Дика масал ду

Делан Элча – дика масал ду
Дела дукха хьехочарна,
Къематдийнах тешарца
Iибадат дечарна.

Вайн Пайхамар – хаза масал ду
Болх Далла тIе биллина,
Iибадате сатесна
Даима хуьлучарна.

Делан Элча масал ду 
Iамалан маьIна довзарехь,
Iибадат дар АллахIера
НиIмат хилар хаарехь.

АллахIан къинхетамца бен
Эхарт декъала хир доций
Хаьаш ваьхна Делан лай,
Хьехам бина, лардеш вай.

Массо сакхтех цIена лай
Сийлахьчу АллахIа цхьана буса
Маккарчу Масжидуль-Хьарамера,
Масжидуль-Акъса кхачийна.

Ламаз дарца сапаргIат
Долуш ваьхна вайн Элча,
«Икъомат дехьа, ахь Билал», -
Олура лаьцча балано.

Даима йалур йолу Iамалш
Йар цо вайга кхайкхина,
КIеззиг бен уьш цахиларх
Йал алсам йуй гайтина.

Шегарчу дарже ца хьоьжуш
Деле гечдар дехна цо.
Цо вайна гайти хаза масал -
Деле гечдар дехарехь.

Делан дуьхьа вай динарг
Iибадат цо лерина:
Дена-нанна гIодар а,
Лахар доьзална напха а…

Ткъа моттаргIанна къахьоьгург –
ШайтIанан некъахь лорура,
Дозаллийна ахь динарг
Эрна хилар хьоьхура.

Делан Элча дика масал ду
Бусалба дин Iаморехь,
ДаIват дийриг ларварехь,
Iакъийдат довзийтарехь.

Нах дине цо кхойкхура
Хазачу дашца, хьекъале -
ДаIват даран гIиллакхаш,
Бух а бевзаш вара и.

Делан Элча - дика масал ду
Говза хьехам ша барехь,
Олург АллахIна хастам беш,
Иза вазварца хоттарехь.

Вайн Мухьаммад – дика масал ду
Iилма деза ларарехь,
Хьоьхучун болх базбарехь,
Iеламнехан сийдарехь.

Делан Элча масал ду,
Iилма дахарца хоттарехь,
Дахарехь и леладар
ТIедиллина дара цо.

Iилма Iаморан ниййат
Делан дуьхьа хила деза,
Ша дIахьоьхург кхочушдеш
Хила веза, олура…

Делан Элча – дика масал ду
Къуръан доьшучарна,
Сийлахь Къуръан дешарехь
Нах сутара цо баьхна.

Къуръан нахана дIахьоьхурш
Дика бусалбанаш лорура цо,
Ша дешначарна шафаIат
Цо дийр хилар чIагIдора.

Къуръан дагахь хуучун
Дозалла, беркат хьахийна,
Мукъам тобеш, хаза дешар
Деза хилар дийцина…

Везачу Дала ийман лойла -
Элчанера масал оьцуш,
Эхартана кечамбарца
Хьанал-хьарам къастош даха!

Къематдийнахь Везачу Дала
Василат дарж Элчанна лойла,
Цуьнан байракх кIел вай гулдойла,
Йалсаманица бекхам бойла!

Аб.Гайтукаев


Рецензии