Говза хьехархо

Юкъараллехь сий-лараме меттиг дIалоцу хьехар-
хочо. Юьхьанцарчу классийн хьехархоша вайн шолгIа
дай-наной хуьлий, тIеоьцу вай. Хьуна хаарийн баххаш
Iамийна ца Iаш, хьо ийманехь кхетош- кхиорна тIехь
къахьоьгу цара. Нийсса аьлча, хаарш делла ца Iаш,
хьох юкъараллина пайдехь адам дан гIерта. Цундела,
шозза сийлахь хета хьехархочун болх.
Цхьа хан дIа а яьлла, хьо воккха хиллачу хенахь, уьш
богIуш-боьлхуш дуьхьалкхетча, сирла ойланаш юьсу хьан
айхьа школехь яьккхинчу хенах. Иштта хьехархой кIезиг
бац тхан юьртахь. Нохчийн меттан а, литературин а дарсаш
сайна хазахеташ хилла хиларе терра, тхайн хьехархочух дийца
лаьа суна.
Хьехархой хиллачу КосумовгIеран Адаман а, Тамарин а
доьзалехь 1980-чу шарахь Гумсан кIоштарчу (хIинца Курча-
лойн кIошт) Иласхан-Юьртахь дуьнен чу яьлла Ойбуева (Ко-
сумова) Фатима. Цуьнан доьзалехь берриге а хьехархойх бу.
Доьзал дукха хьолахь, ден, ненан лорах дIабоьдуш нисло.
Иштта, ша школа чекхъяьккхина яьлча, шен ден а, ненан а
могIаре дIахIотта ойла хуьлу Фатимин. Нохчийн пачхьалк-
хан университете заочни кепара деша а йоьдий, ша дешначу
Иласхан-Юьртарчу №2 йолчу школе нохчийн меттан а, ли-
тературин а хьехархочун балха йогIу иза. Фатимех 5–11-гIий
классаш тешайо. Цо шена белла тешам ца бойъу. ЙоI схьаеана
а ялале, берашца юкъаметтиг нисйина, даима а школехь болх
бича санна, шен болх хууш, бераша шен боккха ларам беш,
шега ладугIуш, болх бан дIайолало. Хьехархойн коллективехь
тоьллачарах хьехархо хилира иза. Дешархоша цуьнан дарсаш
тIекхачаре сатуьйсура.
Цо ша хьоьхург хора дешархочун сине дIакхачадора.
Иштта, цо чIогIа тIеIаткъам бина, литературица гуттаренна
а гергарло тасаделлачех цхьаъ ву со.
Дала цунна елла говзалла ю иза. Иза иштта хилар ларамаза
а дацара, хIунда аьлча, вай лакхахь ма-аллара, цуьнан да-нана
хьехархой хилла. Нана Тамара школин директор яра. Директо-
ран болх бина ца Iаш, хьоьхуш а яра. Да а, воккхахволу ваша а
вара оцу школехь хьехархочун болх беш. ТIаьхьа жимахволу
ваша а хIоьттира церан могIаре.
Юьртахь цIеяххана дика хьехархой болчу доьзалехь Фа-
тимех а дика хьехархо ца хуьлийла дацара. Иза иштта хилар
билгал а даьккхира 2015-чу шарахь. Нохчийн Республикин
дешаран министерствос дIаяьхьначу конкурсехь Нохчийн
Республикин хьехархошлахь толамхо, аьлла, Сийлаллин
грамота елира цунна. 2016-чу шарахь Нохчийн Республикин
дешаран министерствос дIаяьхьначу «Тоьлла хьехархой»
конкурсехь толамхо хилира иза. Оццу шарахь «Россин Фе-
дерацин юкъарадешаран сийлахь белхахо» цIе а елла цунна.
Цо дешаран хьаьрмахь къахьоьгу 20 шо ду. Карарчу хенахь а,
оццу школехь, 5–9-чуй классашкарчу дешархошна хьоьхуш
ю иза. Дешаран хьаьрмахь ша баьхначу кхиамех тоам бина,
саца дагахь а яц.

"Даймохк"газета.15 номер. 2020 шо


Рецензии