Поэт-къонах

Мамакаев 1аьрбина (1918-1958)

Шовзткъа шарахь ваьхна Лаьттахь къонах,
Йукъ йихкина, халкъ шен лардан вонах,
Эзар шарна масал тхуна хилла,
Ваьхна хьанал, доцуш шегахь хIилла.

Хьоьца доьзнарг дагна хьоме хилла,
Неврехь со хьан амат лоьхуш лелла,
Хьо леллачу урамашка вуьйлуш,
Ахь чуийззина хIаваъ некхо муьйлуш.

Хьуна деззна Нийсо лехар дезна,
Нохчийн махках даим дог а лезна,
Хьан дош даим новкъахь накъост хилла,
Хьан доьналло алссам декхарш делла.

Дагахьбаллам хуьлий дазло бIозза,
Хьо дIавахар похIмо доккхуш заза,
Ца лайна ахь махкахь харцо, гIело,
Осал наха йора хьуна кIело...

…Iа мел дахларх, тIаьххье бIаьсте йогIу,
ХIора бала адам зерца богIу,
Амма Лаьтта Поэт-Къонах вагIахь,
КIиллой лечкъа, вайн ирс герга догIу.   


Рецензии