Берийн байташ йолу т1
Дог1у маьлха дог1а.
Тачанаш ду къийссалуш,
Уьдуш урам новкъахь.
Татол йистехь зезагаш,
Сетта самукъа даьлла,
Т1амарш дог1не кхийдайеш,
Лоьцуш дог1а маьлхан.
Маьлхан к1ажарш ийзайеш,
Стиглахь мархаш г1уьтту.
Лаппаргаш деш 1аьмнаш т1ехь,
Лаьтта дог1а дуьтту.
.
[10.03, 19:50] Резванова Айза Арбиевна: Бералла
Ма мерза хилла хьо, бералла,
Самукъне хилла хьан хан.
Б1арг хьоьстуш х1уттучу суьртаца,
Дог дело ницкъ кхочу хьан.
Д1о жима йо1 йог1у биешара,
Яьккхина ц1иййелла балл.
Ткъа суна кхечи схьа беламца,
Вайшимма баьккхина кан.
Сан кучах тасаделла генаш а,
Ца хоьцуш, мохь беттарх, д1а.
Канашкахь ас сецо баьллаш а,
Амма д1а - м со хецац - кха.
Эххар - а, уоззийна, йат1ош коч,
Со гоннех мукъа йели.
Амма ас буйнашкахь 1аьвдина,
Сан баллех мут а дели...
Бералла я1, хьо сан бералла,
Х1етахь са цагуора чекх.
Ткъа х1инца хьо гича берашкахь,
Го суна ахь лоьху некъ.
Р.А.А.
[10.03, 21:59] Резванова Айза Арбиевна: езванова Айза
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.
Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар..
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.
2011
[11.03, 12:47] Резванова Айза Арбиевна: Сахьтан цхьамза
Хьалха баларх къуьйсуш уьду,
Сахьтан цхьамза заманца.
Зама генна яьлла йоьду,
Меллаша шен боларца.
Цхьаъ, шиъ, кхоъ,
Б1аьсте яхна генна д1а,
Диъ, пхиъ, ялх,
Аьхке тевжи набарна
Ворх1, барх1, исс,
1одикайи гуьйрено
Итт, цхьайтта, шийтта,
Марша да хьо керла шо!
Цхьамза уьдуш, де д1адели,
Кхечи 1аьржа буьйса т1е.
Замано болар ца хуьйцуш,
Юха серла дели де.
Эх1-х1ар а, г1елбелла кхоччуш,
Цхьамза сеци гойтуш шийтта.
Замано к1айн духар духуш,
1аламан а хийци сурт...
[11.03, 12:49] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Цец даьлла пису
1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне уьдуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш...
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Долушехь уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цундела ду иза,
Сов кхераделла....
[11.03, 12:50] Резванова Айза Арбиевна: Керла шо
Рог1е деъна шийла 1а,
Хиш д1алоьцуш бина ша.
Мохо боху, «Сихха, жа,
Кечло хьаша эца т1е».
Лайн куз тесна арахь д1а,
Хьаша веъна кхечи схьа.
К1айн к1урз буьллуш корашка,
Хуьтту хьаша массо ган.
Кхаьънаш дохуш вовшашка,
Дуьхьал уьду бераша.
Лайн куз сиха къарз бина,
Мара хьаьрчаш хьешана.
Марша да хьо керла шо!
Хьо ду деза хьаша тхан.
Оха хьуна кечдина,
Совг1аташ ду эшаран!
[11.03, 12:51] Резванова Айза Арбиевна: Лайн чимаш
Лайчимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.
Ц1еххьана къегина ткъесс тоьхча санна,
Дато нур стиглара чу дужуш дайна.
Самукъне аз дели, кхаъ кхайкхош цхьанна.
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.
Лайн йо1 а ялаеш и г1уора – дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Тийналла эккхаеш, ловзаршка девлла,
Базалган баьргаш а дехира серла,
Керла шо, керла шо дог1ийла марша!
Мохь бетта бераша, сакъераделла.
Беркате, ирсе ахь дойла тхан дахар,
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха,
[11.03, 12:52] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Палла аьлла...
Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.
Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха, зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Хьаьжи соьга, эесала.
Басар, подар шена хьаькхна,
Цу зезагийн беснех ийна.
Палла аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхарш дан.
Т1къа со лаьтта цец, акъ яьлла,
Зезагаш а девли серла.
Полла хьийзаш самукъне,
Со а ели хелхаре.
Малх а бели тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.
[11.03, 13:46] Резванова Айза Арбиевна: Дарба
Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.
Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.
Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.
Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.
Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига х1онц томана.
Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех, цхьа жимчу к1анта,
Лардинера безамна.
Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна, дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.
Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кевнехь,
Ладоьг1уш и сецира.
Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.
И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а схьа ца ийцира.
Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.
-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира,-
Б1аьрг схьа беллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац цунна.
К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.
Эх1-х1ар а, цкъа, уьйт1а воьдуш,
Кхечо иштта, хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?
Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?
К1анта цунна жоп делира,
-Дехьа юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.
Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш 1уьллуш волчу,
К1антах дериг дийца д1а.
Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.
К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта д1агайти...
Цу жимачу беро бина,
Лерам боккха хетарна.
Вела къежна, и вист хили,
Цу к1антана томана.
Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.
Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.
К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Чам а цуьнан хетар бац.
Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.
К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш, т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.
Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий,
1овша, молуш чорпа т1е.
Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.
2006
[11.03, 13:47] Резванова Айза Арбиевна: Хьо маьрша г1оттийла...
Малх цомгуш хилла те,
Хьовсий вай дахана??
Ца г1оттуш х1унда и,
Бисина тахна?
Де хир ду кхоьлина,
Маьлхан нур доцуш.
Зезагаш шеллур ду,
Йовхо ца кхочуш....
Хьозарчий совцур ду,
Аьзнаш а хаьлла.
1алам а дуьсур ду,
Хебаршка даьлла...
Адамаш хьогур ду,
Ирсе не1 елла,
Малхо са ма хьосту,
Нанас бер санна.
Мохь тухуш алалаш,
Аш Малхе, бераш!
Хьо марша г1оттийла,
Самукъне, къегаш!!!
2017
[11.03, 13:50] Резванова Айза Арбиевна: Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш....
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне х1оз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош....
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн Даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш.
Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду Даймехкан ирсе хилар....
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн Даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий ду стиглахь къегаш.
[11.03, 13:50] Резванова Айза Арбиевна: Схьагулло х1ай
Схьагулло х1ай, кегий бераш!
Зевне аьзнаш декадеш.
Лоькхур ю вай нохчийн эшарш,
Вайн Даймехкан сий айдеш!
Схьагулло х1ай, кегий бераш!
Б1аьргаш суйнех къегадеш.
Гойтур ду вай нохчийн хелхарш,
Нанойн дегнаш деладеш!
Схьагулло х1ай, кегий бераш!
Оьздачу дайн лерам беш.
Вовшен деза, ирсах теша,
Вай 1аморна хастам беш!
Схьагулло х1ай, кегий бераш!
Ирсе некъ аш лаца схьа.
Кхане еъча, диц ма лолаш,
И т1аьхьенга кховдо д1а!!!
[11.03, 13:52] Резванова Айза Арбиевна: Со малх г1оттуш
Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Мимша кхарста лаьллина
Ж1аьла бай т1е даьккхина,
Пису бун чу доьллина.
Бедаш яжа лаьхкина,
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.
- Баба, ас хьо тахана,
Г1уллкхех мукъа яьккхина.
Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду генна д1а,
Ж1аьла лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана,
Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш хас т1ера,
Орца доьхуш котамаш,
Хи ду к1орнеш идадеш.
Баба уьду цаларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.
[11.03, 13:53] Резванова Айза Арбиевна: Писуй, к1езий
Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лаарх шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.
Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжу чу,
К1еза гонах уьдуш ду.
Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1аьлийн амал евза.
Ас сайн маттахь "мяу-в,, бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.
Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхойша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, мяу-в, аа-в,
Тхойшинна д1адолу дов.
[11.03, 13:53] Резванова Айза Арбиевна: Дашо месаш
Вижа жима Сурхо д1а,
1аьржа баьргаш къовла т1е.
1уьйре еъча борг1ало,
Кхойкхуш сама воккхур ву.
Малх г1аттале г1отту и,
Кхайкхадо цо сирла де.
Нагахь даг1ахь йочане,
Аз хуьйцу цо шен зевне.
Массо х1уман хаам бо,
Дашо месаш, йолчу цо.
Хьаша вог1уш и хир ю,
Кхаьънаш дог1уш йоьрзий чу.
Шен х1усам а ца йицйо,
Котамашна дола до,
Ву и кертахь дика 1у,
Цунах теша мегар ду.
[11.03, 13:55] Резванова Айза Арбиевна: Дешар
Бераш, бераш, киншкаш ешар,
Дахаран цхьа маь1на ду.
Ткъа дешарах кхеташ хилар,
Иза коьрта толам бу.
1илма довзар, 1алам дезар,
Дахаре хьан безам бу.
Барт, безам, ирс ларда оьшург,
1илман корта, - собар ду.
Иман, Ислам довза деза,
И лоруш верг сийлахь ву.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
И дешарца дозуш ду.
Еша, яздан 1амош верг,
Вайн дахарах кхеташ ву.
Ткъа ца доьшуш лелаш верг,
Шен дахарах леташ ву.
[11.03, 21:57] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Къинхетам бейша
Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца д'ай.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Т1еэега лайн чимаш к1айн.
Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез-к1еззиг уозадеш т1етт1а.
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду, шелоно латта.
Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар дисна-кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.
Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те, къинхетам вайх а?
Адамаш, довлийша орцуха,
Шайн синойх къинхетам бейша!
2012
Свидетельство о публикации №220040101393