Папка 2020
Ас къамел до....
Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.
Цхьа воккха стаг, хьаста велла,
Телхина лела моьттуш со..
Хаттар деш, вист хилира соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн кхетам берг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш са чохь верг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.
Р.А.А.
Хьонкахошка
Б1аьсте ю чу хьоьжуш вайга,
Лаьттах д1аэелур бу хьонка...
Эцийта аш цунах рицкъа,
Баийта и безачуьнга...
Хьонка Делан беркат ду
Цигахь - кхузахь вайнах бу...
Цхьаъ хилла вайн мехкан дай,
Хьонка бертахь баий вай?
Лаьттахь беркат дебар ду,
Вовшашна вай дезар ду...
Дайн хьехамаш ма бу вайга,
"Кхайкха ма дайталаш гайшка...,,
Баккха хьонка болччара,
Нах а битий Борзера...
1ана бахна лаьтта и,
Даймохк бу вайн беркате...
Б1аьсте ю чу хьоьжуш вайга,
Лаьттах д1аэелур бу хьонка...
Эцийта аш цунах рицкъа,
Баийта и безачуьнга...
Р.А.А.
Кхихкина бели...
Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ш'а бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, ша т1улган амалах хьерчаш...
Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...
Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.
Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам,
Хьо- м ца веши, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача - м,
Лаьар - кха, хьан некъ цу ирсе д1а....
Цул т1аьхьа, сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьха доьзна некъаш хедадан...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша ваха,
Хьанал дина, ахь сайн диъна са...
Р.А.А.
Резванова Айза
Хьан ц1арт1е ц1е йилла...
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара...
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со!
1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьерчаш,
Кхийссалуш и сирла шовданаш ловзура.
Бесс– бессара шакаршца эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэе г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара,
Куц хазчу 1аламах ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца, мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1еткъий,
Г1ерг1ачу терках и елхаре йоьдура.
Стогаллин амалехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн доьналлех дуьйцура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн, сий лаккхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима, до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира...
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара....
Сийлахьчу хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!
2019
Мух1ажаран ойла
Генахь со велахь а, бац дагна хера,
Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта со веха, са парг1ат даьлла,
Хьан бала сан деган пхенаш чу баьлла.
Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца цхьана муьргана хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь, сина маршо яйна,
Хьийзачу мохах са, хьан не1ре идда.
Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш, хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лелла, къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах, кошна барз балла...
2017
Резванова 1аьрбин Айза
Яшуркаев Султанна лерина
Даймехкан марзонах къастийна,
Безачех, бевзачех хьагийна,
Бертаза махкаха ваьккхина,
Хьан лелар, йал йоцуш ма дойла!
Балано кийрахь дог 1евдина,
Харцоно мерза са лазийна,
Мух1ажар хилла ахь йаьккхина,
Хан Дала, совг1ате хьан йойла!
Халкъана совг1ат дан лерина,
Хьайн ц1енчу ойланех дуьйцина,
Х1ора дош нур - деших къегина,
Хьан сина теш хилла г1оттийла!
Комаьрша кевнаш д1адаьстина,
Шайн мехкан хьаша хьо лерина...
Хьан доьхна дог - ойла хьаьстина,
Халкъашлахь барт - безам лаьттийла!
Нохчийчохь ирсе сатуьйсуш,
Маьршачу дахарах ваьлла...
Даймехан бакъонаш къуьйссуш,
Хьан кхалхар Г1азотехь дойла!!!
З1.01.2019
Резванова Айза
Сийсаза балур бац и майра к1ентий,
Заманца вайн лаьмнех кхуьур ду сий!
Бакъонан некъ къуьйссуш, эгна сан вежарийн,
Дагалоьцуш дегнашчохь кхехкар ду ц1ий...
Мостаг1ий хьегна бу, доьналлех церан,
Эесехь схьа мел керча хиламийн сурт...
Элчанан юьхь ларъяр дозалла хеташ,
Собарца гайтина цара вайн дурс...
Дилхина, доьлхур ду вайн дегнаш царна,
Кхиийна бацарий уьш - м т1амна вай...
Делахь а, ца езна юьхь1аьржо дайшна,
Ца биси уьш баха амалца лайн...
