Безамах йолу байтий т1оьрмаг

Айза Резванова

Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»

Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.

Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Ц1еххьана малх сирла къегина,
Набарха яьккхира со...
[08.03, 17:20] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Эрна дуй те, ас сагатдар хьуна,
Хьоьца доцург юй - те лоьхуш со?
Ахь сатуьйсург ю - те гергахь хьуна?
Ткъа со хиерехь, дагна генахь хьан?

Со еа те, 1аьнт1ехь дог1а санна,
Хьан дахаран некъа хьаг1а ша..
Я йеха - те, б1аьргахь чамхалг санна,
Новкъарло еш, некъан хьежамна...

Сан дог техкош, коьрте хьийза ойла,
Деган берччехь вехаш  хиларх хьо...
Лаац хила, марха,  б1аьрса кхуолош,
Хьан деган малх къаго яцахь со...
[10.03, 19:31] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Ма ехьа куралла, дагна хьуо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1е хийшош...
Хилахьа векхалой, б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош..... 

Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттаса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го даггара цуьнца ирс доькъуш...

Шакаршца олхазарш эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам карзаха бохуш...

Ма ехьа куралла, дагна хьуо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1е хийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош....

Р.А.А.
[10.03, 19:40] Резванова Айза Арбиевна: званова Айза

Со кхоьру...

Со кхоьру, бехк боцуш вас хьуна хиларна,
Кхоьру, хьайн лаамах дог ахьа тешорна...
Кхоьру, хьан сатийсам шен некъах тиларна,
Безаме кхийда дог ял йоцуш дисарна...

Кхоьру со, хьан сирла ойланаш кхуоларна,
Кхоьру, цхьа бахьназа бехке со йисарна...
Хьан ц1енчу кхетамехь шеконаш техкарна,
Кхоьру, сел хьекъале, хьо сох ца кхетарна....

Къера ю, со сайца долучу сакхтана,
Сан дог ду массарца са декъа 1емана...
Доьху ас, со бахьнехь наб яйна хьовззал,
Сан серло са яьллехь, кьинт1ера валар!

Р.А.А.
[10.03, 19:51] Резванова Айза Арбиевна: Ца лаьа...

Ца лаьа суна,
хьан аз хаза а,
И дацахь хьан
лаам толош...
Хьо ган а ца лаьа,
вог1уш, я, воьдуш,
Хьан дагна и
дацахь томехь...
Ца лаьа къага,
б1аьстенан малхах,
Хьан деган
зазз хьастар дацахь..
Ца лаьа 1аьржаллехь
седанах сега,
Бетта нур, хьан
сих ца къагахь...
Р.А.А.


Резванова Айза Арбиевна: Ца лаьа...

Ца лаьа суна,
хьан аз хаза а,
И дацахь хьан
лаам толош...
Хьо ган а ца лаьа,
вог1уш, я, воьдуш,
Хьан дагна и
дацахь томехь...
Ца лаьа къага,
б1аьстенан малхах,
Хьан деган
зазз хьастар дацахь..
Ца лаьа 1аьржаллехь
седанах сега,
Бетта нур, хьан
сих ца къагахь...
Р.А.А.
[10.03, 20:08] Резванова Айза Арбиевна: Ахь нийса ца дийши...

Ахь нийса цадийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Къорам  ду ойланийн,
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера,
Хьан г1иллакх довза,
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза...

Ахь нийса цадийши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абайна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эешац кхин ах...
2012
[10.03, 20:09] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Хьо д1аводахь

Хьо д1аводахь,
Дуьтуш ц1ергахь дага дог...
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а,
Лекхчу лаьмнех,
Хьох йоьттина ойланаш а,
Сингаттамца,
Д1ахаьрцар-кха заманахь...

Хьо д1аводахь,
Дуьтуш маьлхан дог1анаш а.
Б1аьсте хазъеш,
Вай кхиийна зезагаш а,
Доггах боьлуш,
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а.
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг, деригге а,
Ахь д1ахьолахь,
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца.
Суна геннахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха...

