Даймахках йолу байташ

[10.03, 20:22] Резванова Айза Арбиевна: Бераш берийн ойланех а даьхна,
Сингаттаме дуьтуш белхарш дан...
Дайн г1иллакхех, ненан маттах хьега,
Биснарш бицбан, кхочур бац ницкъ сан...

Сан йиш - ваша деха хийрач махкахь,
Комаьрша,  адмалла карийна...
Беха синош дуьйлина шайн кийрахь,
Хьегна некъаш дахка Даймахка...

Даймахкахь а ду адамаш маьрша,
Хилларш, лелларш д1а а теттина...
Бехкечарца - м, адам берта дахна,
Бехке боцурш битац - кх, бехказа...

Р.А.А.
[10.03, 20:23] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Сий ма дойла...

Машаре малх кхетта,
къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла,
комаьрша хьан латта...
Ирс 1енош даьржийла,
Хьан х1усмехь нур беттан,
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалхара тхан Марта!

Б1аьстено хьоьстийла,
хьо мелчу мохаца.
Баланех ц1анйойла,
дарбане дог1анца...
Яхь йолчу къонахийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалэара тхан Марта!

Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла!
Тулг1ешца хьерчаш,
Тхан бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла яйъинарг....
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалхара тхан Марта!

Хьан мерза марзонах
Кийрара дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъане
кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даима
Сан даго мохь бетта,
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалхара тхан Марта!

2002 шо
[10.03, 20:33] Резванова Айза Арбиевна: езванова Айза

Ирсана кхаж баьлла...

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м, бевзара...

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьерчаш,
Кхийссалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бесс– бессара шакаршца эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэе г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара,
Куц хазчу 1аламах ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца, мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1еткъий,
Г1ерг1ачу терках и елхаре йоьдура.

Стогаллин амалехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн доьналлех дуьйцура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн, сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима, до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира...

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара....

Сийлахьчу хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!
[10.03, 20:35] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Даймохк - Нана

Даймохк, х1ун ду хьуна ганза,
Я баккхаза ахьа чам??
Я бу те хьо, х1умма ланза,
Я, цахууш, х1уман хам??

Хийла геналлехь сатуьйссуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача лууш,
Масне хуьйди лаьтто д1а...

Буьйсанна хьо дагалоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг.
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.

Хьан марзонах ойла хьаьрчаш,
Кийра кхехкош, доьлху дог.
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког...

Сийлахь Даймохк!
Хьомсара Нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш йелар олхазар хилла,
Шуна т1оьхула хеца т1ам!!!
1985
[10.03, 20:48] Резванова Айза Арбиевна: езванова Айза

Резванова Айза
Нохчийн мотт

Кхолламо йигарх д1а, махканна гена,
Дог ду сан бусулба, ду нохчийн ц1ий.
Дайн г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицлахь д1а довр ду, къонахчуьн сий.

Дай, наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш цу къор1ано беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт хера ца болу,
И марзо шен ц1ийца д1аийна ю.

Сан б1аьргаш дуьххьара бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца, сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.

Ламанех схьадуьйлу,  шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг,  сан Даймохк бу.
[10.03, 20:52] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова

1аьнан 1уьйре

Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шакуьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе, ловзуш го.

Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна, ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.

Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1ура ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.

Сан Даймохк, хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсинам ахь а хилла,
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн!!
2007
[10.03, 20:56] Резванова Айза Арбиевна: Нохчичоь

Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш Даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза сунна Нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.

Т1аьхьара  алар;

Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, безам.
[10.03, 21:53] Резванова Айза Арбиевна: званова Айза

Маржа я1, маржа ...

Лаьар- кха, дагахь дерг ма дарра яздан,
Адамаш лаьар- кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар- кха, берашна хаздан,
Лаьар- кха, массо де нохчий чохь даздан.

Лаьар- кха, Даймохк, хьо даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар- кха, ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.

