Денойн хьесап юкъара

Х1ара  хир ду-кх  х1ара де-дийне мел вели  а бералле  воьрзу  ...
Ши кхо де хьалха  Абузар Айдамировн "Дарц" роман йоьшуш со 1уьллуш,зудаберийн г1овг1анаш хезира суна  кора к1елхьара схьа.
Уьш  ловзуш бара Хьехархочух а, Лоьрах а.
 -Аса шиъ дуьллу хьуна,дика 1амаде хезира схьа.Дика ца дешахь,юха а т1ом хир бу.
Тахна к1ентий бу ловзуш 3-5-6 шо хир долуш кхо к1ант
 -Хьавоьл,аса операци е хьуна боху цхьаммо.
Кхо шо кхаьчна Дауд ву операци еш верг.:"Х1ан хьоналла  хьакхийта,чов д1аерзийта"...
Маржа-я1 ,цкъа девр ду-кх вайн бераш къизаллин гурашкара.Дала 1алашдойла шу.Сан нохчийн бераш,т1еман бераш!
Раджаб-3-27 июль 1427-2006 шо.

 
***    ****    ***

 Ахмадовн Мусан  жайна.

 «Нохчийн  г1иллакх-оьздангалла"жайна арахецна 2000-чу шарахь.Цу жайнех дуьззина  дош ца аьлла,суна хууш,арахецна аьлла билгалдар доцург.
Бусулба адаман хила беза синоьздангаллин некъ бу авторо гайтинарг.Иза хала а,чолхе а  бу,дуккха а динца ,дахарца доьзна г1иллакхаш  ду лардан а, лелон  а дезаш.
8 декъех долчу жайни т1ехь нохчийн къоман ламасташ кхолладаларан некъаш гайтина ца 1аш,оцу х1ора ламастана дийцар а далийна Мусас.
Къаьсттина билгалдаккха лаьа Мусас говзачу маттахь далош долу турпаллин адамех долу дийцарш-Исмайлин Дуда ву царех цхьаъ…
Делах тешар-адамийн коьрта идеологи хила езар хоуьйту,Делан парзаш довзуьйту.
Х1ара жайна к1орггера талла хан оьшу:х1ара тайпа жайнеш вайн хиллехьара,х1аллак а ца деш,мостаг1аша дитина хиллехьара,вайн къоман дахар дикачу аг1ор нисделла хир дара.
Къоман Кхетам самабаккхар ю ала мегар ду жайнийн коьрта ойла.Шен селхане йовза еза,Кхане сирла ган лаахь.
Таханей и Селханей,Кханей вовшахтосу т1ай ду.Селхана ахьа бина некъ г1енах санна нисло,цундела сема селхане –сирла Кхане.Иштта дика а,ц1ена а ойланаш дагайохкуьйту х1оттийначу жайно.Хьекъал дерг кхетам болуш а велахь,Кхетам болчуьнан хьекъал а делахь бен нислуш дац Дахарехь низам.
Дала беркате дойла-кх х1ара жайна а, дикачу нехан дахар,Дала Иман ч1аг1дойла –кх вай. Дала толабойла Исламан некъ!

 ***  ***  ***
 
Ешна ели «Теш ма лаца», Ма1дулла Завриев  ву автор.
 Романан  сюжет йоцца.
Ши ч1ир -коьрта проблематика.Харц а ,нийса а ….Дукха хьолехь Харц ч1ир толаме а лела дуьненахь.
Аьрсиг бехк боцуш  воь Къах1има,шен лачкъийна  дин юхаберзабе ала веъча.
  Ткъа  бехк боцуш коча вог1у Ойсаг1еран Атхьам 1умар-Хьаьжин 1усамана.Кхуьнан езарца бегаш лелабо ,юха  йишех Хедех куьйгаш туху.,юха ша  вейта араволий ша воьйту….цуьнца  цхьаьна  доттаг1 а кхелха.. .
 Шах1ид,Аьстамар –уьш бу ч1ир лохуш  Къах1имера.
Мас1уда  хьалхе йоккху , и ву ч1ирхо.
Дога воь,Къах1иман ваша,цхьа а бехк боцу  ваша. 1усама а воь, 1умар-Хьаьжа а.

