Бохамна, харцонна юьхьдуьхьал хIиттинчохь

Рассказы, миниатюры о депортации вайнахов в Среднюю Азию и Казахстан

...Бохамна, харцонна юьхьдуьхьал хIиттинчохь
   Собарах, стогаллех ма довла, боху цо...
   Мохьмад Мамакаев.

ХьаьжкIан буьртиг

- Цхьана дийнахь, Сибрех долуш, чIогIа меца а волуш, бехха гIаш-некъ юьхьарлаьцна воьдуш вара со, - дуьйцура тхан юьртахочо. – Иштта дIавоьду-уш, новкъахь малхехь лепаш йолу цхьа хIума хааелира суна. ТIекхаьчча, схьаийцира ас. Иза хьаьжкIан буьртиг хиллера.

   Цу тIера чан дIа а яьккхина, бага а тесна, некъ бешшехь бехха Iийшира аса и буьртиг. ТIаккха кийра бахийтира. Цуо чIогIа хьагвира со. ТIекхаьчча, канашкахь дуккха а хи мелира ас оцу новкъа дIавоьддушехь. Боккха ницкъ хиллера хьаьжкIан цхьана буьртигехь – оцу дийнахь сарралц вуьзна, токх, лаьттира со.

*     *     *

Беран хьекъал

   - Нохчий Сибрех бига арабохучу дийнахь со бер дара, 5-6 шо бен доцуш. ХIинца хаьа суна – и сингаттам бовззал хьекъал, кхетам сайн ца хиллий. Цунна тоьшалла ду: сайна цкъа а ца гинчу цIерпошта тIе со хуучу хенахь – хазахеташ, самукъадаьлла, воккхавеш вара со. «Хазахетаран» бахьана - сан цIерпошта тIехь хахкавала аьтто баьлла хилар дара, - дуьйцура Гуьмсера вахархочо Тазабаев Iим-Iелас.

*     *     *

Къинхетам

   Оцу салташна юккъехь къинхетаме адамаш дара дуккха а. Тхан керта цу дийнахь нисвеллачо, къар а ца велла, ша суна гIо а деш, соьга тхан котамаш а, бежана а дейтира, иза дерриге вагона чу доккхуш тхуна гIо а дира. Суна иза диц ца ло, - дийцира  Аргунерчу къаночо Магомадов Ширванис.

*     *     *

Тидам

   Сибрех дуьгучу хенахь хинволчу поэтан Рашидов Шаидан доьалгIа шо бен ца хилла. Шаьш махках дохуш дIадуьгучу вагонан херошкахула хIара сих-сиха арахьожуш хилла, бохуш, дуьйцу.

   Баккхийчара олуш хилла: «И кIант шена цIаван некъ билгалбеш ву». Ткъа, суна хетарехь, хинволу поэт, тохара Петр Захаровс санна, мехкан Iалам шен дагчохь дIадахьархьама, иэс доккхуш хилла.

*     *     *

Ахь бохург дацара

   Сибрех долуш цхьана нохчичо, мацаллина дан хIума а ца хилла, колхозан уьстагI лачкъийна хиллера. Иза бен а бийна, цхьадолу жижиг кхехко яй чу а тесна, ткъа кхакха лаьттах а боьллина xIapa Iачу хенахь, шайн уьстагI лоьхуш волу колхозан бригадир-казах тIенисвеллера кхунна.
 
   Гуш дара, нохчичун чохь цхьана а кепара жижиг хила aгIo боций. Цундела хIусамдас, иштта хьал хIоьттича, ша колхозан уьстагI лачкъийна хилар хьулдан бахьанаш а ца лелийра, ша лаьттах боьллина хилла кхакха а схьабаьккхира.
 
   Колхозан конторе xIapa шиъ дIакхаьчча, юьртахь уггар лакхара Iедал ларалуш волчу колхозан председатела, и уьстагIан кхакха нохчичун дегIах а хьарчийна, масех метар болчу муьшан цхьа юьхьиг тIаьхьарчун кара а елла, шолгIа юьхьиг, хьалха а ваьлла, говра тIе хиъна Iаш волчу колхозан бригадире а елла, xIapa шиъ милицин райотделе дIахьажийнера. УьстагI лачкъийнарг Iедале дIавала вуьгуш вара.

