***

Кхетахьа, даима лаьттар яц аьхке,
Даим а кхетахьа, лахло цкъа малх.
Делахь а вайшиннах цхьа а вац бехке,
Гена бу бехкана кхиболу нах.
Ткъа вайша-м кийча ву аьттонехь техка,
Кхардарх а гонаха мел болу нах.
Мел дукха халонаш неIсагIехь Iехкарх,
Хилий вай Iай-бIаьсте ца къесточех?


Рецензии