Р.А.А.
[10.03, 20:12] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова

Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»

Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.

Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Ц1еххьана малх сирла къегина,
Набарха яьккхира со...
[10.03, 20:30] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Бераллийн уьйр...

И вита ахь алахь,
Ю ас хьо юьтур,
Цуьнца ю сан деган
Марзонан уьйр.
Йиш ма яц д1ахада
Бераллийн туьйра,
Эесо и ца дуьйцург
Ю деган къоьлла....

Къу берзан буьйса а
Ма йолу серла,
Хьох дагаюьйлучахь
Д1аяхна зама...
Седарчий самадовлу,
Гуонаха къегаш,
Лергдиллина ладег1а,
Беттасих дуьйцуш...

Ойланаш ийъало,
Са карла дохуш,
Жималлийн марзоно
Дегк1орге охуш...
Ткъа зама д1аоьху,
Са меха туьйсуш,
Бес - бесара сан некъаш,
Вовшеха тоьгуш...
Р.А.А.
[10.03, 20:31] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Беха некъ бу

Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.

Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, - бохуш, - и, хьо эешахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.

Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш, дахар хаздеш суна сайн.
Ткъа жималло мотт сан сеца бора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.

Дахаран некъ кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна,
Цунах суна диснарг, дуткъа тай
[10.03, 21:13] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

1аьржаллехь юкъйелча буьйса,
Седарчий набарна тхьевси.
Бетта са ца долуш гуча,
Цхьа седа саготта хьевзи....

Реманех д1ауьду мархаш,
К1ай - мокха вовшеха хьерчаш...
Хиш, лаьмнаш, аренаш, хьаннаш,
Т1ехула 1индаг1аш хоьхкуш...

Дуьненна гуо тесна баьлла,
1аьршашка батто нур хьаьрси...
Шен деган са парг1ат даьлла,
Седано цуьнца некъ хаьржи...

Вовшашна генахь я уллехь,
Безамца нур - з1аьнарш кхийдош...
Бутт - седий дехаш ду стиглахь,,
Заманца вовшен ца к1ордош....
Р.А.А.
[10.03, 21:20] Резванова Айза Арбиевна: Шеко техкош

Гуьйренан а хуьлу дог1а,
Хуьлу малх а, къегина.
Зезаг хуьлу наггахь чхьора,
Баьтт1ачхула кхелина...

Цунна - м хаа, шело юйла,
Гуьйре хебош йог1уш ерг...
Хаа т1улга т1ехь шен дахар,
Хьекъо тешам боцуш дерг-ъ...

Х1етте а и кхийда ирсе,
Дог ца дуьллуш диканах...
Х1унда г1ерта те вай йисте,
Шеко техкош безамах?
2019
[10.03, 21:23] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ма гуолахь зама...

Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...

Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....

Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гуолахь,
Ас дагчохь кхаьбба....

Р.А.А.
[10.03, 21:23] Резванова Айза Арбиевна: Ткъа безам бахи ахь?
Цунна чохь са ду...
Синбарам цо бустац,
Хенаш ца лоьру...
Марзонан уьрсаца ,
Дилхан дог дору - кх...
Шеца ца яьккхина хан,
Хьан дагца окхуш...
Хьан хила йиш йоцург,
Схьадеха бохуш.
Иманан т1улг дагчохь,
З1окбергца огуш..
Гел хьовзош къевлина,
Ч1аг1онаш отуш...

1ожалла - м яц иза,
Тера - м бу цунах....
[10.03, 21:25] Резванова Айза Арбиевна: Х1иллане мох

Х1иллане мела мох шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало хийцира заза.

Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира и хазна  д1а.

Заманна гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш  ша хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина,
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.

Еъна схьакхечира, и къуона  б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш...
Р.А.А.
[10.03, 22:08] Резванова Айза Арбиевна: Кхихкина бели...

Кхихкина бели х1орд, сан деган кедахь,
Ц1ий а дац пхенаш чохь, кхин
тулг1еш етташ...
Сан кийрахь ш'а бинчу г1аттамах кхаьрдаш,
Безам 1а, ша т1улган амалах хьерчаш...

