27 - я папка Синкхетаме дерзийна зийнаш
Зийнарш.
1)
Илли ала, хелха вала,
Тайнигалла т1е ма лаца.
И т1е лаьцнехь, дош ма ала,
Хьан амал дац хьайха вала.
2)Дуьне 1аламан
хьер ю.Охьуш, юху
дендеш.
3)Нохчийн къомах верг, шен амалах ваккхалур вац, воцург, Нохчийн амале верзалур вац.
4)Ша цавевзачарна хьесталучул а, вевзачарга ша хаставайтар
сийлахьа
хир ду.
5)Аьчкан дог а, мекхах ц1андеш ца хилча, цхар дулу.
6)Ден г1алаташ айден нана, доьзалан б1аьргаш чохь, сийсаза, бала.
7)Ненан г1алаташ лера к1ант воьлча, марненах эмгар тарло, несана.
8)Дена - нанна дика хиллачу доьзалхочунна тоьшалла, шен т1аьхьено дийр ду.
9)Делан дуьхьа лелларг,
синпарг1ата хилла.
Йолан дуьхьа лелларг
Сингаттамца висана.
10)Шех тешам боцург,
Нахах а ца теша.
11)Куралла яц соьца,
кураллийн мерзаш
хедон кур - м бу.
12)Синбарам буста ца хуучунна, синмах хадо хуур дац.
13)Стаг - боху дош, ца кхоьрруш, Къонах бохучу даше доьрзу, доьналлийн кхача луш дузийча.
14)Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
15)Тешамечу доттаг1чо,
хабарех ца бузу дуо.
16)Т1ом бина баьккханчу толамал а мехала, собарца баьккхина толам бу.
17)Ца ваьлла бечу т1еман толам, кхин юху т1ом бан ца безаберг бу.
18)Харц 1едалан бакъонаш, харцонаш толор ю.
19)Яхьах дузанчу дагчу х1илла ца хоьа, Х1илланах дуьзанччу Яхь а санна.
20)Нохчийн мотт ца хааро, шен къомаца долчу гергарлонах дог - ойла хера йоккху.
21)Ненан мотт, ненан марзонца бен марзлуш бац.
22)Кхин ерг иштта яц "ЯХЬ,, ц1е йолу синхьаса г1елбалар ю нохчочунна вон цамгар.
23)Нохчийн къомах долчу адамо дагчу эецар а ду, декъалчу некъа х1оттар...
24)Даима бакълийнарг а волу, шен бакъонех...
25)Нохчийн къоман сий дайъа г1ерташ верг, сийсаза хир ву, даима а...
26)Айпечу адамах кхардар, ша хьекъална
айпе хилар ду...
27)Лекха буьххьера чу хецаделла хи сацалур дац.
Амма, кхечу хорша дерзалур ду.
28)Къахьегаро, хьекьал ирдо, ойланашна т1емаш а ло.
29)Хазар дац схьалацар, хезнарг лелош ца хилча.
30)Нохчалла - бохург, нохчочуьнан, са доьналлехь латтош болу, синбахам бу.
31)Хьехаме байташ,
Дахаран чиркхаш.
32)Дика а, вон а адам довзар зен дац.
С'а ю и, дахарехь.
33)Сан хьоме Нохчийн къам, ма зийна - кх хьо мостаг1аша, эзарзза, эзара шерашкахь, хьох х1ун долу а, х1ун доллу а хьовсуш. Дуьненна а хьо довзалц.
34)Бусулба адаман синч1аг1о евзар яц, керистанна.
35)Къам кхолладеллачахь, пачхьалкхи а кхоллалур ю, къахьегахь.
36)Цхьанна х1ума ала шена дагадеача, ойла ян еза бусулба адамо
- Далла гергахь, сол г1оле вуй те, иза? аьлла...
37)Мах х1отталуш дерг, даккхийчех дац.
Х1отто мах боцург ду, дуьненал а деза - доккха...
38)Б1АЬРГАШ, ДЕГАН КОРАШ,
МОТТ, ДЕГАН ХЬАЛ...
