Мотт кIорггера хаахь, Iамийнарг бух болуш хир ду

Данный материал - о значимости изучения языка. Опубликован в газете "Вести республики" (г. Грозный) 25.04.2016 г.

   Веданан к1оштарчу Эрсанахь 1920-чу шарахь дуьнен т1е ваьллера Тепсуев Шадит.   Дукха хан йоццуш кхелхина иза, Дала гечдойла цунна! Т1аьхьарчу шерашкахь  Аргун  г1алахь вехаш вара  Шадит. Шен хазачу г1иллакхашца, лаккхарчу оьздангаллица, цуьнгахь долчу 1илманца, говза  буьйцучу маттаца дика вевзаш а, наха лоруш а, тайна къано  вара иза.
   
   Хьехархочун белхан а, т1еман а ветеран вара Тепсуев Шадит.  Т1аьххьалц дика лелаш, сема хьекъал долуш, шен халкъ, цуьнан мотт безаш а, цунах дозалла деш а вара. Со воккхаве Шадит д1авалале сайн цуьнца  цхьаьнакхетар нисделла. Оха дийцира вайн таханлерчу чолхечу хаттарех лаьцна, къаьсттина дешаран, ненан меттан хьокъехь.

   Стага ша дахарехь уггар хьалха караерзийна говзалла, вовшахдиттина г1уллакх цуьнан уггар к1оргерчу иэсехь дуьсу бохург бакъ хиллера. Халкъ махках даккхале дуьйна школехь болх беш хиллачу Шадитана ч1ог1а герга ду дешарца, вайн къона т1аьхье кхетош-кхиорца доьзнарг. Ткъа дешарца бала боцуш, тхо тешна ду, цхьа а стаг хила йиш яц, х1унда аьлча тайп-тайпанчу з1енашкахула даима дешарца дозаделла ду вайн дахар, дуьненахь вай вовшахдетташ долу муьлхха г1уллакх а.

   Вайн халкъан баланаш а, дешарца, 1илманца доьзнарг а вошашца йоккха з1е йолуш хета. 1953-чу шарахь яздина-кх Мамакаев Мохьмада х1инца шуьйра девзаш, амма вай кхоччуш тидаме оьцуш доцу башха чулацаме дешнаш:
 
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.
 
   Тепсуев Шадита ч1аг1до, хьалха, юучуьнца, юхучуьнца вуно хала хиллачу муьрехь, дешар лорий 1амадора. Дешча бен, юкъараллина беркате хир йолу меттиг дахарехь шега д1алацалур йоций хаьара х1оранна. Оцу хенахь йоза хаза дара, «чистописани» олуш леррина урокаш яра ишколашкахь. Цхьажимма шен аьтто а хилла доьшуш волчо х1ума дика схьа а лоцура. Дешар массо аг1ор беркате хуьлура.

   Дешар, 1илма 1амор т1аьхьало йолуш, беркате массо заманахь хилла, тахана а ду.
Цхьаьнга хаьттина хилла а боху-кх: «1илма г1оли ду я бахам г1оли бу?» — аьлла. Цуо жоп делла: «1илма г1оли ду, х1унда аьлча бахам ахь ларбан беза, ткъа 1илмано хьо ларвийр ву».

   Шадита дуьйцура: "Дешна волчу стеган аьтто хуьлу х1уманан хьесап дан, хилларг-лелларг талла, т1аьхьенашна иза довза дитархьама, д1аяздан а. Истори хууш ца хилча, муьлш хуьлу вай?

   Гайрбеков Муслим (Нохч-Г1алг1айчоь меттах1отточу муьрехь – Республикан министрийн Советан председатель хилла волу) вара, бусалба волуш, хаза оьзда, хьекъале стаг. Бусалба динехь ша д1аволла аьлла весет дина хиллера цо, оцу кепара и д1а а воьллира. Оцу хенахь иза йоккха къонахалла ларалуш яра пачхьалкхан г1уллакххочуьнгахь. Кегийнаш сох ца кхета тарло.

   Вешан г1иллакхаш вай д1атийсича, вайх нах хир дац. Ткъа г1иллакхаш муха ларлур ду, ненан мотт ца 1амийча, цуьнан дан ма-дезза дола ца дича?! И ду уггар коьртаниг, мехалниг. Оцу хьокъехь дало дуккха делилаш (аргументы, доказательства) сан хир ду, соьгахьчул дукха 1илманчийн хир ду.

