26 - я папка Ненах йолчу байтин т1оьрмиг
Резванова Айза
Ма елха Нохчий йо1,
Ойла еш г1ийла.
Хьан б1аьрхиш лалур дац
Вежаршка вайн.
Даима хила хьо,
Ойланца сирла,
Кхуьур ду Нохчийн къам,
Доьналлехь дайн!
Вай лардеш яхь йолу
Къонахий мел бу,
Сацор бац наноша
Хьехаме мотт!
Пхенаш чохь, нохчий дайн
Ц1ена ц1ий мел ду,
Дуьненчохь кхуьур ду,
Нохчийн къам, вайн.
Б1е шераш д1акерчош,
Д1аидарх зама.
Дайн - Нанойн марзо вайх
къаьстар яц д1а..
И марзо дегнашкахь
Са хьоьстуш мел ю,
Буьйцур бу марзонца,
Нохчийн мотт вай.
"Шен бенахь декна, ша,
Хиндолу хьоза,,
Олуш цхьа хьекъале
Кица ду Дайн.
Даймахкехь са доллуш,
Яхь йолчу Нохчийн,
Кхуьур ду дегнашчохь
Нохчолла, Вайн.
Ма елха Нохчий йо1,
Дог тешна хила.
Ма елха, Сий долчу
Турпалчу къомах йай хьо - м!
Ма елха, ма елха,
Хьала айбе корта,
Дуьненна малх санна,
Ду Нохчийн къам!
Дала мукълахь!
18.01.2020.
13:18
И сурт дайча кхоллаелла ойланаш.
А.Резванова
Ца лаьа гуьйренах ийна,
Д1аяха дог1анех хилла.
Б1аьстенан зазанах сирла,
Лаьа хьан са даха карла.
Ца лаьа суьйренех тийна,
Бузучу маьлхан бен хила.
Хир ю со 1уьйренех терра,
Дуьне хьан достучух керла.
Ца лаьа г1енаш хьан хаздеш,
Йезарах набарца х1итта.
1ийр ю со, дахар хьан марздеш,
Хьан дагна синкхача хилла.
ДАЛАМУКЪЛАХЬ!
Ас санна йиний - те, хьан ойла цхьаммо а?
Везний - те, цхьанна а сан даггара?
Лиъний - те, вехийла юьхьк1айчийн декъахь а?
Ца туьлуш хила а, декъалчийн некъахь?
Ма ч1ог1а лаьар - кха, кийрарчу дагна,
Ирс долуш хьо хила массо а ханна.
Лаьар - кха хьан ц1еран декьахь суо хила,
Вайн Делан гергарчу адамех ийна!
Тайинарг.
Генахь со велахь а бац дагна хера,
Сингаттам сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта со веха са парг1ат даьлла,
Хьан бала сан деган пхенаш чу баьлла.
Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойла сан цхьана м1аргонна хьох къаьстана 1ийна.
Маьршачу аренгахь, сина маршо яйна,
Хьийзачу мехех са, хьан не1ре идда.
Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лелла, къен - миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах, коша барз балла...
Р.А.А.
Арбиевна: Айза! Ванах ма кlоргера философин, лирикан хилла ца lаш, чулацам болуш ю-кха хьан поэзи! Аллахlа похlмалла делла-кха хьуна нохчийн, зевне бека, хаза мотт хаа, бовзийта! Хьан байташ тlехь lамо ма еза тlекхуьуш йолу тlаьхье. Цунна карор ма ду мотт къоман, ненан муха хаа беза, биэзаш хила виэза, Даймохк муха биэзаш хила виэза, безам дагчохь муха латто биэза! Дала могуш-маьрша латтайойла хьо тхуна, хьайн зевне байташ сов йохуш!
Ларамца Бенара lалаиддин. 26.02.2020 шо.
[29.02, 7:02] Резванова Айза Арбиевна: Хьан мерза марзонах
Кийрара дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъане кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даима
Сан даго мохь бетта,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:07] Резванова Айза Арбиевна: Машарп малх кхетта къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла, комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла,
Хьан х1усмехь нур беттан,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:10] Резванова Айза Арбиевна: Б1аьстено хьоьстийла хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла, дарбане дог1анца...
Яхь йолчу къонаэийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьан сий ма дойла хьан,
Хьалэара тхан Марта!
[29.02, 7:23] Резванова Айза Арбиевна: Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла!
Тулг1ешца хьерчаш,
Тхан бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла ахь йойъу.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[29.02, 7:25] Резванова Айза Арбиевна: Машарп малх кхетта къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла, комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла,
Хьан х1усмехь нур беттан,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла, дарбане дог1анца...
Яхь йолчу къонаэийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьан сий ма дойла хьан,
Хьалэара тхан Марта!
Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла!
Тулг1ешца хьерчаш,
Тхан бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла ахь йойъу.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах
Кийрара дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъане кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даима
Сан даго мохь бетта,
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
[01.03, 10:52] Резванова Айза Арбиевна: Гуо хьовзош лаьтта
Лаьмнашка хьоьжуш
Керарчу хенах ирс оьцу ас.
Мел дукха хьежарх
К1ордадац суна.
Дог 1аба тигац марзонах хьан...
Эхх1ар а со хьоьца
Къамеле йолу.
Ткъа б1аьргаш дагца сан са декъа довлу...
Даймохк ахь марзо луш
Дог карзаха дог1у,
Ойланаш 1аламца сан ловза йоху...
[01.03, 10:55] Резванова Айза Арбиевна: Йоьду со хьох дог ца дилла,
д1о генна, хийрачу махка...
Сагатдан, хьоьга сатийса,
Ц1а еъча хьо гур ю мотта...
[01.03, 10:58] Резванова Айза Арбиевна: Маьлхан серло кхалла г1ерташ,
Бода керча, хьерчош де.
Стиглахь лаьттахь нуьре къегаш,
Малхо хьиешийтац шен ц1е...
[01.03, 11:01] Резванова Айза Арбиевна: Лаамо синхаам эшийна,
Гал - морзах баьккхинехь некъ...
Гуш хилча дог дагах тешийна,
Ма билла безамна бехк...
[01.03, 11:04] Резванова Айза Арбиевна: Ма г1ерта хадо т1ай,
Тиллинарг дайша.
Забарна ма ала готта ду и.
Массо а заманан хиламаш лайна
Синбарам нисбинарг
Дай иза - м вайн...
[01.03, 11:08] Резванова Айза Арбиевна: Дог1ано йиттина, г1елделла 1алам.
Лаьтта шен б1аьргашчохь къагийна хиш.
Юха а ца 1ебащ, ца бустуш барам,
Мархаш ю дог1анна т1алам беш шайн...
[01.03, 11:12] Резванова Айза Арбиевна: Со теша сайн дагах, б1аьргех а санна.
Цо т1ом бо хьекъалца цхьайолчу ханна.
Хьекъалца барт иг1ар ца хеташ томехь,
Т1е эца г1ерта дог доцург шен чомехь...
[01.03, 11:15] Резванова Айза Арбиевна: Хьо мичахь ву Гакин 1аьрби.
Х1унда дац аз хезаш хьан...
Хьо цахилча меттан марзо
Юьсу боцуш мерза чам.
Схьа ц1а вола, дита некъаш,
Мархийн бутт бу кхаба безаш...
[02.03, 14:19] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре!
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхача, луш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч, х1ора!
***
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо бохург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо ц1илкъана…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.А.
[03.03, 20:14] Резванова Айза Арбиевна: Айза Резванова
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш, безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
-«Вуйтеша хьан дагчохь кхин?»
Йиш йоцуш деган не1 д1аелла,
Д1ахеца безаман нур.
Ойла еш, со хьоьга д1ахьаьжча,
Дог лоцуш, буьйжира гур.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Ц1еххьана малх сирла къегина,
Набарха яьккхира со...
[04.03, 13:12] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза...
Дайшкара туьйра....
Д1а яздинарг ву, Убайт Алиев...
Тадинарг ю, Резванова Айза...
Дас, хьоьга дечиг ца дало, охана деш, нох даккхан а, мохь лелон а кхин пайденна яц хьо, аьлла, вир хьуьнах йигна дlа кхоссина хилла... Хьуьнйистехула, г1елъелла, х1ара шен бала эцна, ойла еш, схьайогlуш, сингаттаме, г1айг1ане доьжначу жlаьлийна т1е кхаьна иза.
Виро хаьттана жlаьле,
- Во Ж1аьла, хьо ма г1елделла, г1айг1ане дахана 1уьллу? Хьуна х1ун хилла? Хьа - х1ун дина хьуна? аьлла.
Ж1аьло жоп делла:
- Жима долуш дуьйна тешаме долуш, ас ша дукху везаш ларвина волчу дас, къанделла хьо, кертахь пайденна дац аьлла, кертара ара даьккхана со...
юртах гена даьлла хьо лаа лели аьлла, дас ков-керт ца ларйо ахьа гlалх ала карах ца долу хьан, хьо пойденна дац аьлла дlа кхоссина со, аьлла жоп делла жlаьло.
Делахь вайшиъ цхьа терра ду, ишта къан елла аьлла дlа кхоссина со. Вайша цхьаьна кхета деза, аьлла шиъи,йогlуш цицканна тlе кхаьчна.
Цицко шен бала балхина кху шинна,дахка ца лоцу,даима дижина lа хьо, пайденна дац аьлла дlа кхоссина ша аьлла, изза хьал долуш тхойша ду, вай цхьаьна кхета деза аьлла, кхуьи цхьаьни догlуш нlаьнина(бlоргlал) тle кхачна хlорш. Кхара хаттар дича, нlаьно бицина шен бала. lуьйранна кхайкха ца кхойкху, неха нlаьнеш кертара дlа ца лохку,кхана йе йеза аьлла хезча, къайлах йедда ша аьлла. Хьо юкха тхоьхь долу хьал долуш, вай цхьаьна кхета деза аьлла. Уьш дlа оьхууш са дайна,вайна буьйса якха меттиг лаха еза вай аьлла виро, жlаьла хьо сан букъ тlе дала, цициг жlаьли букъ тle дала, нlаьна цицки букъ тle дале кlур болуш меттиг гой хьажа.
Шай маггlара бакъаш тle девлла буьхьехь йолчу нlаьнина хьуьна юкъехь кlур болуш гина.Дlа йоьлхууш цхьаьна цlено тle кхаьчна хlорш. Цхьа ву-вац хьажа цициг дахитина. Цхьа вац аьлла цициг юха деача, цу чохь буьйса якха барт хилла хlакхера. Йовха чоь хилла, шел йалаза пеш хилла. Вир неlаре йижина, жlаьла маьнги кlел дижина, цициг пеша чу даьлла, нlана тхов тlе яьлла.Хlорш дика дlа тарйелччу хенахь,чохь цхьа вуй хьажа обарг ваитина накъосташа. Иза чоьхьа ваьлла пеша чохь къега гина, шен цигерик лато дагахь, цицги бlаьрга lоьттина, цо маlарш тесна,цуьнах къаьхкина маьнги кlел ваьлла,жlаьло ка тоьхна, кхера велла ара оьккхуш виро мираш тоьхна, ведда воьдуш нlаьно lуьlари-lуl аьлла. Шай накъосташна тlе кхаьчча дицина цо. Цигерик лато пеша гlоьртичи урс туьхира шена,маьнги къел икхича шаьлта туьхира шена, ара оьккхуш букъах хьокха туьхира шена, ведда вогlуш, ма валийта бохуш тlаьхьа орца дара. Вай кхи меттиг лаха еза аьлла, уьш дlа бахара.Ткъа вай доттагlий бертахь шай йисина хан якха бисира, бертахь мерза дууш, молуш...
Г1алдий, булдий царний, кай - бож вайний...;;;
[05.03, 17:14] Резванова Айза Арбиевна: Хьайн дикаллийн доза доцуш,
Къонах вара хьо, тхан Да!
Хьа - са аьлла дола доккхуш,
Дацара хьан цэьа х1умма а...
[06.03, 21:13] Резванова Айза Арбиевна: Охьа доьдучу хин г1овг1а а, берийн г1овг1а а вовшаэ эелла йоккха г1овг1а яра хийистехь, бераш луьйчучахь...
Ц1еххьана кхин цхьа гйовг1а а т1е кхийтира царна...
Делкъенга балаза болуш, 1индаг1е д1атесна лаьтташ хилла вир, делкъал т1ехьа малх бохбеллачу хенахь, 1индаг1 д1а а керчана, малхо т1е юьттучу йовхонна, б1арзделла, 1еха дола делира:
"1ооокъи - 1окъи- 1окъи - 1окъи,, аьлла...
Цу минотехь массо бер а д1адирзира вир 1оьхачу аг1ора. Т1аккха цкъа а вир цагича санна цунна т1е девдира бераш...
Т1аккха, д1о хичура т1улг лахьош ыоллачу жимчу стага, схьа мохь туьйхир:
- Д1аса довлалаш цунна уллера. Цо це тухур ю шуна, - аьлла....
- Берашна юккъехь а жима волу Саламбек, бахьна доцуш вахана ца хиллера.
Цхьа 1алашо йолуш хиллера
[08.03, 15:36] Резванова Айза Арбиевна: Ма волахьа ткъай итт шарахь, цкъа къегачу седанах,
Мегар дацара те хьо кхача, кху сан деган лаамах!?
Ца к1ордорах хуур дара, хьуна хьайна сагатдан,
Кхетам сема сан а хир бара, куралла хьан эшаян.....
Ма волахьа, б1аьстенан мур чахчош йолчу шелонах,
Мегар дацара те хьо къага, 1алам дендечу малхах...
Йоькъур яра мерза къайле, дагна хьомечу сица,
Хьан г1айг1ане ойла зарз еш, седарчешка хьестийта...
БАЙТАШ
ДАЙМАХКАХ, ДЕХ - НЕНАХ,
И.КХ.Д1.
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша юьсийла,
Дегнаш чохь нохчийн!!!
Р.А.
Г1атталахь тхан Даймохк...
Г1атталахь тхан Даймохк, маьлхан са хилий,
Г1атталахь нохчичоь къагаеш хьайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, синойн са хилий,
Доьналлехь г1атталахь г1азотан дайн!!!!
Г1атталахь хьо Даймохк, аьрзонах лаьмнийн,
Кхарстабеш хьайна чохь ира б1аьрг дайн...
Г1атталахь хьо Даймохк, 1умар тур хилий,
Д1а ц1анъеш нохчичоь амалех лайн!!
Г1атталахь, машаре к1ай кхокха хилий,
Лаьтта т1ехь хьекъадеш беркате кхаш...
Мостаг1ийн дегнашна 1аламат хилий,
Хьасталахь т1е гулбеш хьайн доьзалаш!!
Г1атталахь, тхан Даймохк, синкхача хилий,
Деба беш хьайна чохь декъала дай...
Г1атталахь, хьайн къоман турпалхой ларий,
Майрра деш тоьшалла, сийлаллех хьайн!!
Р.А.
Кхиалаш нохчех
Шу муьлш дара,
Шух муьлш хили,
Нохчийн, берзан к1езий!?
Ма хийцалаш,
Барзах джаьлеш кхарддал,
Амал нохчийн!
Акхаройх схьа
Шаьш къастийна,
Лелорах сов хьоьстуш,
Берзан к1езий,
Барзах кхуьу,
Дагах дага дуьйлуш...
Д1о лекха лам
Боьлхуш 1аннал,
Баланаш т1е делхарх,
Нохчийн к1ентий
Майрра лелла,
Ца къесташ дайн амалх...
Шу ду, нохчийн
Нанойн дегнаш,
Орамаш Даймехкан...
Мичча меттехь,
Нохчех кхиълаш,
Сий долу тхан, Нохчий!
Делан пурбанца!
2019
Нохчалла
Юьхь йоцчу къизалло,
сан дахар човхийча,
Хьо дагчохь г1оттура,
дог майра, нохчалла...
Мостаг1чо нуьцкъалла
даш детташ хьовзийча,
Хьо майра г1оттура,
сан дагчохь, нохчалла...
1ожалла геннара
б1аьргашчу къаьрзича,
Собарца г1оттура,
хьо дагчохь, нохчалла...
Хастам беш, со Далла
суждане яхача,
Иманца хьостура,
сан дог ахь, нохчалла.
Сан къоман дозалла,
ницкъ болу нохчалла,
Лаьтта хьо сан деган
ч1аг1онан б1ов хилла.
Муьлххачу къийсамехь,
толаме кхочу со
Ахь тешам баларна,
Сий долу, нохчалла!!!
2018
Хьалхара тхан Марта...
Машаре малх кхетта
къегийла хьо Марта,
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла
хьан х1усамехь нур беттан..
Хьайн сий ма дайла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
Б1аьстено хьоьстийла
хьо мелчу мохаца,
Баланех ц1анйойла
Дарбане дог1анца.
Йахь йолчу къонахийн
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан марта!!!
Х1ай Марта, сирла хи,
Хьо марша дог1ийла,
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
бералла хьистинарг.
Къурд бан хьайх хьегначийн,
Хьогалла йайъинарг...
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
Хьан мерза - марзонах
Кийрара дог 1ебаш дац.
Хьо санна самукъне
Кхин меттиг карор йац.
Хьо хьоьстуш даима,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!!!
2003
Резванова Айза
(Новозеляндехь мяждига чохь
бусулба нах байар хьокъехь)
Бусулбанашка
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Шун дуьхьа кхоьллина дуьне а Дала,
Шун дуьхьа къега малх, дешиха 1енаш
Бетт - са а къагийна, шу хьестар дезаш...
Шу дезаш ма елла 1ожалла а Дала,
И хаза ялсаманеш кечйина, щуна...
Шун дуьхьа ма бу, и хьехам, Къор1анан,
Шу - м дезаш кхоьлланий, Ницкъ болчо Шена!
Шун дуьхьа ду шуна, ни1мат дуьненан,
Сий долчу Элчанна совг1ат шух дар а...
Шу дуьхьа ду шуна, херцар де - буьйса,
Керлачу х1аваъца 1уьйренаш хуьйцуш...
Бусулба вежарий, йижарий мерза,
Шун дуьхьа бу шуна, кхоллам Бусулба,
Шун дуьхьа, вайн синош тесна цхьана хьеса,
Цхьанна са лазийча, массер дог лоцуш...
Кху Делан дуьненахь йиш яц вайн дуоха,
Иманехь вай хилар бу боккха толам!
Къинхетам дегнаш чохь вайн вовшен боьлху,
И Делан къинхетам ма бу, вай хьоьстуш!
Бусулба адамаш, Исламан з1аьнарш,
Аллах1а дезарца, вайн цхьа барт бойла!
Цу хазчу ялсаманийн нур серла даха,
Иманца, Исламца вай декъал дойла!
Р.А.
БЕЗАМАХ
Самаха дайна ...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш соьцура малх...
Д1атийна хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайшийа дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Цабаьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца со йоьлу даглоьцуш,
Самах а ма го, г1енаш...
Р.А.
Резванова Айза
Х1унда хьо схьагушехь
йоьду со бераллийн хене,
Ас лоьху те стенна,
бераллехь цкъа тайнарг сайна...
Уьду те са цига,
лууш и марзо хьох эейан,
Я лаьа, хьан дагчохь,
бер санна лечкъаш, дог тедан??...
Хьан терго лела сан
ойланаш дахарехь къажъеш,
Сахиллалц седарчех къега и,
Хьо гойла марздеш...
Сатосуч - седанах суо тарлой,
са долу серла,
Дуьне сан сих къаггал там хуьлий,
ирсах дог кхела...
22. 03.2018
Резванова Айза
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
Са доь1у х1аваъ сан хьо хилча!?
2018
Жималла, б1астенан юьххье,
Зазашлахь, зезагашлахь...
Ца къаьсташ шен ирсан лакхе,
Йоьду д1а, къегаш э'сехь....
"""""
Малх хуьлу новкъа,
Ша т1ех бохбелча,
Сан серла ялар а,
Сов дела - те?
Хиллий те ирсе,
Сан байтийн кхоллам,
Я теси цара а,
Хьан дагчу кхуолар?
Дагахь а доцуш,
И - м хила тарло,
Хьо генахь хиларх а,
Сан дог ца къарло - кх...
Р.А.
;;;
Ахь хастийча, со дозалла хеташ.
Ткъа хьаьстича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг кхетчи, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех хьекхалуш хьан аз.
Хьан дозанал совдерг сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина заза?
Амма гуьйре дог1анах т1еелхарх,
Буто ша беш, 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш шовданашца хьерчаш,
Кхочур ю хьан дагчу, огуш некъ.
Р.А.
Хаза ду, малх къегар дийнахь,
Буьйсанна бетта са гуш - ъ...
Тайна ду, дуьненан 1алам,
Адамалла ду цо хьоьстуш...
Адамалла ду, хастам бар а,
Адамалла тидам бар ду,
Жоп далар ду адамалла,
Хьастар а, 1аламан сурт...
Р.А.
Поэзин махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа.
Поэзий, хьан махках ийна,
Хьох хьерчаш, ирс декъа хьоьца.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо яьккхира гена.
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь барах,
Хьоьца бен сайн ирс ца гина.
Исбаьхьа хьан дуьне тайна,
Йоьсси со хьан махка, сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи буххлахь забаре лепаш.
Цу маьлхан з1аьнарш а лоьцуш,
Юьйцина керташ го, къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна.
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Сеци дог, карийна дезнарг....
Айза Резванова
Моя душа вселилась в мир иной,
Где звёздное сияние пирует.
На дне реки и вечно молодой,
Герой любовь свою тебе дарует.
Моя душа вселилась в мир иной,
Где радуга судьбу мою балует.
оттенками не виданных цветов,
Волшебными лучами жизнь рисует.
Моя душа вселилась в мир иной,
Где вечно благословно вспоминают.
И торжествует доброта над злом,
Поэзия ведь смерти и не знает...
2008
Маьрша уьдуш, т1амах ловзуш
Кхечу къаьмнийн бераш дебаш...
Танканашна дуьхьал х1уьттуш,
Т1ом беш кхелхи нохчийн бераш...
Нохчийн наной боьлхуш, идарх,
Шайн берашна орцаха...
Аллах1 цхьаъ веш, маршо къуьйссуш,
Кегий к1ентий лелхара...
Тахна кхиъна нохчийн т1аьхье,
Сов кхераме лерина...
Бу те боьг1нарг, гур вайн не1ре,
Къонахашна лерина...
Дехар ду сан, хьоме вежарий!
Шу сов дезаш хиларна...
Ма дег1алаш ла шайт1ане,
Шайн имане дег1а ла....
Шу дахийта могуш - маьрша,
Лаарна шу ирсе ган...
Деле доьхуш, до1анаш ден,
Нанойн б1аьрхиш ларделаш!
2018...
Р.А.
[08.03, 17:20] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Эрна дуй те, ас сагатдар хьуна,
Хьоьца доцург юй - те лоьхуш со?
Ахь сатуьйсург ю - те гергахь хьуна?
Ткъа со хиерехь, дагна генахь хьан?
Со еа те, 1аьнт1ехь дог1а санна,
Хьан дахаран некъа хьаг1а ша..
Я йеха - те, б1аьргахь чамхалг санна,
Новкъарло еш, некъан хьежамна...
Сан дог техкош, коьрте хьийза ойла,
Деган берччехь вехаш хиларх хьо...
Лаац хила, марха, б1аьрса кхуолош,
Хьан деган малх къаго яцахь со...
Къонахчунна
(Баталов Вах1идна лерина)
Хьайн къоман сий хьеша ца вуьтуш мостаг1,
Хьо буьрса хьевзира, цец доккхуш эскар.
Къу - берза буьйсанна берза б1аьрг санна,
Хьан б1аьргийн къагар а, дацара эрна.
Йовр йоцчу ц1ераш т1е, хьайн ц1е юьллийтуш,
Даймехкан эесс къаго синсерло юьтуш.
Х1оранга масалца ойла луьттийтуш,
Хьо ваха эхарта турпала дог гойтуш...
