28 - я папка
Резванова Айза
Ма к1еззиг дара шу тхан,
Дуненнал даккхий.
Ма мерза дара шу тхан,
Сил дезаш кхиийна.
Ма х1аллак ди шу тхан,
Къацахетарш баьхкина.
Декъала хила шу тхан,
Г1азотан к1ентий!
Ойла йан шун йоьлча,
Кхетамах сайн талххал.
Баланаш аш лайна,
Къизаллийн цу ц1ергахь.
Нанойн керара диссале,
Доцу г1уда хьаьрчанарш.
Декъала хила шу тхан,
Г1азотан к1ентий!
Дицлур дац шу тхуна,
Бераш тхан Даймехкан.
Бицлур бац вежарий,
Йижарий сий лекха.
Лаьтта т1ехь кхиийна
Нур сирла седарчий.
Декъала хила шу тхан,
Г1азотан к1ентий!
Р.А.А.
Резванова А...
Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана, цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх.
Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу...
Хьо йолчахь х1унда уьш, хецало тийна?
Нана, заза бошбашкахь хьан суьртах досту.
Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и дуьлу - те ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца.
2018
Резванова Айза
Дезац суна, лелор дехкан амал,
Ж1аьлех летар, ас т1е оьцуш дац.
Тешнабехке "текхарг,, ц1е цайеза,
Къийгах т1ома лела хьегна яц.
Деза суна, накхар мозийн дахар,
Товш ду суна царах къахьегар а.
Мерза марзо адамашца екъар,
1аламан хазаллех ирс эецар а.
24.09.2020.
Резванова Айза
Дешарх а ца кхачош,
Ца к1ордош цкъа а.
Дукха ю къайленаш,
К1оргехь Къур1ана.
Йовхо луш, цхьанна а
Ницкъ боцуш яйъа.
Ц1е ахь хьайн йитина,
Халкъалахь яха.
Шераш т1е шо дуьллуш
Д1аэхарх зама.
Дуьнен чохь лар юьтуш,
Дахарх д1а кхана.
Къонахчуьна ц1е йоху,
Юх - юха самса.
Ткъа к1иллойн ц1е йоъу,
Кхоьруш ун дала.
2009
Резванов 1аьрбин Айза...
Ас хаьттарш до беллачарга,
кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
Гакаев 1аьрбис Айзига, забаре
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
Айзин забаре жоп:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгара балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш-м яц, и парг1ато.
2013
Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
Резванов 1аьбийн Айза
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
Ма ирс ду шен Даймохк хилар,
Дозалла ду орам дайн...
Шен къоман лорах ца тилар,
Дош ала йиш йолуш, майрра...
Йиш - ваша ма боккха ницкъ бу,
Барт белахь церан вовшен...
Гергарло ду иза, мерза,
Бахам бу и нохчичоьнна...
Доьзалаш дахаран стоьмаш,
Шул тайна бац - кха, кхин чам...
Декъала хуьлда шун некъаш,
Даймехкан беш ларам - хам!
Нохчичоь, тхан сирла х1усам!
Хьуна чохь ду дерриг тайна...
Хьох хилла синойн са тхуна,
Дахарехь малх бог1уш серла!
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
2019
Резванова А.А.
(Хьомечу несана, Зураъна)
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Йахьа йовхо тхан дегнашка,
Эккхаехьа шело д1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Б1аьргаш хьоьжу йесалле...
Ойланаша хьо схьайоьху,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дийца хаац и сурт д1а....
"Тап,, аьлла ду тата доцуш,
Хьо цахилча х1усмехь ган...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дериг дахар сецна тхан...
Де - буьйса тхан самадоккхуш,
Зураъ, дахьа б1аьрса ц1а....
15.06.2019
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
Р.А.
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
Хилахьа сол говза
Ма шело хьаьди схьа,
Хьо волчу аг1ора.
Богучу маьлха а
Шех б1о къажал...
Делахь а йовхонах
Х1уо хаъло дагна,
Къегинарг буьйсанан
1аьржаллехь санна.