Нунуев С-Хь «Есалла» Гойтуш берг бу Не1алте мур.не1алте зама а .
Тухушев-мотт тухушверг
Хумпарова Асмаъ-хумпар
Гулушев –митинг гуллошверг.

Шайхи  Арсанукаевн «Кхолламан сизаш» а ешна ели.
Ризван,Володя,Виктор - коьрта турпалхой т1амт1ехь цхьаьна.
Юха –Ризван а,Клара а…
Цул хьалха сюжетехь-Ризван а,Зарган а.
Кхолламо Ризван Берлине  кхуссур ву,ткъа Зарган –генарчу малхбале-Казахстане.
Роман в стихах Евгений Онегин дагавоуьйту…

Ахьмад-Хьаьжин  поэзи а йийши 7-чу лоьмарехь «Оргин». Дика язйина ю.
 2006   шерийн йозанийн хьесап.

21.09.06.
Тоба «Пхьармат» Зударийн , зудаберийн тоба.Тхьамда- Уциев  Абу.1уьйранна 11 сахьт даьлча  д1агуллой 3-4 сахьтехь...Зудабераш ду кхузахь алсам... Тхоьца Асет,Амнат,Зайнап,дуккха а бу… «Марг1алш» арахоьцур ю Уциев Абус а ,Хатаев 1абдул-Хьамид а .
 ********
Тахана   редакци яхнера со Уциевий,Хатуевий  сатирически  дийцарш а ,айса яздина забаре 3-4 дийцар а даьхьира.Абус «З1уга» журнал т1е сан доцу дийцар туху,цуо суна  х1уьттаренна дича санна а хета иза,сан суьпаллех воьлуш…Ас къобал ца до цуо т1етоьхнарг.

***   ***   ***

Автобуса т1ейолу со ..Иза  йоьттина ю. Дуккха  а кегийнах бу цу т1ехь. Уьш хьо ца гучха  1аш бу,я царна г1иллакх х1ун ду а ца хаьа.
Цхьа жима  стаг хьалаг1отту,сан дешархо а хуьлу цу т1ехь,иза а ву шен телефон кегош.

Шаверг  а жимаха ву оцу автобус  т1ехь.
Суна аьрро аг1ор шиъ ву д1анисвелла.цхьаъ 30 шо хир долуш,ткъа важа-18 -19 шо хир долуш.Церан буйнахь 1оьху мобильникаш. «Нашидашна  юккъехула  оьрсийн маттахь  «Дела хьехош кхин цхьа  телефон а..»
Моьттур дара иманан  тоба ю кху т1е гулйеллариг. Оцу  ханна юкъа  цхьа маьттаза  байташ  латийра. Цхьа а вист а ца  хуьлура. Со ца 1еелира.  Эхь ду иза ,д1аяккха  иза… Вышел зайчик на крыльцо….-сацийра. Амма  суна хала дара..
Мичахь ю вайн дайша сатийсина синц1еналла,оьздангалла???… Шаверг а телефоне вирзина,ткъа цуо иман г1елдина диснарг а...Цхьаъ дан деза ,х1уъ а цхьаъ .
Х1уо бехдина ,х1уо бехделла,цуо х1у  а бехдина!!!
Кхин д1а  «Хиджаб», "Закри»…дийцарш…,»Има дийцар а кху т1ехь ду,