Ваха хьо, хийла к1ант хьайн кхалхарх хьагош,
Йо1 - йишин сийлалла синмеха къагош.
Нохчочуьна синх1оттам хьаьшна ца буьтуш,
Къонахчуьна доьналлех шеко ца юьтуш...
Хьан сирла ц1е йицъян тхан бакъо яц,
Вах1ид хьан сий доцуш зама хир яц.
Турпалхойн лар йоцуш Даймохк хир бац.
Къонахийн дурс доцуш къам кхуьур дац.
2017
[06.05, 14:32] Айза: Резванова
[19.09, 16:23] Резванова Айза Арбиевна: Де дика дрйла Ахьъд!
Дера Ахьъяд,
Малх д1акъовлуш буйса йог1у,
Юха а досту малхо де.
Денна серла юьйлу ц1е.
[20.09, 9:54] Резванова Айза Арбиевна: ан дагна дазделла дайн узарш, наной мохь - ц1ог1а.
Тешнабехкаца хьан т1елетар, ницкъ беш сан къомана.
Сар сардам бу хьуна, ду Деле дехарца до1а,
Йа Аллах1, ницкъ лохьа
[20.09, 12:50] Резванова Айза Арбиевна: 1удал чохь шовданаш кхоьхьуш,
Цхьа зама яра вайнехан.
Цул т1аьхьа чиликаш дузаш,
Г1уна т1е х1иттира дехха.
Мехкарий цхьана а кхетий,
Вовшашка дерг - доцург дуьйцуш.
Кегийнах хуьлура бог1ий,
Безамаш гаре сатуьйсуш.
Цкъа хит1е йеза йо1 йеъча,
Сов ч1ог1а цунах дог летта.
Хьевзира жимастаг Леча,
Шен х1усаме йо1 йига хьегна.
Кхин мерза дийца йиш йоцуш,
Шен дагара дийцира Лечас.
Цуьнца рицкъ кхолла дог доцуш,
Йоь1ан са лелара деса.
[21.09, 16:03] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Зийнарш.
1)
Илли ала, хелха вала,
Тайнигалла т1е ма лаца.
И т1е лаьцнехь, дош ма ала,
Хьан амал дац хьайха вала.
2)Дуьне 1аламан
хьер ю.Охьуш, юху
дендеш.
3)Нохчийн къомах верг, шен амалах ваккхалур вац, воцург, Нохчийн амале верзалур вац.
4)Ша цавевзачарна хьесталучул а, вевзачарга ша хаставайтар
сийлахьа
хир ду.
5)Аьчкан дог а, мекхах ц1андеш ца хилча, цхар дулу.
6)Ден г1алаташ айден нана, доьзалан б1аьргаш чохь, сийсаза, бала.
7)Ненан г1алаташ лера к1ант воьлча, марненах эмгар тарло, несана.
8)Дена - нанна дика хиллачу доьзалхочунна тоьшалла, шен т1аьхьено дийр ду.
9)Делан дуьхьа лелларг,
синпарг1ата хилла.
Йолан дуьхьа лелларг
Сингаттамца висана.
10)Шех тешам боцург,
Нахах а ца теша.
11)Куралла яц соьца,
кураллийн мерзаш
хедон кур - м бу.
12)Синбарам буста ца хуучунна, синмах хадо хуур дац.
13)Стаг - боху дош, ца кхоьрруш, Къонах бохучу даше доьрзу, доьналлийн кхача луш дузийча.
14)Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
15)Тешамечу доттаг1чо,
хабарех ца бузу дуо.
16)Т1ом бина баьккханчу толамал а мехала, собарца баьккхина толам бу.
17)Ца ваьлла бечу т1еман толам, кхин юху т1ом бан ца безаберг бу.
18)Харц 1едалан бакъонаш, харцонаш толор ю.
19)Яхьах дузанчу дагчу х1илла ца хоьа, Х1илланах дуьзанччу Яхь а санна.
20)Нохчийн мотт ца хааро, шен къомаца долчу гергарлонах дог - ойла хера йоккху.
21)Ненан мотт, ненан марзонца бен марзлуш бац.
22)Кхин ерг иштта яц "ЯХЬ,, ц1е йолу синхьаса г1елбалар ю нохчочунна вон цамгар.
23)Нохчийн къомах долчу адамо дагчу эецар а ду, декъалчу некъа х1оттар...
24)Даима бакълийнарг а волу, шен бакъонех...
25)Нохчийн къоман сий дайъа г1ерташ верг, сийсаза хир ву, даима а...
26)Айпечу адамах кхардар, ша хьекъална
айпе хилар ду...
27)Лекха буьххьера чу хецаделла хи сацалур дац.
Амма, кхечу хорша дерзалур ду.
28)Къахьегаро, хьекьал ирдо, ойланашна т1емаш а ло.
29)Хазар дац схьалацар, хезнарг лелош ца хилча.
30)Нохчалла - бохург, нохчочуьнан, са доьналлехь латтош болу, синбахам бу.
31)Хьехаме байташ,
Дахаран чиркхаш.
32)Дика а, вон а адам довзар зен дац.
С'а ю и, дахарехь.
33)Сан хьоме Нохчийн къам, ма зийна - кх хьо мостаг1аша, эзарзза, эзара шерашкахь, хьох х1ун долу а, х1ун доллу а хьовсуш. Дуьненна а хьо довзалц.
34)Бусулба адаман синч1аг1о евзар яц, керистанна.
35)Къам кхолладеллачахь, пачхьалкхи а кхоллалур ю, къахьегахь.
36)Цхьанна х1ума ала шена дагадеача, ойла ян еза бусулба адамо
- Далла гергахь, сол г1оле вуй те, иза? аьлла...
37)Мах х1отталуш дерг, даккхийчех дац.
Х1отто мах боцург ду, дуьненал а деза - доккха...
38)Б1АЬРГАШ, ДЕГАН КОРАШ,
МОТТ, ДЕГАН ХЬАЛ...
39)Нах ларар, шен сий лакхадаккхар ду.
40)Наханна къола денчуьна,
Шенчунна доладар
ца хуьлу...
41)Адамалла шеца дерг, меца вуьсур вац, и доцуш верг, са дуьзна а хир вац.
42)НОХЧИЙН МОТТ ШОРТА ХИЛАРХ А, ЙОЗАНАН МОТТ ЛИТТИНА, ХИЛА БЕЗА.
43)Къонахалла йолчу стеган амал хийцалур яц, цхьана а ницкъаца...
Хьашлур ю, осалаллийца...
44)Дош олуш, дог ц1енча кховда веза,
Хи эца г1у к1орггача санна.
45)Нах болу нах хьехош йаьккхана хан мехала ю,
нах боцу нах буьйцуш йойъучу заманал а.
46)ДАЛА ШЕНА ДЕЛЛА ПОХ1МА, НАХА Д1АДАККХАРНА КХОЬРУШ ВЕРГ, ПОЭТ ВАЦ.
47)ОСАЛЧУ АДАМАШКА ДЕШБАКЪО КХАЧАРО,
КЪОНАХИЙН НЕКЪА БАКЪОНАШ ЙОХАЙО.
48)Шега доцчу хаттарна жоп дала г1аьттинарг, шегарчу хьолах декхарийлахь верг ву...
49)Дуьненахь ша яьккхана ял,
кхочар ю шех хилла эхартан хьал...
50)Са маьрша ца хилча,
Комаьрша ца хуьлу.
51)Дуьне диънарш ца бевза суна...
Дуьнено биънарш - м бу, баьрзнаш диссалц...
52)Дуьне диънарш ца бевза суна...
Дуьнено биънарш - м бу, баьрзнаш диссалц.
53)Ладог1а цахуучунна, д1ахьеха а хуур дац...
54)Лелон цак1ордош дерг,
Шен сих доьлларг ду...
55)Дас - нанас марзбеш бу доьзалехь нохчийн мотт а, мохк а....
Шен чохь марздиннарг схьалоцу доьзало.
56)ШЕН Г1АЛАТНА КЪЕРА ХИЛАР, ШЕН СА Ц1АНДАР ДУ.
57)Нохчийн къомах лозуш доцу дог, нохчийчуьнан кийрахь дац.
58)Суна гергара ду адамаш муьлххачу къоман а.
Зулам дац сан гергара, гергарачуьнца и делахь а.
59)Ма атта ду - кх, зуда а хилла 1ад1ен.
Стаг хила ма хала ду - кх, зудчунна х1ета а...
60)Комаьршачу адамана, адамашца декъа х1ума карадо...
61)Шен ненан маттаца бен нислур вац,
дайн лар т1ехь.
62)(ТЕРПЕНИЕ НУЖНО, ЧТОБЫ ПОБЕДИТЬ ЗЛО.)
СОБАР ОЬШУ, ЗУЛАМ ЭШО...
63)КЪАМ МАХКАХ ДАККХАРАЛ А ХАЛА ДУ, ДАЙМАХКАХЬ 1АШЕХЬ КЪАМ ДАЙН АМАЛАХ КЪАСТОР...
64)Нагахь хьан ши са делахь хьо нахал а тоьлла ву,
Цхьа са бен дацахь нах санна хилахьа.
65)"Нохчалла,, бохург, нохчичуьнан синбахам бу...
И синбахам боцуш волчуьнан са, десса хуьлу...
66)Дахарехь кхиамашца г1арвала веза,
Эшамашна къарвала ца веза...
67)Яханчу хенера схьаэца эесан дагалецамаш ца хилча, ма къен хир яра - кх, вайн т1е йог1у зама....
68)ЙА АЛЛАХ1, МА Ч1ОГ1А ДЕЗА - КХ САН ДАГНА ХЬО, НОХЧИЙН КЪАМ!
АЛЛАХ1А БАРТ ЦХЬАЪ БИНА, ДЕКЪАЛ БОЙЛА - КХ ХЬАН КХОЛЛАМ!
69)ДУЬНЕНЧОХЬ УГГАР А ЛАККХАРА ДАРЖ, АДАМАЛЛА ду...
ЦУЬНЦА ЧАКХВАЛАР, ТОЛАМ А БУ....
70)Ша шен йо1 а, к1ант а хестош долу да-нана, доьзална хьесталуш хиларах кхета.
71)Дуьне мел лаьтта, къонахийн дош лелар ду.
Къонахийн дош мел лела, нохчийн къоман сий кхуьур ду...
Дала мукълахь!
72)Адамаллех вуьзинарг, меца ца хуьлу...
Ткъа са деса дерг, цкъа а ца вузу...
72)Къонахашца къийсса къонах
яц со.
Къонахийн сий дан къонахалла хир ю соьгахь...
73)Нах боцчу нехан хьал кхуьу, нах болчу нехан дой кхуьу...
74)Хьарам - хьанал бен доцчунна,
Бусулба керистанех схьакъастош долу бахьна девзар дац...
75)МА ТОВ - КХ СУНА "НОХЧИЙН ПАЧХЬАЛКХЕ,, ОЛУШ.
ДАЛА ДОШ БАКЪ ДОЙЛА ВАЙН!
76)ША ХЬЕКЪАЛЕ ХЕТАШ ВЕРГ А КХЕТАМЧУ ВАЛАВО, 1ИЛМА 1АМОРО.
77)"Дуьне дош дац,, бохуш, дахарехь ирс лоьхучарна, муха го те, ИРС?
78)Нохчийн къам - ц1енна масал ду, дуьненан юкъарчу адамаллийна...
79)Гордость всех нации, защитник, своей нации!
Резванова А.А.
80)Ненан мотт, доьзалан амало буьйцу.
81)Шена ала хаахь дош хазаниг алар,
Ца хаахь дош а ца олуш 1ад 1ен хаар, мехала говзалла ю...
82)Шен синбарам бевзаш хиларал а мехала ду, цуьнан низамехь лела хаар.
93)Стогаллин бен йахь,
Йахьан куьзга, эхь...
84)Шен сих а дац дан х1ума, да - нана а, йиш - ваша а, къам - Даймохк а ца лоручуьнан...
Цунна девзар дац ирс...
85)Осалалла хьалха х1уьтту,
Къонахалла хьалха тотту...
86)Стеган сий деш дерг зудчуьнна хьекъал ду...
