Са хьийза-кх


          - Пять-шесть! - геннара, халла хезаш, мохь  беара  чалтар  тоьхна  корехула,  г1овг1а эккхитина х1орш бохкуш. Цхьаъ  бен доцу жимо кор  пенан  д1о леккха  буьххьехь  дара. Маьнгин  шолг1ачу  г1аттана  т1еваьлча  бен,  т1е  а  ца  кхачалора  цунна.

          Пять-шесть - иза Соьлжа-г1алара набахтичуьра 1едало лецна нах чубоьхкина  камеран  лоьмар яра. Пхи г1ат т1екелйоьттина йолчу  набахтехь  камерш дуккха а яра. Уьш яккхий а, кегий а хиларе терра, царна чохь бохка нах а хуьлара дукха а, к1езга а. Вай юьйцуш йолу камера уггар лакхарчу, пхоьалг1ачу г1ат т1ехь  яра. Д1акхоьссича а, ткъе пхиъ стаг хир вара цу чохь. Цхьацца бахьанца 1едало лаца а лаьцна, д1абоьдуш таллам  а болуш, хан а тохаза, дов а хаттаза   тутмакхаш  бара  уьш. К1иранах цхьаъ-шиъ т1е а валавора кхарна, цхьаъ-шиъ д1а а вуьгара. Кхо-биъ бутт баккха безаш нислора цера цу чохь, дукха хьолахь. Ах шо а, шо а даккха дезаш а нислора. Иза церан девнийн дозаллица доьзна хуьлуш дара. Цунах терра, кхарех цхьаберш шайн дец1а кхаьчна санна, парг1ат, цхьанна  х1умана  г1айг1а  а йоцуш бара. Кхиберш шайн дегнашкахь вуно боккха сингаттам а, бала а болуш,  иза даг чохь къуьйлуш, доьналлица чекхбовла г1ерташ а бара. Денош д1аоьхара, йоьшучо киншка, я  газет доьшуш, буьйсана ца йинчо, набарш еш, вовшашка шайн  хилларш-лелларш а дуьйцуш. 
          Сайд-Хьусайн ц1е а йолуш, цхьа стаг валийнера кхера камера чу цхьа ши к1ира хьалха. Г1еметтах1оьттина, шовзткъа-шовзткъе пхиъ шо хир долуш, лохочу дег1ехь а волуш, эг1аза стаг вара иза.  Туькнахь завмаг волуш, ахча я юхкуш йолу х1ума  т1е ца тоьуш, цхьаъ гал а даьлла, чувоьллина вара Сайд-Хьусайн. Набахте хала ловра цо. Даиман а сингаттаме, г1айг1ане  вара иза.
          Кхера камеран маьнгин шолг1ачу  г1ат  т1е хьала а ваьлла, корехула д1ахьаьжча охьадог1учу Соьлжан аьрру хийист гуш яра. Ткъа Соьлжа аьтто аг1ор йолчу хийистана гена яцара набахтин г1ишлош. Цу г1ишлош уллохь,  юкъахь керт а йолуш, советски эскаран дакъа а, республикин ГАИ урхалла а яра.  Х1етте а, суьйранна я мукъачу дийнахь, набахтин дуьхьал нислучу Соьлжан аьрру  аг1ор йолчу хийисте лецначера гергара нах бог1ара мохь а бетташ, кхаьрга бист хила. Кхин дукха къамелаш а ца дора цара. Д1аса мохь а тухуш, вовше хьал-де а хоттура, цхьацца, дан дезаш хилча, коста а дора.

