Рассказ на чеченском. Реб1ат дечиге яхар

                Реб1ат дечиге яхар. (Дийцар)

                (Тхайн ненан нана дагалоцуш).
     Бабин Сайд1али селхана итт шо кхаьчна жима к1ант вара. Кантана хазийта йиш йолуш-м дацара «жима» бохуш долу дош, к1антана ша х1инца воккха хилла аьлла хетара. Бабин йоь1ан Зийнин к1ант вара Сайд1али, йоккха стаг ша ца хилийта цуьнца 1аш. Йоккха елахь а, баба-м вир ворда а южий хьуьнха а йоьдура дечиг дан, хи чу дохка хьуьнан кхораш а гулдора цо, 1аьнна а даа сеш а, муьргаш а, хаьмцаш а дохьура. Жима велахь а Сайд1алис бабина хьалха а дора г1о. Х1инца ша бабица вирворданахь хьуьнха дечиге воьдуш, виран архаш а шен кара оьцура.
- Н-н-нуо! – олуш цхьана буйнара сараг а ластош, вукху куьйга архаш озош вир човхош, воккханиг санна 1ара и вирвордана хьалха, баба шена букът1ехьа а хоийтуш. Лакхахь гуш баьццарчу хьаннех дуьзина арцнаш а долуш, диттийн бецан зезагийн хазачу хьожана. Ма воккха къонах хетара кхунна шех. Бабас жима еха дога йолу жоммаг1а а тухуш даьккхина б1аьлланган дечиган гаьннаш цхьацца а, шишша а лоцуш, юькъачу хьуьна юккъера вирворда лаьттачу майдане схьатакхайора к1анта. Наггахь, баба кадъелла 1индаг1ехь садо1а охьалахъелча, к1анта жоммаг1а караоьцура. Бабас санна б1аьлланган гаьнна дехьа а, сехьа а тухуш диг тухура цо.
- Охьа лахло, жимма садо1а хьайна, ва к1ант, - ела къежаш, к1антах йоккха еш олура бабас.
- Со к1ад ца велла, ахьа садо1а хьайна 1индаг1ехь, аса жимма болх бийр бу, - ца къарлора жима Сайд1али. Делкъана, малх лакха баьлча, юург яа 1индаг1ехь охьахуура бабийн жима Сайд1али. Яржайой бецана т1е шаршу а тосий, цунна т1е охьайуьллура бабас мерзачу хьожано корта хьовзабеш йолу юург: гатана юккъехь х1инца а ховха лаьтташ йолу сискал, т1оберам, нехча, деттина жижиг, сийна хох, хорсам. Оцу хенахь боккха бахам хеташ йолу Китайн пачхьалкхахь йина, аг1онна т1ехь хазачу зезагийн курсан суьрташ долу, термосна чуьра дуттура т1ера хазачу чоман 1а г1уьттуш долу галмакхойн шура тоьхна чай. К1анте алсама кхаллийта г1ерташ цунна хьалха туьттура бабас мерза, тоьллачех долу юурган дакъош.
- Къонах хила везаш ву хьох, диканиг. ахьа шортта яан еза юург, - олура бабас ша к1антана хьалха юург моссаза тотту.
- Баба, со варставо ахьа. къонах верстина хилча товш дац, ма бохура ахьа, - бабас шеца х1оттош долу г1иллакх шена товш хилар къайла даккха г1ертара к1ант.
- Хьо х1инца а дег1 доккхуш ма ву. Ахьа х1инца дика х1ума юуш ца хилахь, ахьа дег1 а доккхур дац, ницкъа болуш а хир вац хьо, - хьехарш дора бабас. Х1ума йихна шаьшиъ даьлча бабас леррина схьагулла йора юург. Цхьа цинц а ца юьтуш сискал а юха гатана юккъе хьарчайора, цуьнан к1еда, ховха хилар ца дайийта, цуьргаш йисте куьйг а лоций вукху куьйга т1егулла а йой, д1акхоллура бабас. Бехк боцуш нохчийн къам ц1ера арадаьккхинчохь Къилба седа Казахстанехь ша лайна мацалла дагайог1ура цунна х1ора а ша иштта гулйина сискалан цуьргаш д1акхоллуш. Шен х1усаман да Хьуьсен, Сайд1алин ненан да ларалуш волу, к1ант Шамсудди а дагавог1ура Реб1атна. Хьуьсен а, Шамсудди а цамгарой, мацалой Казахстанехь д1акхаьллинера.  Цхьа нохчийн х1усама яц-кх х1усамехь я масех стаг, я шайолу х1усама х1аллака хиланза! Йовлакхан т1оман маь1иг хьаькхина б1аьргах охьахьаьдда хин т1адам д1а а боккхий, цхьа х1ума дага а деъна бехкала яхача санна елакъежира Реб1ат:
- Сайд1али, х1инца хьо санна со жима йолуш, хезна суна тхайн нанас Датос олуш: боьрша стаг хьуьнха дечиге вахача, зингат делало олуш. Ткъа зуда хьуьнха еъча зингат доьлху боху.
