Хасан исраиловх

Резванов 1аьрбийн Айза
(Нохчийн къоман турпалхочуьнан, яхь йолчу къонахчуьнан,
Исраилов Хьасанан сица къамеле яьлла...)

Ма некъ боьхна хилла - кха хьан,
Х1ай яхь йолу къонаха!
Ма дог эшна еъна хьуна,
Хьайн дахарехь зама а...

Сирла чиркхаш санна ц1ена,
Ойланаш хьан гина...
Лаьмнийн тархаш санна онда,
Дог доьхна хьан дайна...

Сан дог доьлху... доьлху хьуна...
Доьлху дериг къомана...
Хийла еа, йоьхна зама,
Харцо яхьаш вайна...

Дахар тайна, шеца тайча
тешнабехк беш хилла.
Кху дуьнено, хезна - м дара,
Дайшкара и вайна...

Цхьана м1аьргонна мегара дацара,
1ехавала -м шеха...
Вайна - м зама еъна яцара,
Кхунах 1ехадала...

Ахь ма бохха, к1ордийнехь а,
Герзаш буйна къийла...
Ца дитина мостаг1аша,
Вайн къам парг1ата хила...

Дайн кхаш охуш, ялта кхиош,
Бошмийн стоьмаш лехьош...
З1окрийн даьхний, хьелий
Лелош,
Дацара х1умма доьхаш...

Дайшкахь дуьйна марзделлера,
Хьанал къахьегар а,
Бара вовше уозабезам,
Дика - вон декъар а...

Хьаг1 - гамонан, цабезаман,
Б1аьрг баг1а - те къомах?
Я безаман б1аьрг леци те,
Даймайхко шен къома?

Вайн дайша ца магийнера,
Дуьне дезар ч1огг1а...
Доьзална юккъехь а церан,
Хуьлара херон, доза...

Ира хилла дайн хьекъалаш,
Хьехамаш а говза...
Церан лорах лелар ма ду,
Дуьненан хьал довзар.

Асса - м дуккха дийци хьоьга,
Къамеле а йаьлла...
Хьан а хилла дитна тхоьга,
Весет деших кхаьлла...

Ма к1ант хилла хьо хьайн къоман!
Хьехамаш бу оьзда...
Мостаг1ашна хилла - кх гома,
Доьналла хьан тоьлла...

Хьо ца воьхна, ца боьхна вайн,
К1ентий а, халонехь...
Делаца ду вайн гергарло,
Ду вай, Делан керахь!

Со кхаъ баккха йолла хьоьга,
Х1ара сайн къамел дерзош...
Къонахий бу вайн Даймехкан,
Сий деш, лардан хьан дош!

2020


Рецензии