Баттана шен б1аьргийн седарчий къежош,
Ца хьоьжу кхачаре безамах жоп...
Дашочу малхана зезагех лепаш,
Къагабар ца доьху шен деган мохк...

Шовданаш б1аьстенца эшаре дуьйлуш,
Уьдур ду заманал беха некъ лоьцуш...
Сан безам дегак1орггехь шен марзо къуьйлуш,
Бехар бу ойланийн серлонга буьйлуш...
Р.А.А.
[10.03, 22:09] Резванова Айза Арбиевна: Соьцаберг ца хеташ, толам, эшам,
Хьо- м ца веши, ойланех а сан...
Делахь а, цкъа мацца кхаьчна а, кхача - м,
Лаьар - кха, хьан некъ цу ирсе д1а....

Цул т1аьхьа, сайн деган уьйраш хедош,
Хьоьха доьзна некъаш хедадан...
Хьо цу ирсехь вуьтуш маьрша  ваха,
Хьанал дина, ахь сайн диъна са...

Р.А.А.
[10.03, 22:15] Резванова Айза Арбиевна: Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна  серло..
Р.А.
[10.03, 22:17] Резванова Айза Арбиевна: Ахь х1унда хаьржи те, дагца со,
Сан ма бац некъ дагчу хьан...
Х1унда хьан дийки те, илли сох?
Ойла а ма яц сан хьох....

Хьо х1унда г1ерта хьайн серлонца?
Со къасто сингаттамах....
Деза те, къа хета, дог лаза,
Сан х1инца, хьан безамах?

Ас доьху ма х1отта некъ лаца,
Хьо х1инца заманна сан...
Сайн сина архаш ас д1а хецна,
Маьрша некъ,  абаде бан....
[10.03, 22:46] Резванова Айза Арбиевна: ***
Кхоьлина д1аоьху сан денош,
Ца бевзаш синмерза кхоллам...
Хьо тахна ца хьаьжи са 1ехош,
Базбайта сан даге толам...

Ткъа муха хир ю те сан б1аьсте,
Дагалеца дашо малх боцуш...
Хир юй те зама а дог хьаста,
Мерзачу муьрго са лоьцуш??...
[10.03, 22:48] Резванова Айза Арбиевна: ***
Хьо а ма веа орцаха суна,
Ц1ен ахкарг а кхийдош...
Маржа йа1 хьо комаьршалла,
Йоцу лоьхучуьнгахь...

Делахь хьуна сан баркалла,
Сан дог хьаста варна...
Деган малх бац сан д1абайна,
К1еззиг лахь а тешам...
Р.А.А.
[10.03, 22:49] Резванова Айза Арбиевна: Ас безамах йазйарах сайн байташ,
Хьо ма тешалахь цу безамах...
Ас и дешнаш йаздо, ойла хазйан,
Тарлуш хилла цара - м, и йазйан а....

Р.А.А.
[10.03, 23:17] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Барзе

Муьлхачу балано дожий те,
Х1ай Борз, и турпала дег1 хьан?
Х1унда хьо де эшна йоьжна те,
Декъазчийн амале яхна?

Муьлхачу дагаро букара,
Хьовзий те, буолата букъ хьан?
Хьан ц1арах ма дара дерриге,
Майрачу амалах доьзнарг...

Айдехьа, турпала дег1 хьала,
Ца шалдеш кийрара дог сан...
Ас хьайха тешийна лазамаш,
Битахьа ирсе дог даха...

2019
[11.03, 0:02] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза

Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!

Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!

Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!

Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
[11.03, 1:33] Резванова Айза Арбиевна: И иштта - м ду..

Со х1унда хьоьжу хьан суьрте,
Стенна ас йоху хьан ц1е...
Х1унда сатуьйсу хьо гаре,
Дагар деш мел дог1у де???

Хьо х1унда воьху ас малхе,
Я батте, седарчешка...
Х1унда суо хета те ирсе,
Хьо ирсе хилар хиъча...???