Къу вац хьо, ванне а,
Леринарг лачкъо.
Хьан б1аьргийн стиглашкахь
Ткъесс серло ловзу.
Х1етте а малх мелла,
Ойланаш кхуоло,
Мохь бетташ, т1е уьду -кх,
Йилбазан оза.
Кхоьлинчу сан б1аьргийн
Г1айг1а а уозий,
Цахадош, безмана,
Буьтуш цхьа хьаса.
Сан мерза лазамийн,
Барамца дустий,
Хилахьа сол говза,
Ирсе некъ харжа.
Айза Резванова
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де-буьйса луьстучу заманах со кхета.
Адамаш сов къиза, х1унда ду, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
Вон-дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета.
Адамаша тешнабехк х1унда бо ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета.
Адамаш, мерзаниг къахьдечух, ца кхета!
Х1етте а адамаш, сина-марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета.
Дог дуьзна и бацахь, безамах ца кхета.
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.
2009
Рицкъа цахиларх а вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу ас безам сайн,
Сан каш т1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог цадаьгна,
Довза ирс хиларна йоккхайе со.
Дуьненан сатийссам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь, сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха са лелош, веллашехь ша...
Р.А.А.
Генахь со велахь а бац дагна хера,
Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта со веха са парг1ат даьлла,
Хьан бала сан деган пхенаш чу баьлла.
Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца цхьана м1аьргонна хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь сина маршо яйна,
Хьийзачу махах са хьан не1ре идда.
Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лелла къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах кошбарз балла...
Кхиалахь Нохчичоь Ненан са хилий,
Генарчу доьзалшна дегйовхо хилий!
Бахалахь тхан Даймохк, ирсан хьост хилий,
Массо хьайн доьзалшна синмаршо хилий!!!....
Р.А.А.
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан!!!!
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со – м 1ара, дагйала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу!!!!
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрчче,
Дахарехь ирс серла долийла шун...
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Юха а бералле аш идайо!!!!
Р.А.
Сан санна лазамо дог 1уьйдуш йоьлхи - те мархаш,
Я лаьттах шовданаш дуьйли - те, сингаттам 1аьткъаш??
Мох бу - те, ца соцуш, балийна парг1ато лоьхуш,
Ду - те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Зезаг а техкий - те, бецан куц кхалар - ъ ирс хеташ,
Олхазарш эшаре дуьйли - те, тийналлех кхоьруш??
Хьаннаша 1индаг1аш къуьйлу те, лечкъош къайленаш,
Ду те вайн кхолламаш цхьатера, дацарх мотт буьйцуш??
Р.А.
Резванова Айза
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош.....
Хьажахьа малх боьлу зезагаш хьоьстуш,
Зезагаш кхийда - кха, малхе дог дохуш...
Беттса седанна къега нур хьоьрсуш,
Седа го, даггара цуьнца ирс доькъуш...
Шакарца олхазар эшаре дуьйлу,
Хьаннаша ладоьг1у набарха юьйлуш.
Аренгахь ч1об дека, сох дагадуьйлуш,
Сан деган сингаттам хета цо буьйцуш...
Ма ехьа куралла, дагна хьо везарна,
Сан деган ойланаш 1индаг1ех йийшош...
Хилахьа векхалой б1аьстенах безамна,
Ирсечу дахарах седарчий хьегош...
Р.А.
Хьоьга ду цхьа...
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ех сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха,
Заманца кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханех
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Махех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн къа аса
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъар ду,
Хьо эешар....
Р.А.А.
Ма г1уолахь вуьтуш со
безамах хьега...
Адамийн дукхаллехь
хьайн амат леха...
Доккхачу дуьненахь
цхьа воцуш кхета,
Ма вита со дагчохь
сингаттам хьекъа...
Баха ца дезара....;;;
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Ас ма дукху далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас, дог а делхийна..
