Назманаш йолу т1оьрмиг
Къинхетам белахь ...
Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг цавевзаш,
Хьекъалах тилла-те,
Хиллачух цакхеташ,
Мотт багахь тхьузбуьйлу,
Дош ала,цакерчаш.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
Ойланаш гулъелла,
Даге барт ва хоьттуш.
Дог хеба кийрахь ша,
Дагаро ва морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзаха ва дуьйлуш,
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
Со орца лоьхуш ю,
Малхе дог ва дохуш,
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанийн ц1е йохуш.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла д1ачехош.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
"Велларг бен вац олу,
Валарах ва ваьлла,,
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка ма даьлла.
Сан деган мерзаш шун,
1адика ва йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1-Дела!
Р.А.А.
[10.03, 20:20] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Де дийне мел дели г1елдаларх болар,
Заманца жим - жимма лахйаларх уьйраш..
Воха ма вохалахь малдаларх г1ора,
Дахаран некъаш вайн дацлуш ду хьуна...
Буьйсанаш наб йоцуш д1аэхарх тийна,
Сингаттаме хьекъарх ойланаш кийрахь....
Воха ма вохалахь кхачош ду хьуна,
Мел дезаш хиларх а дуьненан хьелаш...
Тидмаза 1индаг1ехь сирла де дайча,
Малхана мотт буьллуш к1айн мархаш йайча...
Воха ма вохалахь, вайн раг1 ю хьуна,
Доьналлийн амалаш д1агайта езаш...
Седарчех къегина шовданаш 1енаш,
Хьайн деган марзонех дог дилла дезарг.
Воха ма вохалахь, мотт карчабелахь,
Шах1адат даладеш, декъалчех хила....;;
Дала декъал дойла вай!
[10.03, 20:43] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Х1ун дер те, х1ун дер те, къинхетам хьуна?
Адамийн дегнаш чу берзор те муха?
Муьлхачу некъа т1ехь дуьсур те кхана?
Вайн Дала кховдабахь бекхаман бала?
Х1ун дер те, х1ун дер те, адамалла хьуна?
Адамийн дегнаш чу дерзор те муха?
Декъалчу ойланех наной къастийна,
Латтано ловрий те, и б1аьрхиш г1ийла?
Х1ун дер те, х1ун дер те, къизалла хьуна?
Адамийн дегнех хьо, къастор те, муха?
Цу Делан маликех лаза дог доцу,
Жоьжаг1атан хаьштигаш эшор те муха?
Х1ун дер те, х1ун дер те, адамаш вайна?
Делан лай вай хилар а, ца дицдайта...
Аллах1ан оьг1азлонах вай лардайта,
Элчанан (с1с) умматах къинхетам байта!!
21.02.2020.
[11.03, 16:50] Резванова Айза Арбиевна: Я Рабби Расулуллах1,
Кху маьлхан дуьненахь къегинчу хьан лорах лелар,
Марзделла лела тхо лаьтта т1ехь деш хала некъаш...
Хьоьгарчу безамна ца къарлуш, къийсамехь дера,
Летарна геч делахь, Хьо бакъ веш, цхьаъ веш вайн Дела! ;
Я Рабби Расулуллах1,
Кху маьлха дуьненахь хастам беш йоккхучу ханна,
Дахарах даккхийдеш, дуьненахь яккха хан йоьхуш...
Ма ларалахь оха, синошна кхин там бу лоьхург,
Дуьненахь тхан марзо Аллах1 цхьаъ, хьо бакъ вар ду хьуна!
Я Рабби, Расулуллах1
[11.03, 19:01] Резванова Айза Арбиевна: Резванлва Айза
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Вайн дуьхьа кхоьллина, дуьне а, Дала,
Вайна ма къиега малх, дешиха 1енаш
Бетта са къагийна, вай хьестар дезаш...
Вай дезаш ма елла 1ожалла а Дала,
Шен хазчу ялсамане вай кхачар дезаш,
Вайн дуьхьа бу шуна, хьехам Къор1анан,
Вай - м, дезаш кхоьлланий, Ницкъболчо Шена!
Вайн дуьхьа ду шуна, ни1мат дуьненан,
Элчанан умматах кхоьллина, дезаш
Вайн дуьхьа ду шуна, де - буьйса хоьрцуш,
Керлачу х1аваъца, 1уьйренаш ястар а...
Бусулба вежарий, йижарий мерза,
Вайн дуьхьа ду шуна, дахаран некъаш...
Вайн дуьхьа синош вайн тиссар цхьана хьеса,
Вайх цхьанна са лазор, массарга кхачош...
Кху Делан дуьненахь йиш яц вайн дуоха,
Иманехь вай хилар бу боккха толам!
Къинхетам дегнаш чохь вайн вовшех боьлху,
И Делан къинхетам бу шуна, вай хьоьстуш!
Бусулба адам, Исламан з1аьнарш,
Аллах1а дезарца, вайн барт цхьаъ бойла!
Цу хазчу ялсаманийн нур серла даха,
Иманца, Исламца, вай декъал дойла!
[11.03, 20:16] Резванова Айза Арбиевна: абраилова Азмане..
Дахарехь замано дика - вон хоьрцу,
Цу т1ехь вайн кхолламах баккха бехк бац...
Хьан мерзач 1аьнаро г1айг1анех йоккху,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!
Юха а 1уьйренца малх хьалаг1отту,
Сан дагчохь г1отту хьан эсала васт...
Ма марзо ю хьоьца, дуьне а хьасттал,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх!!!
Яхалахь хьо дукха, шераш ца лоьруш,
Къаналла йог1ур яц хуьйцуш хьан васт...
Сирлачу б1аьстенан амал ю хьоьца,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх
[11.03, 20:17] Резванова Айза Арбиевна: Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Свидетельство о публикации №220040101361