Лаьар- кха, мох хилла хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу йаржа,
Ма ч1ог1а лаьар- кха, ахь суо а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа!!!
[11.03, 10:59] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Д1аялахьа 1аьржа хьарг1а,
Ма хьийзахьа коьрте сан...
Ахь сан эесехь хьерайоху,
Сан къам хьийна къиза хан...

Дериг юха карла долий,
Логе х1утту бекъа шад...
Ойланашца сих а йолий,
Йоьду шовданашца д1а...

Зама - заманех а хуьттуш,
Йолу генна некъа со...
Сайн Даймехкан бала узуш,
Деган терза доьхна го...

Маьрша долий лаьмнийн шовда,
Боккхачу х1ордах кхета д1а...
Нохчийн къам, цу х1ордан тулг1еш,
Санна, дебийла ирс хьан!
12.12.2019.
[11.03, 11:03] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Г1атталахь тхан Даймохк...

Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!

Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Д1а ц1анъеш нохчичоь амалех лайн!!

Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!

Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
Р.А.
[11.03, 11:05] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Нохчалла

Юьхь йоцчу къизалло,
сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура,
дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла
даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура,
сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара
б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура,
хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш, со Далла
суждане яхача,
Иманца хьостура,
сан дог ахь, нохчалла.

Сан къоман дозалла,
ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган
ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь,
толаме кхочу со
Ахь тешам баларна,
Сий долу, нохчалла!!!
2018
[11.03, 11:07] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Йаздехьа цхьа сурт...

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Исбаьхьчу Даймахках дагайала хиъча,
Бохь лекха ламанаш г1иллакхе девлла,
Г1ар - тата сацийна, ладоьг1уш дайча,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха, и башха, сий-ларам гойтуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо!
Даймехкан лаьттат1ехь, синкхача боькъуш,
Дас-нанас хьехначу, г1иллакхех тоьгуш,
Безаман марзонца, ирсе некъ буьллуш,
Сан б1аьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, безамах дуьйцуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Са сирла 1уьйре Даймахках хьаьрчаш,
1аламан хазаллехь, са маьрша даьлча,
Маршоне кхийдинчу синойх эхь хетта,
Сан баьргех къегинчу хин лазам бостуш,
Хирдар-кха и башха, маршонах дуьйцуш!

Йаздехьа цхьа сурт, сурт йаздархо,
Даймахке безам синмеха къагош....
[11.03, 11:54] Резванова Айза Арбиевна: езванова Айза

Моссаза ягийна, ирсан некъ хадош?
Моссаза чахчийна дегнаш хьан дайн?
Моссаза делхийна б1аьргаш а нанойн?
Мостаг1ий - м къарби ахь, тхан Нохчичоь!

Хьо юху денъели, ког хоьцуш шуьйра,
Хьоькх йоцуш б1аьрг хьаста къацхетарийн...
Тоьшалла деш лаьмнаш, айделла хьуна,
Дуьненна д1агайта, Даймехкан сий!

Ч1ег1ардиг, хьоза а маьрша ду стиглахь,
Де - дийне денлуш бу дахаре чам...
Малх санна са сирла, дуьненан кийрахь,
Дайн амалца кхуьуш ду, Нохчийн къам....

Т1еман чалх кегаеш адамийн эесехь,
Наь1алташ кхайкхадеш мостаг1ашна...
Заманца ца диц деш, и къиза шераш,
Барт хилла дехар ду, тхан Нохчийн къам!
2017
[11.03, 14:18] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова

Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийн чоь, йовхо луш хьайн...
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Денделахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.

Халонна, харцонна ца та1ош корта,
Ницкъ лолахь лардан тхайн Даймехкан сий.
Тхо бахьнехь юьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна тхан оьзда дай!

Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина, аренаш лепош.
Бахалахь тхан Даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош!
[11.03, 14:32] Резванова Айза Арбиевна: Нохчийн къоме

Вайн къа хуьлда - кх, къацхетаршна,
Къилара ма бойла уьш!
Деха долчу къемат дийнахь,
Хуьлда царна ц1еран туш...