Хьох хили сан, ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх, суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со, кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со, дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь
Соцур ду сурт хьан....
Р.А.А.
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
Р.А.
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян дагна хьоме ц1е...
Р.А.
Х1унда хьо схьагушехь йоьду со
бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна, цкъа тайнарг
бераллехь сайна.
Уьду те цига са, лууш и марзо
Хьох эеян,
Я лаьа хьан дагчохь бер санна
Лечкъаш дог тедан??...
Хьан терго лела сан дахареь
Ойланаш къажйеш,
Сахиллалц седарчех къега и
Хьох ойла хазъеш.
Сатосучу седанах со тарлой,
Са долу серла..
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
Ирсах дог кхела....
Р.А.
Са парг1ат хир ву хьо - м,
Хьайн дагахь дерг аьлла,
Сан деган чиркх бойуш д1а...
Цу дешан ойла еш,
са парг1ат ца долуш,
со йиси бодашкахь 1а...
Дог1ане ойланаш,
Малхехь сан якъийна,
Са серла даьккхина цкъа...
Бала сан лалина,
Сан дагчу тарбина,
Х1ордах ахь ди суна - м ц1а...
Со хьанах тешар ю,
Муьлха некъ лоцур бу,
Юху ас бакъ бина схьа....
Сан даго къобал веш,
Со теша 1амийнарг,
Ца кхои - ч, ахь а сан са...
Р.А.
Хьо воцчу йоьду со,
Кхин цкъа а хьан аз а ца хаза,
Хьан некъаш дуьту ас,
Сих хедош, са хьоьга ца тийсса,
Хьоьга ду цхьа дехар,
1индаг1ах, сан си т1е ца хьийзаш,
Йиталахь со яха, заманца,
Кхин юха ца ийзош...
Хьо воцчу йоьду со,
Малх кхетар, ца кхетар
Бен доцуш,
Дахарехь сайн некъан,
Аьттонаш, халонаш
Ца лоьруш...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Сан дагчохь кхин
Малхах ца г1уьттуш,
Йиталахь со яха,
Йочана, йоькханах
Ца хоьрцуш...
Хьо воцчу йоьду со,
Мехех я дог1анех
Ца лечкъаш...
Есачу есаллех,
Сийначу паналлех,
Са хьерчош...
Хьоьга ду цхьа дехар,
Нагахь хьайн синкъа ас
Хьарчийнехь...
Къинт1ера валалахь,
Ас дагца доькъур ду,
Хьо эешар....
Р.А.
Хьо вог1ург ма хилла,
Геннара б1аьрг тоха.
Со ехачу дозанан,
Синбарам буста...
Хаьарий ткъа хьуна,
Цкъа мацах дуьйна схьа...
Ас лелош хилар а,
Хьайн некъан бустам?
Хьо геннахь хилар а,
Дегйовхо лоруш,
Йоккхаер дара соьца,
Ирсан да хила...
Цхьана дийнахь синмерза,
Мукъамаш совцахь,
Ца уьдуш соцур бу,
Са лоьру цхьамза...
Р.А
Ас ма дукха далхийна хьо эшар,
Сагатдеш ас, дог а делхийна....
Хьох хили сан, ас кхоьллина хьегам,
Сайн безаман ц1е а тиллина...
Геннахь хиларх, суна - м тов сайн харжам,
Асса - м дерриг дуьйцу хьоьга д1а...
Хьо бу сан ницкъ, хьо сан деган тешам,
Совг1ате бу суна кхоллам хьан...
Азаллехь со, кху дуьненчу йог1уш,
Ас хаьржина хилла безам сан,
Т1аьххьара со, дуьнено шех къастош,
Сан б1аьргаш чохь соцур ду сурт хьан....
Р.А.
Айза Резванова
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Р.А.
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Р.А.Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана,
Мохь тухуш я г1ийла кхайкха те, со хьоьга генна!?
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш, тийна,
Далхаде те, ас сайн дагахь дерг, есалле сийна??
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан??
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а??..
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е??
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган??
