Дахара, 1аламах а т1оьрмиг
Х1ун къуьйссу...
Мокхаз басехь, т1улг 1уьллура,
Бос ца хуьйцуш заманца...
Цунна уллехь зезаг кхиъна,
Шен т1ам хецна дозанца...
Хаза зезаг коча техка,
Махо, малхо хьаьстина...
Цунах доьжна 1индаг1 сетта,
Ша зезаг ду моьттина....
Т1улган 1индаг1 сацар доцуш,
Гуонах хьийза т1улгана.
1индаг1 зезаган, т1улг лоцуш,
Доза къийсса х1оьттира...
1индаг1 т1улган, шен буоларца,
Т1улга т1ехьа делира...
Ткъа зезаган 1индаг1 цунна,
Куралла ян х1оьттира...
- Хьанна, т1улга т1ехьа лечкъаш,
Ахь кеп х1иттор оьшу - те?
Хьан бос байча сингаттамна,
Мархаш йовлу ялхаре...
Т1улган 1индаг1 юха кхечи,
Малхаца шен некъ бина,
Деладелла и дист хили,
Цунна жоп луш, лерина...
- Шен кхолламца берта бахна,
1уьллу и т1улг эсала...
Цуьнца тайна зезаг лаьтта,
Т1улган доза кхелина...
Вайша - м басца къасталур дац,
Ойла елахь хьекъалца...
Царах доьжна, вай х1ун къуьйссу,
И шиъ берттахь дехачахь??
2020
[10.03, 19:31] Резванова Айза Арбиевна: Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан!!!!
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со – м 1ара, дагйала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу!!!!
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрчче,
Дахарехь ирс серла долийла шун...
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Юха а бералле аш йиги со!!!!
Р.А.
Сан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.
[10.03, 19:52] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Тхан Нохчийн б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашчу нохчийн!!!
2019
[10.03, 20:00] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Аза
Дуьне, ма г1ертахьа со 1ехо,
Хьайн хазна оьхьуш...
Го суна, х1ора мур х1оттаман,
Бу даго лоьхург.
Делахь а х1ай дуьне, эхартан,
Эмгар хьо лору,
Ериг а бакъонаш эхартан
Х1усмехь ю боху...
Аса - м хьо х1ай дуьне, сайн дагахь,
Сов ч1ог1а лору,
Х1ора де дуоладо, хьан кийрахь,
Кьа - мел а узуш.
Юха а суьйренца са луьйсуш,
Цецех чекх доху,
Хьо сийсаза дан лиънарг,
сийлалле кхочур вац бохуш....
[10.03, 20:06] Резванова Айза Арбиевна: Чалх лела - кх...
Сан дахар - м сецна - кхий, цу дийннахь,
Дег1ан чалх лела - кха, некъаш деш...
Ойланаш йисна сан цу меттехь,
Кхин некъа ца йовлуш, дахаре...
Дог кийрахь иккхинчу хоршара,
Шовданаш севцца дац м1аьргонна...
Сан дахар - м сецна - кхий, цу хеннахь,
Дег1ан чалх лела - кха, некъаш деш...
Р.А.А.
[10.03, 20:14] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Со ю тахна...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Доху дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Р.А.А.
[10.03, 20:24] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Адам дезар г1алат делахь,
Со г1алат ю, и бакъ ду...
Адамах тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю...
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду.
Реза ю со, г1алат хила,
Адамийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь, адам хилар,
Шеца долуш адамалла...
Р.А.
[10.03, 20:44] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Шу ду сан доттаг1ий
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Кхуллуш дерш, хаза васт,
Сан деган ойланийн...
Шу ду уьш, кхиош дерш,
Т1аьхье а г1иллакхе,
Шуьцана кхуьуш бу,
Безам а Даймахке!...
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Собаре, г1иллакхе,
Яхьйолу сан нохчий!
Шух ду сан иллеш а,
Сан Даймохк, Нохчичоь...
Шу ду уьш, ненан мотт,
Сан дагна 1амош дерш!
Сан даго хаьржинарш,
Шу ду сан доттаг1ий!
Шуьца ю синсерло,
Яхь йолу сан Нохчий!
Шу ду сан дог маса,
Болар дан г1аттийнарш!
Шу ду, сан верасаш,
Дош маьрша даьккхинарш!