          - Пять-шесть, пять-шесть! -  мохь беара корехула юха а.
Цу сохьта маса маьнги т1е кхоссавелла коре хьалавелира цхьа т1ахъаьлла жимха. Чалтарна юккъехула д1ахьаьжча цунна гира, нисса кхеран корана т1е а вирзина, хийистехь  лаьтташ цхьа стаг а, цуьнца зуда а. Г1овг1анаш совца а севцина, камера чохь тийналла х1оьттира.
          - Пять-шесть ладуг1уш ю! Мила веза хьуна? – дуьхьал мохь  туьйхира хьалаваьллачо.
          - Сайд-Хьусайн!
          - Собар  делахь,  цкъа…
          Камера чохь болчара Сайд-Хьусайн  сихвина меттах ваьккхира:
          - Же, же… Хьалавала, хьалавала катоххий!
Маьнгин букъ а лаьцна шолг1ачу г1ат т1е каде хьалавелира Сайд-Хьусайн. Голашна т1е а х1оьттина, чалтар юккъехула д1ахьаьжча, генахь велахь а, шен ваша вевзира цунна. Вешица ерг Сайд-Хьусайнан  х1усамнана яра. «Луов», - аьлла, дукха хаза хетта,  ц1е  йиллира  кхуьнан кийра, ткъа дог тохаделира.
          - Йов! Аш х1ун  леладо? – дуткъачу озаца мохь туьйхира Сайд-Хьусайна.
          - Схьадаьхкна-кх тхо а, - вешин мохь беара дуьхьал. – Хьо х1ун деш  ву хьажа.
          - Х1ун дийра дара ас? Кху метта 1аш ву-кх!
          - Могашалла муха ю, Сайд-Хьусайн?
          - Дика ю.
          Хийисте мохь тоха баьхкинчара шайн лаьцна волчу гергарчу стагаца деш долу  къамел массера а, дукха хьолахь, цхьатерра хуьлара. Шай девнах лаьцна данне а ца дора къамелаш.  Могуш-парг1ат а, хьал-де а хоттура вовше. Массара а санна,  «Са-м ца  гаттадо  ахь?», - олий  а  хоттура т1аьхьабаьхкинчара.  Иштта  х1инца веанчо а хаьттира,  схьа мохь а тоьхна:
          - Са-м ца гаттадо ахь, Сайд-Хьусайн?!
          - Са-м ца гаттадора ас, са хьийза-кх! – т1аьхьарчу дашаца цхьа тамашийна ларамаза, велхарх тера  къурд  белира  Сайд-Хьусайна  легашкара.
Тутмакхаш дукха инзар бевла, б1аьргаш а къарзийна  вовшашка хьоьвсира цкъа. Т1аккха  цхьа  хан а ялийтина: «Вахь-хьахь-хьахь!» - аьлла  беларан эккхар делира чоь а екош.
          - Ма гаттаде хьайн са, ма хьийзаде! Дала диннарг бен хир ма дац! – схьа мохь беттара вашас  Сайд-Хьусайна  т1аьххьара  аьлчух  цецваьлла.
Камера чохь берш ша аьлчух белабеллий хиина волу Сайд-Хьусайн, цу сохьта  метта  веара.  Х1умма  а  ца  хилча  санна,  кхин  велхаран  къурд  а  ца  беш, айдина озаца д1а мохь туьйхира  цо:
          - Дала динчунна реза ду  вай-м! 
Лецначу неха  «пошта»  ч1ог1а дика болх беш хуьлуш  яра  набахтехь. И санна долу х1ума-м мухале сиха даьржара.  Цул т1аьхьа,  Соьлжан хийисте мохь тоха веъ-веанчо шайн-шайн гергарчу стаге «са-м ца гаттадо ахь?» - аьлла хаьттича, «са-м ца гаттадора ас, са хьийза-кх!», олура забарца Сайд-Хьусайнца а, кхечу камераш чохь а бохкучу  наха.  Кху тутмакхашна-м белар дара иза, ткъа т1аьхьабаьхкинарш,  кхара  «са хьийза-кх» аьлча  г1айг1ане а хуьлий,  д1абоьлхара. Цхьа хан  яьллачулла т1аьхьа, шайн аьтто  ма баьлла,  и  муха  олуш  дара  дийца-м  дуьйцара  тутмакхаш  шай  гергарчарна.
          - Хьажахь,  «са хьийза» ма эли цо,  бохуш  г1айг1ане 1ара тхо-м, аш забар еш хиллехь а, - олура т1аккха  гергарчара  бела  а  боьлуш.
          Сайд-Хьусайна мацах набахтехь аьлла и дешнаш, шуьйра даьржийна кица а хилла, х1инца а хеза  нехан  къамелехь.
      


Рецензии