Шаьш  х1оттийнарг вайн Даймахкахь,
Гатдарна шаьш вайн синош.
Питанаш деш, барт иг1орна,
Ма бойла уьш вайн къинах!

Нохчичоьнах дамар - дурц деш,
Т1е деттарна даш - герзаш.
1азапе къам вайн лацарна,
Ма бойла уьш вайн къинах!

Бовла - баха меттиг йоцуш,
Дуьне т1арал гаттделла...
Бехийла вайх къа цахетарш,
Жоьжаг1ате марзъелла!

Р.А.А.
[11.03, 18:45] Резванова Айза Арбиевна: Р.А.

Нохчалла

Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура, сан дагчохь, нохчалла...

1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.

Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла!!!
[11.03, 19:32] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Хьайбаха

Хьо - м лаьтташ ю Хьайбаха!
Ца беш хам цу мостаг1ийн...
Кхуьуш, хазлуш, хьайн шуьне,
Боьхуш, мерза доттаг1ий...

Айхьа лайна баланаш,
Йайна аьрчо, къизалла,
Ахь лечкъорах замано,
До бакъ долу тоьшалла...

Хьан доьзалех к1ожам беш,
Мостаг1аша багинчу...
Харц тоьшалла даржадеш,
Хьан сий дайъа г1иртинчух...

Уьш - м г1овттар бац хьо санна,
Денбелла кхин, Хьайбаха...
Я юьхь хир яц эхартахь,
Нуьре хьанчух къегина...

Кхин ма гойла Хьайбаха,
Цкъа а хьуна и бала!
Хьан ирс хуьлда заманца,
Б1аьстенан малхах кхала!
2019
[11.03, 19:33] Резванова Айза Арбиевна: Бехкаш дац сан даха кххолламах,
Вай махках къаьстана...
Акхаллех цадулуш,
Даймахке сатуьйсуш дахарна...
Адамалла зуьйш Дала,
Даьккхина нохчийн къам пана,
Дуьненна йовзийта лерина
Нохчийн сийлалла!

Р.А.
[11.03, 19:55] Резванова Айза Арбиевна: ванова Айза

Со хьоьца еха
 
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
[11.03, 19:57] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьрбийн Айза

Даьрг1аца къамел...

Хьо а ма хилла соьга сатуьйсуш,
Ас санна са гатдеш, со гаре...
Хаамаш 1ийна сан дагчохь зийзаш,
Лаамаш вайн хуьттуш вовше...

Моршалла ду хьоьга, сан хьоме Даьрг1а!
Сан ворх1е дайшкара, хьох марзо эцна...
Моршалла ду хьоьга, даггара, мерза!
Сатийсанчаргара хьан марзоне!

Со х1инца кхийти ден ойланех а,
Денде б1аргаша листинчу сартех а...
Ма дарра кхийти со цу марзонех,
Даймехкан сирла дакъа, исбаьхьа Даьрг1а!

Дузалахь, дог, са - ъа, сан хьоме Даьрг1а,
Ца буьтуш цхьа са - ъа,  сан дагчохь беса...
Дийцалахь лазамех,  къаьхьа я мерза.
Ца кхоош б1аьрхиш, сан кийрахь лезна,

Теша хьан хир ду,  дийца - дита а,
Хир ду хьан дагна т1е1аткъам бийраш...
Сан а ду сарташ, б1аьргаш чохь дисна,
Кхолламан кхело, хьох къаьстиначера...

Дац деккъа сарташ - м, синлаъмаш бу - кх,
Дозалла деш хьох, цара марзбина...
Хастам бу - кх Далла, хьоьца рицкъ хилла,
Хьо мерза сатийсам, суна карийна...

