Ас лелийнарг бахьна дара...

Резванова Айза

Бехк баккхар...

Со кхиана йог1у заманчохь, дара иза...
Цхьана суьйранна, сарамсекхаш т1ера бог1уш белхий бинера, Мартан - чу олучу юьртахь, тхан гергарчу наха...
Цу белхий кхайкхана йиганера со а, кхин болу мехкарий санна.
Кегий нах сиха схьагулбелира, нохчийн белхишкахь ма хиллара...

Кегийчу нахана юккъехь вара,  соьга б1аьрг бетташ волу к1ант а...
Дукха хьен цалуш, юкъа лелачуьнга мехкаршна хабарш т1е кхоьхьийтуш, шайн - шайна тайначу йо1е сэьахьажа, бохург санна, забарийна наггахь т1е сарамсекх кхуссуш, сакъоьру кеп д1айолаелара...
Иштта, суна т1е а даийтара хабар, соьга б1аьрг бетташ лелачу к1анта...

Х1етахь со жима йолуш,  эхь хеташ хиллехь а, я лела ца хууш хиллехь а, со цу к1анте д1а ца хьожуш, охьа таь11ана, сарамсекхаш т1ера бог1уш йоллура...
Цо дуьйцург хезашехь, хьалцахьожуш, колхозан балхахь таж яккхар т1едоьжча санна, сарамсекхашна юккъе яхана, со болх беш яра...
Цуьнга д1а хьажа а, сакъера а ца лаар дацара иза...
Эхь хеташ, д1а ца хьожар - кх.
К1антера хабар - кост дахьаш, белхи юкъалелаш йолу жимзуда, юху а т1ееара:
- Схьахьожуш хила боху хьоьга... Наггахь д1а а хьожуш, ела а къежаш х1ума дел ахьа, дик к1ант ву хьуна иза, - элара цо.
- Дик ду, - аьлла, т1етайна, д1аяхийтара ас иза..
Амма суна керадоьрзуш дацара и, белхешкахь а, синкъерамашкахь а сакъоьру кеп лелор...

Луьйш - олуш, сакъера хуучо сакъоьруш, белхийн хан чекх йолуш лаьттара...
Цхьа ц1еххьана, цунна ала дагадеънарг х1ун ду а ца хууш, нах тап аьлла, массо д1атийна, тийналла х1оттош, соьга б1аьрг бетташ волу к1ант, цу белхехь гулбеллачу массо а нахе кхайкхам беш, вист хилара:
- Х1ей нах, цкъа цхьа жимма собар дай, ладог1ийша соьга, шайн тарлахь....
Вист хила воллура со, аш пурба лахь, - аьлла...
Хетарехь мехаш а цхьана д1атийнера, к1анте ладоьг1уш...
Деригге а тап аьлла сецира...

Суна т1е хабар дахьаш еанчу жимчу зудчо, къайлаха, суна улле а таь1ана, соьга элара:
- Хьох бехк баккха воллахьуна иза.
Хьо шега д1а ца хьожуш 1ерна, - аьлла.

Ловзаргахь а, синкъерамехь а, белхешкахь а, х1етахь бехк а боккхура йо1ах, к1ентан терго цайича, цаяшаран кеп лоруш, я д1ацахьожуш 1еран бахьанах жоп доьхуш...
Хьалха хаийначу тхьамдано, бехказа а йоккхара йо1, цхьацца бехказлонна бахьна лохий. Я бехк т1е лоций, къинт1ера воккхура хьаша велахь а, юьртахо велахь а, лерам беш.
Я баркалла кхайкхадора, ша лоруш, шен  терго ярна, ша т1е хабар дахьийтиначу йо1ана, лела хууш хилар билгал доккхуш...

Амма,  тхан белхехь хаьржина тхьамда яцара...
Юкъа лелаш, хабар - кост д1аса кхоьхьуш, кертарчу несарех, кегий зударий бара...
Со эхь хетта, холчу х1оьттира, сайн ц1арах бехк баккхар хьахийча и ца дезна.
Амма к1анта ша ала кечдинрг кхин хан ца йойъущ, массарна а хазийта санна, сан ц1е а йоккхуш, мохь туххуш, элара:
- Хьенехк, ладог1ахьа соьга!
Со ладуг1уш лаьттара, охьа таь11ана...
Цунна гуш дара, са холча х1оьттина, эхь хетта латтар а...
Мухха а, цо юху а сан ц1е а йоккхуш, массарна хозийтуш, элара:
- Хьенехк, тховса кхузахь схьагулделла долу, х1ара массо а адам теш х1оттош, ч1аг1о йо - кх ас хьуна, ас бохарг дина, хьо соьга яхахь, со велла д1аваллалц, хьан сий деш, куьйгаш т1ехь лелор  ю - кх ас хьо! - аьлла.

Массо а цец ваьлла цуьнга хьоьжуш, соьга хьоьжуш, 1адийча санна висара, ладоьг1уш...
Сан бос а хийцабелара, са парг1ат даьлла...
Т1аккха, тийналла йохош, кегийчу нахах цхьаъ вист хилара...
- Х1ай - х1ай, бакълоь к1ант! Иштта хилавеза! Х1инца жоп далар хьуна т1ехь ду - кх! - аьлла... массо а карзаха велара, шег - шеггара цхьацца дош хазош. Забарш еш...
- Йист хила.... Жоп луо цунна, - бохура, мехкарша, забарш еш...
К1ентан аг1оно а хазадора, - "к1анта дика элара,, бохаш, т1е тадеш, къамелаш дуьйладелара...
Со айса х1ун аьлча, я х1ун дича нийса хир ду ца хууш, ойлане яьлла лаьттара.
Сан жоп  дацара цунна дала...
Ас и цуьнан къамел а, забаре - бегашийна аьлла лерара...

