Денойн хьесап юкъара

Забаре  дийцарш(берашнна лерина)
17.11.07г.

  Ишколе комисси ю йолаелла лелаш.
Хьехархочо чу  а йоьдий хьехар до  шоллаг1чу  классан   дешархошна.
-Вайга хьеший бог1ур бу кхана шун хаарш талла.
Хьовсал,хьоменаш,аш массара а куьйгаш айде аса шайга цхьаъ хаьттича.Куьг ца айдеш цхьа а а ма 1е.
Шайн хуучара  аьтто  куьг  айде,ца  хуучара аьрру куьг айде,т1аккха суна хуур  ду,хьаьнга хатта деза.Кхийтирий шу?
-Кхийтира,-жоп ло бераша.
 Йог1ий схьакхочу талламан  Комисси.
Хьехархочо хаттарш до,дикка  чохь д1а са хьожуш,массо а ву куьйгаш  айдина 1аш, комиссехь болчу нехан  б1аьргаш а ду  къегина,уьш цецбевлла массо а цхьабосса куьг айдина 1ерах.
Цхьанне а,шинне а хотту хьехархочо аьрру куьг айдина 1ачаьрга.Дика жоьпаш а ло,Закрин т1екхаччалц...
- Хаариев Закри,алал ахьа х1ун ю Билгалдош.
-Майсет Майсиевна,со аьрро куьйганча ма ву…
Комисси цецйолу.Хьехархочун х1илла гучудолу…

        ***    ***   ***



    

Сийсара больницехь,2-чу больницехь,берийн больница ю.
Лахахь цхьа ши зуда –лор,ламаз а.марха а, дуьйцу цу шимма ,со коре  нислуш.Со к1ант а эцна яхана ю,со тергал еш яц.
Юьхьанца  со цхьана лоьран гергара ю моттало,Зеламха ву кхузахаь тхан   йишин марвеши к1ант. Амма со Зелимхан несан гергара юйла хиъ\ча делахь а,я Зеламха кхин лор цахетар делахь а,москал санна юсало шеа.
-Сада1ар а дац,терпгал ца во…Къинхетам бац,дера бу лоьраш…Иштачийн аьтто бийр бац Дала а… Дика ду оцу чохь Диана бохуш,цхьа къона йо1 хилла,дика ,хьаьжи ч1ог1а. Далла хастам бу ,дуьхь-дуьхьалонех Дахар кхоьлинчу   
                2007  шо

20 чу оьмаран   чаккхенехь ишкол(пьеса)

Довсолта  Товсолтович-директор
Зулмат Заниевна-директор хила а ца елла,хилла завуч.
Мука Шитаевич- хьехархо физкультуран
Шита Мукаевич-ОБЖ н хьехархо
Айбика  Таштаевна-Нохчийн мотт
Замбика Туштаевна -математик
Совбика Дикаевна-юьхьанцарачу класс хьехархо
Эрнабика  Дукиевна- оьрсийн мотт
Чуьрбика Дакиевна-нохчийн мотт
Сихбика Чахкиевна-математика
Парг1атбика  Малоевна-труд учитал

Т1ек1елйина ,ц1ен кибачкийн ишкол,цхьа аг1о тт1амо йохийна  чуяьхьна ю,1999 шо ду…
1 дакъа
1 акт
Хьехархойн чоь.цу чохь педсоветана гулбелла .Цхьаъ ара волу,кхиверг чу вог1у,вовшахкхетта ца бовла.

Д.Т.-Шу х1ун деш лела,ара чу уьдуш,мукдехкий санна,хьалгулделла  .х1ара педсовет д1айохьийтий аш?Да шу нелца валларш.
Даим а ша коллективе ма-дарра  къамел до хьехархочо .