- Баба, зуда хьуьнха яхача стенна доьлху и зингат? – ца кхетара жима к1ант.
- Боьрша стаг хуьнха вахача, ша делкъана х1ума йиъна ваьлча сискалан цуьргаш бецала охьакхуьйсу. Ткъа зудчо схьа а гулла йой ц1а хьо боху юуург цхьа цинц а ца юьтуш. - Зударша цхьа цуьрг ца юьтуш, схьагулйой, ц1а хьо, ткъа зингатна х1умма а ца кхочу, цундела доьлху и зуда хьуьнха еъча, - кхетийра к1ант бабас.
- Баба, аса сайх йисина сискалан цуьргаш кхийса мегар дуй зингаташна? – хаьттира к1анта.
- Мегар ду дера, х1уйнда ца мега и. Аса-м айса а, юург аса лараярах, сайх йисина сискалан цуьргаш зингаташна а, кхинйолчу а кегийрачу садолчу х1умнашна бацалахь юьту. Саг1а хир ма ю и, ткъа цулла мелехь дуьнена чохь х1ума дац.
Реб1атас говза, сихачу куьйгашца, кхин болу а ша мел беш болу болх санна, юург т1оьрмигна чу схьагулйора. Бецалахь, б1аьлланган гаьннаша луш долчу 1андаг1ехь, куьйг коьртана буха а г1ортийна аг1ора ваьллера Сайд1али. Бабас хийла б1аьрхишца цхьаьна юьйцуш йолу Сибрехахь текхина мацалла б1аьрсина дуьхьала х1оттон хала дара х1окху ялсаманех тера йолчу хьунхахь. Делахь а, бабас дуьйцу къиза х1уманаш дага дог1ура к1антана ишттачу меттехь. Бабийга хьоьжуш к1ентан жима дог къинхетамо 1ийжадора. Йисина юург т1оьрмигна чу йиллина Реб1ат а бацалахь д1атаь1ира жимма садо1ан. Бецан, зезагийн хазачу хьожано, хьозанийн эшарший, 1индаг1ехь дечиг доккхуш бинчу белхан к1адвалар мича дахана а ца хууш гена доккхура.
Малх делкъа хенал дикка т1ех иккъина суьйренехьа бирзинера Реб1атас шаьшимма даьккхина дечиг вирвордана т1едотта кечдеш. Дукхаха долу дечиг б1аьлланган дара, наггахьа юкъа кхосселла хьоьх дечиг а нийслора. Вир дуьзина эккха доллуш дара, бехк а бацара цуьнан, гоьллалца бацалахь де суьйренга г1орталца даьллинера и. Амма к1анта ша д1адожа ворданехьа озийча, цкъа а и буц шена ца гича санна т1едетталора бецана вир. Ша ворданах д1адожар ч1ог1а товш дацара вирна. Амма ц1ехьанехьа боьду некъ г1олехьа бора виро, цундела кхин йоккха дуьхало ца еш, реза хилира и ворданехьа дахан. Амма доьдуш лаьтташехь дехьа а, сехьа а хазачу бецах церг ца тухуш-м ца 1ара и.
Эххар а, ша и т1амана т1е боьдучу дино санна, вордана 1аьрчашна юккъехь шен меттиг д1алецира виро. Х1ора га нийсаеш охьаюьллуш дечигах ворда йотта юьйлира Реб1ат а. Цо ч1ог1а говза д1анийсадора дечиг вордана т1ехь. Дукха вирана букъна т1ехь шабериг а хира боцуш мохь, вордана т1ехьа а, хьалха а нийсадора дечиг йоккхачу зудчо. Ворда йоьттина яьлча вордана гайна бухахула а боккхуш муш тесира цо дечигана го а боккхуш. Буьххье а яьлла нийса т1ехула т1е дечигана юккъе бихкинчу мушна уллохь ирбина б1аьллинган хьокха туьйхира Реб1атас. «Хьажал, Сайд1али, иштта йо хьуна гел!», - олуш гойтура к1антана бабас. Дечигана юккъе чутоьхначу хьокхийна гонах муш а лоцуш кхин цхьа боцуо хьокха хьовзийра Реб1атас. Ворда йоьттина долу дечиг «г1арч!» аьлла ч1аг1дира оцу хьовзийначу гело вордана бохала а нийсбина и т1аьххьара хьовзийна геллана хьоккха аьчган сераца ч1аг1бира цо меттаха бера боцуш. Виран дуьрстана т1ера д1айоьлху архаш а оцу дечигана юккъе тоьхначу хьокхех д1атосуш д1анийса йира.
