Доьхкарш
- Вала воллу-кх и доьхкарш б1аьрга дахка ца дезаш, - ша Дагас аьлчунна реза ца хилар хаитира вукхо.
- Хьуна дезахь а, ца дезахь а д1а ца тесча-м ца дола х1орш, - машен хьала а латийна, д1айолаялитийра Дагас.
- Сай ког а, куьг а д1адихкича санна, цхьа дегаза хета суна и доьхка д1атесча.
- Ца тесча, хьан к1ента хеннара бен йоцу цхьа мер1уьрг дуьхьал а йолий, юьхь т1ехь мел дерг охьадоккха-кх. Цара тухуш дола г1уда-м ас хьеха а ца до. Атта дац цулла а некъа бакъонаш а ца йохош лелар? Дера ду-кх… Т1аккха, цхьанна а дена несала ца воьду хьо, юьхь1аьржачу а ца х1утту, - дуьйцара Дагас лерина машен т1ам а хьовзош.
Г1али юккъера ара а ваьлла схьавог1уш «Развилка» олучу метте кхечира х1ара шиъ. 1уьйре т1ех иккхинехь а, г1алин чуйог1уш, арайовлуш, шинна а аг1ор п1елг санна лелаш, дукха машенаш яра. Царна юккъера кхера машен схьа а къастина, шок а тоьхна, шен карара г1аж кхарна т1еерзийра ГАИ-н белхалочо. Т1аккха цу г1ожаца машен сацо еза меттиг а гайтира цо. Сих ца луш, некъа т1е юха а хьоьжуш кхарна т1е веара иза.
- Ассалам 1алейкум! Инспектор ДПС сержант Магомадов, - аьтту куьг шен лергъюххе лецира цо.
- Ва 1алейкум салам, жима къонах, - салам схьаийцира Дагас. – Х1оккхул дукха машенаш юккъера тхойша сацавар цхьа бахьана хир ду-кх хьан?!
- Х1ара сан болх бу-кх иштта, - хье юккъе шад а х1оттийна, леррина машен чу хьаьжира сержант. – Кехаташ дуй вайгахь?
- Кехаташ бохий ахь? Мацах цхьамма баьхчунний дайна, кехаташ-м хьаха дара вайгахь хьуна деззарш, - техпаспорт а, машен лело бакъо а корехула д1акховдийра Дагас.
Цаьрга дикка хьажа а хьаьжна:
- Страховка юй хьоьгахь? - аьлла хаьттира цо.
- Страховка а ю, - шен накъоста голаш т1ехула д1а а кхевдина, г1утакхчуьра файл чохь долу кехаташ схьа а эцна, уьш а гаишнике д1аделира Дагас. - Кхи х1умма оьший?
Вист а ца хуьлуш кехаташка хьийжира сержант вехха. Т1аккха д1о дехьахь некъана пурх а ерзийна лаьтташ йолу шайн машенна т1е вахара иза. Машена чохь 1аш кхуьнан накъост вара, голаш т1е ноутбук а йиллина.
- Х1а, бази чохь пробить дехьа х1орш, - аьлла, шен накъосте д1акховдийра цо Дагин кехаташ. Царна таллам бе бохург дара цуьнан иза.
Машенна чохь верг, ц1е яьлча санна, ноутбук т1е п1елгаш детта волавелира. Д1асалелаш йолу машенашка леррина б1аьрг а бетташ, сержант а лаьттара. Иштта пхи-ялх минот елира. Дага шен машен чохь 1аш вара, х1орш лелла ца бовларна дог а эт1аш. Т1аьххьара а, куьзгана б1аьрг охьа а бахитина, мохь туьйхира цо ДПС белхалочуьнга:
- Хьажахь, дукхавахарг, и сан кехаташ схьалохьа, хьуо ваьллехь!
Шайн машен т1е а вахана, Дагин кехаташ схьа а эцна, кхунна реза воцуш т1евеара сержант.
- Аптечка юй хьоьгахь?
- Дера ю!
- Ц1ейойург юй т1аккха?
- Иза а йолуш ю! Лаьтта х1оттош йолу аварийни хьаьрк а ю. Д1агайти хьуна?!
- Ма гайта! Х1а! Х1орш ду хьуна хьан кехаташ! Некъ дика хуьлда.
- Атта-м ца эли ахь иза! Дела реза хьуна а хуьлда.
- Д1авало, д1авало! - кхарна дуьхьал даккха кхин х1ума ца карорна реза воцуш хилар гуш дара сержанта оьг1азечу юьхь т1ехь, багахь хаза къамел хиллехь а.
Машен д1а а йолаялийтина,т1аьхьа мохь туьйхира цо, 1а1 ца велла:
- И доьхкарш, шаьшшиъ чувожарна кхоьруш, тесна дара шуьшинна?!
Свидетельство о публикации №220032200775