Х1унда сан даго хьо хоьржу,
Кхечарах къаьставеш схьа...
Хьох иллеш ас х1унда дог1уу,
Гуьйренан 1уьйре хазъян...???

Т1аьххьара безам бу мерза,
Олуша - м, со хезна ю...
Амма и безам бу алар,
Ца тарлахь - ъ, и иштта - м ду...!

2018
[11.03, 2:18] Резванова Айза Арбиевна: Ахь х1унда хаьржи те, дагца со,
Сан ма бац некъ дагчу хьан...
Х1унда хьан дийки те, илли сох?
Ойла а ма яц сан хьох....

Хьо х1унда г1ерта хьайн серлонца?
Со къасто сингаттамах....
Деза те, къа хета, дог лаза,
Сан х1инца, хьан безамах?

Ас доьху ма х1отта некъ лаца,
Хьо х1инца заманна сан...
Сайн сина архаш ас д1а хецна,
Маьрша некъ,  абаде бан....
[11.03, 2:22] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Дахар лай...

Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду
Дуьнено ловзош...
Вайн майра дегнаш ду
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду
Цамгарша эегош....
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош...
Вайх цкъа а ца хилла
Дуьненан дай,
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, - лай!
[11.03, 8:56] Резванова Айза Арбиевна: Ас безамах йазйарх а сайн байташ,
Хьо ма тешалахь цу безамах...
Ас и дешнаш йаздо, ойла хазйан,
Тарло цара - м, и хьан йазйан а....
[11.03, 8:57] Резванова Айза Арбиевна: Хьо - ъ ма веа орцаха суна,
Ц1ен ахкарг а кхийдош...
Маржа йа1 хьо комаьршалла,
Йоцу лоьхучуьнгахь...

Делахь хьуна сан баркалла,
Сан дог хьаста варна...
Деган малх бац сан д1абайна,
К1еззиг лахь а тешам...
Р.А.
[11.03, 9:52] Резванова Айза Арбиевна: Хьан кураллийна тоьарий те, сан серло?
Кхин гуьйренца малх а бохлац луш йовхо....
Ас кхийдориг яра даггара марзо,
Комаьршаллех дог - м ца дисна кийрахь буо...

Яхначу замане куьг кховдо ю таро,
Ас сайн шерех йоьттина б1ов ю, дашо....
Делахь, буолар, дог а дац сан къарделла,
Иэс хьекъалца дог1у тахна а, тарделла...

Ша лам башо - л хир ю дагчохь сан йовхо,
Амма хьан дог достарг хир ду замано...

Р.А.А.
[11.03, 10:07] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо!
Р.А.
[11.03, 10:08] Резванова Айза Арбиевна: Р. Айзина.

Лазам а хуьлуш бу - безам,
Бекхам а хуьлуш бу иза.
Седанал къегаш а - безам,
Мостаг1ал наггахь и къиза..

Х1етте а - Делера совг1ат,
Хетало сунам хьо, безам.
Реза ю  хьоьх дагайуьлуш,
Лела хьо сайн дагчохь къуьйлуш.

/Медина Ис./
[11.03, 10:24] Резванова Айза Арбиевна: Човха дехьа,
Сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш
Хьайна гена сан,
Делхадехьа,
Б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа,
Безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна
Хьуо вевзина де,
Харца дехьа,
Дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян,
Дагна хьоме ц1е....

Р.А.А.
[11.03, 10:25] Резванова Айза Арбиевна: Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
Сан дагчохь1уьйренан малхах...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо къайла, 
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
Сан б1аьргаш,
хьо ларвеш,  ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?

Р.А.А.
[11.03, 10:54] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенаш чохь ц1ий ловзадийлар.
Сан б1аьргийн нур- къолам сел говза хилар,
Хьан сарташ дахкарца и серла бийлар?

Х1ун ду те, синмарзо хьан ц1арах хьерчар,
Хьан амат б1аьргаша бодашкахь къаьстор.
Самаха, г1енаха хьо ган сатийсар,
Я ца гуш хан яьлча, са дагна тийжар

Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг со ган.
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина къизаллийн ц1ергахь?

Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш, д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.

