Беркате стаг
Шен дех йисна кхакханан кетар Ишхой-Юьртарчу Iумар-моллина сагIина яла вахана хилла оццу юьртара цхьа стаг. Моллас кетар схьа ца эцна. «ХIара суна ма луо, ламазца-мархица болчу юьртахойх цхьанна ло», - аьлла моллас. Масех стеган цIе а яьккхина дешначу стага.
- СагIина луш ма ю хIара. ХIара вон ма яц. Хьо колхозан накхарш кхобуш ву, цига хьо ваханчохь, дIатевжича, тIетаса хир ю хьуна хIара… - юхаволуш ца хилла кетар йохьуш веанарг.
- Суна тIе адам догIу, шайн-шайн гIуллакх къастадахьара, олий, - аьлла моллас. - Иштта, хенан йохалла, цхьаьнца Iоттаделла долу хьайн гIуллакх къастадайта я кхечуьнан гIуллакх дохьуш шу со волчу дахкар нислахь, нийсаверг нийса ву ала дезар ду сан. Масала, хьо харц хилахь, ткъа аса бакъдерг а аьлла хьо дIавахийтича, шайтIано хьуна дагатаса тарло: «Хьажахьа, тохара аса сагIина кетар еллашехь, соьгахьа ца уьйзи-кх цо», - аьлла. ТIаккха хьан кетар сагIалара дIаер ю. Цундела, ма лохьа суна и кетар, кхечунна лохьа иза…
Молла волчу ваханарг, шен кетар а карахь, вухавирзина.
Свидетельство о публикации №220060501946
http://proza.ru/2025/04/19/62
Зура Итсмиолорд 19.04.2025 00:56 Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда вайн йозанийн тидам барна!
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 11.05.2025 22:28 Заявить о нарушении