87)Жимчахь хьо дуьнено лелаво, вокхъхилча дуьне лелор т1е дужу.
88)Дуьне диънарш ца бевза суна,
Дуьнено биънарш - м бу, 1ехош а, чехош а, баьрзнаш диссалц...
89)Шен сица болу къинхетам са баьлча хуьлу адамах, ц1енна бусулба...
90)Зулам дар, - адаман сих къинхетаман хьаса д1ахадар ду....
91)ДАЙМАХКАХЬ, ШЕН НОХЧИЙН КЪОМАЦА А КЪИЙССА БЕЗАШ ХИЛЛА - КХ, НОХЧИЙН МОТТ...
92)Вала муьлххачу хенахь а кхуьу, ваха ца кхуьу - кх.
93)Муьлххачу а адамо шех болу тешам, шен леларца гойту...
94)Аллах1а Къацхетарийн йийсарехь ма дуьтийла Нохчийн къам, хьан мерза са!
95)Кураллийн юьхь ян хуур ду суна - м, кураллех цинц боцчу сайца....
96)Тешам боцчунна бан хьехам бац...
97)ШЕН МАХКАНА ДИНА ДИКА А ДОЦУШ ВАХАР, ВАХАР А ДАЦ...
ДАЙМАХКАХЬ БАРЗ БОЦУШ ДЕРГ, ВАЛАР А ДАЦ!
98)Хьарам рицкъа дебаро, синбарамехь иман с'а ца доккху...
99)
100)
101)
102)
103)
104)
[25.09, 9:10] Резванова Айза Арбиевна: Петирова Петимат
"Шена худар дан цахуург, нахана хьовла дан вахана", - олуш-м дукха хезнера вайна...ткъа х1инца шена худар дан ца хуучо, нахана хьовла муха дан деза хьоьхуш а го...Хьехна ца 1аш, дуьненал даккхий бехкаш а дохуш...)
Резванова Айза
Цхьамма неха 1айг хьийзина бохура, шен худара йай чу, чам табан.
Бехке шен чуьра 1айг хеташ хилла цунна, Пет1а.
Хьуна - м карадо дало кица, уьнпхьида хенара.;
[28.08, 18:08] Резванова Айза Арбиевна: Хаттахьа ахь соьга сан Йиша,
-Самукъа х1ун ду хьан, дог хьоьстарг?
Хьо мара къевлина дерриг а,
Самукъа лур дара ас хьуна!
Хаттахьа ахь соьга сан Йиша,
Хьенца ю, дахарехь хьан марзо?
Ас барташ дохуш хьан беснеха,
1абор дара кийрара дог сайн хьоьха.
Хаттахьа ахь соьга сан Йиша,
Х1ун ду ахь сатуьйсург хаддаза?
Кийрара дог хьуна д1аделла,
Хьайн йишин ирсах хьо къагийта...
Сан марзо, сан б1аьргийн нур сирла,
Сан нанас йинарг хьо, цхьаъ ду сан!
Хилалахь хьо ирсе даима,
Со хир ю цу ирсах декъала...
[28.08, 18:15] Резванова Айза Арбиевна: Хаттахьа ахь соьга сан Йиша,
-Самукъа х1ун ду хьан, ва Айнаъ?
Хьо мара къевлина сайн деган,
Самукъа лур дара ас хьуна!
Хаттахьа ахь соьга, сан Йиша,
Хьенца ю, дахарехь марзо хьан?
Ас барташ дохуш хьан беснеха,
1абор дара кийрара дог хьоьха.
Хаттахьа ахь соьга, сан Йиша,
Х1ун ду ахь сатуьйсург, хаддаза?
Кийрара дог хьуна д1аделла,
Хьайн йишин ирсах хьо къагийта...
Сан марзо, сан б1аьргийн нур сирла,
Сан нанас йинарг, хьо, цхьаъ ю сан!
Хилалахь хьо ирсе даима,
Цу ирсах хир ю со, декъала...
[28.08, 22:58] Резванова Айза Арбиевна: Тхуна - м хьо хетара
Дуьненан меха.
Хьекъале хьехамаш
Бара хьан хьеха.
Бусулба тхан ваша,
Хьо Деле веха,
Доггаха до1ийна
Ас куьйгаш лоьца.
[29.08, 13:52] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
"К1ар - к1ир,, деш д1аоьху г1арг1улеш, сан деган ане,
Х1инца а лаьтта со и аьзнаш схьаоьхуш лере...
Юх - юха самаюьйлу сан эесехь, ца еъна кхане,
Цкъа мацах суьйренца вайшимма йиллинчу хене....
Юха а йоьрзур ю г1арг1улеш, йохъелча б1асте,
Хезар ду геннара мохь бетташ аьзнаш схьа, кхоэе...
Юха а хетар ду и аьзнаш сан дагна томехь,
Б1аьргашца лоьцур ду ас амат, сайн дагна хьоме....
И б1аьсте марзонца юху ас луьстар ю эесехь,
Х1ора дош сайн лерехь сецор ду хьан озан хьиспехь.
Дог хьоьга кхойкхар ду къора хьо ца хилахь эццехь,
Безаман б1аьсте вай йостар ю дахаран ирсехь...
Р.А.А
[30.08, 17:19] Резванова Айза Арбиевна: Сан лаам кхочуш бан ахь йина ойла,
Хьан къобал йойла!
[31.08, 4:54] Резванова Айза Арбиевна: Ма хаза йолу - кх 1уьйре сама,
Ц1ен бос богуш юьхь т1ехь шен.
1алам хьоьстуш
[31.08, 16:55] Резванова Айза Арбиевна: ХУ А ДУЬНЕНЧУ ЯЛА,
ДЕЛЕРА ХИЛЧА САН КХОЛЛАМ.
ЭЗАРНАШ КЪАЬМНАШНА ЮККЪЕХЬ,
ХОРЖУР ДАРА, АС НОХЧИЙН КЪАМ.
[03.09, 10:14] Резванова Айза Арбиевна: УБЕВАЕШЬ ТЫ МЕНЯ БЕЗ КОВИДА,
ОКАЗАЛСЯ ТЫ НЕГО СТРАШНЕЙ.
И ЗА ЧТО ТАКОЕ НАКАЗАНИЕ?
Я Ж ДУШОЙ ДОВЕРИЛАСЬ ТЕБЕ.
НЕ НУЖНЫ МНЕ БОЛЬШЕ ДОКАЗАТЕЛЬСТВА,
Я ДОВЕРЮ СЕРДЦУ СВОЕМУ.
И НЕ БУДУ ДУМАТЬ С СОЖАЛЕНИЕМ,
ЧТО ПРОШЛО... ТАК БЫЛО СУЖДЕНО.
[03.09, 16:35] Резванова Айза Арбиевна: так устала... так устала...
И даже осень не узнала,
С которой так сомной дружила,х
Я летом к осени шагала.
Спешила к осени всегда.
Приятно время провожала.
Цвета в ней жизни узнавала
И жизнь я с нею полюбила,
А что теперь сомною стала?
Я так устала... так устала...
Меня и осень не узнала,
Я вижу жить я перестала,
За то, и осень не узнала...
Я устала....
[03.09, 17:02] Резванова Айза Арбиевна: Мартанчу олучу юьртахь вехаш кхо ваша ву. Кхоьа, оьщда ву. Г1иллакхе ву. Нахаца гергарло долуш а ву. Цхьана дийнахь воккхачуьнан йо1 еха, дена т1е нах баьхканера. Ков тоьхна воккхаха волу веши керта баьхканчу нахах хьалха ваьллачо элара:
- Де дика дойла шун. Ца бевза хьеший т1е оьций аш?
- Далла доьзийла шу! Марша дог1ийла! Хьеший Делан беркат ду.
[04.09, 5:56] Резванова Айза Арбиевна: Шайн - шайна декъаделла, шайн - шайна ц1ераш техкина хилча оьший те шаьш Нохчийн къомах ду баха а. Шайн байракх хьала аййина хилча, шуьгахь ницкъ бу. Дера беза шайн мотт хила а, шайн къам хила а, шайн 1едал хила а деза. Нохчийн къоман мотт а, ц1е а лелош, шайн ледарча т1ехь Нохчийн ц1е йоккхийтуш, жимма а таделларг шайн ц1арна дуьтуш хилча, Нохчийн къомах х1урда кема а дина, х1урдах девлларш хила ма г1ерта. Ц1е а цу кеманна йоккхар ю, шух нах эр ду, цу кемана т1ехь хих бевлла.
Хьекъале хила, питанчаш юкъара д1а а бахий. Х1ора тайпанах ца хуьлу къам. Массо тайпа ду Нохчийн къоман.
Нохчий, ц1ена ц1ий долу тешаме Нохчий, Дала дебадойла шу!
[05.09, 4:18] Резванова Айза Арбиевна: ,,Тап,, аьлла д1атийна буьйса,
Бакъонца дека цхьа ч1об.
Мархаш д1агулъелла йийша,
Лаьмнашкахь биллина мотт.
Седарчий шаьш серла дуьйлу,
Самукъне 1енадеш нур.
Хин тулг1еш ю уьш т1е доьхуш,
Х1орда т1ехь х1оттийна шун.
Сатоссуш стиглара къега,
Седарчий ,,т1ап,, аьлла дай.
Хи т1ехь го, тулг1ешца ийна,
Седарчий хелхарш деш шайн.
[05.09, 14:50] Резванова Айза Арбиевна: .
Резванова Айза
Дог1анаш гуьйренца доьлху,
Уьш дакъош бохлац кхин малх а...
Сан коьрте ойланаш хьелха,
Уьш ахь а ма йити, цхьалха...
Ткъа малх бу - кх, дуьненан серло,
Иза бу - кх, даима цхьалха...
Х1унда йо ас сайна г1ело,
Ас йе - те ойла, цу маьлхан??
2019
Дуьне а т1е дазло, шех бала хуьлий,
Иманан нур дитахь ахь дагчохь кхуола...
Цара са дожадо 1ожаллийн шуьне,
Ницкъ кхачош, синсерло къовлуш шен буйна...
Амма ахь хьайн дагчохь и даккхахь карла,
Г1айг1анех, баланех са доккхуш хьалха
Иманан нур долу малхал а серла,
Хьо хуьлу, даима, заманал тоьлла....
2019
Хир буй те соьца малх,
Хьан кхуоларш кхалхо...
Тоьар юй те серло,
Хьан дуьне къаго?
Я юьсур те со а,
Четар тхов хилла,
Вуьтуш хьо г1айг1ане,
1индаг1ехь 1илла?
Х1ан - х1а, со реза ю,
Ч1урам а хилла,
Яга хьо хьайн некъах ца вуьтуш тила...
Серло луш даима дахарехь хьуна,
Т1аьххьара са д1алуш,
Яца а хьан сина...
2019
Хьан сина серлонга
Полланах идар,
Дуй - те, со, хьан деган
Йовхонах тешар?
Дехар ду сан хьоьга,
Ца вийлар серла,
Хир йелахь и серло,
Вайн ирсана хиера....
2019
Резванова Айза
Даймохк - Нана
Даймохк, х1ун ду хьуна ганза,
Я баккхаза ахьа чам??
Я бу те хьо, х1умма ланза,
Я, цахууш, х1уман хам??
Хийла геналлехь сатуьйссуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача лууш,
Масне хуьйди лаьтто д1а...
Буьйсанна хьо дагалоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг.
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьаьрчаш,
Кийра кхехкош, доьлху дог.
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког...
Сийлахь Даймохк!
Хьомсара Нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш йелар олхазар хилла,
Шуна т1оьхула хеца т1ам!!!
1985
Резванова Айза
Кхин х1ун ирс ду...
Сина парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй техьа, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш Даймохк ган?!
Дериг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е...
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а.
1ожалла ю, когех хьерчаш,
Новкъарло йеш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху, Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хьоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а..
Ойла йейша, х1ай, махкахой!!
Къизалла д1айакхий шайн!
Барт боцург ткъа, кхин х1ун ирс ду,
Доьзалашка кховдо вайн??
"Стаг,, боху дош, хала ду лело...
Иза дуза дезаш ду...