Азаллера абаде зама ю еха,
Ткъа декъалчийн зама хан тоьхна яц...
Дуьненахь, эхартахь г1азотан некъа,
Х1итинарш, Аллах1а Шех къастор бац!!!
Ин Ша Аллах1!
Къиза десте хилла хьо тхан къомана,
Бала лайна хьоьца дайша даима....
Ца тадели дог хьан, яларх зама д1а,
Тхо - м денц1ахь дай, Россий, кхетахьа!
Бигарх дай ахь, махках баьхна генна д1а,
Леларх дог1маш, ц1а сатуьйсуш паналлехь...
Синош дара церан хьийзаш, Даймахкахь,
Тхо - м денц1ахь дай, Россий, кхетахьа!
Стигал, латта сийсош ц1е - к1ур биллина...
Ахь хьовзорах дуьне т1арал гатдина...
Тхайн Даймехкан сий деш, дала - диса а,
Тхо - м денц1ахь дай, Россий, кхетахьа!
2019
Резванова Айза
Маржа я1, маржа ...
Лаьар- кха, дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар- кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар- кха, берашна хаздан,
Лаьар- кха, массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар- кха, Даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар- кха, ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар- кха, мох хилла, хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу йаржа,
Ма ч1ог1а лаьар- кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1,маржа!!!
2004
И иштта - м ду
Со х1унда хьоьжу хьан суьрте,
Стенна ас йоху хьан ц1е...
Х1унда сатуьйсу хьо гаре,
Дагар деш мел дог1у де???
Хьо х1унда воьху ас малхе,
Я батте, седарчешка...
Х1унда суо хета те ирсе,
Хьо ирсе хилар хиъча...???
Х1унда сан даго хьо хоьржу,
Кхечарах къаьставеш схьа...
Хьох иллеш ас х1унда доху,
Гуьйренан 1уьйре хазъян...???
Т1аьххьара безам бу мерза,
Олуша - м, со хезна ю...
Амма и безам бу алар,
Ца тарлахь - ъ, и иштта - м ду...!
2018
Х1иллане мох
Х1иллане мела мох шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало хийцира заза.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира и хазна д1а.
Заманна гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина,
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
Х1ай зама,
Дитахьа дай-наний къиза ка ца етташ хьайн,
Марзонна орамаш хедийча, х1ун до кху дуьненах тхайн.
Хала некъ ас бина, цу шинна т1е кхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама, ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжчи сайн бералла гой,
Йоьду со дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шинна могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама, ма мотта со лелла амалех ца кхеташ хьайн,
Дуьненан хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден-ненан декхар со ца яьлла, ма хетта д1а текхна сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама, хьо уьду т1ехь - т1ехьа хьалхачул болар сихдой,
Ден-ненан доггаха дог хьаста хан лохьа, цкъа собар дай.
Дахарехь ас ойла ца йина, цу шиннах къастаран сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай!!!!
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.
Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар..
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.
2011
Х1ун къуьйссу
Х1ун къуьйссу х1ай Дахар!
Ахь кху сан дагца?
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?
Ойла сан керчайар,
Хин тулг1е санна?
Даймахках хьегайар
Ненах бер санна?
Ца даьлла х1ай Дахар!
Хьо дог сан зийна?
Я эерна ду лехар
Ирс хьоьца ийна?
Вуй теша ваьхнарг а,
Ахь дог тедийна?
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна?
Сан Даймохк,
Со лела геналлехь хьуна...
Рицкъанаш хилла - кха
Яздина Дала...
Ойланца со еха даима хьоьца,
Сан Даймохк хир дуй те,
Вайшинна гойла?
2010
Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна серло..
Р.А.
Айза Резванова
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза!?
Ойланийн архаш ахь, есалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о - накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа - бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац,
Вон - дика ца херца, заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!!!
Р.А.
Ахь х1унда хаьржи те, дагца со,
Сан ма бац некъ дагчу хьан...
Х1унда хьан дийки те, илли сох?
Ойла а ма яц сан хьох....
Хьо х1унда г1ерта хьайн серлонца?
Со къасто сингаттамах....
Деза те, къа хета, дог лаза,
Сан х1инца, хьан безамах?