Зулмат Заниевна.
Кому сказали? Ну соберитесь.Быстрее,у нас зскерная ситуация.
Хьехархой т1аьхьий-хьалхий схьагулло,охьахевша цхьаццанхьа. Не1арна гена йоццуш ,йогу буржуйка.
Д.Т.-Со х1инца шуьга вист а хилла ,департаменте д1аваха везаш ву,шу марша а дог1ийла,я что хочу сказать.Мне все это надоело.(Хьехархой боьлу гарна кхоьруш,цуьнан г1алатех буьззина болчу  шина а маттах-нохчийн а,оьрсийн а.
Д.Т дукха дика кхета цара лелочу ишарех ,иза дарло,ц1е а лой ,кхин а карзахволу:
-Аша х1ун дийр дуй, х1ай болх бан ца хуу х1уманаш,сан къамел ду шуьга дан дезаш ,шайн болх бийр бу аша(ког-корта а боцуш юх-юха цхьаъ дуьйцу)Ца бахь шайн ц1а г1ур ду шу,шуна-м дера моьтту,со белхалой боцуш вуьсур ву…Т1ийриг ю кху не1арехь лаьтташ,ша
 Совбика Дикаевна.
Довхо Ашкаевич:
Со йистхила  мегар дуй,схьаверзахьа  цкъа .
Довхо:
Мегар дац,к1ордийна суна аша дуьйцург,шайн болх  бе аша.
Эрна бика хьалаэккха.
Ваттай, ма к1ордийна  х1ара  гуламаш, цхьа а ког-кортий болуш х1ума а дийцахьара  цкъа а вовшахкхетча. Т1аккха   уггаре  а дика ишкол ю,хьехархой г1олехь бу бохуш и харцц1ераш х1унда техкина тхуна.Тхан дешархоша а х1унда боху  толамаш олипиадашкахь?
Зулмат Заниевна
-Хьо хьо йолчехь 1ад1ехьа ,Эрнабика,хьоьга бохуш х1уммма а дац ,х1ара собрани д1айохьийта аша,я ца йохьуьйту аша(ц1ог1а детта Хьехархочун такт бохург х1ун ду а ца хуучу  завучо.
Шита Мукаевич.
-Собардейша,коллегаш,г1овг1анаш ма е вай,х1ара тайпа г1овг1анаш вайе ш хилча ,х1ун т1аьхьало хир ю вайн белхан а,дешархошка а х1ун дуьйцур дув ай,собарде цхьважимма. Меллаша ,кхетачу кепехь къастаен вай вайн проблемаш.
Айбика
Суна к1ордийна дуьйцург .массарна т1е нехаш ца хьоькхуш ,бехкеволчун ц1е а йоккхуш х1ума дан деза.
Соцунг1а х1оьттира класса чохь.
Довхо .
-Аша со ца аьлча ца вуьту,шу х1ун ю а хаьа,шу балха муха даьхкина а хаьа.Дипломаш а дац шу мегарг ларт1ехь.Шу ма деза деш ду,аша-м 5 шарахь алапа а ца луш бина Дудаевн заманахь болх ,Х1инца ма шардели шу шар мелча санна.Х1ан,дава й,1адика йойла ,со Департаменте ца вахча ца волу.
 Некъ т1е а тухий ,оьг1азе араволий д1авоьду.
 2 акт
Инзаре йоккха г1овг1а ю класса чохь и д1авазханчул т1аьхьа.
Х1инца Зулматна  т1ейоьрзу ерриге а дорцан юьхь.
Л.Шитаевич
-Ребята,давайте жить дружно.Зачем по пустякам затевать такие движения7
Сихбика
-Д1авалахь,хьо волчохь вахахь а.Цуо де къамел ца хеза хьуна,директоро а.завучо а до къамел дуй иза,девр дуй вай вайна т1е даим а нехаш хьекхийтина,к1орда-м дина кхара дуьйцург.Тоьур-м ду х1окху луьрчу т1еман чевнаш лан кхизчу  заманахь ва балха схьалелар,вай суьбботникашкахь лоцу дакъа ,тахана белхалойн класс хилла д1а ма х1иттина вай.И в конце то концов,мы же учителя_цвет нации,нужно же иметь элементарный такт по отношению к нам .Как работать под его руководством?
Парг1атбика.
-Со йистхила мегар дарий? Вай дийца вовшахкхеттачу  хьокъехь .Оцу берашка  форма ца лелаяйтахь дош дац.Шайн клакссашка д1ак\хьовссал ,нисса ах гайнш гуш бу дешархой-йо1арий.
Чуьрбика.
-Вай,хилча х1ун ду ,вай а ца хилла цхьа кегийра,бералла ю,бералла.
К1орда ма дина аша дуьйцург.
Эрнабика.
-Делахь вай бераш долуш вай-м ца лелла иштта дастам,х1ета а ма хилла цхьа низам,советийн заманахь.Эйт,дависа ,схьаелара и хан,ма дош а дац х1инца дерг.
 Зулмат Заниевна
Соцунг1а  а йой…
-Аша болх ца бо, шу тхуна к1ордийна,аша шиънаш т1едохкуш хилча  иштта хир дацара,ма кхоаде шиънаш,(буьрсса боху Зулмат Заниевна)Аша и бераш ловзадо,царна луурш чекхдовлуьйту
Эрнабика
-Зулмат Заниевна,оцу берашна-м  т1ом гиний,,вай-м ца дуьйцур вай. Таханаъ 1941-1945и  шерашкахь даьхначу адамашна хилла т1е1аткъам д1абалаза бу-кх,вай ма сихделла ,дохкур ду-кх даг1ахь и шиънаш а.
Совбика
-И шиънаш боккъала а цара дешахьара аьлла х1иттош хилча ма кхоро дацара вай уьш…
Айбика.
-Ванах алапа ма дац хьехош,цунах  х1уммаъ ца дуьйцу те,цуьнан марненан санна,ц1е кхобу вай.Работаем ,как платят,олуш цхьа х1ума дара-кх…
Зуламат Заниевна
Алапа г1уллакх дуьйцуш ду,кесстта хир долуш ду.Кестта  комисси иа ю шуна ян езаш,кечлур ду шу…

