Ненах йолчу байтин т1оьрмиг

Резванова Айза Арбиевна: Тидам беш хилалахь...

Хьайн нана резаяй, валалахь хьо новкъа,
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза.
Делера пурбанца,
Кхаъ бахьаш шаьш бовха,
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза...

Даггарчу безамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам эешабай, ненан дош ларделахь.
Цуьнгара даьллехь а, г1алат ма ларалахь,
Вайн Далла хьалхахь хьо, юьхь к1айн хир ву хьуна...

Мерзачу безамца, хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро, кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дилла, шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.

Шен нана хьистинарг, дахарехь толийнарг,
Шен нана елхийнарг, дахарехь эешийнарг.
Шен ненан сий динарг, сийлаллехь къагийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь!!!
Р.А.А.
[10.03, 20:27] Резванова Айза Арбиевна: Резванова А...

Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана, цо б1аьсте а хьан суьртах йоста...

Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту...

Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те ловза?
И тамаш бовзийта сатуьйсуч сина,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца...
[10.03, 20:36] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Кхин х1ун ирс ду...

Сина парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй техьа, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш Даймохк ган?!

Дериг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е...
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а.

1ожалла ю, когех хьерчаш,
Новкъарло йеш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.

Сан дог доьлху, Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хьоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а..

Ойла йейша, х1ай, махкахой!!
Къизалла д1айакхий шайн!
Барт боцург ткъа, кхин х1ун ирс ду,
Доьзалашка кховдо вайн??
[10.03, 21:31] Резванова Айза Арбиевна: Сан хьомениг  Неца...
Ахмадова Пет1амат – йинчу денца

 

1аьнан туьйра хаздеш деъна,

Хьо б1аьстенан зезаг.

Хьан кхолламо ирсе дина,

1а б1аьстенах лепа.

Вовшашца хелхаре хьийзаш,

Лайн чимаш т1е иэга.

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

 

Хьо ехийла хьайн дахарехь,

Хьиекъаш ирсе некъаш.

Кху сан дагна хир дац теша,

Х1ума кхин хьол дезаш.

Хьо ирсе гуш, сакъералуш,

Тхо седарчех къега.

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

 

Декъал хила, декъал хила,

Ненан йиша, мерза!

Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,

Хастаман малх беца.

Декъал хила, ирсе хила,

Сан хьомениг, Неца!

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

Р.А.А.
[10.03, 21:32] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Ца юьтуш буо хила..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла кхайкха те, со хьоьга гена.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.

Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, д1ахаьдда, марзонах хьайн...
[10.03, 21:33] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Нана, сатийсинарг...

Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам.

Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.

1уьйранна ца г1оттуш, висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.

Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, , хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.

Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1еххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра,  доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .

Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м телхина дахаре чам
[10.03, 21:34] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Г1енаха г1ено...

Сийсара г1енаха йилхи со, Нана,
Суо г1ено  г1енаха 1ехор ца тайна...
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча...

Юху а самаха,  цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш...

Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча...
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь хилар наб яйна...
[10.03, 21:37] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх!

Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту - кх!

Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца!
Р.А.
[10.03, 21:43] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Ц1инбелла бутт санна

Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.

Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...

Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.

Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
[10.03, 21:44] Резванова Айза Арбиевна: Бехке йо

Бераш а дитина, д1а яхна бохуш…
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо, х1унда?
Доьзалех къастаро кийрахь дог доруш,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш....

Яхь - мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах эшадеш г1ора?
Къайлаха шен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан, доьзална дола?!

Ма ч1ог1а еза - кх, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аша...
Адамаш, мА къастадейша бер - наний,
Цу шиннах къастош д1а, марзонан дакъа!!!

Р.А.А
[10.03, 21:46] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Ца евза нана...
Сунам хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и!?
Х1етте а, б1аьргаша яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.

Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Са де1ар сацийна, ладег1арх тийна.
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха х1ума сан сина.

Ца карий хьан куьйгин ховхалла суна,
Хьо лоьхуш, кхин наной къийларах мара.
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.

Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а еза хьо, декъазчу сина,
Йолахьа, йовхо луш, малх кхеттача денна!
[10.03, 21:47] Резванова Айза Арбиевна: Нене

Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.

Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.

Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.

Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьекъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша ницкъ лойла, Хьан сий деш даха!
[10.03, 21:56] Резванова Айза Арбиевна: званова Айза
Йиш йоьхна йог1у со

Дитахьа дай-наний къиза ка ца етташ хьайн,
Марзонна орамаш хедийча, х1ун до кху дуьненах тхайн.
Хала некъ ас бина, цу шинна т1е кхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжчи сайн бералла гой,
Йоьду со дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шинна могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, ма мотта  со лелла амалех ца кхеташ хьайн,
Дуьненан хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден-ненан декхар со ца яьлла, ма хетта д1а текхна сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.

Х1ай зама, хьо уьду т1ехь - т1ехьа хьалхачул болар сихдой,
Ден-ненан доггаха дог хьаста хан лохьа,  цкъа собар дай.
Дахарехь ас ойла ца йина,  цу шиннах къастаран сай,
Тахана йиш йоьхна йог1у со,  дехарца, хилла  хьан лай!!!!
[11.03, 10:17] Резванова Айза Арбиевна: Ахмадова Пет1аматна,
цуьнан доьзалшкара

Нана, тхан дахаран йовхо,
Тхан дегнийн самукъне малх.
Къагалахь нана хьо ирсе,
Тхан ирс ду хьан б1аьргаш чохь...