39)Нах ларар, шен сий лакхадаккхар ду.
40)Наханна къола денчуьна,
Шенчунна доладар
ца хуьлу...
41)Адамалла шеца дерг, меца вуьсур вац, и доцуш верг, са дуьзна а хир вац.
42)НОХЧИЙН МОТТ ШОРТА ХИЛАРХ А, ЙОЗАНАН МОТТ ЛИТТИНА, ХИЛА БЕЗА.
43)Къонахалла йолчу стеган амал хийцалур яц, цхьана а ницкъаца...
Хьашлур ю, осалаллийца...
44)Дош олуш, дог ц1енча кховда веза,
Хи эца г1у к1орггача санна.
45)Нах болу нах хьехош йаьккхана хан мехала ю,
нах боцу нах буьйцуш йойъучу заманал а.
46)ДАЛА ШЕНА ДЕЛЛА ПОХ1МА, НАХА Д1АДАККХАРНА КХОЬРУШ ВЕРГ, ПОЭТ ВАЦ.
47)ОСАЛЧУ АДАМАШКА ДЕШБАКЪО КХАЧАРО,
КЪОНАХИЙН НЕКЪА БАКЪОНАШ ЙОХАЙО.
48)Шега доцчу хаттарна жоп дала г1аьттинарг, шегарчу хьолах декхарийлахь верг ву...
49)Дуьненахь ша яьккхана ял,
кхочар ю шех хилла эхартан хьал...
50)Са маьрша ца хилча,
Комаьрша ца хуьлу.
51)Дуьне диънарш ца бевза суна...
Дуьнено биънарш - м бу, баьрзнаш диссалц...
52)Дуьне диънарш ца бевза суна...
Дуьнено биънарш - м бу, баьрзнаш диссалц.
53)Ладог1а цахуучунна, д1ахьеха а хуур дац...
54)Лелон цак1ордош дерг,
Шен сих доьлларг ду...
55)Дас - нанас марзбеш бу доьзалехь нохчийн мотт а, мохк а....
Шен чохь марздиннарг схьалоцу доьзало.
56)ШЕН Г1АЛАТНА КЪЕРА ХИЛАР, ШЕН СА Ц1АНДАР ДУ.
57)Нохчийн къомах лозуш доцу дог, нохчийчуьнан кийрахь дац.
58)Суна гергара ду адамаш муьлххачу къоман а.
Зулам дац сан гергара, гергарачуьнца и делахь а.
59)Ма атта ду - кх, зуда а хилла 1ад1ен.
Стаг хила ма хала ду - кх, зудчунна х1ета а...
60)Комаьршачу адамана, адамашца декъа х1ума карадо...
61)Шен ненан маттаца бен нислур вац,
дайн лар т1ехь.
62)(ТЕРПЕНИЕ НУЖНО, ЧТОБЫ ПОБЕДИТЬ ЗЛО.)
СОБАР ОЬШУ, ЗУЛАМ ЭШО...
63)КЪАМ МАХКАХ ДАККХАРАЛ А ХАЛА ДУ, ДАЙМАХКАХЬ 1АШЕХЬ КЪАМ ДАЙН АМАЛАХ КЪАСТОР...
64)Нагахь хьан ши са делахь хьо нахал а тоьлла ву,
Цхьа са бен дацахь нах санна хилахьа.
65)"Нохчалла,, бохург, нохчичуьнан синбахам бу...
И синбахам боцуш волчуьнан са, десса хуьлу...
66)Дахарехь кхиамашца г1арвала веза,
Эшамашна къарвала ца веза...
67)Яханчу хенера схьаэца эесан дагалецамаш ца хилча, ма къен хир яра - кх, вайн т1е йог1у зама....
68)ЙА АЛЛАХ1, МА Ч1ОГ1А ДЕЗА - КХ САН ДАГНА ХЬО, НОХЧИЙН КЪАМ!