К1ант хаза а вара...
Шен накъосташна а, нахана а юккъехь  лоруш а, дош лелаш а вара, иза...
Шен дакъа эхь хетта дуьтучеха вацара.
Амма, цу сарахьчул т1аьхьа, ца ларар а, я ца эешар а доцуш, со цу к1анте кхин йист а ца хилара. Тхойшинна захалонан уьйраш, цу т1ехь д1ахедара...
Цхьа хан яьлча, цо, сан ц1е йолуш зуда  ялийра...
И вуно хаза ва'ха а хиъара...
Оьзда х1усамнана а яра цунна нисъелларг.
Хаза доьзал хилара церан...

Масех шо д1аделара цул т1аьхьа...
Дахарш таделла дог1ара, кегийчеран а.
Керла юкъабаьллачу г1ийлойн г1ирсашца дина ц1ерош дара массер а аьлча санна... Нохчичоь лерана хаз - хазанаш хаьржана, басарш тухуш кечйича санна, къегаш лаьттара, т1ехь - т1ехьа. Хохкуш кертахь машен йоцуш наггахь бен керт яцара...
Самукъне дара адамаш, жима а, воккха а.
Вайн дайша олуш дара "Т1ех тадалар дика дац,, Вайн дайша аьлларг хьесапе хиллера.
Нохчийчоьнна б1аьрг хилара...

Дуьненна а маршаре марш баьтт1а лаьттачахь, дагахь а доцуш, дуьненчохь массо а пачхьалкхел а нуьцкъала йолу Россий пачхьалкхе еъара т1ом бахьаш, нохчи чу. Россий пачхьалкхан куьйга - керан юккъе лаццал а йоцчу нохчий чохь т1ом болийра цу нуьцкъалчу пачхьалкхо.
Маьршачу бахархошна т1е детта долийра массо а тайпа, яккхийчу пачхьалкхаша т1емаш беш лелош долу деза герзаш. Жима - воккха ца къаьстош, х1аваэра а, х1ордаш чуьра а, лаьттара а, массо а т1еман г1ирсашна лерина йолу техника, ца сацош, деза герзаш т1е детташ, отуш яра Нохчичоь...
Кегий болуш дуьйна а, шайн дахаран дай хила 1емина болу, нохчийн к1ентий, мостаг1ашна дуьхьал цабевлла г1евттара.
Нохчийн къам к1елхьара даккха а,  Даймехкан сий лардан а, т1амехь шайн синош д1адала реза а хилла,
Цу к1ентех вара иза а...

Дуккха а адам х1аллак хилара...
Даьржана, дохийна лелаш долу къам, т1ом д1абаьлла аьлла, т1еман балех бевлла аьлла хеташ берш, жим - жимма, Даймахка бирзара... Бахамаш эттехь а, адамийн дегнаш юху а дахаре ойланаш кхийдаш, вовшен ган а дийна дисанчу адамех даккхийдеш, цакъарлуш, дендала г1ертара..
Т1ом балале, вовшашца уьйраш - марзонаш цхьана йог1уш хиллачу к1ентех б1аьрг кхетча, ас тидаме лаьцнера, и к1ант Махкахь гуш цахилар.
Кхин тхуна юккъехь ас сагатдан оьшуш дисана гергарло дацахь а, наггахь цуьнан а ойла йора аса, х1инца боккъал а, бусулба вешин санна,  - х1унда вац те иза гуш, я хезаш а?? боху хаттарш а х1уьттура ойланца.
Т1амо сан дагна массо а нохчийн адам а гергара динера, сайн йиш - ваша санна...

Цкъа цхьана дийнахь, тхайн ненйиша йолчу хьошалг1а яханчахь, цхьа газет деънера суна кера. Со даима санна т1е хьаьжара, и деша ойла хилла. Ас хьалхара аг1о цуьнан схьайиллача, сан б1аьрг кхийтара цу газета т1е тоьхначу, цу к1ентан суртах. Иза цу сурт т1ехь а вара даима санна , вела а къежна лаьтташ, " Грантамёт,, олуш долу, герз а буйнахь,
Цу суьрта т1оьхула,  даккхийчу элпашца яздина йоза д1адийшара ас:
"Ас лелийнарг бахьана дара...
Кема чу даийтанарг, Аллах1ан ницкъ бара,,
И дешнаш аьлларг и к1ант хиллера...
Цу газето жоп делара сан хаттаршна. Ша санна яхь йолуш болчу к1енташца, мостаг1ашца т1ом беш д1акхелханера иза.
Амма суна а, иштта дукха нахана а, сирлачу ойланашца эесехь висара иза а, "Ма кхоам бар - кх цу доьналла долуш болчу, турпала амалаш йолчу к1ентийн!,, бохачу ойланца.

Дала г1азот къобал дойла цуьнан а, вайн т1емшкахь, цу боьхачу зуламхойн карах д1акхелханчу массо а йиш - вешин а!!!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн нохчийн къоман!!!

2018


Рецензии