Дог майра вежарий,
Са сирла йижайрий,
Дехийла шу ирсе,
Сан мерза доттаг1ий!
Азаллехь къастийна,
Сан деган дозалла,
Шуьца ю сан марзо,
Сан Даймохк, Нохчичоь!
Р.А.А.
[10.03, 20:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ирсе б1ов...
Хьо х1унда кхийда дог, яханчу замане,
Х1ун деха г1ерта хьо, цу ширчу дахаре??
Лоьху те халонаш, дайшна т1е х1иттина,
Баланаш лоьху те, дайн дегнаш цистина??
Къайленаш йисна те, безамах ястаза,
Я, бахам карий те, хьоладайн бастаза??
Хьо х1унда г1ерта те, ойланаш хьагийна,
Боданан не1аре, сирла чиркх латийна??
- Лоьху ас марзонаш, дайн уьйраш ч1аг1йина,
Тешаме орамаш, 1адаташ х1иттийна...
Г1иллакхе г1ерта со, халонаш эешийна,
Барт боьху, дайн дегнийн баланаш башийна...
Бахам бу сан цигахь, х1отто мах боцуш,
Ша оьзда бийцинчу нанойн ц1е кхобуш...
Ломарчу шовданел ц1ена ша лоруш,
Нохчийн мотт, орамаш дакъо йиш йоцуш...
Лаамца сий долчу цу маттахь йотта,
Ирсе б1ов т1аьхьенна синкхача х1отто...
Са серла даьлча, я, х1иттича холча,
Бахкийта, деган не1 йоьллуш со йолча...
Р.А.
[10.03, 21:16] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Вай ду те замано сихдина,
Я зама сихйина вай??
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушехь т1ай...
Тахане ца лоруш, кхане схьа,
Ма еха, им йог1ур яй...
Шен болар ца лахдеш замано,
Д1абевлла,вайн хийла дай...
Йиш - ваша д1ататтий нахаца,
Гергарло ма леха хьайн...
Хьайн наха сий деш хьо ца ларахь,
Хетар ву хьо, цхьалха, лай...
Тулг1е а, х1ордах д1а къаьстинарг,
Г1амаро д1ахудий йов...
Вон - дикнехь шен нахаца ца лелларг,
Адамашна вицлой д1авов...
2003
[10.03, 22:05] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Ас къамел до....
Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.
Цхьа воккха стаг, хьаста велла,
Телхина лела моьттуш со..
Хаттар деш, вист хилира соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн кхетам берг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш са чохь верг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.
[10.03, 22:06] Резванова Айза Арбиевна: Хьонкахошка
Б1аьсте ю чу хьоьжуш вайга,
Лаьттах д1аэелур бу хьонка...
Эцийта аш цунах рицкъа,
Баийта и безачуьнга...
Хьонка Делан беркат ду
Цигахь - кхузахь вайнах бу...
Цхьаъ хилла вайн мехкан дай,
Хьонка бертахь баий вай?
Лаьттахь беркат дебар ду,
Вовшашна вай дезар ду...
Дайн хьехамаш ма бу вайга,
"Кхайкха ма дайталаш гайшка...,,
Баккха хьонка болччара,
Нах а битий Борзера...
1ана бахна лаьтта и,
Даймохк бу вайн беркате...
Б1аьсте ю чу хьоьжуш вайга,
Лаьттах д1аэелур бу хьонка...
Эцийта аш цунах рицкъа,
Баийта и безачуьнга...
Р.А.А.
[10.03, 22:13] Резванова Айза Арбиевна: Х1ун къуьйссу
Х1ун къуьйссу х1ай Дахар!
Ахь кху сан дагца?
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?
Ойла сан керчайар,
Хин тулг1е санна?
Даймахках хьегайар
Ненах бер санна?
Ца даьлла х1ай Дахар!
Хьо дог сан зийна?
Я эерна ду лехар
Ирс хьоьца ийна?
Вуй теша ваьхнарг а,
Ахь дог тедийна?
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна?
Сан Даймохк,
Со лела геналлехь хьуна...
Рицкъанаш хилла - кха
Яздина Дала...
Ойланца со еха даима хьоьца,
Сан Даймохк хир дуй те,
Вайшинна гойла?
[10.03, 22:16] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза!?