Дуьзина даьлча "Къонах,, бохучу даше доьрзу и...
Аллах1 - Дала цхьана а нохчийн а, бусулба а волчу стагана маэешабойла и дош дузуо къонахаллийн кхача!!!
Р.А.А.
"Стаг,, боху дош, хала ду лело...
Иза дуза дезаш ду...
Дуьзина даьлча "Къонах,, бохучу даше доьрзу и...
Аллах1 - Дала, цхьана а нохчийн а, бусулба а стагана маэешабойла и дош дузуо, доьналлийн кхача!!!
Р.А.А.
[05.09, 15:27] Резванова Айза Арбиевна: "Стаг,, боху дош, хала ду лело.
Иза дуза дезаш ду, доьналлех.
Дуьзина даьлча "Къонах,, бохучу даше доьрзу и...
Аллах1 - Дала, цхьана а нохчийн а, бусулба а стагана маэешабойла и дош дузуо, доьналлийн кхача!!!
Р.А.А.
[06.09, 22:54] Резванова Айза Арбиевна: вот этот подстрочный перевод на русском, это единственное, что я видела от стихотворения Исраилова, все остально написано мной..но я не оспариваю авторство с Исраиловым, я лишь рспариваю свое право на свой текст.... "Мы не стремимся к мирским завоеваниям,
Мы не ищем улучшения своего благосостояния,
Нам и нашим семьям дай только скудное существование,
Вселяющий в душу безумие век.
Мы не ищем власти в мире,
Мы не навязываем никому свое пастырство,
Руки привыкли к оружию.
Дай нам возможность отложить его, жестокий век.
Какой испорченный наш век, парни,
Какой жестокий век, парни,
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток.
Для благородных парней, как труден ты.
Как страшен наш век, парни,
Как несправедлив наш век, парни.
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток,
Для благородных парней как труден ты.
В мире, который тебе не принадлежит,
Легкомысленно ты живешь.
Завтрашний день безвестен тебе.
С утра растерянные мысли собери.
Прими присягу и готовь себя для рая.
Под твоей идущей ногой земля – готовая тебе могила.
На расстоянии вытянутой руки от тебя смерть.
К своему Богу приласкайся, своему Богу поплачь.
Прими присягу и готовься для рая."
(Стихотворение Хасана Исраилова. Подстрочный перевод с чеченского).
[07.09, 16:20] Резванова Айза Арбиевна: Мы не стремимся к мирским завоеваниям,
Мы не ищем улучшения своего благосостояния,
Нам и нашим семьям дай только скудное существование,
Вселяющий в душу безумие век.
Мы не ищем власти в мире,
Мы не навязываем никому свое пастырство,
Руки привыкли к оружию.
Дай нам возможность отложить его, жестокий век.
Какой испорченный наш век, парни,
Какой жестокий век, парни,
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток.
Для благородных парней, как труден ты.
Как страшен наш век, парни,
Как несправедлив наш век, парни.
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток,
Для благородных парней как труден ты.
В мире, который тебе не принадлежит,
Легкомысленно ты живешь.
Завтрашний день безвестен тебе.
С утра растерянные мысли собери.
Прими присягу и готовь себя для рая.
Под твоей идущей ногой земля – готовая тебе могила.
На расстоянии вытянутой руки от тебя смерть.
К своему Богу приласкайся, своему Богу поплачь.
Прими присягу и готовься для рая."
(Стихотворение Хасана Исраилова. Подстрочный перевод с чеченского).
[07.09, 16:23] Резванова Айза Арбиевна: Мы не стремимся к мирским завоеваниям,
Мы не ищем улучшения своего благосостояния,
Нам и нашим семьям дай только скудное существование,
Вселяющий в душу безумие век.
Мы не ищем власти в мире,
Мы не навязываем никому свое пастырство,
Руки привыкли к оружию.
Дай нам возможность отложить его, жестокий век.
Какой испорченный наш век, парни,
Какой жестокий век, парни,
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток.
Для благородных парней, как труден ты.
Как страшен наш век, парни,
Как несправедлив наш век, парни.
Не дай сделать себя обездоленным,
Безынтересный для души век,
Для благородных парней, как ты жесток,
Для благородных парней как труден ты.
В мире, который тебе не принадлежит,
Легкомысленно ты живешь.
Завтрашний день безвестен тебе.
С утра растерянные мысли собери.
Прими присягу и готовь себя для рая.
Под твоей идущей ногой земля – готовая тебе могила.
На расстоянии вытянутой руки от тебя смерть.
К своему Богу приласкайся, своему Богу поплачь.
Прими присягу и готовься для рая."
(Стихотворение Хасана Исраилова. Подстрочный перевод с чеченского).
[08.09, 14:26] Резванова Айза Арбиевна: НОХЧИЙН КЪОМАН
ТУРПАЛХОЧУЬНАН,
ХЬАКЪ ВОЛЧУ
ЯЗДАРХОЧУЬНАН,
ИСРАИЛОВ ХЬАСАНАН
ДЕНАШ ГОЧ ДИНАРГ Ю,
яздархо, гочдархо: Marti Na
Мукъ Резванова Айзи
Иллиалархо: Хатуев Турпал.
[09.09, 14:05] Резванова Айза Арбиевна: Ма атта олу - кха вайнаха,
Хьекъале ца хилла вайн дай.
Ладог1а хьовсийша х1ай к1ентий,
Цу къонахчо аьлла дешнашка.
Цо т1амна хьала г1овтта ца боху.
Бац кхайкхам питанаш даржош.
Машаре дахарехь цо кхойкху,
Маршо ю цо йоьхург халкъана.
Массо а заманан къонахий,
Даймехкан сий лардеш хуьлуш бу.
Шай синош ца кхоош и к1ентий,
Адамаллийн бакъонаш къуьйсуш бу.
Х1ай к1ентий, цхьана а заманчохь,
Баьхна бац къонахий шайн дуьхьа.
Цундела массо а халкъашлахь
[09.09, 18:48] Резванова Айза Арбиевна: Резанова Айза
Сайн бехк боцуш, соьца гамо
лаьцначуьнага.
Сайн боцу бехк т1е лаьцна а нохчийн г1иллакхехь нисйала - м г1оьрти со.
Ас х1инца а ца йо бехке цу Исраилов Хьасанан дешнаш гочдина йолу, Марти На.
Делахь а цкъа ма луъу царна т1ехь болх бан ша пурба делла хилча. Вуно хаза и илли ара даьлчи, шен дашах йоха бахьанал лехьо ца деза. Соьга цо делла дешнаш а дац.
Со царах цунна жоп дала дезаш а яц.
Ас сайн аг1онна т1е дуьллуш долу массо илли ас ара доккхуш а, ас жоп луш а дац. Сайн иллеш т1е т1е ас айса юьллу нах бехке а ца беш. Ас цо гоч дина дешнаш т1ехь сайга болх банхьара аьлла сайна т1е диллича, наханна ца бечу кепара болх бина, Марти На, гочдинчу дешнаш т1е мукъам биллина, д1а йаздайтана, хаза аз долчу иллиалархочуьнга и илли д1а алийтана. Вуно хаза ара даьлла и илли. Ас сайн аг1онна т1ехь язъен йозанан кийсикаш а шена лоьруш, бехкаш дахка бакъо яц. Телефон тоха аьлла ас номер йитача ца еша кеп лело ца еза соьца.
И илли д1акечдале цу т1ехь болх биначера ц1ераш яхале, шен ц1е цу т1ехь х1унда яц кхо соьга аьлча, д1абуьйцучу матта дуьхьал мотт а ца беъча, иза милла елахь а иза харц ю. "Сихалло са даьккхана, собаро лам баьккхана,, олуш ду.
Сихалло долчунна т1ехькхиа ца вуьту. Оьг1азалло хьекъале ойла цайойту.
Со цхьаннига а дехарщ дан дезаш яц.
Нохчийн г1иллакхехь мотт бийца хуур ду суна, Саца схьабуьйцуш хилахь.
Ас со бехке ю алар, юккъехь машаран доза лехар дара. Шена хьакхалуш доцург а шена т1е а оьзна, оьг1аз баханарш сан бехкенна бахана бац.
Дала иманехь нисдойла вай!
Ас бала болчунна хаийта яздина х1ара.
Ларамца!
[16.09, 2:26] Резванова Айза Арбиевна: арх1 шо кхачаза яра со, шолг1ачу классе деша лелаш яра.
Х1инца санна гуьйре яра герга т1е1аш. Тхан нана дийцира: "Нохчи мехкарий муха хилла дийци ас шуна? Дадин юрт ягийна. Цу юртара къона, хаза мехкари лаца а лаьцна, машашца д1а а бихкина, х1урдан т1ай т1ехь Теркал дехьа баха буьгуш, мехкарша вовшашца. "Вай д1а а дигана, вай сийсаза деш, вайн къонхийн сий дайъа г1ерта уьш. Вай н
[17.09, 3:01] Резванова Айза Арбиевна: Ненан баларш бу т1е хьоьжуш шорта,
куйнаш лекха, буйнахь герзийн чалх.
Нана яларг, ву виллина лаьтта,
Мостаг1аша бина тешнабехк.
[17.09, 23:38] Резванова Айза Арбиевна: Дехьа урамера шича веара Халид волча уьйт1а.
- Дика мел дерш кху керта, аьлла.
- Диканца - дукхувехийла, Муса. Хьо ма дика веара? Схьавола, цхьана хаза хан йоккхар ю вай. Вовшеха марзо оьцуш.Даламукълахь.
- Хьо х1ун лелош ву, х1ара хаза хьожа яьккхана. Кху мерзачу хьожана схьавоьхуш валий со, кху хьан керта.
- Тахана сарахь хьеший бу, Салахь волча бог1уш. Салахьна юьхьк1ам хир бу, бохуш воллу, нохчийн даарш кечдеш.
Москал - котам ериг йолуш яра д1акечйина, к1еганаш т1ехь деттача уьстаг1 - жижиг чомахь хир ду, бохуш воллу.
Схьаэцахьа, еттана хьаьжк1а, ма дика ю моьттахь уьш, - Халида аьлча, цец ваьлла д1ахьежна Мусас элара.
- Уьш кхуза керта бог1уш ма бац. Уьш ресторане бигана цо. Хьекамийн ресторанехь ма ду даарш а, хьаша т1е эецар а, олуш велакъежира Муса, Халидна хаа моьттуш.
Халид цец велара цу хаамах. Шена цу хаамах теша ца лаар а лачкъа цадеш, вахара иза шен шича вехачу керта.
Уьйт1ахь лелаш нана яра, Мусан.
Халида хаьттара цуьнга:
- Хьеший схьакхочаш буй вайн?
[19.09, 3:47] Резванова Айза Арбиевна: Сан дериг некъаш ду эхарта,
Кху хазчу дуьненахь,
Цкъа мацца йоьллар ю не1 суна,
[19.09, 3:53] Резванова Айза Арбиевна: ьан х1ора г1улч яра,
Эхартан ц1е йолуш.
Дахаран некъ бара адамаллийн дарж лоруш
[19.09, 12:44] Резванова Айза Арбиевна: Къам кхолладеллачахь пачхьалкхе а кхоллалур ю.
[03.08, 16:58] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[03.08, 17:38] Резванова Айза Арбиевна: Сан къонах, алахьа,
хьо стенгаша лела?
маца, я мичхьа хьо,
гур ву те суна?
Ас хьайга сатуьссий
цахаа хьуна?
Волахьа сан дагчу
лацале г1ура...
Сан б1аьргаш геннара
Хьо волчу хьоьжу.
Ойланца даима
Хьан некъа юьйлуш.
Генахь хьо велахь а,
Сан дагчохь вехаш.
Хьо бен вац сан эла,
Ас Деле вехнарг..
Саламбек, хьо ву и...
03.08.2020.
[03.08, 19:03] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[04.08, 11:13] Резванова Айза Арбиевна: Ца оьшу хьо къехка,
Ца эешар гойтуш.
Уллехь а хир ю со,
Хьо ца гуш б1аьрзе.
Кхин цкъа а хьожар яц
Хьо вехача коре..
Ас маьрша юьтур ю
Хьуна хьайн аре...