   Гой шуна, таханлерчу дийнахь: «Нохчийн мотт», — олу вай, ткъа нохчийн мотт хууш стаг каро хала ду. Вайна вовшашка дистхила хаар – иза нохчийн мотт хаар ма дац. Вайна транскрипци х1ун ю хаахь, деша, оьшу таллам бан хаахь, д1ахьедар (заявлени), диктант, кхоллараллин болх язбан хаахь, т1аккха вайна нохчийн мотт хаьа, ала мегар ду.

   Мотт – иза уггар хьалха йоза ду. Шуна муха хета, хаац суна. Берашна – шайн чохь, берийн бешахь, школехь (уггар хьалхарчу) очартехь ненан мотт 1амо беза, т1аккха цуьнан бухехь кхин меттанаш, 1илманаш. Иштта хилча – 1амийнарг бух болуш хир ду, т1аьхьало йолуш хир ду.

   Вайн кегийрхой ненан мотт, цуьнан грамматика хууш бац. Телевизор чохь хаалуш долчу г1алатийн барам боккха бу. Карийнарг, яйнарг, лоьхург, юхкург, эца луург нийса кхайкхо (объявлени) ца хаьа. Зорбанан тидам бича го, вай вешан меттан грамматика йохийна хилар. Шайна ма-луъу д1аяздеш ду дуккха дешнаш цхьайолчу изданеша.

   Хьалдолуш бу вайн мотт, амма иза вай 1амош бац. Ас юха а боху, вайна иза бийца ца хаьа, цу маттахь яздан ца хаьа, иза к1орггера 1аморна т1ейоьрзуш вайн ойла цахиларна.

   Со къанвелла стаг ву, кхин мел веха ца хаьа. Амма суна бакъдерг ала лаьа: вайн кегийрхоша, деша ма-деззара деша а ца доьшуш, институташ, университеташ чекхъяхарх, царна нохчийн мотт 1емар бац я кхин 1илманаш 1емар дац, пайда к1еззиг хир бу. Мотт лар ца бича, г1иллакхаш д1адовлу, адамаш кхиаран т1ег1а лахло, дахар-1ер ледара хуьлу.

   Схьаваларца тхо даьхначу Веданан к1оштара волу Арсанукаев Шайхи Сибрехара нохчий ц1абаьхкинчу хенахь финотделехь болх беш вара. И корматталла, болх д1а тесна, нохчийн маттана т1евирзира иза, иштта вайн дерриг адамаш а мотт 1аморна т1едоьрзур дац те аьлла. Вай т1едоьрзур долуш ца хиллера.

   Х1етахь дай-наношка хетта долийра, шайн бераша нохчийн мотт, цу маттахь 1илма 1амадойла лаьа шуна я ца лаьа, олий. «Ца лаьа», — олура наха, къаьсттина, аренца бехачара. И бахьанехь, вайн берех (нохчийн маттаца доьзначу аг1ор) заь1апхой хилира. Вайн мотт, предмет санна, 1амо болийначул т1аьхьа кхаьчна вай кху таханлерчу хьоле а, жам1е а.

   Нохчийн мотт ца хууш диси дийнна чкъураш – иза 1амо ма-безза дешархоша шаьш 1амош, хьеха ма-безза хьехархоша царна хьоьхуш цахиларна.

   Производствох, 1илманах, техниках лаьцна буьйцуш бац вай вешан мотт, оцу аг1ор кхиош а бац иза. Иза доккха сакхт ду. Вайна машенаш дукхаеза, 1илма ца деза. Вайна говза г1ишлош ян хаьа, амма г1ишлошъярца доьзна терминаш юкъаялош, кхиош бац вайн нохчийн мотт. Вайн мотт кхуьур болу некъ цхьаъ бу – 1илманаш (математика, физика, и.д1.кх.) вайн матте дахар, оцу аг1ор леррина къахьегар.
   
   Бакъду, дерригенна говзанчаш оьшу. Хьовззий, дешарна т1едог1у дерриг. Цундела, ч1аг1деш ала мегар ду: «Дешар 1амор хьалхарчу меттехь хила деза».