Х1инца ворда кийча яра. Кхин цхьа а гуо боккхуш хьоьжура Реб1ат вордане. Де суьйренга г1оьртинера.
- Хьалххехьа ц1акхочура ду вай, Дала мукъалахь! Вордана т1аьхьа а х1оттий, хьожуш хила, вай хьуьна юккъера ара довлалца, - к1антехьа хьаьжира Реб1ат. – Нийсачу новкъа девлича вордана т1е хуур ву хьо. Сайд1али-м вара дечигана т1ехула т1е буьххье вала сак1амделла. Амма бабас бохург дан кийча вара и.
Виран юьхь лаьцна: «Бисмиллах1ирохьийм! Делан т1ехь бу-кх вай могуш маьрша ц1акхачоран болх», - олуш ц1ехьа йолаелира баба. «Ва, ма дукха йоьттина аша х1ара ворда!» аьлча санна вир цкъа шозза тоха а делла, д1адоладелира.
Шерачу некъана т1е а даьлча, некъ чунехьа а хилча, мохь кхин беза а ца хилчи г1еххьа самукъа делира виран. «Цехьа боьду некъ!» - коьртехь долуш долу вир г1еххьа самукъане а дара, ша кхин ийза ца дойтуш, юьхь лаьцна йог1учу Реб1атан а хьалха далан а  г1ерташ дог1ура. Шерачу новкъа ворда яьлча, Сайд1али дечиган морана буьххье а ваьлла юккъе тоьхна хьокха а лаьцна хаза гонаха гуш долчу 1аламан суьрте хьожуш вог1ура. Лакхахьа аг1ора сийначу хьаннех дуьзина арцанаш дара, царна т1ехьа стигалах баххьаш г1ортийна лаьттара Башлам а, малхо къагиначу к1айн лайх юьзина лаьмнийн асанаш а. Аьтто аг1ора охьанехьа хьаьда йоьдура шуьйра б1арийн беш, аьтто аг1ора б1аьлланган хьуьнан аса шена юккъехь хьуьнан кхор, хьаьмцаш, элхьамцаш, сеш хьуьнан 1аж, кемс кхин а дукха х1ума дара. Цаьршинна юккъехула чухьаьдда боцуш бара ворданан некъан ши аса, дехьа, сехьахь а юккъехь а бецах а бецан зезагех а юьзина.
Цхьанаэшарехь йоьдучу вирворданан болар хийцаделча санна хийтира Сайд1алина. Юьхь лаьцна йоьдуш йолу Реб1ат, вир човха деш сацон г1ертара, ткъа вир-м болар чехка даккха дагахь дара. Сайд1алес геллах тесина йолу архаш буйна лецира, уьш юха а озош бабина г1о дан г1оьртира. Амма вир кхин а юьхьаха делира: бергаш дурц1аг1ах тухуш, ц1ингаш а кхоьссина, шен хадийна долу доца ц1ога ира а х1оттош д1аиккхира. Реб1ат виро бат 1оьттина юьстаха теттира. Амма йоккха стаг атта къарлура йолуш яцара, ма-догга тасаелира и дуьрстанах. Вир-м кхин а корзаха делира, йоккха стаг ког тасабелла гора яхара. Кхар ца яла г1ерташ делахь а, кхераелла делахь а, дуьрста д1а ца хоьцуш лаьттахула такхийра и виро. Вир шега ца къарлой хиича дуьрста д1ахийцира цо, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, вирворданан ч1ургана к1ела ца йоьдуш аг1онца керчина д1а яхара и. Шен толам базбеш ц1ингаш а кхуьйсуш д1аиккхира вир. Ворданан буьххьехь 1аш волчу Сайд1алес шен ницкъа мел бу архаш юха озийра. Дуьрстанан геланаш виран багахь хиллехь-м лозийна а сацан мегара и. Ловзадаьллачу виро тергала а ца вира Сайд1али. Воьхна хуьлуш д1а схьа хьаьжира и, х1ун дийра дара ца хууш. Вуха хьаьжича цуьнан б1аьрг кхийтира меттах а ца йолуш йоьжна 1уьллучу ненан ненах. «Баба-а!» - ц1ог1 делира к1антан чуьра. Дечигаш а лоцуш жимма лаха чу а кхозавелла ворданан т1ера чухецавелира и, керчина масийта го боккхуш д1а а воьдуш. Ша лазавар тергал ца деш хьалаиккхира жима к1ант, бабина т1ехьаьдира и. Оцу хенахь баба к1егара хууш а гина, гена долуш долчу вирана мох санна т1аьхьахьаьдира и. Ловзадаьлла вир х1инца-м охьанехьа боьдучу новкъо а, т1аьхьа хьаьдда йог1учу вордано лаьллина хьош дара! Жима велахь а, ког сиха хиллера к1ант, вуха вер воцуш а. Къар ца луш ведда, ведда хьалха велира к1ант вирана. Вир х1инца-м ша а дара соцура долуш, амма дечигах йоьттина йолу ворда охьанехьа боьдучу новкъахь сацон атта дацара. Аг1онца текхаш йолчу архех б1аьрг кхийтира к1ентан. Ведда вог1ушехь т1екхетта буйна лецира Сайд1алес архаш, ма-догга юха озийра. Водуш хьалха а эккхиш виран коьртана т1ехула т1екхоьссира цо архаш, кхин цкъа а юха озийра. Вир архаш когех а тасалуш духа г1оьртира, гора дахара, дуьйжира, текхина вордана 1аьрчаш лаьттах а г1уртуш сецира ворда а. Вир 1аьрчашна юккъехь йоьжна 1уьллура, доккха са а доь1уш, даккхийн бехкла дахана б1аьргаш к1анте а хьежош. Баба дага а еъна, к1ант д1ахьадира и йоьжна 1уьллучу аг1ора.