Ма луъа лелалахь
Сох ца еш къайле,
Хьо дукха вехийла,
Хьуо хьайца, цхьаллехь!
[05.08, 9:35] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[05.08, 16:46] Резванова Айза Арбиевна: Беригге ницкъ хьо сайн лерина,
Дуьзнера ас дог хьох тешийна..
Ткъа ахь и, уьрсаца дерина,
Дасдина когашка тесина...
[06.08, 7:44] Резванова Айза Арбиевна: Ойланаш йийр ю ахь хийла,
Сингаттамо цхьаллехь 1ийжош.
Ткъа мозий хьийзар ду "з1уз,, деш,
Тешнабехк бусуш бу шенна...
[07.08, 8:45] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь балламмаш ма дукха дисна,
Йийцаза къайленаш ма
[08.08, 2:22] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь баллам ма боккха бисна,
Йийцаза ойланаш ма дукха йисна...
Дада хьан г1иллакхаш тидаме оьцуш,
Ас кечбеш хилла некъ, ма бесса биси...
Делахь а кхолламца къийсса дац х1ума,
Дахаро 1амор ву хьо воцуш лела...
Хьан амат даима сайн дагчохь хьоьстуш,
Лелор ду ас Дада, хьан ц1еран сийдеш...
[12.08, 3:07] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
[12.08, 12:00] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Самаха ма го...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш сецнера малх...
Д1атийра хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайший а дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Ца баьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца - м ас йоьлуш даглоьцу,
Самаха дайна г1енаш...
2019
Резванова Айза
Со гуьйренца еъна б1аьсте ялош,
Гуьйре хазъян хьан ойланашкахь...
Ца хишийта 1индаг1аш хьан дагчу
Я дахкарлахь ца дисийта дог...
Еана со хьан са даккха маьлха,
Дахьаш хьуна цкъа хазанза аз...
Цу озаца деган чевнаш тега,
Маьрша де1ийта хьан даге са...
Хийла гуьйре, хьуна еънарг шийла,
Ца х1уттийтуш юха си т1е хьан...
Лаарна хьан дахар хила ирсе,
Ас хьан дагна хьанал до сайн са...
2018
4
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш, я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха, хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
5
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
[12.08, 14:34] Резванова Айза Арбиевна: Човха дехьа, сан дог човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
Хьо вийларах д1о седанал гена,
Ойла хьох ца йолу хера сан..
Дитарх б1аьргаш ахь шовданаш 1ена,
Хьо воцчахь кхин ирс дац царна ган...
Ахь къахьегахькъ безам къахьбан дагна
[15.08, 9:18] Резванова Айза Арбиевна: Ас хаьттарш до беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
[15.08, 9:32] Резванова Айза Арбиевна: Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий...
Дозалла дайтахьа,
Забрийна, гучу а валий...
Хетийтахьа к1енташна,
Къевссина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна моттийтахьа,
Ирсан да, сох хила йоллу...
Х1ун хуьлу хьуна, со,
Къагарах, са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш, со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м, хьо, боккъал а веза....
Хилахьа хьо суна,
Сирла малх б1аьстенна санна..
Хилахьа хьо дог1а,
Дуьненан 1аламна санна..
1ийр ярий, со хьуна,
Буйсанна беттаса санна,
Нур 1енош хьан дагчу,
Ца дуьтуш б1аьргаш хьан кхуола...
[16.08, 1:09] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Деган мерзаш
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бералле аш кхачий со….
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 1:24] Резванова Айза Арбиевна: Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 18:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
[20.08, 9:36] Резванова Айза Арбиевна: Ахь човхийна дог сан хера даьккхи,
Хьайн марзонах хадош юхъэц д1а.
Ас сайн ирсах т1аьххьара дог дилли,
Сайна дуьтуш сайн безаман къа...
Хьо вац бехке, ахь хьайн са ца хьовзий,
Со ю тешнарг, маьрша доккхуш са...
Цундела ахь, со д1а атта къахкий,
Сан безамах хета доцуш къа...
[23.08, 14:31] Резванова Айза Арбиевна: Бехке дуй-те....
Совг1аташца б1аьргаш хьоьстуш,
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагах сан ойла кхели.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярна б1аьсте??
Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан генна...
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.
Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а хир яц 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх,
Гуьйре нисло - кх, малхах къегаш.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Р.А.А.
[23.08, 21:55] Резванова Айза Арбиевна: Сан жиманиг Аминат,
Хьол хазаниг кхи хир яц.
Хьан эсала
[24.08, 5:01] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьрбин Айза...
Ас хаьттарш до беллачарга,
кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
Гакаев 1аьрбис Айзига, забаре
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
Айзин забаре жоп:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгара балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш-м яц, и парг1ато.
2013
Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
Резванов 1аьбийн Айза
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
Ма ирс ду шен Даймохк хилар,
Дозалла ду орам дайн...
Шен къоман лорах ца тилар,
Дош ала йиш йолуш, майрра...
Йиш - ваша ма боккха ницкъ бу,
Барт белахь церан вовшен...
Гергарло ду иза, мерза,
Бахам бу и нохчичоьнна...
Доьзалаш дахаран стоьмаш,
Шул тайна бац - кха, кхин чам...
Декъала хуьлда шун некъаш,
Даймехкан беш ларам - хам!
Нохчичоь, тхан сирла х1усам!
Хьуна чохь ду дерриг тайна...
Хьох хилла синойн са тхуна,
Дахарехь малх бог1уш серла!
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
2019
Резванова А.А.
(Хьомечу несана, Зураъна)
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Йахьа йовхо тхан дегнашка,
Эккхаехьа шело д1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Б1аьргаш хьоьжу йесалле...
Ойланаша хьо схьайоьху,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дийца хаац и сурт д1а....
"Тап,, аьлла ду тата доцуш,
Хьо цахилча х1усмехь ган...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дериг дахар сецна тхан...
Де - буьйса тхан самадоккхуш,
Зураъ, дахьа б1аьрса ц1а....
15.06.2019
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
Р.А.
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
..
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Мерза Са, дьуненахь сий долу Нана,
Маршонца ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Мерза Са, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш и сурт д1акъовла....
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Резванова Айза
Со хьоьца еха
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
Резванова Айза
Сан озах жоп
Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду, тидмаза, г1ийла.
Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх, хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю дуьненна хийра.
Аз хаддал мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...
Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш сан озах жоп.
2017
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Р.А.А
[25.08, 12:43] Резванова Айза Арбиевна: Ахь йити со, сайнна елха,
Безам а бити ахь талха.
Йиси со, ойланаш деба,
Сайн хаттаршна жоьпаш леха...
Сан б1аьсте гуьйренах йоьлху,
Зезагаш букара оьху.
Иэсс г1уьтту, хьоьца ирс доьхуш,
Безаман м1аргонаш лехьош.
Ца оьшу хьо соьга хьежа,
Малх санна д1о хи чохь къежа.
Со юьтуш сатийса - хьега,
Геналлехь вели хьо гена.
Ас хабар дуьйцу, нах 1ехо,
Безаман нур лепа, бохуш.
Сан деган корашка 1енаш,
Безам нур, и боьлхуш къега.
Р.А.А.
[25.08, 14:10] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Аллах1ан лайша лов къизалла хийла,
Кхоьллинчо зуьйш ду вай, баланашца...
Лелаш бу лаьтта т1ехь шайт1анийн лай а,
Дуьненахь, эхартахь ирс дайна шайн...
Шайт1ано човхийча, боьлху мохь бетташ,
Хьаьстича шайт1анна белало уьш...
Дац кийрахь дегнаш а, я хьекъалш коьртехь,
Делан къинхетамах д1ахаьдда уьш...
Бусулба вежарий, декъала к1ентий,
Иманах дуьззина ду дегнаш шун...
Аллах1а дохийла шу балех маьрша!
Эхартахь дойла шух, г1азотан дай!!!
Аллах1а Шена дукху безначеха дойла шу а, массо бусулба а!!!
[26.08, 12:56] Резванова Айза Арбиевна: а ондда масал ду,
Хьо нохчийн къонах.
Ма дош ду, толам бу
Хилар хьан къомах.
Дозалла ду - кха Хьо,
Дуьненан кийрахь,
Ву ала, д1агайта,
Къонаха сийлахь
[28.08, 12:41] Резванова Айза Арбиевна: Анонимо - цхьа ц1е йолуш амма цхьан бог1ущ боцу г1ирсаш. Синонимо - Цхьа ц1е лелош болу, бес - бесара г1ирсаш.
[03.08, 16:58] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[03.08, 17:38] Резванова Айза Арбиевна: Сан къонах, алахьа,
хьо стенгаша лела?
маца, я мичхьа хьо,
гур ву те суна?
Ас хьайга сатуьссий
цахаа хьуна?
Волахьа сан дагчу
лацале г1ура...
Сан б1аьргаш геннара
Хьо волчу хьоьжу.
Ойланца даима
Хьан некъа юьйлуш.
Генахь хьо велахь а,
Сан дагчохь вехаш.
Хьо бен вац сан эла,
Ас Деле вехнарг..
Саламбек, хьо ву и...
03.08.2020.
[03.08, 19:03] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[04.08, 11:13] Резванова Айза Арбиевна: Ца оьшу хьо къехка,
Ца эешар гойтуш.
Уллехь а хир ю со,
Хьо ца гуш б1аьрзе.
Кхин цкъа а хьожар яц
Хьо вехача коре..
Ас маьрша юьтур ю
Хьуна хьайн аре...
Ма луъа лелалахь
Сох ца еш къайле,
Хьо дукха вехийла,
Хьуо хьайца, цхьаллехь!
[05.08, 9:35] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[05.08, 16:46] Резванова Айза Арбиевна: Беригге ницкъ хьо сайн лерина,
Дуьзнера ас дог хьох тешийна..
Ткъа ахь и, уьрсаца дерина,
Дасдина когашка тесина...
[06.08, 7:44] Резванова Айза Арбиевна: Ойланаш йийр ю ахь хийла,
Сингаттамо цхьаллехь 1ийжош.
Ткъа мозий хьийзар ду "з1уз,, деш,
Тешнабехк бусуш бу шенна...
[07.08, 8:45] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь балламмаш ма дукха дисна,
Йийцаза къайленаш ма
[08.08, 2:22] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь баллам ма боккха бисна,
Йийцаза ойланаш ма дукха йисна...
Дада хьан г1иллакхаш тидаме оьцуш,
Ас кечбеш хилла некъ, ма бесса биси...
Делахь а кхолламца къийсса дац х1ума,
Дахаро 1амор ву хьо воцуш лела...
Хьан амат даима сайн дагчохь хьоьстуш,
Лелор ду ас Дада, хьан ц1еран сийдеш...
[12.08, 3:07] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
[12.08, 12:00] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Самаха ма го...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш сецнера малх...
Д1атийра хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайший а дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Ца баьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца - м ас йоьлуш даглоьцу,
Самаха дайна г1енаш...
2019
Резванова Айза
Со гуьйренца еъна б1аьсте ялош,
Гуьйре хазъян хьан ойланашкахь...
Ца хишийта 1индаг1аш хьан дагчу
Я дахкарлахь ца дисийта дог...
Еана со хьан са даккха маьлха,
Дахьаш хьуна цкъа хазанза аз...
Цу озаца деган чевнаш тега,
Маьрша де1ийта хьан даге са...
Хийла гуьйре, хьуна еънарг шийла,
Ца х1уттийтуш юха си т1е хьан...
Лаарна хьан дахар хила ирсе,
Ас хьан дагна хьанал до сайн са...
2018
4
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш, я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха, хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
5
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
[12.08, 14:34] Резванова Айза Арбиевна: Човха дехьа, сан дог човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
Хьо вийларах д1о седанал гена,
Ойла хьох ца йолу хера сан..
Дитарх б1аьргаш ахь шовданаш 1ена,
Хьо воцчахь кхин ирс дац царна ган...
Ахь къахьегахькъ безам къахьбан дагна
[15.08, 9:18] Резванова Айза Арбиевна: Ас хаьттарш до беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
[15.08, 9:32] Резванова Айза Арбиевна: Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий...
