44 Дахарехь зеделларг

431) Къонах ц1аро веш вац, ц1е къонахчо еш ю.

432) Дахар а, 1ожалла а цхьана хуьлуш яц. Дахар долчохь 1ожалла яц, 1ожалла йолчохь дахар дац.

433) Осалчу стагана хьан бекхам хьо оьзда хилар бу.

434) Хьекъал доцург - 1авдал ву. Кхетам боцург - сонта ву. Хьекъал а, кхетам а боцург - тентак ю.

435) Цхьацволчуьнга ахь дийцинарггий, цунна цунах хезнарггий йоккха башхалла йолуш ши къамел хуьлу.

436) Ц1е шина тайпана ю, хьуна тиллинарг ю, ахь йинарг ю.

437) Ала ца дезачохь аьлларг  а, ала дезачохь аланза диснарг а цхьатерра дайна ду.

438) Хаарш к1езиг  хилча моьттурш садовлу.

439) Нах хьох самукъа долуш бийлар г1оле ду, цабешаш буьйлучул.

440) Шена коьрта хетарг леррина кхочуш до.


Рецензии
Дела реза хуьлда, зеделларг довзуьйтуш къахьегарна! Дала йоле-меле дуьллийла ахь дийриг!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   23.03.2020 10:51     Заявить о нарушении