4 январь 2007 шо
Эх1,ма хаза кечйина «Минутка».Къонаха ву,бусулба а ву,шен Ден во1 хила хьакъ а ву .Ша къа а хьоьгу ,къоме къа а хьоьгийта,иштта хила а веза куьйгалхо.
    Аса цкъа –цкъа  обарг Зеламхийца дусту цуьнан васт,х1окху заманан Зеламха ву-кх. Мискачех къа хеташ а,дог лазаш а,долчуьнгара схьадаьккхина  а г1ийлачуьнга хьожур волуш…
Бакъду,оццул цуо къахьегарх  синоьздангалла,синц1еналла  дефицит ю, Ц1анъеш ЛАЬТТАШЕХЬ,ЯРЖОШ БЕРШ МЕЛ ДУКХА БУ..Аса сайга хаьттича  патрулаш  х1иттабойтур бара,нех охьакхоьссинчуьнгара  г1уда  а доккхуьйтуш…
Маша Аллах1,х1ара хаза т1ай,х1ара Хазалла ,Исбаьхьалла!!! Дуьненна  а  д1аохьа ,массарна а д1агайта…
Зайндин ма самукъадолу кхунах,дависа и сахар гучудели-кх цунна  а…

***    ***   ***

   Бирлант ,Зайнди даим къийсало…Царех ду х1ара дийцар.
Цаезачу йоь1ан цавезачу к1антаца цхьаьнакхетар»
Ь и ший а х1инца доккхахилла,г1еметта  а х1оьттина,амма  ахьа цаьрга  ладоьг1ча  ,уьш х1инца  а бераш ду. Цунах хаьа  мегар д уса цкъа а къанлуш цахилар,дег1ан чарх мел тишъяларх а.
Са – и х1аваъ ду,ц1енчохь ц1ена а,боьхачохь –боьха а кхуьуш….

  Хасис ,Х1ажарс даим  а дуьйцук  шаьшшиъ дезаш вовшех цакхетарх лаьцна.. Бераша уьш хьийзабо 6
-Дависа,хьайна везачуьнга яханехьара кхечу тайпа хир мка дара хьан дахар,бохуш.
-Делахь –олу Х1ажара ,со везачуьнга кхуо яха-м ца яхийтира,нахана везаш-вевзаш волу цхьа хьенех-минех вара шена т1ехьийзаш,х1окху шу ден гергара а волуш,цуьнан х1уьтаренна йигира кху со.
-Тоьур дара кхин х1умма а ца хилча  кхуьнан ши буьхьиг ирх хьаьвзина баьццара  ши ботинка-м,тишалла яла йоллуш…
Х1ажарна дагахьа а дац ша бераша хьийзайой ,бераш аьлча а ,уьш-м шайн доьзалш а болуш нах бу,делахь а дай-наний хабаре дог1уш хазахета кхарна,къаъсттина йоуккхаха йолчу йо1ана Кемсина.
 Юха дена коча йоьду йо1 шен забаршца.
-Ванах ,Хаси,ма хала еъна ша боху хьоьга Х1ажарс,бакъ дуй иза?
Да воккха забарча ву.иза кхета шега муха боху…
    «Ца  хаьа ,и  ботинкаш  муха  яра,бакъду цу  ботинкашна  гонах  хьийзаш нийса ах юрт м- яра.Ткъа х1окху шу нанас мел 1ехийра со,эцца тхан лулахь  и цхьа хохийн ирзу а дийна ,вайшиммо буур бу х1ара хохаш а юхуш.
Юха вела а къежий олу: «Бакъду, хохех дикка г1уллакх-м хилира цу шарахь.,уьш-м Оренбурге а юаььхьна д1абоьхкира.
 Хьажахь ,боккъал а расчет а йолуш ялийна хилла –кх ахьа тхан нана,ледара –м вац тхан да.
2Хохаш г1о бацара олу Хасис ,б1аьрг а та1ош.
   Х1инца хаьа суна,сой ,лечий хаза х1унда дац,кхин д1а бегаш бо Кемсас, Цавезачу к1антана цаезачу йо1а дина дол дела. Зезаггий Куьйрий дуьненчу долуш мелла  в ошийн марзо кхоллаеллачух тер аду ,и шеа  а хаза,нисделла ду. Эццахь юкъа кхоссало жимах волу Мовсар а:
-Ткъа со ма вац кхин нисвелла ,безам д1алахбеллачух тер аду-кх аша дийцарехь …
-дера х1ара ва-м вара х1ета а ацхьа жеро яло араваьлла,олу Х1ажара.
 И къамелаш тхан сих-сиха  нислора…
Суна х1инца уьш д1аяздан  лаьа-кх ,дицлахь а а,цхьа мехала ду ,деца-0ненаций мел доьзнарг.
Д1а мел  дахана де –цхьа мерза  чам болу стом ,т1едаза де-аьрга ,чаьмза стом.


Зайндис дуьйцуш хазахетара суна х1ара  дийцар. 20 шо кхаьчча –ж1аьлла санна  веха  доьзална,сих-сиха оьг1азе  царна  г1алх-г1алх а деш. 30 шо кхаьчча –вир санна веца,
50 –маймала лах терра  д1ани сло,бераша  муьшкаш а еш веха.

Джанаралиев 1имран кхин вац,хетарехь  п1ераскана,я шота дийнахь. Суна 1имран дуьххьара Лечас  вовзийтира,аса  берийн говзарш кхоьхьура,сайнаш а.Дика адам дара 1имран ,берс анна хьаставелла массарна а.ша х1ун дика дийр ду ца хууш.Суна и цхьа гергара хетара .
Догц1еналла –и яра цуьнана  амалан ..башхалла …
Цхьа  ч1ог1а хорам хили суна х1инцца сарахь меттигера  телевиденехь хаам  би . Со  юьрта еънера  дена  сахар ду  аьлла цунах хорам  а хилла ,ткъа  х1инца 1имран кхелхина аьлча .Тхан да а ,1имран а вовшийн реза вара,цуо а кхуо Назманаш ю гульеш.Тхан дел   а итт шо  жима вара 1имран …1имран ,дала декъала войла хьо,дика лар йитина ахь дахарехь-«Назманаш»Аллах1о декъалвойла ,Маьрша воьрзийла хьо дезачу Эхарте. 1427 –Зуль-Хиджа ( 09.01.2007)


 11 май  2007 –Джамалханов Зайндин 85 шо. Зайндина  язйина  байташ  кху дийнахь
Эрна дац  хьан вахар,эрна.


 1427  -2008
Селхана Итум-кхаьлла дахара тхо коллективца.
34  школа  д1аяьккхина ,46  школе  д1адахийтина тхо




Адамалла

Адамалла – цхьа  башха  куц  ду  иза  хьаьнга-хьаьнгахь  а хуьлуш а дац.Иза къинхетамалла,догдикалла ,иманалла а ду…Иман хиларан коьрта башхалла ю и адамалла.