   XIapa шиъ иштта, тIаьхьа-хьалха а хIоьттина, цига дIакхочуш воллучу хенахь, кхаьршиннах бIаьрг кхетна хиллера оцу райотделехь цу хенахь талламбаран Iалашонца нисвеллачу НКВД-н белхало волчу гIалгIачун. Хьаьжа тIе ши куьг а диллина, цецваьлла хьоьжуш хиллера тIаьхьарниг оцу суьрте.

   XIapa шиъ тIекхаьчча, гIалгIачо ша кхетавайтина цу балхах. Бригадиро ма-дарра дIадийцича, нохчичун дегIах бихкина болу уьстагIан кхакха дIабастийтира гIалгIачо. ТIаккха бригадирана дов дира, аша бан болх а ца хуьлуьйтуш, оцу хьола тIе баьхна нохчий а, гIалгIай а аьлла.
 
   Юха сихха тохавелла кехат а яздира, колхозан председателе дIало иза аьлла. И кехат а колхозан хьаькамна дов деш яздина хилла, бан ма-безза болх ца бо колхозан куьйгалло, бахархошна бан белхаш хилийтац, цундела адам мацделла, цхьаберш къола дарна тIе а бовлуш аьлла.

   Цул тIаьхьа гIалгIачо - и нохчо говра тIе хаийна, муьшан цхьа юьхьиг цуьнан кара а луш. Муьшан шолгIа юьхьиг а, ша яздина кехат а бригадире-казахе делла, цу тIе хIинца тIаьхьарчун дегIах и кхакха а хьарчийна. Иштта, меттигашца хийца а хийцина, шайн колхозе дIахьажийна гIалгIачо и ши «хьаша».

   XIapa шиъ геннара гучу ма-веллинехь дуьйна, хьаьжтIе ши куьг а диллина, цецваьлла, леррина хьоьжуш хилла колхозан председатель кхаьршинга, меттигашца хийца а велла юхавогIуш волчу.

   Тоьхна мохь хезе xIapa шиъ кхаьчча, председатела шайн маттахь хаьттина (ткъа нохчо кхетта цаьршиннан къамелах):

   - XIapa хIун ду, xIapa хIун ду? Со ма ца кхета аша лелочух?

   - Аса кхетор ву хьо, xIapa кехат схьаэца ахь, деша, тIаккха дерриге а хуур ду хьуна: оцу милицин райотделехь буьрса стаг вара, - элира, боху, бригадиро, председателе кехат дIа а кховдош.
 
*     *     *

Даймохк

   1944-чу шарахь вайнах махкахбаьхначу хенахь Казахстанехь комендатуре кхайкхина хиллера вайн лулахочун нана (баттахь цкъа куьг яздан дезаш дара цигахь).

   Коменданто, Нохч-ГIалгIайчоь кхин гур яц шуна, аьллера. Зудчо цIахь иза дийцича, цIийндас хIеттахь шен доцца жамI дира:

- Далла лаахь, Нохч-ГIалгIайчоь вайна юха а гур ю, Сийлахьчо диннарг хир ду! - аьлла.

   1957-чу шарахь бухабоьрзу хIорш цигарчу цIерпоштан вокзале баьхкинера. Оцу зудчунна вевзира хьалха комендант хилларг. Иза вайнехан сал-пал цIерпошта тIейотта ваийтина вара.

- Ас алий цуьнга, ахь тхуна тхешан Даймохк кхин гур бац ма элира, ткъа тхо-м хIинца - Делан пурбанца - тхайн дай эзар шерашкахь баьхначу махка дIадоьлхуш ма ду?! - хIусамнанас аьлча, цIийндас юха а доцца хадийра:

- Ца оьшу хIумма а ала, цунна шена а хууш ду иза хIинца.


Рецензии