Дац тхуна хьан меха х1ума,
Хьол мерза, марзо яц кхин.
Хьан б1аьрхи ма гойла тхуна,
Хазахетарца дацахь и...

Нана тхан ирсана делла,
Делера совг1ат ду хьо...
Безачех йоккхаеш денна,
Ехийла хьо, цагуш вон!!

Хьайн сина лаамаш эшош,
Халонаш, баланаш ловш.
Тхан синтем цкъа а цабохош,
Ца 1ийний хьо-м дерриг товш..

Делахь а, тхан хьоме нана,
Къинт1ера ялалахь тхуна.
Цхьана дашна тилкхаза девлла,
Йинехь вас, хуорам беш хьуна..

Я Аллах1,ницкъ болу Дела!
Хастам бу, ахь деллачунна!
Тхайн нана резаеш даха,
Ницкъ лолахь Я Аллах1 тхуна!!
[11.03, 10:21] Резванова Айза Арбиевна: Ц1инбелла бутт санна

Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.

Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало деган...

Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела йаьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йекъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.

Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
[11.03, 10:44] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Айнушка

Стигал, латта а айделла,
Самукъа даьлла, хьан озах...
Дуьне, 1алам серла даьлла,
Хастам беш, хьо совг1атах...

Б1уьйса сега, б1аьргаш къегош,
Хьан аз хаза сатесна...
Батто стиглахь мархаш кегош,
Лоьху хьо, малх тарбалла...

Олхазарш хьан озах дека,
Бес - бесарчу шакаршца...
Байт1ехь даьлла, зезаг техка,
Хьан аматах дог хьегна....

Сирла седа бу и, бохуш,
Седарчаша къуьйссу хьо...
Х1'а - х1а, зезаган бос богуш,
Зазагаш а къарцало...

Къийсар эрна дуй те хета,
Хьо малхаца, баттаца,
Айнушка, массарна еза,
Хьо ду совг1ат, дуьненна!!!

2019
[11.03, 11:49] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Дехошна

Сан ирсан орамаш,
х1орамма доладеш,
аш ницкъ луш кхиийра тхо...
Даймехкан г1иллакхаш,
ненан маттах эедеш,
Марздира дегнашна тхан..

Дахар а дац хьесап,
дайн х1усме некъ бацахь,
Дозалла дацахь шух дан...
Шун лорах ца лелахь,
шун некъаш ца ларахь,
Ца лехахь эхарт шуьца...

Йахь йолу тхан денда,
денана оьзда,
денвежрий - йижарий, да!
Шу Дала лоьрийла,
йалсмана х1усамехь,
Т1аьхьено йал йохуш с'а!

Иманца, исламца,
хастам бар Далла,
Марздира аш тхуна говза...
Эхартан х1усмехь,
декъалчийн даржехь,
Юьхь хуьлда,  тхан,
шуна т1е товжа! 

Тхайн мерзачу дехошна, Резванов Сайд - Ахьмадна а, цуьнан доьзална а лерина...

2018
[11.03, 11:51] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

К1еззиг бу те, сан синбарам,
Х1ун ду те ца тоьург т1е??
Ца лало соь беран делхар,
Цхьа шен маттахь, йохуш ц1е.

Дегбааме, б1аьрхиш 1енаш,
Къинхетам ца тоьуш шех.
Х1ун сингаттам кийрахь дебаш,
Доьлху те и жима бер?

Беран са ду, г1ийла, миска,
Совг1ат дац-кха 1ехо и.
Х1орамма дустийша шеца,
Х1ун ду ненал мерза, кхин!?

Х1унда доккху бер шен ненах?
Стенна бехке хилла и?
Карор дац, мел дукха лехарх,
Тукар, хадо церан уьйр...

Р.А.
[11.03, 11:52] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Нана хьеста дешнаш ма ца оьшу,
Б1аьргаш дуза, луш ахь тешам хьайх..
Кховдаде куьг, саха луш, комаьрша,
Лаьтта т1ехь а хьега хьанал къа...

Нене безам дешнашца ма бийца,
Гайта иза мерза уьйрашца...
Хьеший кхайкха, ненан сица ийна,
Синкхачанах дуза цуьнан са...

Нене эшац х1ун юур ю хетта,
Сов яьлларг цо, кховдор саг1ийна...
Аьтто бита шен са лаьттарг деха,
Цо доьхург ду, ирс шен доьзална...

Р.А.А.
[11.03, 19:00] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьртбин Айза

Со йилхи, б1аьрхиш сайн цакхоош,
Йилхи со, дог эккхал дог лозуш...
Вайн Дала сан йелхар къобал дахь,
Нохчийн къам маьршачех хир долуш...

Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
До1ийца  вай къоман барт боьхуш...
Вайн Дала сан до1а къобал дахь,
Дахар вайн беркате хирдолуш...

Со йилхи, сайн б1аьрхиш цакхоош,
Нохчийн къоман ненан даггара...
Аллах1а со нана къобал йахь,
Къинхетам вайн къомах хирболуш...

Йа Аллах1, хьайн безачийн дуьхьа,
Сан къоман некъ декъалчех бехьа!
Йа Аллах1, (С.1.С) Мохьуммад Пайхамар Къобалвинчеха тхо, Ахь дехьа!!!
[11.03, 20:22] Резванова Айза Арбиевна: Ц1инбелла бутт санна

Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.

Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...

Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.

Хьоме нана, дуьненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Хьоме нана, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !


Рецензии