Ойланийн архаш ахь, есалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о - накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа - бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац,
Вон - дика ца херца, заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!!!
Р.АА
[10.03, 22:18] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Дахар лай...
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду
Дуьнено ловзош...
Вайн майра дегнаш ду
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду
Цамгарша эегош....
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош...
Вайх цкъа а ца хилла
Дуьненан дай,
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, - лай!
[10.03, 22:34] Резванова Айза Арбиевна: Со йиша - м яра шун, кхин х1ума дацахь а,
Сан б1аьрхиш хьекъош, къинхетам бара...
Шух х1ора Аллах1е до1ийца воьхуш,
Х1оранна ц1е лоруш,
Сайн дагчохь сецош...
2020
Сатуьйсуш гойла сайн нохчийн къам маьрша,
Лаамца, Даймехкан са дала маьлха...
[11.03, 2:26] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Цу шинна дар - кх къа...
Мох тили цхьахьаш - д1а,
Дарц эцна, шен ког маболлу...
Малх къежи боьлуш схьа,
Ша цуьнан амалах боьлла...
Х1аваэхь, лаьттахь а,
Ка йетташ, сутара балла,
Лачкъаза диснарг - м, хьаькхи д1а,
Ницкъана тоьлла...
Д1о маьрша аренгахь
лаьтта дитт дожий, юрт йохош,
Къийгашна дина зен,
Дохийна, даржийна бенаш..
Дийцарехь кхуьур ю
уьш юху, юрт юьллуш йаха,
Кхо б1е шо ю боху,
Церан хан дуненчохь йаккха...
Пхьид йоху, кхийссалуш,
Басий к1ел лечкъина 1ийнарг..
Дик - зуда шех хилла,
хьаьвзина, мох цуьнан уьйт1а а...
Ша-боршам хьаькхина, лаьтташ ю,
Басех йина майда,
Пхьида-м д1а 1ийр йара,
Цо а бер шена кхин г1айг1а...
Миска ши ч1ег1ардиг,
цхьа к1еззиг хан йаккха деана.
Тешнабехк хуьлура,
Цу шимма хьегна къа дайнехь,
Чура сал - пал аййина,
Йаьхьнехь д1а,
Х1усам ю дийна.
Цу шинна ирс хили
Хиларна адмашца ийна...
2015
[11.03, 2:35] Резванова Айза Арбиевна: Ма хьаг1 я гамо яц хьан дагца,
Синхьаъме ойланех к1айн,
Тиллина 1аламан сарташца,
Хьайн дагчу ахь маьрша т1ай...
Ца 1ебаш дежа цу хазаллехь,
Сан б1аьргаш деш некъаш шайн....
Шен ирсах лепар ду - кх, хьан синехь,
Адмашна луш серло шех..
Ларамца,
Аздамиров Алин синхьежамна.....
Р.А.А.
[11.03, 10:05] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де-буьйса луьстучу заманах со кхета.
Адамаш сов къиза, х1унда ду, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
Вон-дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета.
Адамаша тешнабехк х1унда бо ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета.
Адамаш, мерзаниг къахьдечух, ца кхета!
Х1етте а адамаш, сина-марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета.
Дог дуьзна и бацахь, безамах ца кхета.
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
2009
[11.03, 10:09] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Хьан хабар ма делла?
Аз а д1а къарделла…
Мохехь я малхехь дац,
1индаг1ех тарделла…
Гергарло ма лаьтта
Шат1улгах шалделла.
Х1усам а х1оранна
Каш1уьргах таръелла.
Вааа, делладовла вай,
Д1ахадда доллу тай….
Схьадаста некъаш шайн,
Марзонца дахи вай?
Р.А.
[11.03, 10:10] Резванова Айза Арбиевна: Де хорцуш т1е еъча буьйса,
Д1атийна адамийн хьиер...
Беттаса го хи чохь луьйчуш,
Йорт етташ х1орда техь шен.
Хинсица самукъа даьлла,
Беттаса тулг1еш т1ехь техка...
Цу суьртан т1аьлам бан хьегна,
Сан б1аьрса ойланех хьерча...
Р.А.А.
[11.03, 10:14] Резванова Айза Арбиевна: Ма хьаг1 я гамо яц хьан дагца,
Синхьаъме ойланех к1айн,
Тиллина 1аламан сарташца,
Хьайн дагчу ахь маьрша т1ай...