Юха а хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху.
Безаман мохь дагна базбелла бог1у,
Х1ун ду те замано сан дагца окхург!?
2012
[11.03, 10:56] Резванова Айза Арбиевна: Ас эрна ца дина некъаш,
Дахарехь ирсан лар толлуш...
Ца ихна деса сан шераш,
Яхь йолу Т1ерлойн к1ант лоруш....

Генна д1а некъах - некъ хуьттуш,
Ели со ворх1 ломал дехьа.
Сан ирсан оьмар т1е луьстуш
Вехаш ву, Къонаха, Т1ерло!

Малхаца, баттаца г1уьттуш,
Де - буьйса  марзонца луьстуш,
Дехар ду зама д1аюстуш,
Вайн Далла хастам бан х1уьттуш!

2019
[11.03, 11:17] Резванова Айза Арбиевна: Хьо стенгахь хилла те,
Со мичхьа лелла??
Вовшашна вай ца гуш,
Хан муха яьлла?
Хьо гуш бен сан б1аьргаш,
Ца хуьлу - кх сема...
Хьо воцчахь дахар а
хуьлу сан, делла...

2019
[11.03, 12:24] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза.

Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...

Сан б1аьргаш хьоьсту жил - 1аламо,
Дахаре ойла марзъеш...
Хьан некъах хуьтту некъ ойлано,
Безамх дог тешадеш...

Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
 Хьекъадеш марзонан зазз....

Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...

Р.А.
[11.03, 12:30] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, цкъа тайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те цига са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...

Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела....
[11.03, 12:32] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со йиси бодашкахь 1а...

Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...

Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
[11.03, 12:33] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийсса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...

Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханах
Ца хоьрцуш...

Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех,
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
[11.03, 12:34] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хаьарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар а,
Хьайн некъан бустам?

Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер дара соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
[11.03, 12:36] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Сан б1аьргаш чохь

Ас ма дукха далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас, дог а делхийна....
Хьох хили сан, ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...

Геннахь хиларх, суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...

Азаллехь со, кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со, дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
2019
[11.03, 14:37] Резванова Айза Арбиевна: Со жима бер санна ма г1ерта хьан деган йовхоне,
Геннара ма хьоьсту б1арз делла сан са хьан ховхалло...
Хьан деган корашка хьоду са, полланах айъалой,
Юху а кхерало, шийла ло ма хуьлу, сирла к1ай...

Дуьсур ду те сан са, лайчимаш санна шаьш хих даша?
Юьтур ю те ахь со, чим хиллалц кийрара дог дага?
Геннара беттаса нур 1енош лела вайн тидам беш,
Ас ц1енчу безамца хуьттур ду вайн некъаш, ирс эедеш...

Р.А.
[11.03, 16:03] Резванова Айза Арбиевна: Со х1уьттур яц, хьан не1аре,
Йоьхуш серло сина сайн..
Я лелар яц хьо вицвина,
Яций со - м, хьох байна чам...

Ехар ю со сайн ойланца,
Ца беш хьуна бала сайх...
Хьан а хила тарло дагчохь,
Со йоцург дог дохдеш хьайн...

Зама денна юьйлу гена,
Цо ца лахдо болар шен...
Со х1унда ю сов дог к1еда,
Дог кхардош сайх, айса  сайн?

Безамо - м хьа - х, воккху шеха,
Дамара - дурц  деш, адамах...
Амал дац - кха,  сан кхин лела,
Сайн лааман йийсарехь....

Р.А...
[11.03, 16:39] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ма волахьа...

Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....

Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те, хьо къага,
1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле,
дагна хьомечу сица,
Хьан г1айг1ане ойла зарз еш,
седарчешка хьестийта...

.2019
[11.03, 18:38] Резванова Айза Арбиевна: Хьох къилба сайн дина,
Хьан бага хьоьжуш...
Ахь олу дош мохо
дахьарна кхоьруш...
Ас сий деш, даггара
Хьох йина ойла,
Хили те декъаза,
хьан тешам балла?

Р.А.А.
[11.03, 18:40] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Лелла - кха....