Дозалла дайтахьа,
Забрийна, гучу а валий...
Хетийтахьа к1енташна,
Къевссина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна моттийтахьа,
Ирсан да, сох хила йоллу...
Х1ун хуьлу хьуна, со,
Къагарах, са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш, со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м, хьо, боккъал а веза....
Хилахьа хьо суна,
Сирла малх б1аьстенна санна..
Хилахьа хьо дог1а,
Дуьненан 1аламна санна..
1ийр ярий, со хьуна,
Буйсанна беттаса санна,
Нур 1енош хьан дагчу,
Ца дуьтуш б1аьргаш хьан кхуола...
[16.08, 1:09] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Деган мерзаш
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бералле аш кхачий со….
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 1:24] Резванова Айза Арбиевна: Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 18:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
[20.08, 9:36] Резванова Айза Арбиевна: Ахь човхийна дог сан хера даьккхи,
Хьайн марзонах хадош юхъэц д1а.
Ас сайн ирсах т1аьххьара дог дилли,
Сайна дуьтуш сайн безаман къа...
Хьо вац бехке, ахь хьайн са ца хьовзий,
Со ю тешнарг, маьрша доккхуш са...
Цундела ахь, со д1а атта къахкий,
Сан безамах хета доцуш къа...
[23.08, 14:31] Резванова Айза Арбиевна: Бехке дуй-те....
Совг1аташца б1аьргаш хьоьстуш,
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагах сан ойла кхели.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярна б1аьсте??
Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан генна...
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.
Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а хир яц 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх,
Гуьйре нисло - кх, малхах къегаш.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Р.А.А.
[23.08, 21:55] Резванова Айза Арбиевна: Сан жиманиг Аминат,
Хьол хазаниг кхи хир яц.
Хьан эсала
[24.08, 5:01] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьрбин Айза...
Ас хаьттарш до беллачарга,
кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
Гакаев 1аьрбис Айзига, забаре
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
Айзин забаре жоп:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгара балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш-м яц, и парг1ато.
2013
Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
Резванов 1аьбийн Айза
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
Ма ирс ду шен Даймохк хилар,
Дозалла ду орам дайн...
Шен къоман лорах ца тилар,
Дош ала йиш йолуш, майрра...
Йиш - ваша ма боккха ницкъ бу,
Барт белахь церан вовшен...
Гергарло ду иза, мерза,
Бахам бу и нохчичоьнна...
Доьзалаш дахаран стоьмаш,
Шул тайна бац - кха, кхин чам...
Декъала хуьлда шун некъаш,
Даймехкан беш ларам - хам!
Нохчичоь, тхан сирла х1усам!
Хьуна чохь ду дерриг тайна...
Хьох хилла синойн са тхуна,
Дахарехь малх бог1уш серла!
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
2019
Резванова А.А.
(Хьомечу несана, Зураъна)
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Йахьа йовхо тхан дегнашка,
Эккхаехьа шело д1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Б1аьргаш хьоьжу йесалле...
Ойланаша хьо схьайоьху,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дийца хаац и сурт д1а....
"Тап,, аьлла ду тата доцуш,
Хьо цахилча х1усмехь ган...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дериг дахар сецна тхан...
Де - буьйса тхан самадоккхуш,
Зураъ, дахьа б1аьрса ц1а....
15.06.2019
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
Р.А.
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
..
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Мерза Са, дьуненахь сий долу Нана,
Маршонца ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Мерза Са, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш и сурт д1акъовла....
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Резванова Айза
Со хьоьца еха
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
Резванова Айза
Сан озах жоп
Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду, тидмаза, г1ийла.
Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх, хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю дуьненна хийра.
Аз хаддал мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...
Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш сан озах жоп.
2017
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Р.А.А
[25.08, 12:43] Резванова Айза Арбиевна: Ахь йити со, сайнна елха,
Безам а бити ахь талха.
Йиси со, ойланаш деба,
Сайн хаттаршна жоьпаш леха...
Сан б1аьсте гуьйренах йоьлху,
Зезагаш букара оьху.
Иэсс г1уьтту, хьоьца ирс доьхуш,
Безаман м1аргонаш лехьош.
Ца оьшу хьо соьга хьежа,
Малх санна д1о хи чохь къежа.
Со юьтуш сатийса - хьега,
Геналлехь вели хьо гена.
Ас хабар дуьйцу, нах 1ехо,
Безаман нур лепа, бохуш.
Сан деган корашка 1енаш,
Безам нур, и боьлхуш къега.
Р.А.А.
[25.08, 14:10] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Аллах1ан лайша лов къизалла хийла,
Кхоьллинчо зуьйш ду вай, баланашца...
Лелаш бу лаьтта т1ехь шайт1анийн лай а,
Дуьненахь, эхартахь ирс дайна шайн...
Шайт1ано човхийча, боьлху мохь бетташ,
Хьаьстича шайт1анна белало уьш...
Дац кийрахь дегнаш а, я хьекъалш коьртехь,
Делан къинхетамах д1ахаьдда уьш...
Бусулба вежарий, декъала к1ентий,
Иманах дуьззина ду дегнаш шун...
Аллах1а дохийла шу балех маьрша!
Эхартахь дойла шух, г1азотан дай!!!
Аллах1а Шена дукху безначеха дойла шу а, массо бусулба а!!!
[26.08, 12:56] Резванова Айза Арбиевна: а ондда масал ду,
Хьо нохчийн къонах.
Ма дош ду, толам бу
Хилар хьан къомах.
Дозалла ду - кха Хьо,
Дуьненан кийрахь,
Ву ала, д1агайта,
Къонаха сийлахь
[28.08, 12:41] Резванова Айза Арбиевна: Анонимо - цхьа ц1е йолуш амма цхьан бог1ущ боцу г1ирсаш. Синонимо - Цхьа ц1е лелош болу, бес - бесара г1ирсаш.
[03.08, 16:58] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[03.08, 17:38] Резванова Айза Арбиевна: Сан къонах, алахьа,
хьо стенгаша лела?
маца, я мичхьа хьо,
гур ву те суна?
Ас хьайга сатуьссий
цахаа хьуна?
Волахьа сан дагчу
лацале г1ура...
Сан б1аьргаш геннара
Хьо волчу хьоьжу.
Ойланца даима
Хьан некъа юьйлуш.
Генахь хьо велахь а,
Сан дагчохь вехаш.
Хьо бен вац сан эла,
Ас Деле вехнарг..
Саламбек, хьо ву и...
03.08.2020.
[03.08, 19:03] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[04.08, 11:13] Резванова Айза Арбиевна: Ца оьшу хьо къехка,
Ца эешар гойтуш.
Уллехь а хир ю со,
Хьо ца гуш б1аьрзе.
Кхин цкъа а хьожар яц
Хьо вехача коре..
Ас маьрша юьтур ю
Хьуна хьайн аре...
Ма луъа лелалахь
Сох ца еш къайле,
Хьо дукха вехийла,
Хьуо хьайца, цхьаллехь!
[05.08, 9:35] Резванова Айза Арбиевна: Хьо вицван бакъо яц,
Бусулба йишин.
Хьан сий деш бехар бу
Яхь йолу к1ентий...
Даима хьехор ву,
Хьо къонах Нохчийн,
К1енташа вовшелахь,
Хьан ц1еран деш сий...
Къонахий хир бу шайн,
Хьох дегнаш хьегна.
Хьан ойла мел йинехь,
логехь шад соьцуш.
Хьан меттиг д1алаца
Хир вац кхин гонах.
Хьо сий ду... Дош ду хьо...
Даймехкан Къонах!
03.08.2020
[05.08, 16:46] Резванова Айза Арбиевна: Беригге ницкъ хьо сайн лерина,
Дуьзнера ас дог хьох тешийна..
Ткъа ахь и, уьрсаца дерина,
Дасдина когашка тесина...
[06.08, 7:44] Резванова Айза Арбиевна: Ойланаш йийр ю ахь хийла,
Сингаттамо цхьаллехь 1ийжош.
Ткъа мозий хьийзар ду "з1уз,, деш,
Тешнабехк бусуш бу шенна...
[07.08, 8:45] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь балламмаш ма дукха дисна,
Йийцаза къайленаш ма
[08.08, 2:22] Резванова Айза Арбиевна: Сан дагахь баллам ма боккха бисна,
Йийцаза ойланаш ма дукха йисна...
Дада хьан г1иллакхаш тидаме оьцуш,
Ас кечбеш хилла некъ, ма бесса биси...
Делахь а кхолламца къийсса дац х1ума,
Дахаро 1амор ву хьо воцуш лела...
Хьан амат даима сайн дагчохь хьоьстуш,
Лелор ду ас Дада, хьан ц1еран сийдеш...
[12.08, 3:07] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
[12.08, 12:00] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Самаха ма го...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш сецнера малх...
Д1атийра хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайший а дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Ца баьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца - м ас йоьлуш даглоьцу,
Самаха дайна г1енаш...
2019
Резванова Айза
Со гуьйренца еъна б1аьсте ялош,
Гуьйре хазъян хьан ойланашкахь...
Ца хишийта 1индаг1аш хьан дагчу
Я дахкарлахь ца дисийта дог...
Еана со хьан са даккха маьлха,
Дахьаш хьуна цкъа хазанза аз...
Цу озаца деган чевнаш тега,
Маьрша де1ийта хьан даге са...
Хийла гуьйре, хьуна еънарг шийла,
Ца х1уттийтуш юха си т1е хьан...
Лаарна хьан дахар хила ирсе,
Ас хьан дагна хьанал до сайн са...
2018
4
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш, я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха, хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
5
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
[12.08, 14:34] Резванова Айза Арбиевна: Човха дехьа, сан дог човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
Хьо вийларах д1о седанал гена,
Ойла хьох ца йолу хера сан..
Дитарх б1аьргаш ахь шовданаш 1ена,
Хьо воцчахь кхин ирс дац царна ган...
Ахь къахьегахькъ безам къахьбан дагна
[15.08, 9:18] Резванова Айза Арбиевна: Ас хаьттарш до беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
[15.08, 9:32] Резванова Айза Арбиевна: Со кура йаккхахьа,
Хьайн суна сагатло алий...
Дозалла дайтахьа,
Забрийна, гучу а валий...
Хетийтахьа к1енташна,
Къевссина йаккха хьуо воллу,
Мехкаршна моттийтахьа,
Ирсан да, сох хила йоллу...
Х1ун хуьлу хьуна, со,
Къагарах, са даьлла маьлха?
Х1ун хуьлу сан б1аьргаш
седарчех довларах серла?
Х1ун ду ахь аларах
Бегаш беш, со хьайна йеза,
Моттарг1а дац соьца,
Суна - м, хьо, боккъал а веза....
Хилахьа хьо суна,
Сирла малх б1аьстенна санна..
Хилахьа хьо дог1а,
Дуьненан 1аламна санна..
1ийр ярий, со хьуна,
Буйсанна беттаса санна,
Нур 1енош хьан дагчу,
Ца дуьтуш б1аьргаш хьан кхуола...
[16.08, 1:09] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
Деган мерзаш
Синт1емаш даьржи сан, сакъераделла,
Бераллийн кевнаш аш даьстина д1а.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Ц1еххьана малх къеги дахарехь сан.
Яхна хан йесаллехь йисина хеташ,
Со –м 1ара, дагайала цакарош шу.
Ма ирс ду шу хилар, сан деган мерзаш,
Шух х1ора ирсе гар суна кхаъ бу.
Шу марша дог1ийла, сан деган баьрче,
Дахарехь ирс серла долийла шун.
Ма ирс душ у хилар сан деган мерзаш,
Юху а бералле аш кхачий со….
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 1:24] Резванова Айза Арбиевна: Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
[16.08, 18:54] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьбийн Айза
Кхолламо хьаьстича, ирс декъа хьоьгуш,
Ойланца, вайн некъаш вовшеха тоьгуш.
Дахаран хьесап а, сан дуьхьа лоьруш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Хьо цхьаллехь висича, сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха, соьца ирс доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Я мерза ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна!
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьо суна мел везна хуур ду хьуна...