Даьрг1а, сан безам бу хьоьга боккха,
Дендайшкара кхаьчна и сан даге...
Ма дарра аьлча, со х1инца ц1а кхаьчна - кх,
Со мара къовлахьа, сан денц1а, Даьрг1а!
2019...
[11.03, 19:58] Резванова Айза Арбиевна: Резванова 1аьрбийн Айза
Даймахке

Х1ун хьега йоьду-те со гена махка?
Х1ун дисна хилла- те геналлехь сан?
Юха а дийзи сан,  Даймохк, хьох хьега,
Йоккхурий -те вайша кхин цхьаьна хан!?

Бераллехь дуьйна хьан кхолламе хьоьжуш,
Ахь лайна баланаш  дуьстина ас...
Яхначу заманах дага а юьйлуш,
Хьан некъ, сайн декхар деш,  т1еэцна ас ....

Со кхиъна,  хьан лаьмнийн баххьашка хьоьжуш,
Ойланца хьан лаьмнийн тарх хилла сайх...
Д1ах1отта цкъа мацца цу лаьмнийн мог1аре,
Сайн кийрахь д1ахудуш баланаш хьан....

Даймохк, хьо бахийта даима маьрша,
Марзо луш, яхь йолчу доьзалшна хьайн...
Хьо ирсе къагийта, дуьненан малхах,
Хьанал до ас сайн са, весетна дайн!

2019
[11.03, 20:03] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза

Г1атталахь тхан Даймохк...

Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!

Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Д1а ц1анъеш нохчичоь амалех лайн!!

Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!

Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
[11.03, 20:26] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьрбийн Айза

Даьрг1аца къамел...

Хьо а ма хилла соьга сатуьйсуш,
Ас санна са гатдеш, со гаре...
Хаамаш 1ийна сан дагчохь зийзаш,
Лаамаш вайн хуьттуш вовше...

Моршалла ду хьоьга, сан хьоме Даьрг1а!
Сан ворх1е дайшкара, хьох марзо эцна...
Моршалла ду хьоьга, даггара, мерза!
Сатийсанчаргара хьан марзоне!

Со х1инца кхийти ден ойланех а,
Денде б1аргаша листинчу сартех а...
Ма дарра кхийти со цу марзонех,
Даймехкан сирла дакъа, исбаьхьа Даьрг1а!

Дузалахь, дог, са - ъа, сан хьоме Даьрг1а,
Ца буьтуш цхьа са - ъа,  сан дагчохь беса...
Дийцалахь лазамех,  къаьхьа я мерза.
Ца кхоош б1аьрхиш, сан кийрахь лезна,

Теша хьан хир ду,  дийца - дита а,
Хир ду хьан дагна т1е1аткъам бийраш...
Сан а ду сарташ, б1аьргаш чохь дисна,
Кхолламан кхело, хьох къаьстиначера...

Дац деккъа сарташ - м, синлаъмаш бу - кх,
Дозалла деш хьох, цара марзбина...
Хастам бу - кх Далла, хьоьца рицкъ хилла,
Хьо мерза сатийсам, суна карийна...

Даьрг1а, сан безам бу хьоьга боккха,
Дендайшкара кхаьчна и сан даге...
Ма дарра аьлча, со х1инца ц1а кхаьчна - кх,
Со мара къовлахьа, сан денц1а, Даьрг1а!
2019
[11.03, 20:39] Резванова Айза Арбиевна: Иорданерчу нохчийн б1евнах...

Дог доьлхуш хьоьжу со,
Белахь а сов хаза ларам.
Сан дагчохь тийжа - кха,
Йижарех бисина лазам...
1ийжа сан ойланехь,
Дайн дегнаш диъна сингаттам,
Цу б1евно денбо сан,
Юху а, вежарех тешам...

Бехкаш дац сан даха кххолламах,
Вай махках къаьстана...
Акхаллех цадулуш,
Даймахке сатуьйсуш дахарна...
Адамалла зуьйш Дала,
Даьккхина нохчийн къам пана,
Дуьненна йовзийта лерина
Нохчийн сийлалла!


Рецензии