Хетарг Хьаста а, хесто а
Масала, вайн маттахь ши дош ду: хьаста а, хесто а. Дукха хьолахь и ши дош нийса олуш ца нисло. Хьаста (хьосту, хьаьстира, хьаьстина) бохучу дешан маь1на оьрсийн маттахь – приласкать бохург ду - бер хьаста).
Хесто – (хестадо, хестийра, хестийна – хвалить; восхвалять, прославлять, воспевать; дешархо хесто - хвалить ученика).
Вайна ма-гарра, оцу шина дешан тайп-тайпана маь1на ду!
Амма цхьацца вовшахкхетаршкахь (мероприятешкахь) йозанца гергарло долш болчара а нийса ца даладо шайн къамела юккъе и дешнаш. Дукха хьолахь предложенехь маь1ница дог1уш хасто ала дезачохь хьасто олу. Жим-жима могуьйтуш, къамел деш волчо нийса ца аьлча ладуг1учо и нис ца вича, ирча хьал х1уттур ду вайн матте. Халахеташ делахь а вайн дахарехь мамО-папО бохучу дешнийн кеп ч1аг1ъелла яьлла ала мегар ду.
Вайн ненан мотт – халкъан хазна ю. Иза 1алашбар а, цуьнан доладар а вайн массеран декхар ду. Йо1б1аьрг санна ларбан беза вай ненан мотт. Мотт белахь къам ду, мотт бацахь къам дац – иза сецна бакъдерг ду, оьрсийн маттахь аьлча - аксиома.
Аллах1 Дала хьекъал, доьналла, кхетам лойла вайна цунах кхета!
Свидетельство о публикации №221011401434