[20.08, 9:36] Резванова Айза Арбиевна: Ахь човхийна дог сан хера даьккхи,
Хьайн марзонах хадош юхъэц д1а.
Ас сайн ирсах т1аьххьара дог дилли,
Сайна дуьтуш сайн безаман къа...
Хьо вац бехке, ахь хьайн са ца хьовзий,
Со ю тешнарг, маьрша доккхуш са...
Цундела ахь, со д1а атта къахкий,
Сан безамах хета доцуш къа...
[23.08, 14:31] Резванова Айза Арбиевна: Бехке дуй-те....
Совг1аташца б1аьргаш хьоьстуш,
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагах сан ойла кхели.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярна б1аьсте??
Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан генна...
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.
Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а хир яц 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх,
Гуьйре нисло - кх, малхах къегаш.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярна б1аьсте??
Р.А.А.
[23.08, 21:55] Резванова Айза Арбиевна: Сан жиманиг Аминат,
Хьол хазаниг кхи хир яц.
Хьан эсала
[24.08, 5:01] Резванова Айза Арбиевна: Резванов 1аьрбин Айза...
Ас хаьттарш до беллачарга,
кешнийн кертахь йолалуш...
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш...
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а....
Я хьарам дерг шеха кьаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а...
Цхьа воккхтаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со....
Хаттар деш, вист хилара соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
хоийтуш сайн кхетам берг....
Ас кьамел до беллачарца,
кхето лууш са чохь верг...
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах дисна ду...
ткъа дуьненах 1еха цалуш,
Леллачара, дитна ду....
Гакаев 1аьрбис Айзига, забаре
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
Айзин забаре жоп:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгара балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш-м яц, и парг1ато.
2013
Резванова Айза
Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!
Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо...
Р.А.А.
Ленйоцчу марзонах...
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш,
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а, б1аьстенах,
Тардина де?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладег1на т1улг баххал
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина
Сан къоьжа зама?
Шераш ду генара,
И б1аьсте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера
Дахаран некъехь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа а..
Хьо дагалоьцуш сан
Б1аьргех хиш 1аьнна.
Сатийссам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг,я...?
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла,
1еминарг сатийса,
Хьо йог1уш гойла?
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
Маьргонна хьан б1аьргийн
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама сан
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Ваха а ца 1ема.
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстинчу безамах,
Дог акха веа те, соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те,хьо, сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог тешо кхечи те хьо!?
Дог 1овжош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог дуохош хилла-кха балано,
Мерза ша хиларх а.
Резванов 1аьбийн Айза
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
Ма ирс ду шен Даймохк хилар,
Дозалла ду орам дайн...
Шен къоман лорах ца тилар,
Дош ала йиш йолуш, майрра...
Йиш - ваша ма боккха ницкъ бу,
Барт белахь церан вовшен...
Гергарло ду иза, мерза,
Бахам бу и нохчичоьнна...
Доьзалаш дахаран стоьмаш,
Шул тайна бац - кха, кхин чам...
Декъала хуьлда шун некъаш,
Даймехкан беш ларам - хам!
Нохчичоь, тхан сирла х1усам!
Хьуна чохь ду дерриг тайна...
Хьох хилла синойн са тхуна,
Дахарехь малх бог1уш серла!
Да санна ахь ларахь Даймохк,
Мотт безахь, хьайн нана санна...
Хир ву хьох бакъ волу нохчо,
Мог1арехь, долчеран сий....
2019
Резванова А.А.
(Хьомечу несана, Зураъна)
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Йахьа йовхо тхан дегнашка,
Эккхаехьа шело д1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Б1аьргаш хьоьжу йесалле...
Ойланаша хьо схьайоьху,
Нана, йолахьа сихха ц1а...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дийца хаац и сурт д1а....
"Тап,, аьлла ду тата доцуш,
Хьо цахилча х1усмехь ган...
Ма деса ду хьо ц1ахь йоцуш,
Дериг дахар сецна тхан...
Де - буьйса тхан самадоккхуш,
Зураъ, дахьа б1аьрса ц1а....
15.06.2019
Сан салам дац шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Салам ду, сийдолчу к1енташка сан!
Салам ду нохчашка,
Сийлардан мехкан,
Ц1еначу ниетца лелачарга!
Салам ду наношка,
Доьналлех буьзна..
Доьзалаш махкана кхиочарга…
Салам ду мехкаршка,
Шовданел сирла,
Тешаме ойланаш кхуллучарга!
Салам ду даггара,
Берашка нохчийн…
Дайн г1иллакх,
Ненан мотт лоручарга!
Салам ду Даймахке,
Лаьттачу оьзда,
Дайн лараш шеен букът1ехь
Ларйечуьнга!!
Салам дац сан шуьга,
Яхь йелла к1иллой!
Сан салам
Ц1ий ц1енчу нохчашка ду…
Даймехкан сий лардеш,
Бехачу, баьхначу,
Сийлаллехь хинболчу к1енташка ду!!!
Р.А.
Вуьтур вара ас хьо а,
Д1аихна 1уьйренаш санна,
Ца хилча г1оттуш хьо,
1уьйренан малхах сан дагчохь...
Вицвийр вара, тидмаза,
йисина суьйренаш санна,
Ц1ийеллач суьйренех
йогуш сан беснеш ца хилча...
Воккхур вара хьо генна,
нур дайна седанах терра,
Де буьйса ца къаьстош,
хьо ларвеш, ха деш дог ца хилча...
Ткъа х1инца, х1ун де ас,
..
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Мерза Са, дьуненахь сий долу Нана,
Маршонца ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Мерза Са, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Р.А.
Хьан дагчохь дуьту ас сайн х1ора дош,
Хьакъ долччахь, бакъонца даха...
Хьан дагчохь ца хиллехь сан ц1арах заза,
Хаам хир дагера дагна....
Х1оьттинчу тийналло ц1е марса йоху,
Ца юьту ойла д1атовжа...
Сан б1аьсте кхиош ю хьан деган йовхо,
Ца юьтуш и сурт д1акъовла....
(Гадаев Мохьмад - Салехьна)
Тоьшалла
1ожаллийн б1аьргашчу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ.
Кхолламца цхьа а ч1ир - гамо цалоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некь боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам...
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эешаяц цо.
Къонахчо аьлла дош цахуьлу къера,
И лела дуненчохь, ша туьйсуш го.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир.
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахна д1а, масална юьтуш лар шен.
Резванова Айза
И дара сан ирс...
Суна лаьар -кха, хьан б1аьргийн нур кхуолийначу лазаман орам т1е а кхаьчна, цунна д1аьвше молха а хилла , бакъийна, багийна, чим ца буьтуш и д1абайа а, хьо берриг а сингаттамех ц1анвеш...
Лаьар - кха суна, хьан ойланийн юькъалехь, хьуна синтем лучу ойлане йирзина, кхин кхуола ца дуьтуш хьан б1аьргийн нур, синтемах къегина, йериг а г1айг1анаш йашийна, хьан юьхь т1ера сингаттаман таммаг1а д1адайа а....
Суна лаьар - кха, хьуна азаллехь йазбинчу кхолламан некъех, хьан юьхьк1аййина, дахар ирсах кхелина, абаде кхаччалц хьан когийн лар ца йойуш, хьо нуьречу йалсамане кхачонболу, хьан декъала некъ хила а...
Лаьар-кх, Аллах1а къобал йинчу 1аьнарах хила, сайна долу халонан а, аьттонан а, дакъа дицдина, дуьненахь а, эхартахь а, хьо декъал вар цу 1аьнарца Деле доьхуш, хьала цатаь1аш, сужданехь латта а...
И дар - кх сан ирс, даима хьо ирсе гар...
Р.А.
Резванова Айза
Нохчийн б1аьсте
Х1ун хир ду хьол хаза,
Тхан Нохчийн б1аьсте?
Хьо йохо - м г1иртира,
Хийла мостаг1ий...
Нохчийн йоь1а буоларца,
Кхечи хьо Даймахка...
Самукъне юьхь - сибат,
Лепа хьан лаьмнашкахь...
Хьайн деган сирла сурт
Комаьрша даьстина....
Исбаьхьа ойланаш
Аренца яржийна....
Йог1у хьо малхаца
Нохчий чоь хьаьстина,
Даймехкан 1аламна,
Ненан куьг хьаькхина...
Хьо марша йог1ийла,
Са сирла б1аьсте!
Хьо маьрша йоьрзийла,
Дегнашка нохчийн!!!
2019
Резванова Айза
Со хьоьца еха
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Нохчийчуьн дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран декъашхо хила!
Хьан ц1еран декъашхо хила!
2014
Резванова Айза
Сан озах жоп
Цхьа 1уьйре йог1ур ю тийна,
Малх хьоьжуш шен басах тилла.
Зезагийн малхана къежар а,
Дуьсур ду, тидмаза, г1ийла.
Тоьур яц б1аьргашна серло а,
Шаьш лоьхург ган хьежарх, хийла.
Мела мох хилла хьо леларх а,
Со хир ю дуьненна хийра.
Аз хаддал мохь бетташ, велхар а,
Идор ду мохо йиш йина.
Кхетар дац х1ара дуьне хьох а,
Дуьненах, я сох а, хьо а...
Ца кхеташ хьан дагах хьекъал,
Хьекъале ца доьрзуш дог.
Вуьсур ву хьо, хаьттарш дебаш,
Цахезаш сан озах жоп.
2017
Генахь дац...
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненчохь т1аьххьара хеташ.
Ялсмана хьозарчий,
шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш...
Къинт1ера яьлла со,
даггара, дериг дуьненна,
Доьху ас, къинт1ера далар а,
массо а сига!
Лелла яц дахарехь
сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас,
дуьненахь, массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу
дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ,
къа - мелий узуш...
Оьмар ас диканех юттуш ерг,
соцуш ю, юккъехь,
Лийринарг яра еха,
т1аьхьенан некъ ирсах буцуш...
Р.А.А
[25.08, 12:43] Резванова Айза Арбиевна: Ахь йити со, сайнна елха,
Безам а бити ахь талха.
Йиси со, ойланаш деба,
Сайн хаттаршна жоьпаш леха...
Сан б1аьсте гуьйренах йоьлху,
Зезагаш букара оьху.
Иэсс г1уьтту, хьоьца ирс доьхуш,
Безаман м1аргонаш лехьош.
Ца оьшу хьо соьга хьежа,
Малх санна д1о хи чохь къежа.
Со юьтуш сатийса - хьега,
Геналлехь вели хьо гена.
Ас хабар дуьйцу, нах 1ехо,
Безаман нур лепа, бохуш.
Сан деган корашка 1енаш,
Безам нур, и боьлхуш къега.
Р.А.А.
[25.08, 14:10] Резванова Айза Арбиевна: Резванова Айза
Аллах1ан лайша лов къизалла хийла,
Кхоьллинчо зуьйш ду вай, баланашца...
Лелаш бу лаьтта т1ехь шайт1анийн лай а,
Дуьненахь, эхартахь ирс дайна шайн...
Шайт1ано човхийча, боьлху мохь бетташ,
Хьаьстича шайт1анна белало уьш...
Дац кийрахь дегнаш а, я хьекъалш коьртехь,
Делан къинхетамах д1ахаьдда уьш...
Бусулба вежарий, декъала к1ентий,
Иманах дуьззина ду дегнаш шун...
Аллах1а дохийла шу балех маьрша!
Эхартахь дойла шух, г1азотан дай!!!
Аллах1а Шена дукху безначеха дойла шу а, массо бусулба а!!!
[26.08, 12:56] Резванова Айза Арбиевна: а ондда масал ду,
Хьо нохчийн къонах.
Ма дош ду, толам бу
Хилар хьан къомах.
Дозалла ду - кха Хьо,
Дуьненан кийрахь,
Ву ала, д1агайта,
Къонаха сийлахь
[28.08, 12:41] Резванова Айза Арбиевна: Анонимо - цхьа ц1е йолуш амма цхьан бог1ущ боцу г1ирсаш. Синонимо - Цхьа ц1е лелош болу, бес - бесара г1ирсаш.
Свидетельство о публикации №220100500375