Рицкъа ца хиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра, д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.

1ожалло ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу ас безам сайн,
Сан каш т1ехь б1аьстено ц1ен зезаг дастахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.

Кхолламах д1аийна, сан дог цадаьгна,
Довза ирс хиларна йоккхайе со.
Дуьненан сатийссам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо...

Хьо тешаш хилалахь, сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан  безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашехь ша...
[11.03, 18:46] Резванова Айза Арбиевна: Р.А.

Резванова Айза

Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...

Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....

Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
[11.03, 18:48] Резванова Айза Арбиевна: Ткъа х1инца...

Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна, 
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
[11.03, 18:50] Резванова Айза Арбиевна: """""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?

Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
[11.03, 18:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...

Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...

Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
[11.03, 19:05] Резванова Айза Арбиевна: Ахьа куьйга йаздинарг
Ас дагчохь лардина...
Х1ора элп сай сина меха а хеташ...
Ахь дагчохь хьулдинарг,
Суна ма дазделла,
Вац те хьо тохара санна сох тешаш?

Нагахь хьуо ойланца хервеш цхьа бахьна,
Х1оьттинехь сох тешам  буьтуш хьайн техка...
Сан дехар ду хьоьга, ца юьтуш мекха,
Алалахь д1аьвше дош, са даллал къаьхьа...
2019
[11.03, 19:20] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Мегар дуй...

Мегар дуй, ас йохо ойланийн тийналла  хьан?
Хьан дагчу мегар дуй, б1аьстенан аьзнашца  йан?
Мегар дуй ас даржо, хьан дозанахь бетта са?
Алахьа, мегар дуй, ас лачкъо, б1аьргийн нур хьан?

Мегар дуй со кхача, лаьмнашка, хьан дагчуьра...
Ирсан лам, безаман, тешаман раьг1наш кхин - д1а а...
Ас лара мегар дуй уьш къагар сайн ирсана....
Мегар дуй, со яха, дахарехь чиркх хилла  хьан??
[11.03, 19:34] Резванова Айза Арбиевна: нова Айза
Сан деган ане

"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....

Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1аъсте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....

2018
[11.03, 19:40] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош..... 

Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...

Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...

Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...

Р.А.
[11.03, 20:02] Резванова Айза Арбиевна: Кхардахьа

Велахьа, кхардахьа безамах сан,
Суна хьо везарх цец валий...
Кхаьрдинарг т1е дог1у боху и къа,
Дер дацара те хьуна бале?

Волахьа, кхачахьа хьомениг хьо,
Сагат деш вацахь со гаре...
Х1ун хаа,  са 1ехо веъначахь сан,
Ас юьллий хьан дагчу кхане...

Алахьа, дийцахьа, безамах ахь,
Хаза дош мелехь ду алий,
Даггара ц1ена дерг са даьлла сан,
Хир дацара те декъал вайший....

Хьажахьа, сацахьа сан некъа цкъа,
Ца хууш тилкхаза валий,
Хир дацара те висар ца къааьсташ д1а,
Бериг бехк кхолламан ларий....
[11.03, 20:09] Резванова Айза Арбиевна: Джабраилова Азмане..

Дахарехь замано дика - вон хоьрцу,
Цу т1ехь вайн кхолламах баккха бехк бац...
Хьан мерзач 1аьнаро г1айг1анех йоккху,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!

Юха а 1уьйренца малх хьалаг1отту,
Сан дагчохь г1отту хьан эсала васт...
Ма марзо ю хьоьца, дуьне а хьасттал,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!

Яхалахь хьо дукха, шераш ца лоьруш,
Къаналла йог1ур яц хуьйцуш хьан васт...
Сирлачу б1аьстенан амал ю хьоьца,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх
[11.03, 20:47] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...

Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....

Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...

Р.А.А.
[11.03, 21:01] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Суна-м хаац, сел сов реза хилла,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан...
Ойланаш а керчаш, тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш, уьду д1а.

Къайллаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьа гича, б1аьргаш чухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.

Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга, б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь ирсе йехьа со.


Рецензии