Амерханова Амина, член литклуба Даймохк

Нана
Нана-сан дозалла хьо,
Сан деган хазалла хьо,
Хьох даим йоккхае со,
Хьо йолуш парг1ат ду дог,
Де доьхна йисинчохь со,
Соьга ахь куьг кховдадо,
Доьзалан дола ахь до,
Хьайн ирс тхан ирсаца го!

 Ло
 
Ло дог1у, бераш ду ловзуш,
Церан мел  сакъерало,
Лайнчимаш хелхар до говза,
К1айн 1алам а делало,
К1айн хьаш- 1а кхечи вайна,
Шен хазна цуо вайна ло,
Сан дагна хьо ч1ог1а тайна,
Ас хьоьга маршалла ло!

Сан Баба
Сан Хьоме Баба!
Хьо еза суна,
Хьол хьоме х1ума дац
Дуьненахь суна!
Эсала ю соьца
Даим сан дог оьцу
Ехийла тхуна хьо
Хьомсара Баба!
Хьан марзо денна
Юкха совюьйлуш,
Яхалахь тхуна
Тхан оьзда Баба!


Рецензии