Ас доьху ма х1отта некъ лаца,
Хьо х1инца заманна сан...
Сайн сина архаш ас д1а хецна,
Маьрша некъ, абаде бан....
Р.А.
Резванова Айза
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбна....
Р.А.
Яшуркаев Султанна лерина
Даймехкан марзонах къастийна,
Безачех, бевзачех хьагийна,
Бертаза махкаха ваьккхина,
Хьан лелар, йал йоцуш ма дойла!
Балано кийрахь дог 1евдина,
Харцоно мерза са лазийна,
Мух1ажар хилла ахь йаьккхина,
Хан Дала, совг1ате хьан йойла!
Халкъана совг1ат дан лерина,
Хьайн ц1енчу ойланех дуьйцина,
Х1ора дош нур - деших къегина,
Хьан сина теш хилла г1оттийла!
Комаьрша кевнаш д1адаьстина,
Шайн мехкан хьаша хьо лерина...
Хьан доьхна дог - ойла хьаьстина,
Халкъашлахь барт - безам лаьттийла!
Нохчийчохь ирсе сатуьйсуш,
Маьршачу дахарах ваьлла...
Даймехан бакъонаш къуьйссуш,
Хьан кхалхар Г1азотехь дойла!!!
Резванова Айза
Дахар лай...
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду
Дуьнено ловзош...
Вайн майра дегнаш ду
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду
Цамгарша эегош....
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош...
Вайх цкъа а ца хилла
Дуьненан дай,
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, - лай!
2006
Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ша бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, эсалчу амалах хьерчаш...
Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...
Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.
Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам,
Хьо- м ца веши, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача - м,
Лаьар - кха, хьан некъ цу ирсе д1а....
Цул т1аьхьа, сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьха доьзна некъаш хедадан...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша ваха,
Хьанал дина, ахь сайн диъна са...
Р.А.
Вай ду те замано сихдина,
Я зама сихйина вай??
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушехь т1ай...
Тахане ца лоруш, кхане схьа,
Ма еха, им йог1ур яй...
Шен болар ца лахдеш замано,
Д1абевлла,вайн хийла дай...
Йиш - ваша д1ататтий нахаца,
Гергарло ма леха хьайн...
Хьайн наха сий деш хьо ца ларахь,
Хетар ву хьо, цхьалха, лай...
Тулг1е а, х1ордах д1а къаьстинарг,
Г1амаро д1ахудий йов...
Вон - дика шен нахаца ца лаьхнарг,
Адамашна вицлой д1авов...
2003
Со йиша - м яра шун, кхин х1ума дацахь а,
Сан б1аьрхиш хьекъош, къинхетам бара...
Шух х1ора Аллах1е до1ийца воьхуш,
Х1оранна ц1е лоруш, сайн дагчохь сецош...
Сатуьйсуш гойла сайн нохчийн къам маьрша,
Лаамца, Даймехкан са дала маьлха...
Р.А.Резванова Айза
езванова Айза
Бераллийн уьйр...
И вита ахь алахь,
Ю ас хьо юьтур,
Цуьнца ю сан деган
Марзонан уьйр.
Йиш ма яц д1ахада
Бераллийн туьйра,
Эесо и ца дуьйцург
Ю, деган къоьлла....
Къу берзан буьйса а
Ма йолу серла,
Хьох дагаюьйлучахь
Д1аяхна зама...
Седарчий самадовлу,
Гуонаха къегаш,
Лергдиллина, ладоьг1уш,
Беттасих дуьйцуш...
Ойланаш ийало,
Са карла дохуш,
Жималлийн марзоно
Дегк1орге охуш...
Ткъа зама д1аоьху,
Са мехах туьйсуш,
Бес - бесара сан некъаш,
Вовшеха тоьгуш...
Р.А.
Резванова Аза
Дуьне, ма г1ертахьа со 1ехо,
Хьайн хазна оьхьуш...
Го суна, х1ора мур х1оттаман,
Бу даго лоьхург.
Делахь а х1ай дуьне, эхартан,
Эмгар хьо лору,
Ериг а бакъонаш эхартан
Х1усмехь ю боху...
Аса - м хьо х1ай дуьне, сайн дагахь,
Сов ч1ог1а лору,
Х1ора де дуоладо, хьан кийрахь,
Кьа - мел а узуш.