   Бусалба дин 1амийначара а ала деза, вай вешан мотт дика 1амо беза шуна, нах, аьлла. Нохчийн мотт дика хуучунна, 1аьрбийн мотт дика 1емар бу, шена бен хьехам схьалаца, ша и бечу ваьллехь – нахана говза, нийса иза бан а хуур ду. Доккха х1ума дац и т1аккха!

   Мотт 1амийча, 1илманаш карадерзийча, бусалба хьехамашка ладоьг1ча, г1иллакхехь совдевр дара вай, вайна юккъера кегий, даккхий зуламаш (тахана боккхачу барамехь даьржина долу) д1адевр дара.

   Эрмалойчоьнан Ленинакан-г1алахь хилла со. Мел ц1ена яра иза. Д1акхоьссина цхьа нех гур яцара шуна цу г1алин урамашка ваьлча. Къаьркъа мелла стаг ца гира суна, цигахь ас мел дукха хан яккхарх. Церан зударий юкъараллин меттехь къахьоьгуш бацара. Ткъа х1ун белхаш бора цара, аш соьга хаьттича: шайн ц1ахь массо тайпа духарш тегара цара, кху дуьнен т1ехь царачул мерза яах1ума еш зударий хир барий те аьлла, шайн ц1ахь мерза яах1ума яр а бара оцу эрмалойн зударийн болх. Хаза масалш ду уьш!

   Мамакаевг1ар Мохьмад, 1арби, Ошаев Халид… — уьш, шайгахь къонахалла йолуш, вуно дика кхеташ нах бара. Уггар халчу хенахь (ша лаьцна волуш), кехат яздан, шегара хьал ц1ерачарна, бисинчу вайн махкахошна довзийта йиш цахиларна, Мохьмада «Ч1ег1ардиг» ц1е йолчу байтаца хаам бина хилла.

   Уьш, цара вовшахдиттина г1уллакхаш вайна масал ду-кх даима а. Уьш дагабаьхкича, сан кху кепара ойла кхоллало: кхеташ вер-верг д1а а ваьлла, к1езиг дисина вай, олий. Чокаев Кати ву, сан хьаша а волуш. Иза а воккхахилла. Къоначу 1илманчийн чкъор кхио дезара.

   1аламат дукха дукха г1уллакхаш вай дан деза берийн дай-наношца, къаьсттина, вай вешан мотт 1амийча а, ца 1амийча вайна х1ун хир ду ца хуучаьрца. Мотт кхиоран 1алашо лаьцна, вай г1уллакхаш дича, вайн бийца мотт бара, кхечу мехкашна, пачхьалкхашна хьалха сий хир дара вайн.

   Оцу т1е дерза дезара вай бохуш, кхайкхамаш беш, цхьацца вовшахдетташ хила дезара вай даима. Нохчийн, оьрсийн, 1арбийн, ингалсан меттанаш дуьхь-дуьхьал х1иттош (вовшашца дустуш, сопоставлени бохучу маь1нехь ду сан иза), берашна хьехча, царна шаьш 1амийнарг цкъа а дицлур дац. Т1аккха кхуьур бара мотт хуурш, керла 1илманчаш гучубевр бара.

   Суо т1енисвелча, берийн тетрадашка хьожу со, д1а а доьллий. Цара схьагойту дерриг: хьехархочух дерг, дешархочух дерг.

   Вай массо а хуьлийла лаьара суна берийн, берийберийн тетрадашка хьожуш.
Дешар – иза деза-сийлахь х1ума ду. Иза ала г1ерташ мотт-м леби аса. Бакъ лебина, ца лебина-м хаац…».

   Лерина а, цуьнан маттах, къамелан чулацамах даккхийдерца ладуьйг1ира оха Тепсуев Шадитан къамеле. И санна нах вайн къоман бахам, хазна ларало аьлла тешна ду тхо. Вайна т1ехь ду, хезначун, дешначун нийса хьесап дар, ойлаеш а, т1аьхьало ерг а, йоцург а къасто хууш хилар.

   Эрна ца кхоьллина вайн халкъо х1ара кицанаш:
«Воккхачо аьлларг дайна дац»; «Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна (дохко ваьлла)». Олуш ду: «Хьекъал дерг нехан г1алаташна т1ехь 1ема, хьекъал доцург – шен г1алаташна т1ехь».

   Вешан г1алаташна т1ехь а вай 1емаш ца хилча, муха хир ю вайн кхане?


Рецензии