Ойланаш

РогIера кхин цхьа де, дIадели дахна,
Маржа-яI, валарна герга со вуьгуш.
Кхин цхьа де яцъели зама сан тахна,
-ЙогIучу кханенна ойла ян вуьтуш...

Леррина ойла еш, дахна де луьстуш
ГIайгIане ладоьгIуш наб яйна сан.
Диний-те дан дезарг ас цхьа а кхочуш,
Я эрна хан йойъуш, де дели дIа.

Дог хьостуш хаза дош аьллий-те цхьаьнга,
Я доцург дийцина къа латий ас.
Я сагIа кховдийна дог эцна цхьанна,
-КIоршаме вист хилла йина-те вас.

Ойланаш, ойланаш сан коьрте хьийза,
Буьйсанан йохаллехь ладоьгIуш Iа.
Гуьйренан шийла мох сан корехь цIийза,
Гур дуй-те тIедогIу и хаза Iа...

        август,2019ш.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →