Толстой

Лев Николаевич Тостой

Ловза ара баьллера дахка.Уьйт1ахула а лелла ,чу а беъна нене элира  цуо:
-Оффай,шиъ акхаро гира  сунна  арахь,цхьаъ –къиза,шоллаг1ниг –къинхетаме.
Нанас элира:
-Дийцахь,хьомениг,х1ун акхарой яра  уьш?
Дехко   элира:
-Цхьаъ,цхьа кхераме, д1асалелара иштта: 1аьржа когаш ,ц1е т1илдиг  коьрта т1ехь,маара-з1ок хьаьвзина .Со шена уллохула т1ехболуш ,ц1еххьана  шеен з1ок д1а а а яхийтина ц1ог1а дета юьйлира,дог иккхина лечара бели-кх со,дукха кхерабелла.
--Иза борг1ал ю,-элира  къеначу нана-дехко,-Цуо цхьанна  а зхулам ца до,цунах кхера ца оьшу хьуна.Важа х1ун экха дара хьуна гинарг?
-Иза малхехь дижина 1уьллура ,дохлуш.К1айн лаг,мокха когаш а ,шера, ша шеен логах мотт а хьоькхуш,меллаша  ц1ога  лестош,соьга цхьа  леррина хьожуш.
Нанас элира:
-Э_э, 1овдал-я1,1овдал. Иза  цициг ду хьуна.



Гочдархо:Абубакарова Пет1мат


Рецензии