Ца 1ебаш дежа цу хазаллехь,
Сан б1аьргаш деш некъаш шайн....
Шен ирсах лепар ду - кх, хьан синехь,
Адмашна луш серло шех..
Ларамца,
Аздамиров Алин синхьежамна.....
Р.А.А.
[11.03, 10:49] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Сайн зама сайх тера хета,
Цунна а ша къуона хета,
Басабаьлла малх стиглахь къегарх,
Ца лаьа 1аьнах д1акхета...
Со а 1а шераш ца лоьруш,
Къоналлийн амалах хьерчаш...
Дуьненах са 1ехо, йоьлуш,
Сан зама, цхьаъ ю - кх, сох кхеташ...
Р.А.А.
[11.03, 18:52] Резванова Айза Арбиевна: ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
[11.03, 19:06] Резванова Айза Арбиевна: хь хьуо ойланца хервеш цхьа бахьна,
Х1оьттинехь сох тешам буьтуш хьайн техка...
Сан дехар ду хьоьга, ца юьтуш мекха,
Алалахь д1аьвше дош, са даллал къаьхьа...
2019
Сан Къоркхокха, 1уьйрре коре бог1ий,
Кхойкхуш Деле йоьхуш хета со...
Хьан аз хазар доккха совг1ат лорий
Ас а ларбо, йоккхайерца хьо...
Цкъа бераллехь дендех, дененах а,
Марзо оьцуш раг1у к1еллахь 1аш...
Хьо хьошалг1а бар ца дицло суна,
Тхан денанас терго йар а хьан...
"Марша да хьо, х1ай олхазар маьрша!
Бераллера мерза хьаша сан!
Х1оразза ахь, сан эсс доккху самса,
Томехь ду сан дагна, аз а хьан... ,,
Бохуш хьестар, денанас хьо х1етахь,
Дагчу дижна хилла цуьнан аз...
Ахь хийлазза доккху эсехь сама,
Хьалхахь достуш и бераллийн зазза...
Р.А.А
[11.03, 19:12] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Наб кхетта дисите адамалла,
Зуламна некъ буьтуш маьрша??
Ма парг1ато йе'ли харцонна,
Вайн дегнийн б1евнаш д1ахаьрца...
Вай х1унда ийзало харцонах,
Дац те вай йахь йолчу дайх?
Х1унда вай къаьста д1а марзонаьх,
Гергарлонех дуьтуш тай?
Кхиазхой хьекъалчех тарбина,
Мехкаршка ноналла делла...
Берашка кхийдадеш воккхалла,
Дисна вай хьекъалех тилла?
Х1унда бац ларам вайн дендайшца?
Бовларна заманах чекх...
Халонаш, харцонаш йовзарна,
Билли - те, царна т1е бехк?
Дайн лорах д1ахаьдда т1аьхьенаш,
Нислур йац декъалчу некъа...
Дай г1иллакхаш лара 1еминарш,
Хедар бац, д1а, ирсан декъах!!!
[11.03, 20:42] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Дахи вай, адамаш....
Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Барт хилий, хьаьг1наш д1аяхи вай.
Делан ц1е даггара йаккхи вай,
Дуьне а къинт1ера даккхий вай!
Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Даймехкан г1иллакхаш лари вай.
Оьздачу дай-наной ларам бай,
Ирсан мукъ схьа лаций, буй бе вай!
Дахи вай, адамаш, дахи вай,
Сина кхача вовшашца бекъи вай.
Ойланаш маьрша а йахий вай,
Иманехь, бусулба хили вай!
Дахий вай, адамаш, дахий вай!!!
[11.03, 20:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Накъостий хили вай вовше?
Х1усаме кхойкхуш вайн хьеший,
Самукъа, марзонаш дайн,
Йовзийтуш доьзалшна вайн...
Цкъа мацца вайн хене бахна,
Сингаттам хьевзича коьрте...
Баьхкича вайх дагабовла,
Синкхача бекъийта бовха...
2019
[11.03, 20:56] Резванова Айза Арбиевна: Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна - кх, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юху схьа ца кховдош, саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта...
Р.А.
[11.03, 21:03] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре!
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхача луш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч, х1ора!
***
Свидетельство о публикации №220040101342