- Баба! Ч1ог1а лозийний хьо? – мохь олуш т1екхийтира к1ант нена нанна.
- Воха ма воха! Х1умма а ца хилла, жимма гола лозийна, кхин доккха х1ума дац, - узар а олуш жоп делира бабас.
- Аса х1ун г1о де хьуна, баба? – хаьттира к1анта.
- Ворданах х1ун хилира? – генахь лаьттачу вордане хьожуш хаьттира бабас.
- Вир йоьжна 1уьллуш ю, - кхетийра баба к1анта.
- Лоза-м ца йина и?
- Ца хаьа, б1аьргаш а къерзош 1уьллуш-м ю и, - элира Сайд1алес.
- Ша ц1ингаш кхийсина эхь хеташ къерзадо хир ду цо б1аьргаш, - елакъежира баба.
Велавелира к1ант а. Бабас бегашца меттавалийнера воьхна хьийза к1ант.
- Вало, ший а хьожу вайшиъ и вир б1аьргаш къерзош х1унда ду, - хьалаг1атта юьйлира баба.
Цхьа, шиъ ког баьккхича кхийтира баба, гола шена хетачулла а ч1ог1а лозийна хиллий. К1антана белшна т1е а тевжаш кхин а масех г1улч а яьккхина к1ела йисира йоккха стаг.
- Мегар ду. Со-м «инвалид» ели. Вирехь х1ун хьал ду техьа? – бегаш бора бабас. – Вало хьажа цуьнга.
К1ант ведда вахана хьаьжира вир х1ун деш ду. Вир-м кхин доьхна хьийзаш а дацара, г1ийла наб озийна 1уьллура и, т1е х1оьттина к1ант тергал а ца веш. К1ант вуха велира, виран хьал дийцира бабига.
- Вир хьайга ворданах схьадасталой хьажа. Хуур дуй хьуна? – хаьттира бабас.
- Хуур ду дера, ахьа к1езига 1амийна со и вир ворданах д1адожа а схьадаста а, - элира к1анта ворда йолчу аг1ора д1а а волавалан сих луш.
Вир 1аьрчашна бухахь 1уьллуш схьадаста-м иштта атта а ца хиллера. К1ант дикка ваьллира вир мукъа доккхуш. Вир ирах1оьттира, самукъадаьлла бецах церг тоха дуьйлира, жимма астаг1а дуьйлуш, ша реза доцу кеп х1оттош. Виран архаш б1аран диттах д1а а тесина, бабина улло вахара к1ант, туьта йолчу г1абакхах йиначу «туьтана» чохь долу хи а хьош.
- Вордана т1ера дечиг охьа даккхалур дуй хьоьга х1инца? – хаьттира бабас, хи мелла, «туьта» шена улло диттан 1индаг1е а х1оттош.
- Доккхур ду аса-м. Х1инца! – хьалаиккхира к1ант.
- Дечиг нахана новкъахь хир доцуш йистаха кхосса хьажа. Даьржина хир доцуш, хьаладотта а хьажа цхьана меттехь.
- Дика ду, баба! – хаьдда воьдушехь элира к1анта.
Бабас говза хьаьрчийна гел схьайостуш хала хилира к1антана, амма жимма хан яьлча ворда есса яра, дечиг йистахьа хьала доьттина дара. Кхин д1а дан дезачух-м к1ант ша а кхийтира. Цо бертадалийра вир, кеста дуьйжира и ворданах д1а. Кестта баба вордана т1е а хаийна ц1ехьа бахара уьш.
Цхьа-ши де даьлча, бабин гола метта йеъча юха а дахана ц1а деира бабас а, Сайд1алес а шайн дечиг.
Вир-м оцул т1аьхьа оьздачу амале даьллера.
23 февраль 2020 шо.


Рецензии