!».Зала чуьра адамаш а,Медни Нурдиевна сочинени ешна яьлча, шайн б1аьрхиш д1адохуш дара. Хьошалг1а веанчу яздархочо нанна, Хьаванина а, Медни Нурдиевнина а доккха баркалла а аьлла,Аминатина совг1атна шен киншка елира…
Самукъане,адамийн дог-ойла иракарах1оьттина,хаза чекхделира Нохчийн меттан Де,овкъаршлахь юхаденъеллачу Соьлжа-Г1алина юккъерчу школехь,Нохчийн мотт баьрчче а баьккхина.
Свидетельство о публикации №219062201037