Кехаташ дара сан сихха зорбане даха дезаш,ткъа  компьютерца кхин дикка  гергарло дац  ,кегийчарна дика хаьа . Тоьлла Хьехархо « конкурсана кечлуш яра со,цхьа де бен ца диснера кехаташна. Ма-кхуьу сиха чекхдаккха дезаш дара. Юьртахо а волу шву ,сан хилла цхьа дешархо Шерипа,ч1ог1а  бакъахьара к1ант .Цуьнга дехар до аса  санйа г1о дахьара олий,иза цхьаьна  офисехь балхахь ву.
Шерип дикачу  ден-ненан хиларал сов ,хьеъале ,товш к1ант ву.Дукхха хан йоцуш  шена  еза  йо1  ялийна  кеорла дахар а долийна  цуо. Маттана шера ,муьлхха  а йоь1ан корта хьовзор болу шву к1ант. Шерипан ат1еяхара со ,цуо ша х1инца  хьан г1уллакхе  хьожуьйтур ю шена евзаш йолу цхьа йо1 а аьлла ,хьалхавелира.Г1алин боккхачу  арамехула  цунна т1аьхьах1оьттина  болар эцна йоьдур со,дагахь хьега а хьегаш к1ентан т1ахъаьлла хиларх.П.урамехь мацах барски  ц1а  долчохь цхьа  г1ишло ю ,т1ек1елйинга. Хьалхара г1ат парикмахерски,ткъа цунна гергга –копютерни чоь а .
Тхойшиъ  компютерни  чу даларца цхьа екхаелла,елаелла дуьхьал едира и йо1,Тамила яра цуьнан ц1е.Иштта яъккхира Шерипа иза.
Шерипа хаийтира ша  со ялош вар а,суна накъосталла оьшуш  хилар а.
Йоккха хиларе терра суна дика го йоь1ан к1антах йоккхаер,цуо цуьнга къайлаха  догдохуш хилар а, амма  Шерипна дагахь х1ума долчух тера дац. Дукха хан йоцуш шен далийна  жима  нускал а долуш ,1аш волчу  кхунна  хьашт дац кхин х1усамнана.
-Шерип,кхузза охьахаа шена уллорчу  г1анта куьг хьажадой,гуттар екхаелла ,елаелла охьахуу Тамила.

Ткъа Шерипа соьгахьа а воьрзий,олу:
-Хьайолахьа ,Хьенех,кхузза охьа а хаий кхунна ешахь,со сихо ву ,кхуьнан г1уллакх делахь а олий,араволий д1авоьду Шерип.
 Эццахь кхолало ,мохо мархаш д1аса а лаьхкина,серла яьлла стигал санна,к1ант гучуваьлча екхна  хилла йолу йоь1ан йо1.Со цунах дика кхета,суна цунах къа а хета.Юьхьсибат а хийцало йоь1ан,цхьа сирла ,горга хилла юьхьмарш х1инца озаелла,оьг1азе д1ах1оьттина…Ойланашкахь ю и…
Со к1еза санна,хьастало.
-Тамила,аса йоьшур ю хьуна,сихха ер яцара те вайша.
Дог ца дог1уш ,клавиатурех п1елгаш детта йолало йо1,юха цунна орцаха еъча санна,чоьхьайолу цхьа ши зуда,ксерокс йоккхур ярий шайна ,олий…
Йо1а дукха реза хуьлий,цаьргара кехаташ схьаоьций,ксероксаш йоху ,юха соьга олу:
«Хьажахь,бехк ма билалахь сунах1окху  хьан кехатех г1уллакх хир дац,хьуна ма-гго х1ара адам ду схьаоьхуш,кхеран хьашташка ца хьаьжча а ца йолу…Цхьанхьа кхечанхьа хьажахь,сайчух г1уллакх хир дац хьуна…»

Ч1ог1а халахета суна,догэккхал,делахь а собар доьху.
Сайн кехаташ меллаша  схьа а оьций ,.
-Хьажахь,х1ун яра хьан ц1е? Тамила яра моьтту суна.
Оцу Шерипа ,сан гергарчу к1антана хьалха сан г1уллакхе хьажа рехза хилар ,ткъа х1инца  ойла хийцаялар х1ун ду хьан.Йо1 жимма юху,цуьнан дала жоп дац.
Ткъа со ца 1ело алаза:
-Делахь ма доца г1иллакх ду хьоьгахь,иштта хьо д1алелахь,ма дукха зорба детта дезар ду хьан,мехала ца йолуш.
Со арайолу.Ц1ена сийна екхна стигал гата санна яьржина ,ц1ена х1аваъ.Амма суна хала ду ,хорам хиллачу  дагца х1уо чуийза. Адамалла йоцчу,г1иллакх доцучу адамаша бехдина 1алам…
   
              ****     ****     ****


Рецензии