2 дакъа
Хьехархойн чоь .Пенах кхозу Ахьмад-Хьаьжин портрет,цу бухахь халкъан баьччано дитина дешнаш а. Дала бакъо толайойла.
Х1ара чоь кхаа декъе екъна ю-цхьана стоьла т1ехь юьхьанчцара завуч,шоллаг1а-дешаран,кхозлаг1а-кхетош-кхиоран…
Х1ора класса чохь шкафаш а хиттина ,т1ехь а шайна  мартане ян кечйина меттигаю …

Совбика.
Ва совещани ,схьагулло ,д1акхойкху сихха.
Эрнабика .
Ва ,селхана ма яра вайн совещани,ма к1ордийна-кх кхара вовшахдеттар,совещани,совещани.
Дависа ,Маяковски схьавелара кхарах вела…
Цуо дика а ма яздинера шен  цхьана байташкахь : Провести бы еще одно заседание относительно искоренеия  всех заседаний.
Дашобика.
Д1аялахь хьоъ,даим и хьайн поэташ буьйцуш,кхалла х1уммаъ яц хьоьгахь..

Д1агулло юха а жимчу педсовете.

Довхо.
Программа ерриге а нохчийн маттахь хила еза аьлла цхьа тоба ю вайн,Совбика,хьуна х1ун хета цу хьокъехь,(нохчийн меттан хьехархочуьнга)
Совбика
Делахь и мотт цхьа орца ца далахь бан мегаш бу.дика-м хир дара,..
Эрнабика
Мотт д1абер бацара вай мел буьйцу,мичара бевр бу и хьеха специалисташ..
Парг1атбика.
Х1инца санна ,вай дика бийцахь ,тамаша  бу  вайн специалисташ хилахь.

Пьеса  чекхъяккха езаш ю,
Пьесин идея 6 хьехархойн коллективехь доцу низам,
Нохчийн мотт цабезар а ,цунна дуьхьала акци лелор а.
Дагадог1у ,шортта дуьхьала куьйгаш язде мотт ца хилийтархьама бохуш акци яржина. Иза массо а школашкахь дара ….
Чекхъяккха еза ко дНю чеченского языка…
 Цхьаболу хьехархойн сибат.
Ахча,ахча,ахча .Да вийна а ахча,Нана маре яхийтина а ахча ,йишин сий доьхкина а ахча,к1ентан юьхь яьккхина а ахча. Шайн х1иллане  яххьаш дийнахь массийтаза хуьйцу оцу тайпа адамаша.


                2007  -2008 шераш



Забаре хиламаш
-, хьо мичахь ву ? Хьо хоьттуш ву-кх вайн хьаькам.
-Хьаькаме, дика белхало  кар охало хуьлу д1аала.
***
 Хьехархо:
-Бераш, юкъахь т1  элп долу дош хьан далор дара?
-Ялг1у.
-Мичахь ду «ялг1у» бохуччу дашехь  т1 элп?
-Т1ам ца хуьлу ялг1ун.
***









Берашна лерина забарш

1.-А  элп  алал!
-Доккханиг ,я жиманиг?
2. Хьан эр дара хьалха ж элп долу дийнатан ц1е.
-Ж1аьла?
-Дика боху,охьахаал.\
-кхин хьан эр дара ?
Юха а Чачас  куьг айдо.
-Алал-олу хьехархочо.
-Кхин цхьа ж1аьла.


Рецензии