Юха а суьйренца са луьйсуш,
Цецех чекх доху,
Сийсаза хьо хеттарг, сийлалле
Кхочур вац боху...
Шу ду сан доттаг1ий
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Кхуллуш дерш, хаза васт,
Сан деган ойланийн...
Шу ду уьш, кхиош дерш,
Т1аьхье а г1иллакхе,
Шуьцана кхуьуш бу,
Безам а дахаре!...
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Бохь лекха ламанаш,
Са сирла шовданаш.
Шух ду сан иллеш а,
Сан Даймохк, Нохчичоь!
Шу ду уьш, ненан мотт,
Сан дагна 1амош дерш!
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Шуьца ю синсерло,
Яхь йолу сан Нохчий!
Шу ду сан дог маса,
Болар дан г1аттийнарш!
Шу ду, сан верасаш,
Дешбакъо яьстинарш!
Дог майра вежарий,
Са сирла йижайрий,
Дехийла шу ирсе,
Сан мерза доттаг1ий!
Азаллехь къастийна,
Сан деган дозалла,
Шуьца ю сан марзо,
Сан Даймохк, Нохчичоь!
***
Кхоьлина д1аоьху сан денош,
Ца бевзаш синмерза кхоллам...
Хьо тахна ца хьаьжи са 1ехош,
Базбайта сан даге толам...
Ткъа муха хир ю те сан б1аьсте,
Дагалеца дашо малх боцуш...
Хир юй те зама а дог хьаста,
Мерзачу муьрго са лоьцуш??...
Р.А.
Хьо - ъ ма веа орцаха суна,
Ц1ен ахкарг а кхийдош...
Маржа йа1 хьо комаьршалла,
Йоцу лоьхучуьнгахь...
Делахь хьуна сан баркалла,
Сан дог хьаста варна...
Деган малх бац сан д1абайна,
К1еззиг лахь а тешам...
Р.А.
Ас безамах йазйарах сайн байташ,
Хьо ма тешалахь цу безамах...
Ас и дешнаш йаздо, ойла хазйан,
Тарлуш хилла цара - м, и йазйан а....
Р.А.
Синлаам а, махах тера хета,
Синпарг1ато лоьху цо а шена...
Делар - кха хьо сан са,
Кхоьллина д1аьвшечу герзех,
Иккхана йахийта, хьо
Россий пачхьалкхе ирах...
Зуламе хьан дог а,
Дат1ийна, дагийна ц1арах,
Сайн къомах ч1ир эцна,
Парг1ат д1ауьйр йар - кха, лаьттах...
Делар - кха хьо сан дог,
Кхоьллина, сийначу ц1арах,
К1ожам беш вагийна,
Х1аллак ван, хьо къиза паччахь...
Кийрара дог 1абош,
Нийсонца хьан сина кхел йеш,
Сайн къомах ч1ир эцна,
Парг1ат д1а уьйр йар - кха лаьттах...
Р.А.
Муьлхачу балано дожий те,
Х1ай Борз, и турпала дег1 хьан?
Х1унда хьо де эшна йоьжна те,
Декъазчийн амале яхна?
Муьлхачу дагаро букара,
Хьовзий те, буолата букъ хьан?
Хьан ц1арах ма дара дерриге,
Майрачу амалах доьзнарг...
Айдехьа, турпала дег1 хьала,
Ца шалдеш кийрара дог сан...
Ас хьайха тешийна лазамаш,
Битахьа ирсе дог даха...
2019
Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Р.А.А.
Шеко техкош
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула кхелина...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
2019
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1асте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
Р.А
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Р.А
Айза Резванова
,,Тап,, аьлла д1атийна буьйса,
Бакъонца дека цхьа ч1об.
Мархаш д1агулъелла йийша,
Лаьмнашкахь биллина мотт.
Седарчий шаьш серла дуьйлу,
Самукъне 1енадеш нур.
Хин тулг1еш ю уьш т1е доьг1уш,
Х1орда т1ехь х1оттийна шун.
Сатоссуш стиглара къега,
Седарчий ,,т1ап,, аьлла дай.