Со наггахь со сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда...
Р.А.
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Мерза Са, дьуненахь сий долу Нана,
Маршонца ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Мерза Са, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш и сурт д1акъовла....
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Р.А
Резванова Айза
Резванова Айза
Резванова Айза
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Резванова Айза
Со хьоьца еха
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
Резванова Айза
Сан озах жоп
Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду, тидмаза, г1ийла.
Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх, хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю дуьненна хийра.
Аз хаддал мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...
Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш сан озах жоп.
2017
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Р.А.А.
Резванова Айза
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Иэс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Р.А
Резванова Айза
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
Р.А.А.
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Р.А.
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла
Ленйоцчу марзонах...
Йо1а:
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
К1анта:
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Йо1а:
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
К1анта:
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Цхьаний:
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Р.А
Со ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
2017
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бералле аш кхачий со….
Р.А.А.
Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Р.А
Резванова Айза
Резванова Айза
Резванова Айза
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Резванова Айза
Со хьоьца еха
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
Резванова Айза
Сан озах жоп
Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду, тидмаза, г1ийла.
Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх, хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю дуьненна хийра.
Аз хаддал мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...
Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш сан озах жоп.
2017
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Р.А.А.
Резванова Айза
Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Иэс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...
Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....
Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбба....
Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Р.А
Резванова Айза
Безамо шераш ца лоьру,
Ца хоьржу заманан МУР....
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур...
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог....
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког....
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог....
Р.А.А.
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шен букът1ехь
Ларйечуьнга!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду!
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу
К1енташка ду!!!
Р.А.
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш со Далла суждане яхача,
Иманца хьостура сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла, сий долу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийссамехь толаме кхочу со,
Ахь тешам баларна, ницкъ болу нохчалла
Ленйоцчу марзонах...
Йо1а:
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
К1анта:
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Йо1а:
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
К1анта:
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Цхьаний:
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Р.А
Со ю тахна ...
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхолламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне.
Детийн буьртигех т1е1енаш,
Дог1у дог1а беркате.
Хьозарчий ду зевне декаш,
Бешахь токхе ю аьхке.
Накхар – мозий г1уьтту «зузз» деш,
Белхий бина, гулдеш моз.
Хенан х1оттам хийца кечлуш,
Малхах хили дашо х1оз.
Зезагаш а самадевли,
Воьхуш х1ора шайна т1е.
Полла хьийза парг1атбаьлла,
Марзо оьцуш зезагех.
Керла хаза совг1ат кхийдош,
Йаьсти кхоламо 1уьйре.
И синмарзо дагчу ийзош,
Со ю тахна самукъне...
2017
Х1умма дац иккхинчахь дог сан,
Диталахь ца тоьгуш вовшах...
Ахь йаьхна тираш и хотта,
Са хьостуш хилъеза моьтта...
Тегарах дашочу хьесаца,
Маха бу дагах чекхбохург...
Хилла чов йицъеш цу моьнаша,
Са ийзош бале а лоьцу...
Иккхинчахь дита ахь дог сан,
Кхин юха хир доцуш эккхар...
Р.А.
Даьрг1аца къамел...
Хьо а ма хилла, сатуьйсуш соьга,
Ас санна гатдеш, со гаре са...
Хаамаш 1ийна сан дагчохь зийзаш,
Лаамаш хуьттуш вайшин вовшеха...
Моршалла ду хьоьга, сан хьоме Даьрг1а!
Сан ворх1е дайшкара, хьох марзо эцна...
Моршалла ду хьоьга, даггара, мерза!
Хьан марзоне сатийсанчаргара!
Со х1инца кхийти ойланех ден а,
Тхайн денде б1аргаш чухула хьаьжна,
Ги суна сурт хьан, исбаьхьа Даьрг1а,
Хьо бу - кх, сан Даймохк, дай - дендай хьегна...
Дузалахь, дог - са - ъа, сан хьоме Даьрг1а,
Ца буьтуш цхьа са - ъа, дагчохь сан беса...
