Хан кхаьчча, лийра ву

          1уса цхьа ша тайпа сиркхо хьакхалуш вара кест-кестта. Баттахь цкъа-шозза-м   ж1аьлин ун  кхеташ вара иза.  Цуьнан башхалла х1ун яра аьлча, сацар а доцуш, мерехула  хиш оьхура 1усина.  Ткъа кхуьнан х1усамнана кхунна мерех хьокху йовлакхаш латто а ца ларайора. 1уьйранна иза араволуш, шийтта-кхойтта йовлакх хила дезаш дара х1ора дийнахь,  дитта а диттина, иту а хьаькхна, кечдина, охьадехкина. Уьш кхаа-деа кисана  д1а а  тардой,  балха  я  кхечу  г1уллакхе  ваха  араволура  1уса.
          Цхьайтта-шийтта шо хир долуш жима к1ант вара цуьнан. Важа доьзалхой баккхий а хилла,  зударий балийна а, балонза а цхьацца белхашкахь а, доьшуш а д1асабевлера. Х1орш кхоъ бен ца диснера кхеран кертахь. Жима волуш дуьйна коча 1амийна волу Хьамзат цхьа шен амал йолуш вара. Даимна цунна хьесталуш лелара нана. Дас а могуьйтура жимах волчунна вукха баккхийчу доьзалхошна ша аьттехьа могуьйтуш ца хилларг. Доцца аьлча, к1ант 1усина хьоме хеташ  вара, нанас санна хьеста ца хьестахь а. Нохчийн массо доьзалехь а жимахверг  хуьлуш ма ву деций-ненаций ваха къастийнарг. Х1ара шиъ делла д1адаллалц кхаба а, кху шинца 1ан а, виса а везаш  верг  вара Хьамзат. Амма, мухха  делахь а,  наггахь  дас  к1антана дов  деш  меттиг а нислора.
          Иштта цхьана дийнахь, суьйрана ша ц1а веъча, б1аьрг тухуш кертахула вола а велла, х1усамнене чу мохь туьйхира 1усас:
          - Хезий хьуна! Чохь вуй и к1ант?
          - Урокаш  еш ву!
          - Урокаш-м ас йийр ю хьуна цунна! Схьавола  алал  цуьнга цкъа  чехкка!
          - Ваттай! Юкъара х1унда воккхуш ву иза х1инца?  Ц1е яьлла болх ма бац вайна? – к1ент1ехьара  г1о  даккха  юьйлира  нана. 
          Амма  цунах  г1уллакх  ца  хилира.  1уса ша аьлчунна т1ера ца волура.
          Ца дог1учу дагца, партал, реза воцуш, хьаьжа юккъе шад а х1оттийна, веана, дена  хьалха  х1оьттира  Хьамзат:
          - Х1ун  боху  ахь?
          - Ас  хьоьга  хас  ахка  ца  аьллера, малонча?!
          - Ас муха охку иза, сан корта лозуш хилча?
          Шен мерах кхозу седа киснара схьаэцна йовлакхца д1а а баьккхина,  к1анте дикка хьаьжира 1уса. Цуьнан кийтарлонаш дика евзаш волчу кхунна хиира Хьамзата харц  дерг дуьйцийла.  Шен когаш к1ела а хьоьжуш лаьтташ волу к1ентан мера т1ехь керла, т1е к1омар а даланза, махцарган тидам бира кхуо. Т1аккха,  т1е а чевхина, 1усас  хаьттира  к1анте:
          - И х1ун ду?! Ас пуьташ ботта маггане а мегар дац, мосазза аьлла хьоьга?!  Хьоьга муха дийца деза кхин?!  Пуьташ  ца ботта-м стаг хила хьаха веза! Дера веза… Оцу мерана х1ун  хилла  хьан ?
          Сихха воккха хила, стаг хила сатесна волчу Хьамзатна, оццул дас шен юьхь яьккхича,  эхь хийтира.  Охьатаь1инчуьра  кхин хьала а ца таь1аш дийца  х1оьттира  иза  т1аккха:
          - Со берашций, цара вита а ца витина, эвлайисте лечкъаргех ловза вахнера. Цигахь, цхьана  диттан  га а тасаделла,  к1еззиг лазийра сан мара.  Юха, ц1а веъча, корта лаза баьллера сан.  Ткъа х1инца урокаш еш вара со. Кхана, школера  ма ваьлла охкура ду ас хас,  кагтуха  а хьокхур ю.
         - Истоп! Кхин ма дийца!  Хаватит!  Иштта схьа х1унда ца боху ахь т1аккха саразу?! - к1анта шена пуьташ боттарна холча х1оьттинера 1уса. Ахказа дисина хас-м кхунна кхин башха гуш а дацара.
         Шина куьйгаца шен мара йовлакх юккъе а боьллина, «хинт1», аьлла цунах схьадаьлла  хи  д1а  а  даьккхина, шен оьг1аз ваханчуьра г1еххьачул васта а луш т1етуьйхира  1усас:
          - Тьфу, не1алт  хилла  оцу  хьан  мерана,  х1ан  хилла…
          - Битахь сан мара… Дера хьайнчух  хуьйцур-м бацара хьуна ас иза! – элира, къажа а къежна, Хьамзата.
          Охьа а таь1на, кхунна ластаян тамехь  х1ума  лоьхучух  сурт   х1оттийра  дас, вела  ца  вала  а  г1ерташ:
          - Ватталхьан! Д1адала суна гучара, солач!  Хьо ве Дала х1аллак,  х1ан  ве, хезначунна ловц а болуш! 
          - Витахь со! Со сайн хан кхаьччхьана  лийра ву хьуна! – эккхитира, ведда, дехьа а ваьлла, кхерам  т1ехбаьллий  хиъча  майраваьллачу  Хьамзата.
          - Э-х1ей! Тамаша  бу ас хьо хьайн  хан  кхаччалц  вита-м  витахь, - буй а лестош   мохь  туьйхира  Мумас,  цхьа дайн велааьшна а дина.

    


Рецензии