НеIIий, неккъий ца харжарна...
Вайгара дуьйлу гIалаташ –
«ГIант» а, «гIаж» а шениг харжахь,
Йоцчохь югIу гIаланаш...
А.Сулейманов
«Хьакъверг лоруш къомо,
ХIунда дац те ломахь?» –
Ойлаеш со Iийна,
Дерриг аса зийна.
Чевнаш, чардонаш а
Йоцуш баьхна Нашхахь,
Даймохк ларбеш вонах,
Ваьхна хийла къонах.
Вайна йина "кхачо"
Мехкан йоцчу ачох,
Ницкъаш гонах хьийза,
Ца луш цхьаннех ийза.
Балех хьалхадаха,
Маьрша ара, аха,
Мохк бан дагна аьхна,
КIентий оьшу тахана.
Уьш-ам болуш беца
Тийна, таьIна бецаш,
Даржах, тажах къехкаш,
Ойла яьхьца кхехкаш.
ГIанташ къуьйсур доцуш,
Осал лелар боцуш,
Нийсо лехар дезаш,
Даймохк доггах безаш.
Къестац тулгIе хилла,
Дагчохь къийлац хIилла,
Цара гIала йуогIац,
Тарлург сихха йоха...
...Халкъан кхане, хилларг,
Собар, къоман гIиллакх,
Церан даг чохь деха,
Леткъам боцуш беха.
Дега, нене, юьрте,
Бехна, баьхча коьрте,
Шениг "гIаж"а,"гIант "а,
Кхочу хIора кIанте.
Уьш бу охIла къийса,
Леха сийлахь Нийсо,
Хьакъ верг лоруш къомо
Оьшу ламаст ломахь.
1994 шо, август.
Свидетельство о публикации №220040301151