Дийцалахь лазамех, къаьхьа я мерза.
Ца кхоош б1аьрхиш сан кийрахь лезна,
Теша хьан хир ду, дийца - дита а,
Хир ду хьан дагна т1е1аткъам бийраш...
Сан а ду сарташ, б1аьргаш чохь дисна,
Кхолламан кхело, хьох къаьстиначера...
Дац деккъа сарташ - м, синлаъмаш бу - кх,
Дозалла деш хьох, цара марзбина...
Хастам бу - кх Далла, сан рицкъа хилла,
Ма йарра, хьо марзо, суна карийна...
Даьрг1а, сан безам бу хьоьга боккха,
Дендайшкара кхаьчна и сан даге...
Ма дарра аьлча, со х1инца ц1а кхаьчна - кх,
Со мара къовлахьа, сан денц1а, Даьрг1а!
2019...
Осалалла хьалха х1уьтту,
Къонахалла хьалха тотту...
Р.А.А.
Шен сих а дац дан х1ума, да - нана а, йиш - ваша а, къам - Даймохк а ца лоручуьнан...
Цунна девзар дац ирс...
Р.А.А.
Нохчийн зуда даима хилла къонахалла йолуш, нохчийн къонахчуьнан дош санна...
Р.А.А
Стеган сий деш дерг зудчуьнна хьекъал ду...
Р.А.А
Дуьне диънарш ца бевза суна,
Дуьнено биънарш - м бу, 1ехош а, чехош а, баьрзнаш диссалц...
Р.А.А.
Жимчахь дуьнено лелаво, вокхъхилча т1е дужу дуьне лелор...
Р.А.А
Амма, сайн г1алатна къера со йацахь,
Со харц ю,
Къинхетам мабелаш сох!
Р.А.А.
Ладуог1а ца хуучунна, д1ахьеха а хуур дац...
Р.А.А
ШЕН Г1АЛАТНА КЪЕРА ХИЛАР ШЕН СА Ц1АНДАР ДУ...
Р.А.А.
Кестта схьаг1уртур ю г1арг1улеш,
Х1аваэхь шайн эшарш лоькхуш...
Ткъа стиглахь соьцур ю к1айн мархаш,
Хьешашца г1иллакхаш лоьцуш...
Р.А.А.
НОХЧИЙН МАХКАХОЙ А БУ,
НОХЧИЙН МАТТАХОЙ А БУ...
МАХКАХОЙ БОХО МАТТАХОША Х1УЪУ ЛЕЛАДО ....
Р.А.А.
Адамо х1оразза олучу харц дашо д1акъовлу цуьнан дагчуьра иманан нур...
(С.1.С) вайн пайхамаран хьехамех...
Адам хуьйцу олу замано,
Дог - ойла хийцалой те адаман цхьаннига а....
Р.А.А.
Ладог1а хуучунна, д1ахьеха а хуур ду....
Р.А.А.
Шена дика хаахь а, воккхачуьнга ладоьг1на, цуьнан ларам бар, шен сий лакха даккхар ду...
Р.А.А.
Къахьегаро, толаме кхачаво...
Р.А.А.
Хьекъал долчу стага, хаза леладо иманан дакъа...
Р.А.А.
Шегахь яхь - доьналла долчо, нохчашна и осала х1уманаш яздийр дац...
Есачу х1уманаша аьлларг т1е лаца дегнаш деса вайн а яц..
Р.А.А.
Бакъ дерг ала, стогалла оьшу,
и т1е ч1аг1дан, къонахалла оьшу...
Аллах1а иман а, доьналла а лойла вайна синмаршо ларъян!!!
Р.А.А.
Дай - Наний леринчу доьзалхочунна тоьшалла, шен т1аьхьено дийр ду!
Р.А.А.
Тешам боцчунна бан хьехам бац...
Для неверных, нет науки
Р.А.А.
ДУЬНЕНА ЧОХЬ УГГАР А ЛАККАРА ДАРЖ ДУ, АДАМАЛЛА...
