Бовха межиг

          Сийначу Сибрехахь санна, луьра lаьвла  хенахloттам лаьттара цу шарахь. Соьлжа-Гlалахь вехаш волу жима стаг lалис, цхьана мукъачу шоьта дийнахь, шен гергара нах болчу юьрта хьажа-хlотта веанера. Дукха дехой а, ненахой а бара кхуьнан цу юьртахь lаш. Гуттар санна, баккхийнаш болчу а воьдуш, цаьргара хьал-де а хоттуш,  массанхьа  чекхвелира  lалис. Тlаккха суьйранна,  шен хеннара болу шичошца сакъера цхьана чохь схьагулбелира хlорш. Цигахь луьйш-олуш, цхьацца хилларш-лелларш дуьйцуш, сакъоьруш lийра уьш бехха.  lуьйкъе хуьлуш бен дlаса а ца бахара.
          Шолгlачу дийнахь делкъа хан хиллалц вижна а lиллина,  гlала дlаваха тохавелира lалис.  Пеша хьалхахь хlинцца хьокхамаш дина а яьлла, межаргаш да гlерташ йоллура кхуьнан девешин зуда а. Охьа ян кечъйелла, гlалахь институтехь доьшуш йолу кхуьнан девешин йоl а яра.
          - Вай эвла лелаш йолу автобус дlаяха дукха хан а ца йисина. Схьавола, катоххий кlеззиг юучух кхета хьайна, - аьлла, пах санна кlеда, хlинцца пешахь беттина бовха хьокхам а, тlо-берам а, гlалмакх-чай а хlоттийра lалисин шичас.
          - И дlо пеша тlебиллина межиг баллалц  lа йиш яц вай? – хаьттира, вела а къежаш, lалиса. – Ма дика хир бара иза а кху тlо-берамца.
          - Яц! Хьо вижина дукха ца Iилланехь хир яра. Лели валалахь катоххий. Вайша автобусана тIаьхьа диса сахьт а дац хьуна, - бохуш,  сихвира  Iалис  девешин йоIа.
          Шена тIе хIума а йоьхна араволуш, беттина баьлла цхьа межиг дIакхоьвдина схьа а эцна, шен тIерачу дубленкина чета боьллира Iалиса.