АЛЛАХ1А БАРТ ЦХЬАЪ БИНА, ДЕКЪАЛ БОЙЛА - КХ ХЬАН КХОЛЛАМ!
69)ДУЬНЕНЧОХЬ УГГАР А ЛАККХАРА ДАРЖ, АДАМАЛЛА ду...
ЦУЬНЦА ЧАКХВАЛАР, ТОЛАМ А БУ....
70)Ша шен йо1 а, к1ант а хестош долу да-нана, доьзална хьесталуш хиларах кхета.
71)Дуьне мел лаьтта, къонахийн дош лелар ду.
Къонахийн дош мел лела, нохчийн къоман сий кхуьур ду...
Дала мукълахь!
72)Адамаллех вуьзинарг, меца ца хуьлу...
Ткъа са деса дерг, цкъа а ца вузу...
72)Къонахашца къийсса къонах
яц со.
Къонахийн сий дан къонахалла хир ю соьгахь...
73)Нах боцчу нехан хьал кхуьу, нах болчу нехан дой кхуьу...
74)Хьарам - хьанал бен доцчунна,
Бусулба керистанех схьакъастош долу бахьна девзар дац...
75)МА ТОВ - КХ СУНА "НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХЕ,, ОЛУШ.
ДАЛА ДОШ БАКЪ ДОЙЛА ВАЙН!
76)ША ХЬЕКЪАЛЕ ХЕТАШ ВЕРГ А КХЕТАМЧУ ВАЛАВО, 1ИЛМА 1АМОРО.
77)"Дуьне дош дац,, бохуш, дахарехь ирс лоьхучарна, муха го те, ИРС?
78)Нохчийн къам - ц1енна масал ду, дуьненан юкъарчу адамаллийна...
79)Гордость всех нации, защитник, своей нации!
Резванова А.А.
80)Ненан мотт, доьзалан амало буьйцу.
81)Шена ала хаахь дош хазаниг алар,
Ца хаахь дош а ца олуш 1ад 1ен хаар, мехала говзалла ю...
82)Шен синбарам бевзаш хиларал а мехала ду, цуьнан низамехь лела хаар.
93)Стогаллин бен йахь,
Йахьан куьзга, эхь...
84)Шен сих а дац дан х1ума, да - нана а, йиш - ваша а, къам - Даймохк а ца лоручуьнан...
Цунна девзар дац ирс...
85)Осалалла хьалха х1уьтту,
Къонахалла хьалха тотту...
86)Стеган сий деш дерг зудчуьнна хьекъал ду...
87)Жимчахь хьо дуьнено лелаво, вокхъхилча дуьне лелор т1е дужу.
88)Дуьне диънарш ца бевза суна,
Дуьнено биънарш - м бу, 1ехош а, чехош а, баьрзнаш диссалц...
89)Шен сица болу къинхетам са баьлча хуьлу адамах, ц1енна бусулба...
90)Зулам дар, - адаман сих къинхетаман хьаса д1ахадар ду....
91)ДАЙМАХКАХЬ, ШЕН НОХЧИЙН КЪОМАЦА А КЪИЙССА БЕЗАШ ХИЛЛА - КХ, НОХЧИЙН МОТТ...
92)Вала муьлххачу хенахь а кхуьу, ваха ца кхуьу - кх.
93)Муьлххачу а адамо шех болу тешам, шен леларца гойту...
94)Аллах1а Къацхетарийн йийсарехь ма дуьтийла Нохчийн къам, хьан мерза са!
95)Кураллийн юьхь ян хуур ду суна - м, кураллех цинц боцчу сайца....
96)Тешам боцчунна бан хьехам бац...
97)ШЕН МАХКАНА ДИНА ДИКА А ДОЦУШ ВАХАР, ВАХАР А ДАЦ...
ДАЙМАХКАХЬ БАРЗ БОЦУШ ДЕРГ, ВАЛАР А ДАЦ!
98)Хьарам рицкъа дебаро, синбарамехь иман с'а ца доккху...
99)
100)
101)
102)
103)
104)
Свидетельство о публикации №220092900867