ЦУЬНЦА ЧАКХВАЛАР, ТОЛАМ А БУ....
Р.А.А.
Цу кураллийн юьхь ян а хуур ду суна - м, кураллех цинц боцчу сайца....
Р.А.А.
Аллах1а Къацхетарийн йийсарехь ма дуьтийла Нохчийн къам, хьан мерза са!
Р.А.А.
Муьлххачу а адамо шех болу тешам, шен леларца гойту...
Р.А.А.
Вала мичча хенахь а кхуьу, ваха ца кхуьу - кх...
Р.А.А.
ДАЙМАХКАХЬ, ШЕН НОХЧИЙН КЪОМАЦА А КЪИЙССА БЕЗАШ ХИЛЛА - КХ, НОХЧИЙН МОТТ...
Р.А.А.
Яханчу заманера схьа эца синкхача ца хилча, ма къен хир яра вайн т1е йог1у зама...
Алхьамдулиллах1!
Р.А.А.
Зулам дар, - адаман сих къинхетаман хьаса д1ахадар ду....
Р.А.А.
Нагахь хьан ши са делахь хьо нахал а тоьлла ву,
Цхьа са бен дацахь нах санна хилахьа!
Р.Р.А.
Шен сица болу къинхетам са баьлча хуьлу адамах, ц1енна бусулба...
Р.А.А.
Шен ненан маттаций бен нислур вац,
дайн лар т1ехь.
Р.А.А
Нах болу нах хьехош йаьккхина минот г1оле ю,
нах боцу нах буьйцуш дойъучу шарал а...
Р.А.А.
Безаман мохь
Айза Резванова
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенаш чохь ц1ий ловзадийлар.
Сан б1аьргийн нур-къолам сел говза хилар,
Хьан суьрташ дахкарца и серла бийлар?
Х1ун ду те, синмарзо хьан ц1арах хьерчар,
Хьан амат б1аьргаша бодашкахь къестор.
Самаха, г1енаха хьо ган сатийсар,
Я ца гуш хан йаьлча, са дагна тийжар
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг со ган.
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина къизаллийн ц1ергахь?
Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш, д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху.
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду те замано сан дагца окхург?!
Р.А.А.
Резванова Айза
Бераллийн г1ан…
Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Дог кийрара ловза дели,
Луьйчуш бераш дайча.
Малх баьржина бац цу стиглахь,
Х1оз чу и гулбелла.
Марта – хи чохь, бераш юккъехь,
Суна суо таръелла.
Д1о лоха берд, тхан бераллехь,
Лекхчу ломах бустуш.
Тхан бералла коьрте йохуш,
Хилларг томехь хьоьстуш.
Х1инца къега и сан сина
Жовх1ар санна сирла...
Сан мерзачу бераллера,
Чомехь и бу бисна...
Т1улгаш 1оьхку, кегий даккхий,
Сан бераллехь санна.
Со самукъне идош лелла,
Бераллийн г1ан дайна.
Р.А.А.
Ма мерза хилла хьо, бералла,
Самукъне хилла хьан хан.
Б1арг хьоьстуш х1уттучу суьртаца,
Дог дело ницкъ кхочу хьан.
Д1о жима йо1 йог1у биешара,
Яьккхина ц1иййелла балл.
Ткъа суна кхечи схьа беламца,
Вайшимма баьккхина кан.
Сан кучах тасаделла генаш а,
Ца хоьцуш, мохь беттарх, д1а.
Канашкахь ас сецо баьллаш а,
Амма д1а - м со хецац - кха.
Эххар - а, уоззийна, йат1ош коч,
Со гоннех мукъа йели.
Амма ас буйнашкахь 1аьвдина,
Сан баллех мут а дели...
Бералла я1, хьо сан бералла,
Х1етахь са цагуора чекх.
Ткъа х1инца хьо гича берашкахь,
Го суна ахь лоьху некъ.
Свидетельство о публикации №220092900839