Хи т1ехь го, тулг1ешца ийна,
Седарчий хелхарш деш шайн.
2009
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Нуьре малх къегина т1е сирла,
Набарха яьккхира со.
2009
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Батт1ачхула схьакъедда...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
;;;
Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
;;;
Айза Резванова
,,Тап,, аьлла д1атийна буьйса,
Бакъонца дека цхьа ч1об.
Мархаш д1агулъелла йийша,
Лаьмнашкахь биллина мотт.
Седарчий шаьш серла дуьйлу,
Самукъне 1енадеш нур.
Хин тулг1еш ю уьш т1е доьг1уш,
Х1орда т1ехь х1оттийна шун.
Сатоссуш стиглара къега,
Седарчий ,,т1ап,, аьлла дай.
Хи т1ехь го, тулг1ешца ийна,
Седарчий хелхарш деш шайн.
2009
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Нуьре малх къегина т1е сирла,
Набарха яьккхира со.
2009
Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Батт1ачхула кхелина...
Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...
Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
;;;
Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина
Хан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...
1ожалла - м яц иза,
Амал цуьна ю - кх...
;;;
Х1иллане мох
Х1иллане мела мох шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало хийцира заза.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира и хазна д1а.
Заманна гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина,
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш...
Р.А.
Сан хьомениг Неца...
Ахмадова Пет1амат – йинчу денца
1аьнан туьйра хаздеш деъна,
Хьо б1аьстенан зезаг.
Хьан кхолламо ирсе дина,
1а б1аьстенах лепа.
Вовшашца хелхаре хьийзаш,
Лайн чимаш т1е иэга.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
Хьо ехийла хьайн дахарехь,
Хьиекъаш ирсе некъаш.
Кху сан дагна хир дац теша,
Х1ума кхин хьол дезаш.
Хьо ирсе гуш, сакъералуш,
Тхо седарчех къега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
Декъал хила, декъал хила,
Ненан йиша, мерза!
Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,
Хастаман малх беца.
Декъал хила, ирсе хила,
Сан хьомениг, Неца!
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
Р.А.
Резванова Айза
Нана резайай
Хьайн нана резаяй, валалахь хьо новкъа,
И хьастий, даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза.
Делера пурбанца,
Кхаъ бахьаш шаьш бовха,
Стиглара маликаш дуьссур ду, хьо вовза...
Даггарчу безамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам эеша бай, ненан дош айалахь.
Цуьнгара даьллехь а, г1алат ма ларалахь,
Вайн Далла хьалхахь хьо, юьхь к1айн хир ву хьуна...
Мерзачу безамца, хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро, кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дилла, шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг, дахарехь толийнарг,
Шен нана елхийнарг, дахарехь эешийнарг.
Шен ненан сий динарг, сийлаллехь къагийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь!!!
Р.А.
Ца юьтуш буо хила..
Айза Резванова
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла кхайкха те, со хьоьга гена.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, д1ахаьдда, марзонах хьайн...
Р.А.
Айза Резванова
Нана, сатийсинарг...
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.
Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.
1уьйранна ца г1оттуш, висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, , хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1еххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .
Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам
Р.А.
Резванова Айза
Г1енаха г1ено...
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...
Юху а самаха, цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь хилар наб яйна...
Р.А.
Резванова А...
Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца!
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А..
Бехке йо
Бераш а дитина, д1а яхна бохуш…
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо, х1унда?
Доьзалех къастаро кийрахь дог доруш,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш....
Яхь - мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах эшадеш г1ора?
Къайлаха шен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан, доьзална дола?!
Ма ч1ог1а еза - кх, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аша...
Адамаш, мА къастадейша бер - наний,
Цу шиннах къастош д1а, марзонан дакъа!!!
Р.А.
ца евза нана
Айза Резванова
Сунам хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и!?
Х1етте а, б1аьргаша яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Са де1ар сацийна, ладег1арх тийна.
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгин ховхалла суна,
Хьо лоьхуш, кхин наной къийларах мара.
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а еза хьо, декъазчу сина,
Йолахьа, йовхо луш, малх кхеттача денна!
Р.А.
Нене
Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.
Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьекъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша ницкъ лойла, Хьан сий деш даха!
Свидетельство о публикации №220021300848