Безаман овкъарш

Ахь хlинца беттаса лар ма до малхехь,
Ас хьан малх ларбарна буса.
Вай вовше ган доьгlна дацахь а йуххехь,
Хьан малх - сан дог дохдо хlусам.

Вайшимма къастийна хилла ши седа,
Хьуна а, суна бицбелла.
Уьш хьалха санна кхин вайна ца къиэда,
Цаьршинна вайшиъ дицделла.

Ас хьан цlе тиллина кхиийна зезаг,
хlинца ма маргlала даьлла.
Тlе полла ца хьийза, цхьанне ца деза,
Тlебоьду некъ акхабаьлла.

Сан ойла - этмаьlиг, безаман новкъахь,
меллаша боларца йогlу.
Сан даг чохь йиси хьан безаман овкъарш.
Цхьамма а уьш дlа ца йоху.

Минцаев lальви
27.08.2019


Рецензии