          Арахь шийла яра. Автобусана социйле дIакхачале яххьаш цIиеллера кхушиннан. ХIорш тIехевшина дукха хан ялале дIайолаелира  автобус, шена тIаьхь масийтта еса хоийла а йолуш. Юьртара ара а яьлла,  гIала йолчу агIор  дIабоьдучу новкъа дIаоьхара хIорш тIаьхь болу автобус. Лулара юьрта гуолатухучу меттехь, некъана йистехь куьг лоьцуш лаьтташ  яра цхьа жима зуда.  Шопар цунна тIех ца велира. Автобус чу иза хьалаяьлча, массо а леррина дIахьаьжира цуьнга. Чоьхьа яьлларг шелонехь  цIарула цIийелла беснеш а йолуш, цхьа  хаза юьхьсибат долуш къона стаг яра. Цунна тIера  бедар-хIума а яра товш.  IалисагIарна уллохь долчу десачу гIанта охьахиира хьалаяьлларг.  Къайлах-къулах  цуьнга  хьежа  велира  Iалис  а. ЧIогIа  тайра  кхунна  иза.
          «Тпу-тпу! Йилбазлерг Дала къардойла! Сурт санна хаза ю-кх иза! БIаьрг ма  хилийталахь кхунна», - бохуш  ойла хьийзара Iалисан коьртехь.
          Цуьнга вист хила а лууш, хIотта а ца хIуттуш Iийра иза вехха. Хьанна хаьа иза неха цIентIехь юй а?  ТIаьххьара  а  хIилланца бегаш  бан  велира Iалис:
          - Ма къиза стаг ву и шун цIераниг, ва-м! Хьо гIуорийнехь хIун да воллура те  иза, дуй  хьуна?
          Цхьадика, шопаро автобус чохь гIеххьачулла чIогIа  лоькхуьйтуш автомагнитола яра. Цундела кIанта  дуьйцург нахана хезийла дацара, уллехь Iаш йолу цуьна шича йоцчунна.
          Шега Iалиса аьлчунна дуьхьал йист ца хилира кхарна улле охьахиънарг-м. Амма Iалиса ша йиттане а ца йитича, ела а елла, доцца жоп делира цо:
          - Ва-м вац цIахь цхьа а.
          - ТIаккха дера беза хьайна цхьа гIайгIа бан! Кхетий хьо?! – майра велира Iалис.
          - ?!
          - Ца хуьлча  далахь, со а ву-кх хьуна хIокху меттехь вола а ваза Iаш. Хьо ца тешахь, хIоккха Iаш йолчу сан шичига хатта мегаш а ду-кх хьуна. Кхетий хьо?!
          - Кху кIанта бохург де ахь, йоI, хьан кхаж бера бу хьуна тIаккха, - тIетайра Iалисана цуьнан  девешин йоI  а.
          - Нахе ла а ца доьгIуш, ас бохург дича кхунна гIолехь-м ду! Дера вац со цхьабола кегийчу нахах вешаш стаг. Ехачу бIаьста, аьхка Сибрехахь, Казахстанехь бала хIитталц поппарш а кегабой, тIаккха цIа а богIий, дехачу Iаьно бийшина ма Iохка.  Я диеш-дуьтуш а доцуш, кисана куьгаш а духкий,  туйнаш а кхуьссуш, цу юккъехула хIуш а дууш эвлаюккъехула буьйлабелла лела. Вай, царех дIа а ца тарлуш,  шен хеннахь дийшира, дуй хьуна. Цундела со сай балхахь а, некъахь а ву. Цундела, ас аларх а ца тешаш, муьлхха а едда зуда йогIур йолуш а ву. Кхетий хьо? - шен шовкъе къамел сацо дагахь а вацара Iалис.
          Амма кхуьна девешин йоIа муьшка а йина  сацийра иза. ТIаккха шаьшшинна уллехь Iачуьнга йистхилира:
          - ХIара иштта забар йолуш ву хьуна, хьо башха цец ма йилалахь.
          Шен юкъах даьккхина къамел кхидIа а да хIоьттира Iалис:
          - Цу тIехула тIе, лаьттах ког тоьхна  хи а доккхур долуш, пенах корта тоьхна Iуьрг а доккхур долуш, цу Iуьргахула эшахь лаьхьа хилла чекх а вера волуш, хIара долла дуьне тIох аьлла иккхина сийна стигал хьала даьлча а шек дIа а вер воцуш кIант ву-кх хьуна хIокха меттехь! Кхетий хьо?! ХIун де боха ахь тIаккха?!
          - Ваййй… Хьо санна волчо четахь межиг а боттара, - эккхийтира йоIа кхуьна къамелах ца йешаш санна.
          - ?!
          Iалис а, цуьнан шича а чIогIа инзардаьлла вовшашка хьаьжира. ТIаккха оззийна шен четара хIинца а шелбалаза  межиг схьа а баьккхина, цунах ши дакъа а дина, цхьаъ йоIе  дIакховдийра Iалиса:
          - ХIан, дIаэца хьайна! ХIара бу хьуна межиг а! Эшахь межиг хьаха, мохь тоьхна сискал а йоттур йолуш ду вай-м! Хьуна-м дера моьтту, суна хIумма а ца моьтту! Суна шортта хIуманаш моьтту хьуна!  Кхетий  хьо,  дуй хьуна?!




19.11.2019


Отзывы к рассказу, опубликованному 19.11.2019 в Фэйсбуке на моей странице и в группе "ГОЛОС ДУШИ СИНАН АЗ":


Лариса Джабраилова Дела реза хийла, Хаваж,х1ара де хаза дерзорна!) Ма самукъане дийцар дара иза!

Зура Сулиева Хаваж, х1инцца, ган ма-гиннехь, ела а къежаш(автор а, цуьнан стиль а сайна дика йовзарна), дийши ас хьан забарен дийцар. Исма Акаевс х1уъа бахахь а, и хьан дийцар санна, хаза-м ца хилла хир ду цунна хезнарг. И ду-кх ас бохург:талант-иза Африкехь а талант ю. Ма дЕша дог дог1уш а, ма самукъане а, ма говза яздина а ду и хьан дийцар(не знаю, умер в тебе экономист или нет, но что писатель в тебе родился, - это точно!). Дела реза хилла хьуна! Цу хьан дийцаран турпалхочун маттана говза хилар цхьаннах тера-м хета суна...

Диана Сатуева Не смеялась,ржала.А перед этим такое настроение было- никакое. Спасибо!

Зура Сулиева 
И я ржала , про этику забыв.
Рассказ Хаважа-это высший класс!...

Лоьма Чабаев СУПЕР! Заманан хатI-амал вуно хаза гайтина, дика йоза а, маьIна а ду дийцаран.

Дадикент Железный Хаза дош долуш яздина ду. Цу хенахь иштта йо1е вистхилар хуьлаш дара . Ч1ог1а самукъне вовшен кхетам болуш а дара. Х1инцам , со къанвелла дел ца хууш хир ду суна ,тахана муха ду,амма Хаважа яздинарг ,хилла х1умнаш ду. Цу хенахь вай лелина ду.

Мовлди Хатуев  Х1окху доцца дийцарехь алсам чулацам бу. Оцу йоь1а некъ нисбелла хир бу аьлла хета сун.


Рецензии