45 Дахарехь зеделларг

441) Аьхь-бехк дайна хуьлучулла велла хилар а г1оле ду.

442) Стеган дарж дац мехала дерг, цо ден г1уллакх ду.

443) Г1ийлачунан, тоьллачунан къамел цхьатера ца хуьлу.

444) Т1ех лерина ден г1уллакх цхьа сакхт доцуш ца дёрзу.

445) Зуламечу стагера хила дика дац, ша и валар дацахь.

446) Бахам дукха мел хили а б1армецкалла са йолу.

447) Сатийсар к1еззиг хиллачуьнан дагахьбалам а к1еззиг хир бу.

448) Хьалха баьхначаьра мел дукха динехь а церан кхочуш хилла х1ума дац.

449) Ша чекхдоккхур доцург дола ца дар г1оле ду.

450) Хьехар дан стаг велахь ла дог1ар са ву.


Рецензии